Тидар




10 - Сурат Юнус
/Маккахь доьссина ‚ 109 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу




1.Алиф , лам , ра . Х1орш кхетамечу /кхачамечу/ жайнан аяташ ду .
2.Нахана тамаш хилла тов , Оха царех /волчу/ цхьана стагана /дагчу/ хьехар :"Д1ахьеде нахана /царна кхерам хилар/ , шаьш /Делах/ тешначарна кхаъ баккха , баккъалла а царна шайн Далла гергахь бакъ /дика/ хьалхе хиларца" . /Делах/ Цатешначара элира :"Баккъалла а х1ара билггала бозбуанча ма ву"
3.Баккъалла а шун Дела - Аллах1 ву , Ша стигланаш а , латта а ялх дийнахь кхоьллина волу , т1аккха /Шеца дог1учу куьцара/ 1арша т1ехь д1атарвелла /волу/ , Цо леладо /д1акхоьхьу массо а/ г1уллакх , цхьа т1ех1оттархо /шафа1ат да хир/ вац Цуьнан пурбанал т1аьхьа бен . Иза ву шуна Аллах1 - шун Дела , 1ибадат де Цунна /цхьаъ варца/ . Ойла ца йо аша ?
4.Цуьнга ду шун дерзар массеран . Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю . Баккъалла а Цо доладо кхоллар , т1аккха и /деллачул т1аьхьа/ юхакхуллу Цо шаьш /Шех/ тешначарна а , диканаш динчарна нийсонца бекхам бархьама . Шаьш /Делах/ цатешнарш - царна кхоьхкучух малар а , лазош /долу/ 1азап а ду уьш цатешаш хиларна
5.Иза ву Ша малхах серло , баттах нур хилийтинарг , меттигашца цуьнан /леларан/ барам бинарг , шуна хаийта шерийн дагардалар а , хьесап а . Аллах1а ца кхоьллина иза бакъонца бен . Аяташ билгала до Цо хуучу /ойлаечу/ нахана .
6.Баккъалла а буьйса , де къастарехь /хийцадаларехь/ а , стигланашкахь , лаьттахь Аллах1а кхоьллинчуьнгахь а , билгалонаш ма ю /Делах/ кхоьручу нахана .
7.Баккъалла а шаьш Тхуна дуьхьалбахкаре дог ца дохурш , дуьненан дахарна реза хилларш , цуьнца парг1ат бевлларш /д1атийнарш/ , шаьш Тхан билгалонех чидам боцурш ,
8.Уьш - церан боьрзийла /жоьжахатин/ ц1е ю , цара /дуьненахь/ гулдеш хилларг бахьанна .
9.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , церан Дала уьш шайн ийманца /ялсамане боьдучу новкъа/ нисбийр бу , зовкхан бошмашкахь царна к1елахула татолаш лелар ду .
10.Цу чохь церан кхайкхам :"Йа Аллах1 , ц1ена вукх Хьо" бу , цу чохь церан маршалла /хаттар/ :"Машар" /алар/ ду . Церан т1аьххьара кхайкхам :ЁХастам бу Аллах1ана , 1аламийн Далла" /алар/ бу
11.Аллах1а адамашна вониг сихдича , цара диканиг сих ма-дарра , /Дала/ царга /сихха/ шайн 1ожалла кхачор ма яра . Оха буьту шаьш Тхуна дуьхьалбахкаре дог ца дохурш шайн тиларчохь боьхна лела
12.Адамах цхьа зен хьакхаделча , Тхоьга кхойкху цо шен аг1ор тевжина , я охьахиъна , я ирах1оьттина /волуш/ , ткъа Оха шех шен зен д1аайбича /д1атилийча/ , /шен харцонна т1ехь/ д1авоьду иза баккъалла а шех хьакхаделлачу зенна ша Тхьоьга ца кхайкхича санна . Иштта хаздина /харцонехь/ т1ехбуьйлучарна шаьш деш хилларг
13./Делора/ Бакъдолуш Оха х1аллак дина шул хьалхара чкъоьрнаш /къаьмнаш/ , цара зулам динчу хена . Царга баьхкира церан элчанаш билгалонашца , /х1етте/ уьш ма бацара /Делах/ тешар болуш . Иштта бекхам бо Оха къа латочу нахана
