80 - Сурат 1абаса /Кхоьлина/
/Маккахь доьссина , 42 аят ду/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу



1.Кхоьлина , д1авирзира
2.Ша волчу б1аьрзениг варна
3.Сте хоуьйту хьуна , ц1анвала ма мега иза
4.Йа хьехам эца , т1аккха хьехамо цунна пайда бан
5.Амма ша хьалдолуш хилларг
6.Хьо цунна т1евоьрзу
7.Хьуна т1ехь дац , иза ц1ан ца валар
8.Амма ша хьо волче хьаьдда веанарг
9.Ша кхоьруш волуш
10.Хьо цунах д1алоцу
11.Х1ан х1а ! Баккъалла иза хьехам бу
12.Шена луучо хьахийна иза .
13.Лерамечу тептаршкахь ду
14.Айдина , ц1ена долуш
15.Геланчийн карахь
16.Лерамечу , муьт1ахь долчу .
17.Адам дийна , ма ч1ог1а ду-кх цуьнан цатешар !
18.Муьлхачу х1уманах кхоьллина Цо иза ?!
19.Т1адамах кхоьллина Цо иза , т1аккха цуна барам бина
20.Цул т1аьхьа некъ атта бина Цо цуна
21.Цул т1аьхьа кхалхийна Цо иза , т1аккха д1авоьллина Цо иза
22.Цул т1аьхьа Шена лаахь , г1аттийна Цо иза
23.Х1ан х1а ! Кхочуш ца дина цо , шега Цо омру динарг
24.Хьажийла адам шен дааре
25.Баккъалла а доьттина Оха хи доттарх а
26.Цул т1аьхьа Оха декъна латта декъарх а
27.Оха хьалабалийтина цу т1ехь буьртиг ,
28.Кемсаш , сийна буц ,
29.Зайтун , хурма ,
30.Луьста бошмаш ,
31.Стоьмаш , докъар
32.Шуна , шун хьайбанашна зовкхана
33.Ткъа ц1ог1а деача ,
34.Оцу дийнахь стаг водур ву шен вешех ,
35.Шен ненах , шен дех ,
36.Шен зудчух , шен к1ентрех
37.Царех х1ор стаганна оцу дийнахь ша иза д1алоцуш цхьа болх бу .
38.Цхьайолу яххьаш оцу дийнахь нуьре ,
39.Елаелла , кхаьънаш дохуш ю .
40.Кхин йолу яххьаш оцу дийнахь чан йиллина ,
41.1аржалло шаьш хьулйина .
42.Уьш бу уьш керстанаш , телхинарш