Тидар


104 - Сурат Альх1умаза /Антахо/
/Доссар Маккахь я Мадийнатахь хилла , 9 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Ма бала бу-кх /жоьжахатин боьрахь/ массо а дуьхьала а , т1аьхьашха а /нехан/ анташ дохучунна 
2.Ша даьхни гулдина , иза юх-юха дагардеш волчу .
3.Шен бахамо ша /валарха/ хьалха воккхур ву моьтту цунна ?!
4.Х1ан-х1а  /цунна ма моьтта дац иза/ , /Делора/ и кхуссур ма ву /шена чохь мел дериг охьучу , отучу/ жоьжахатчу
5.Сте хаийтина хьуна /и/ жоьжахати х1ун ю ?!
6.Латийна йогуш Аллах1ан ц1е ю /и/
7.Ша /церан/ дегнех хьерчаш /массо к1оже кхочуш/
8.Баккъалла а и /жоьжахати/ царна т1ехь къевлина /ч1аьг1на/ ю
9.Бехачу /б1ог1амийн/ г1уйнашца /уьш ара бовла йиш йоцуш/ .