92 - Сурат Аллайл (Буьйса)
(Маккахь доьссина , 21 аят ду).
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу
 


  1.Буьйсанора , цо хьулъйечу хена
  2.Дийнора , и серладаьлча
  3.Сте-боьрша кхоьллинчора
  4.Баккъалла а шун д1аг1ертар башха-башха ма ду .
  5.Амма ша д1аделларг , кхийранарг ,
  6.Т1ехдиканиг бакъдинарг ,
  7.Оха цуна аттадийра ду аттачунга .
  8.Амма ша сутарлелларг , кхачойинарг ,
  9.т1ехдиканиг харцдинарг ,
  10.Оха цуна аттадийра ду халчунга .
  11.Х1аллак хилча хьалха ца воккху и шен бахамо .
  12.Баккъалла а , Тхуна т1ехь ма ду нисвар .
  13.Баккъалла а , Тхан ма ду дуьне , эхарт .
  14.Ас д1ахьедина шоьга йогучу ц1ерца ,
  15.т1ехдекъазниг бен шена чу ца воьдучу ,
  16.ша харцдина , д1авирзана волу .
  17.Цуьнах генавоккхур ву т1ехкхоьрарг ,
  18.ша ц1анлуш шен бахам д1алуш волу .
  19.Цхьаннен а ма дац Цуна гергахь бекхаме зовкх ,
  20.шен лекхачу Делан юьхь лахарна а бен .
  21.Реза хир ма ву и .