14.Т1аккха царел т1аьхьа Оха шу хилийтира лаьттахь верасаш , Тхаьш хьовсархьама шу муха лелар ду
15.Царна Тхан билгала /долу/ аяташ дешча , Тхуна дуьхьалбахкаре дог ца дохучара элира :"/тхуна/ Х1ара доцуш кхи къуръан да , я и хийца" . Ахьа ала :"Соьца ца дог1у аса и сайгара хийцар , со т1аьхьа ца х1утту сайга /Дала/ хьоьхучунна бен . Баккъалла а со кхоьру - сан Далла со 1еса хилча - доккхачу дийнан 1азапах"
16.Ахьа ала :"Аллах1ан лиънехьара аса шуна и доьшур дацара , /Дала/ шуна и /соьгахула/ довзуьйтур дацара . Бакъдолуш со цул хьалха /ма/
1ийна шуна юккъехь вехаш . Хьекъале ца хуьлу шу ?"
17.Мила ву Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллинчул сов зуламе , я Цуьнан аяташ харц динчул ? Баккъалла а къалатораш декъал хир /ма/ бац
18.Цара 1ибадат до Аллах1 /1адда/ вуьтий , шайн зен ца дечунна а , шайна пайда ца бечунна а . Цара олу :"Х1орш - Аллах1ана гергахь тхан т1ех1уьттурш бу" . Ахьа ала :"Аша Аллах1ана хоуьйту Цунна стигланашкахь а , лаьттахь а ца хуург ?" . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цара /Шеца/ декъахо лоцучух .
19./хьалха/ Адамаш ца хилла цхьа /дин долу/ уммат бен , /цул т1аьхьа/ декъаделира уьш /динехь/ . Хьан Делера хьалха даьлла дош дацахьара , царна юкъахь къелйина хир ма яра уьш шегахь бекъалочуьнгахь .
20.Цара олу :"Цунна т1е шен Делера цхьа билгало йоссийнехьара" . Ахьа ала :"Баккъалла а къайлах дерг /хаар/ Аллах1ан /долахь/ ду . Хьовса /Делан 1азап даре/ ! Баккъалла а со ву шоьца /цхьана/ хьовсучарех"
21.Оха адамашка къинхетаман чам баккхийтича , царех хало хьакхайеллачул т1аьхьа , т1аккха Тхан аяташкахь мекарло ю церан . Ахьа ала :"Аллах1 сов чехка ву кийтарлонехь" . Баккъалла а Тхан геланчаш д1аязйеш ю аша еш йолу мекарло .
22.Иза ву Ша шу лаьттахула а , х1ордахула а лелориг . Шу хикеманаш чохь хилча , уьш цаьрца дахча мелачу мохца , уьш цуьнах баккхий бийча - /т1аккха/ цунна беара /хьаькхира/ ч1ог1а мох , царна еара тулг1е массо меттигера , царна хетаделира баккъалла а шайна го биллина - /т1аккха/ цара Аллах1е кхайкхира /доггах/ Цунна дин ц1андеш :"/Делора/ Ахьа тхо х1окхунах хьалхадахахь , тхо баркалла олучарех хир ма ду" /аьлла/ .
23.Ткъа Цо шаьш к1елхьара баьхначу хена , т1акхха уьш /цхьа/ бакъо йоцуш зулам /бохамаш/ деш бу лаьттахь . Х1ай нах ! Баккъалла а шун зулам , шуна шайна ду . Дуьненан дахаран /к1еззиг долу/ зовкх ду /и аша хьоьгург/ . Цул т1аьхьа Тхоьга ду шун дерзар , т1аккха Оха хоуьйтур ду шуна аша деш хилларг .
24.Баккъалла а дуьненан дахаран масал - Оха ша стиглара доссийначу /дог1ан/ хих тера ду , шеца ийна адамаш а , хьайбанаш а шех дуучух /долу/ лаьттан орамат . Лаьтто шен хазалла схьаэцча , и кечделча /хьийкъича/ , цуьнан ох1лунна хетаделча , баккъалла а шаьш цу т1ехь ницкъ кхочуш бу , Тхан кхел еара цунна буьйсана я дийнахь , Оха дира и /ялта/ хьаькхна , ша селхана ца хилча санна . Иштта билгала до Оха аяташ ойлаечу нахана .
