Тидар


102 - Cурат Аттакасур /Дебор , сов вийлар/
/Маккахь доьссина , 8 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Шу д1алеци /дуьне лахарехь/ совдийларо /къийсаро/
2.Шаьш кешнашка даххалц /дерзалц/
3.Х1ан-х1а ! Шуна хуур ма ду /деллачул т1аьхьа/
4.Т1аккха а х1ан-х1а ! Шуна хуур ма ду /лахьтийчура г1овттийча/
5.Х1ан-х1а ! Шуна хаахьара /шайна хиндериг/ билггала хаарца
6./Делора/ Шуна ганне а гур ма ю /и/ жоьжахати
7.Т1аккха /Делора/ шуна ганне а гур ма ю и билггала б1аьрга
8.Т1аккха , /Делора/  шоьга хаттане а хоттур ма ду /Дала/ оцу дийнахь зовкхах .