Пятница, 2018-06-22, 11:59 AM

тхан ният

Приветствую Вас Гость

Поиск
Друзья сайта

Аттафсийр

 
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Меню сайта
Календарь новостей
«  Июнь 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
Делера къинхетам а , маршо а хуьлийла вайн элчанна Мухьаммадна а , цуьнан оьздачу ох1ланна а , иштта диканца царна т1аьхьаваьзначу х1оранна а .
Ассаламу 1алайкум бусалба вежарий а , йижарий а !
Далла бу хастам , дикамелдерг вайна деллачу . Ткъа оцу диканашха уггар а доккха дика сийлахь къуръан ду . 
Иштта Делан пурбанца , Цо деллачу 1илманца , хьуьнарца  х1ара деза дош гочдаран а , тидаран а бахьанаш ду аса вовшах деттарш .
Бакъду Делан дош к1орге а , шуьйра а , чулацаман хазаллийн дозадоцуш а ду .
Цундела къера ву со волавалале а , волавеллачул т1аьхьа а ша ма-дарра сайна и вайн матте даккхалург ца хилар т1ехь .
Иштта со къера ву соьл алсам 1илма а , хьуьнар а , кхетам а , меттан говзалла , хазалла а йолуш вайн махкахь 1еламнах хилар т1ехь а .
Делахь а , х1ара болх - Дала мукъ лахь - кхин а сов говза болх бийр болчарна г1о хиларе сатуьйсу ас .  
Со кийча ву сайна г1оьнна кховдийна куьг доггах буйна къовла ,
цундела доккха дехар ду х1ара болх бешарехь шайн кхолладелла хаттарш а , цакхетарш а , тидамаш а , хьехарш а , г1алат долуш меттиг елахь цу т1е нисварш а х1окху тхан хьешан аг1онна чуяздар .

Г1алат гайта мало ма елаш  , Дала жоп доьхур ду шоьга !

Дала аьтто бойла вайн Ша реза волчу балха т1ехь .
Шун ваша Къосума к1ант Адам
Ассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1и ва баракатух1