98 - Сурат Албаййина /Билгало/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .


 1. Ца хилла шаьш цатешнарш , жайнан ох1анах а , декъаховечарех а болу , д1акъаьстар болуш , шайна билгало яллалц
 2. Аллах1ера элча , ша доьшуш волу ц1ена тептарш
 3. Цу чохь нийса яздарш ду
 4. Бекъа ца белла шайга жайна делларш , шайна билгало еанчул т1аьхьа а бен
 5. Цаьрга омру ца динера , Аллах1ан 1ибадат дарца а - доггах Цунна дин лелош , бакъоне туьйжуш - ламаз дарца а , закат даларца а бен . Иза ду нийсонан дин
 6. Баккъалла а шаьш цатешнарш , жайнан ох1ланах а , декъаховечарех а болу , жоьжахатан ц1ергахь хир бу , гуттар а цу чохь болуш . Уьш - кхолламах вонаш бу
 7. Баккъалла а шаьш тешнарш а , диканаш динарш а , уьш - кхолламах тоьлурш бу
 8. Церан бекхам - шайн Далла гергахь - шайна к1елхула татолаш лела дахаран бошмаш ю , шаьш гуттар а абаде цу чохь болуш . Дела реза хилла царна , уьш а хилла Цунна реза . Иза шен Делах кхийранчунна ду .