Сийлахь Къуръан тидар

 

 

 

 

Форма входа

Поиск

Календарь

«  Октябрь 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
293031

Главная страница

Элчано  /Делера къинхетам , маршо хуьлда цунна/ аьлла :
 

-1áзиб к1ант АльБарáах , цо аьлла , Аллах1ан элчано /Делера къинхетам , маршо хуьлда цунна элира/ аьлла :"Хазде Къуръан /дéшар/ шайн аьзнашца"

И дийцина Абу Ахьмада , Аннасаийс , Ибн Мажас .

-Абу Х1урайратах , цо аьлла , Аллах1ан элчано/Делера къинхетам , маршо хуьлда цунна элира/ аьлла :"Тхоьх вац , шá Къуръанца /хаза/ мукъам ца бáлийнарг"

АльБухарийс дийцина и

-1аффáна к1анта 1усмана /Дéла рéза хуьлда цунна/ аьлла: «Дéлан Элчано /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : « Шоьх уггар тоьлуш верг - шá Къуръан мáдина и д1ахьехнарг ву »

/И дийцина Альбухарийс а , иза вόцучό а/

-1аббáсан к1анта дуьйцу /Дéла рéза хуьлда цаьршинна/ , баккъалла а пайхамар /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ каш чу ваьлла хиллéра буса , шéна чиркх латийна и /велларг каш/ чуийцира цό къилбéхьáхула , /т1аккха/ цό элира : « Аллах1а къинхéтам бойла хьоьх /нагахь санна/ хьо /Дáлла воьлхуш/ ах1 деш , /къуръан дукха/ доьшуш хиллехь » . Юха цунна /докъа лáмаз деш/ диозза такбир дира цо .

/Аттирмизийс дика хьадийс ду аьлла/   

-Абý Мýса Альаш1арийс /Дéла рéза хуьлда цунна/ аьлла : «Аллах1ан элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира /аьлла/ : « Аллах1ан сий дарха ду , къежвеллачу бусулбан а ,  Къуръан дагахь хуучуьнан лéрам бар а , шá цуьнгахь т1ех ца вуьйлуш , и теснá ца дуьтуш волчу , /иштта/ нийсачу паччахьан лéрам бар а »

/Абý Дáвýда дийцина и . Дика хьадийс ду/

-Абý Х1урайрата /Дéла рéза хуьлда цунна/ дуьйцу пайхамарах /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ цо элира /аьлла/ : « Нáх Аллах1ан х1усамашха цхьана х1усамахь гуллур /ма/ бац - шаьш Аллах1ан жайна доьшуш , шайна юкъахь и /диц ца далийта/ 1áмош - шайна т1е синтем боьссинá а , къинхéтамό шаьш хьулбинá а , малийкаш шайна гό биллинá а , Аллах1а Шéна гергачарна шаьш /диканца/ хьахийнá а бен »

/Сахьийхьу Муслим/

-Жáбира дуьйцу /Дéла рéза хуьлда цунна/ , элча //Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/  вара Ухьудехь /г1áзόтехь/ кхелхинчáрех шишша цхьаьна бедар юкъахь гулвеш /д1авуллуш/ , т1áкхха цό áлара /хáттара/ : « Муьлха ву цáрех Къуръан хаарехь áлсам ? » . Ткъа шéна цаьршиннах цхьанна т1е ишар йича , иза лахьтийчохь хьалхавоккхура цо .

/Сахьийхьул-Бухáрийй/  

1амр к1анта 1абдуллах1а /Дéла рéза хуьлда цу шинна/ аьлла: «Дéлан Элчано /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : «Къуръан дагахь хуучуьнга эра ду : « Дéша , лакхавáла , мукъамехь дéша дуьнен чохь айхьа мукъамехь доьшуш ма-хиллара , баккъалла а хьан дарж ахь шá доьшучу т1аьххьарчу áйатна юххехь ду .

/сахьийхьул-жáми1/ 

- Абу Умáматах /Дéла рéза хуьлда цунна/ цό элира /аьлла деана/ :"Сýна хезира Аллах1ан элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ όлуш :"Къуръáн дéшалуш , баккъаллá а и дόг1ур ду /шуна/ къéмата дийнахь шен нáкъосташна /шá доьшучарна/ т1ех1уттуш /шафá1ат деш/"

/Муслима дийцина и/

- 1аббáсан к1ентах /Дéла рéза хуьлда цунна/ цό элира /аьлла/ :"Элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ аьлла :"Баккъалла а , шен кийрахь Къуръáнах х1уммá дόцург , йоьхначу /1áнайаханчу/ х1усамах тера ву" .

/Аттирмизийс дийцина и , цо элира иза дика - нийса хьадийс ду /

- Элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ аьлла :"Аллах1ан жайнах /Къуръáнах/ цхьана áйатé ладоьг1нарг /милла велахь/ , цунна /совдаьккхина/ шалха дика яздина , ткъа шá и дешнарг /милла велахь/ , къéмата дийнахь  и /áйат дόг1ур ду/ цунна нур хилла .

/Ахьмада дийцина и/ .

-Тамийма Аддáрийс  /Дéла рéза хуьлда цунна/ аьлла: «Дéлан Элчано /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : « Шá буьйсана б1е áйат дешнарг /милла велахь/  , буьйсана къунут /1ибáдат даран ял-мел/ яздина цунна » .

/И дийцина Ахьмадас , Аннасáийс . Альалбáнийс нийса лéрина и/    

-Абý Мас1ýда /Дéла рéза хуьлда цунна/ аьлла: «Дéлан Элчано /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : « Шá Къуръанах /цхьа/ элп дешнарг /милла велахь/ , цуна цуьнца /цхьа/ дика ду , /ткъа/ дика - шá санна иттанца /совдоккхур ду/ . Ас ца бόху « алиф-лам-мим » - /цхьа/ элп ду , /амма/ алиф –элп ду , лáм-элп ду , мúм-элп ду » .

/И дийцина Аттирмизийс , Аддáромийс , и шиъ вόцучό . Альалбáнийс нийса лéрина и/

-Альхатт1áба к1анта 1умара  /Дéла рéза хуьлда цунна/ аьлла: «Дéлан Элчано /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : « Баккъаллá а Аллах1а х1окху Къуръáнца /цхьадолу/ къаьмнаш айдо /сийлахь до/ , вуьйш лах /сийсаза/ до »

/И дийцина Муслимá а , иза воцучό а/

-Абý Х1урайрата  /Дéла рéза хуьлда цунна/ аьлла: «Дéлан Элчано /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : « Къéмат дийнахь Къуръан дόг1ур ду , цό эра ду : « Х1ай /сан/ Дéла ! Кеч вéхьа иза » - т1áккха /Дáла/ цунна /коьрта/ лéраман /сийлаллин/ тáж туьллур ю , т1аккха цό эра ду : « Cов вáккахь иза » - т1аккха /Дáла/ цунна лéраман дýхар дýхур ду . Т1аккха цό эра ду : « Х1ай /сан/ Дéла ! Рéза хилахь цунна ! » - т1áккха Цό эра ду /цуьнга/ : « Дéша /и/ , лакха вáла ! » - /т1áккха Дáла/ иза сов воккхур ву х1όр áйатца диканехь .  

/И дийцина Аттирмизийс , Альхьакимас . Альалбáнийс нийса лéрина и/

 

Архив записей

Друзья сайта

  • Официальный блог
  • Сообщество uCoz
  • FAQ по системе
  • Инструкции для uCoz
  • Статистика


    Онлайн всего: 1
    Гостей: 1
    Пользователей: 0