25.Аллах1а /нах/ машаран х1усаме кхойкху , Шена луург /исламан/ нийсачу новкъа нисво .
26.Шаьш дика динчарна диканиг а , /цул/ совдерг а ду . Церан яххьаш хьулйийр йац чено /кхоларо/ а , сийсазалло а . Уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
27.Шаьш вонаш динчарна - и санна вон бекхам бу , уьш хьулбийр бу сийсазалло . Цхьа ларвархо вац царна /шаьш/ Аллах1ах /ларбан/ . Шайн яххьаш боданечу буьйсан дакъошха хьулйича санна бу /уьш/ . Уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
28./хьахаде царна/ Оха уьш берриге /денбина/ гулбийр болу де . Т1аккха Оха эра ду шаьш /Делаца/ декъахо винчарга :"/
cовца/ Шайн меттигехь шу а , шун декъахой а !" . Оха къастийра царна юккъехь . Церан декъахоша элира :"Шу дацара тхуна 1ибадат деш .
29.Аллах1 тоьар ву теш тхуна а , шуна а юккъехь . Баккъалла а тхо шун 1ибадатах чидам боцуш /ма/ дара"
30.Цигахь ловр /1овшур/ ду х1ор дег1о ша хьалха динарг . Уьш берзийра Аллах1е - шайн бакъволчу эле , д1атилира царех цара кхуллуш хилларг .
31.Ахьа ала :"Мила ву шуна стиглара а , лаьттара а рицкъа луш верг ? Я мила ву /шун/ хазар а , гар а шен долахь дерг ? Мила ву деллачух дийна дерг доккхург , дийначух делларг доккхург ? Мила ву /массо/ г1уллакх лелориг /д1акхоьхьург/ ? Цара эра ду :"Аллах1 ву" . Ахьа ала :"Шу /Цуьнах кхера/ ца кхоьру ?"
32.И Аллах1 ву шуна шун бакъволу Дела . Х1ун ду бакъдолчул т1аьхьа тилар бен ? Шу д1а муха дерзадо /Цунна 1ибадат дарха/ ?
33.Иштта бакъ /хьакъ/ хилла шаьш песакъ хиллачарна т1ехь хьан Делан дош - баккъалла а уьш /Делах/ тешаш бац .
34.Ахьа ала :"Вуй шун декъахойх кхоллар долош верг , т1аккха и юхакхуллург ?" Ахьа ала :"Аллах1а доладо кхоллар , т1аккха и юхакхуллу Цо . Шу /бакъонах/ 1еха муха до ?"
35.Ахьа ала :"Вуй шун декъахойх /тилларг/ бакъонга нисвеш верг ?" Ахьа ала :"Аллах1а нисво бакъонга" . Ткъа ша /тилларг/ бакъонга нисвеш верг хьакъ ву /лай/ шена т1аьхьах1отта , я ша /кхечо/ нисвичий бен /кхиверг/ ца нисвеш верг ву ? Х1ун хилла шуна , муха до аша хьукма ?
36.Царех дукхах берш т1аьхьа ца х1уьтту моттарна бен . Баккъалла а , моттаро хьалха ца доккху бакъдолчух х1умма . Баккъалла а Аллах1 хууш ву цара дийриг .
37.Х1ара къуръан ца хилла , Аллах1 воцучо /шегара/ кхолла /йиш йолуш/ . Делахь а /иза/ шел хьалхарниг бакъдар а , жайна билгалдар а ду - шегахь шеко йоцуш - 1аламийн Делера .
38.Я цара олу :"Цо /Мухьаммада шегара/ кхоьллина иза" ? Ахьа ала :"Т1аккха шу дуьйла цунах терачу /цхьана/ суратца , кхайкха Аллах1 воцург /г1оьнна/ шайн ницкъ мел кхочург , шу бакълуьйш делахь"
39.Мелхо а , цара харцдира шен хаарца шаьш го ца биллинарг , цаьрга кхаьчна дацара цуьнан дастар . Иштта , шаьш царел хьалхарчара харцдира /и/ . Хьажа муха хилла зуламхойн чаккхе /т1аьхье/ !
40.Царех ша цунах тешарг ву , царех ша цунах ца тешарг ву . Хьан Далла дукха дика бевза бохамхой .
