Тидар

1 - Сурат  Алфатихьа (Схьадоьллург)

1.Аллах1а ц1арца доладо аса , Ша дуьненахь бусулбанех а , керстанех а къинхетам беш волу , кханлерчу къемата дийнахь къаьсттина бусулбанех а бен къинхетам бийр боцуш волчу (иштта дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу)

2.Ша хьакъ волу , Шена бен кхин цхьанне а хила йишйоцу хастам вайн везачу , 1аламаш кхуллуш , кхиош , кхобуш волчу Далла - Аллах1ан бу , кхин цхьанне а бац

3.Ша дуьненахь бусулбанех а , керстанех а къинхетам беш волу , кханлерчу къемата дийнахь къаьсттина бусулбанех а бен къинхетам бийр боцуш волчу (иштта дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу)

4.Къематан , бекхаман дийнан паччахь а ,  эла а волчу

5.Хьуна цхьанна я Аллах1 къастийна 1ибадат до оха

6.Хоьга цхьанга я Аллах1 къастийна г1о а , орца а доьху оха

7.Ахь , я Аллах1 ! Нисдехьа тхо  Хьо реза волчу нийсачу новкъа

Айхьа пайхамаршха а , бакъонан дайшха а , г1азотан дайшха а зовкх хьегар деллачеран новкъа

Хьо оьг1азваханчеран новкъа а , шаьш тиллачеран новкъа а ца нисдеш