41.Цара хьо харцвинехь ахьа ала :"Суна сан 1амал ю /бекхамна/ , шуна шун 1амал ю . Шу ц1ена ду аса дечух , со ц1ена ву аша дечух"
42.Царех бу шаьш хьоьга ладуг1урш . Ткъа ахьа /муха/ хозуьйтур ду къорачарна , /цу т1е/ уьш хьекъале боцуш хилча ?
43.Царех ву ша хьоьга хьоьжург . Ткъа ахьа /муха/ нисвийр ву б1аьрзенаш , уьш /са/ ца гуш хилча ?
44.Баккъалла а Аллах1а зулам ца до нахана х1уманца , делахь а , наха шайн дог1машна зулам до .
45.Цо уьш гулбечу дийнахь , шаьш /дуьненахь/ дийнах цхьана сахьтехь бен ца 1ийча санна , вовший бевзар бу царна . Бакъдолуш , эшна /хир бу/ Аллах1ана дуьхьал кхетар шаьш харцдинарш , уьш ца хилла нисбелла .
46.Оха хьоьга /гайтне а/ гайтича , Оха царна /1азапех/ ч1аг1о еш долу цхьадерг , я Оха хьо /цул хьалха кхалхане а/ кхалхийча , Тхьога ду церан берзар , т1аккха Аллах1 теш ву цара дечунна т1ехь .
47.Х1ор умматан /къоман/ элча ву . /ткъа/ Церан элча веача , царна юкъахь нийсонца кхелйо , царна зулам ца до .
48.Цара олу :"Маца ю х1ара ч1аг1о , шу бакълуьйш хилча ?"
49.Ахьа ала :"Сан долахь дац сан дег1ан зе , бац пайда а , Аллах1ана лиънарг бен . Х1ор умматан /шен/ хан ю /тоьхна/ . Церан хан еача , цара /и хан/ сахьтанна т1аьхьа ца тотту , хьалха ца йоккху .
50.Ахьа ала :"Шуна гиний /шайн хьал/ , шуна деача Цуьнан 1азап буьйсана , я дийнахь , х1ун сихдо цуьнах къа дечара ?
51.Т1аккха и доьжча , тийши шу цуьнах ? Х1инцай ? Бакъдолуш шу /ма/ дара и /харцдар/ сихдеш" .
52.Т1аккха элира шаьш зуламдинчарга :"1овша гуттаренан 1азап ! Бийр бу ткъа шуна бекхам , аша гулдеш /лоьхуш/ хиллачуьнца бен ?"
53.Хьоьгара хаа г1ерта уьш :"Бакъ дуй и /белларш денбар/ ?" . Ахьа ала :"Х1аъ , сан Делора , баккъалла а иза бакъ ма ду , шу ма дац /Аллах1 цунах/ г1орасиз вийр долуш"
54.Баккъалла а , х1ор зуламдинчу синна лаьттахь /мел/ дерг /долахь/ делхьара , /къемата дийнахь/ цо /шен са эца/ маханна лур ма дара и . Цара хьулдира /шайн/ дохкобовлар , шайна 1азап гинчу хена . Нийсонца кхелйира царна юккъехь . Царна зулам ца до .
55.Ва ! Баккъалла а Аллах1ан /долахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Ва ! Баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю , делахь а , царех дукхах болчарна ца хаа /и/ .
56.Цо /массо х1ума/ дендо , кхалхадо , Цуьнга дерзор ду шу
57.Х1ай нах ! Бакъдолуш , шоьга шун Делера /хаза/ хьехам а , /шун/ кийранашкахь /шеконех/ долчунна дарба а , муъманахана къинхетам /нийса некъ/ а беана
58.Ахьа ала :"Аллах1ан комаьршаллийца а , Цуьнан къинхетамца а - цуьнца баккхийбебойла уьш !" . Иза /мелхо/ г1олий /тоьлуш/ ду цара /дуьненах/ гулдечул а .
59.Ахьа ала :"/дийцийша/ Шуна гиний , Аллах1а рицкъанех шуна доссийнарг , /т1аккха/ аша шех хьарам , хьанал динарг ?" . Ахьа ала :"Аллах1а пурба делла шуна /цуьнгахь/ , йа Аллах1ана т1ехь харца кхуллуш ду шу ?" .
60.Х1ун хета , Аллах1ана т1ехь харцо кхуллучарна , къемата дийнах ? Баккъалла а Аллах1 , нахана т1ехь комаьршаллин Да ма ву , х1етте а царех дукхах болчара баркалла /ма/ ца олу .
61.Хьо ца хуьлу /цхьана/ г1уллакхехь /хьолехь/ , ахь ца доьшу цунах - къуръанах /х1умма/ , аш ца йо цхьа 1амал , Тхо шайна т1ехь теш долуш бен , шу цу /балхана/ чудулучу хена . Хьан Делах хьуллуш /къайладолуш/ дац лаьттахь а , дац стиглахь а заррат барамехь /х1ума/ , дац цул жимадерг , дац цул доккхадерг /ша/ билгалчу жайнахь долуш бен
62.Ва /нах/ ! Баккъалла а Аллах1ан авлияаш , царна т1ехь кхерам /хир/ бац , уьш /хир/ бац г1айг1ане
63.шаьш /Делах/ тешна , /Делах/ кхоьруш хилла /болу/
64.царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а , эхартахь а . Хийцар дац Аллах1ан дешнашна . И бу и боккха толам
65.Хьо г1айг1ане ма войла церан аларо , баккъалла а сийлалла Аллах1ан ю ерриге а . Иза хезаш , хууш ву .
66.Ва /нах/ ! Баккъалла а Аллах1ан ву стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ верг . Стенна т1аьхьабозуш бу шаьш Аллах1 воцург /кхин/ декъахой кхойкхурш ? Уьш т1аьхьацабозу хетарна бен , уьш ма бац /харцдерг/ моьттуш бен
67.Иза ву Ша шуна йинарг буьйса а , цу чохь шуна синтем хилийта , де /динарг/ а /шена чохь са/ гуш . Баккъалла а цу чохь билгалонаш ю хезаш болчу нахана
68.Цара элира :"Аллах1а /Шена/ доьзалхо лаьцна" Ц1ена ву-кх И ! Кхачаме ву И /доьзале хьаштхиларх/ . Цуьнан /долахь/ ду стигланашкахь /мел/ дерг а , лаьттахь /мел/ дерг а . Шоьгахь бац х1окхунах /аш дуьйцучух цхьа а/ бух . Аш /муха/ олу Аллах1ана т1ехь шайна ца хууш дерг ?
69.Ахь ала :"Баккъалла а шаьш Аллах1ана т1ехь харцо кхуллурш , декъал хир бац" .
70./иза цара/ Дуьненахь /хьоьгуш долу/ зовкх ду , цул т1аьхьа Тхоьга ду церан берзар , т1аккха Оха царга 1овшуьйтур ду ч1ог1а /буьрса/ 1азап , уьш /Делах/ цатешаш хиларна
71.Деша /дийца/ царна Нухьан хабар , цо шен къоме элира :"Х1ай сан къам ! /нагахь санна/ Шуна доккха хиллехь /дазделлехь шуна юкъахь/ сан 1ар а , Алллах1ан билгалонаш ас /шуна/ дагаяхкийтар а , Аллах1ана т1етевжина со , аша гулбе /кечбе/ шайн болх , /кхайкха/ шайн декъахой , цул т1аьхьа шун болх ма хулийла шуна т1ехь сингаттам , т1аккха бе суна /и болх/ , т1аьхьамататталуш со !
72.Ткъа шу /муьт1ахьаллех/ юхакхетнехь , ас ца ехна шоьга /цхьа а/ ял /мах/ , сан ял ма яц Аллах1ана т1ехь бен , соьга /Дала/ омру дина бусулбанех хиларца"
73.Цара харцвира и , Оха к1елхьара ваьккхира иза , цуьнца /динехь мел/ верг а хикеманахь , Оха бира уьш /лаьттахь/ верасаш , Оха хибуха бахийтира шаьш Тхан билгалонаш хирцйинарш . Хьажа муха хилла шайга д1ахьединчеран /кхерамтесначеран/ чаккхе /т1аьхьло/
74.Цул /Нухьал/ т1аьхьа Оха бахкийтира элчанаш шайн къоме , уьш баьхкира царга билгалонашца , /ткъа/ уьш бацара /элчанашал/ хьалха цара ша харцдинчух тешар болуш . Иштта мух1ар туху Оха /дозанел/ т1ехбуьйлучеран дегнаш т1е
75.Т1аккха царел т1аьхьа Муса а , Х1арун а ваийтира Оха Фир1авн а , цуьнан элий а болчу Тхан билгалонашца , /царех тешарх/ куралла йира цара , уьш хилира къадеш /долу/ къам

76.Шайна Тхоьгара бакъдерг деанчу хена цара элира Баккъалла а х1ара билггала бозбуанчалла ма ду »

77.Мусас элира : »Аш /муха/ олу ткъа бакъдолчунна , шайна и деача : »Бозбуанчалла ду х1ара ? » Бозбуанчаш декъала /ма/ ца хуьлу » .

78.Цара элира : »Хьо веана ткъа тхо д1адерзо тхуна тхан дай шена т1ехь карийначух , т1аккха шушинна лаьттахь сийлалла хила ? Тхо /ма/ дац шушиннах тешаш»

79.Фир1авнас элира : »Схьавалаве сунна массо говза бозбуанча»  

80.Бозбуанчаш баьхкича , царга Мусас элира : »Охьакхосса шаьш кхуссург» 

81.Цара охьакхоьссича /шаьш кхуссург/ , Мусас элира : »Шу шеца даьхкинарг бозбуанчалла ду . Баккъалла а Аллах1а дохор ду и . Баккъалла а Аллах1а то ца йо бохамхойн 1амал »

82.Аллах1а ч1аг1до бакъдерг Шен дешнашца , къа дечарна /и/ цадезнехь а .

83.Мусах ца тийшира цуьнан къомах цхьа тоба бен , Фир1авнах а , шайн элийх а кхоьруш , шаьш цо зерна /ийманах дохорна/ . Баккъалла а Фир1авн лакхаваьлла /кураваьлла/  ма ву лаьттахь . Баккъалла а иза /Делан дозанел/ т1ехбевллачарех ма ву  

84.Мусас элира : »Х1ай сан къам ! Аллах1ах /И цхьаъ хилар/ тешна шу делахь , Цунна т1етовжа , шу бусулбанаш делахь »

85.Цара элира : »Аллах1ана т1етевжина тхо . Х1ай тхан Дела ! Ма хилийтахь тхо зуламечу къомана /карахь/ питана ! 

86.К1елхьарадахахь тхо Хьан къинхетамца керстачу къомах ! »

87.Оха /дагчу/ хьийхира Мусана а , цуьнан вешина а : »Шаьшшин къомана Мисрахь х1усамаш лацар . Аш хилийта шайн х1усамаш къилба , ламаз /кхачаме х1отта/ де . Муъманахе кхаъбаккха ! »

88.Мусас элира : »Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а Фир1авнна , цуьнан элашна хазалла а , бахамаш а делла Ахь дуьненан дахарехь , х1ай тхан Дела царга Хьан некъах /нах/ тилабайта , х1ай тхан Дела х1аллакбехьа церан бахамаш , ч1аг1дехьа церан дегнаш , т1аккха уьш иймане бог1ур бацара шайна лазош /долу/ 1азап галлалц ! »

89./Дала/ Элира : »Бакъдолуш шушиннан до1анна жопделла , /Сан омрунна т1ехь/ нисло шушиъ , т1аьхьамах1отта шушиъ шаьш ца хууш болчеран новкъана ! »

90.Х1ордал дехьабехира Оха Исраилан к1ентий /и бекъа а бекъна/ , /т1екхиа дагахь/ т1аьхьабевлира царна Фир1авн , цуьнан б1аьхой зуламна а , мостаг1алийна а . Шена т1е хибухавахийтар кхиъча цо /Фир1авнас/ элира : »/х1инца/ Тийши со , баккъалла а /кхин/ дела ца хиларх , Исраилан к1ентий шех тешнарг бен , со бусулбанех ву-кх»

91. »Х1инцай ? Бакъдолуш /х1окхул/ хьалхам 1еса /ма/ вара хьо , бохамхойх /ма/ вара хьо !

92.Тахана Оха к1елхьаравоккхур ву хьо хьан дег1аца , хьо хилийта хьоьл т1аьхьарчарна билгало . Баккъалла а дукхах болу нах Тхан билгалонех чидамбоцуш ма бу

93./Делора/ Бакъдолуш Оха /баха/ ховшийра Исраилан к1ентий бакъонан /лераман/ ховшаре /махка/ , ц1еначарех /хьаналчух/ рицкъа делира Оха царна , ткъа уьш бекъа /ма/ ца белира шайна /хууш долу/ хаар даллалц . Баккъалла а хьан Дала къематан дийнахь кхелйийр ю царна юккъехь , уьш шегахь бекъалуш хиллачуьнгахь

94.Ткъа хьо шеконехь хиллехь Оха хьайга доссийначух , ахь хатта шаьш хьоьл хьалха /Таврат , Инжийл/ жайна доьшучарга . /Делора/ Бакъдолуш , Хьоьга хьан Делера бакъдерг /ма/ деана , хьо /хилне/ ма хуьлийла шекболчарех  

95.Хьо /хилне/ ма хуьлийла шаьш Аллах1ан билгалонаш харцйиначарех , т1аккха хьо хила эшначарех

96.Баккъалла а шайна т1ехь хьан Делан /1азапан/ дош хьакъ хилларш , /Делан билгалонех/ тешаш бац

97.Шайга массо билгало еача а , лазош долу 1азап шайна галлалц

98. /Делах/ Тешна цхьа юьрт елара , шен тешаро шена пайда бина , Юнусан къам доцург , уьш тешначу хена Оха царех д1аайдира сийсазаллин 1азап дуьненан дахарехь , Оха царга зовкх хьегийтира цхьана ханна

99.Хьан Далла лиънехьара , лаьттахь /мел/ верг /Цунах/ тешна хир ма вара уьш массо - берриге . Ткъа ахь нах /нуьцкъала/ т1е /муха/ те1або царех муъманах хилийта ?!

100.Цхьана дег1ана /лаамца ма/ дац ша тешар , Аллах1ан пурбанца бен . Цо та1зар до /хьекъале/ ойла ца ечарна т1ехь .

101.Ахь ала :"Хьовса , х1ун ду стигланашкахь а , лаьттахь а /Делан билгалонех/ !" /1азапех/ Хьалха /ма/ ца доккху билгалонаша а , д1ахьедархоша а тешаш доцу къам .

102./хьо харцварца/ Шайл хьалха /цатешаш/ д1абаханчеран санна /долчу 1азапан/ деношка бен хьоьжий уьш ?! Ахь ала :"Хьовса шу /ларде аш уьш/ , баккъалла а со ву шоьца цхьаьна хьовсучарех !"

103./1есанах х1аллакбина/ Цул т1аьхьа , Оха /1азапах/ к1елхьарабохур бу Тхан элчанаш а , шаьш /Делах/ тешнарш а . Иштта , /декхар хилла/ хьакъ ду Тхуна т1ехь муъманах к1елхьарабахар

104.Ахь ала :"Х1ай нах ! Шу сан динах шекон чохь делахь , ас 1ибадат ца до /шуна/ Аллах1 воцуш аш шайна 1ибадат дечарна , амма ас 1ибадат до Аллах1ана , Ша шу /хан кхаьчча/ кхалхош волчу , /Цо/ соьга омру дина муъманахах хиларца

105./соьга Дала аьлла/ Хьан юьхь д1ах1оттае динна /цу т1ехь/ нисвелла /цуьнга/ т1етевжина/ , хьо /хилне/ ма хуьлийла /Делаца/ декъаховечарех 

106.Ахь ма кхайкха , Аллах1 воцуш , хьайна пайдацабийриг а , хьайна зецадийриг а , ахь /и/ дахь , т1аккха баккъалла а хьо зуламхойх /ма/ ву

107.Аллах1а хьуна цхьа зе дича , и д1аойбург вац Иза /Ша/ воцург , Цунна хьуна цхьа дика лиъча , Цуьнан комаьршалла юхатухург вац /цхьа а/ . Цо и т1едоуьйту /кхиадо/ Шен лешха Шена луучунна . Иза гечдийриг , къинхетамениг ву 

108.Ахь ала :"Х1ай нах ! Бакъдолуш , шоьга деана шун Делера бакъдерг , ша нисвелларг , баккъалла а шен дег1ана нисло , /ткъа/ ша /бакъонах/ тилавелларг , баккъалла а цунна /шен дег1ана зенна/ тилало . Со /ма/ вац шуна т1ехь векал /вина/"

109.Т1аьхьаваза хьайга /Дала/ хьоьхучунна , сатоха /халонна/ Аллах1а кхел яллалц , Иза ву кхелахойх тоьлуш /г1олехьа/ верг .