Тидар
13 - Сурат Арра1д /Къовкъар/
/Мадийнатехь доьссина ‚ 43 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман
Да волчу
1.Алиф , лам , мийм , ра . /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена
царех луург/ . Х1орш /Делан/ жайнан аяташ ду . Ша хьан
Делера хьоьга доссийнарг - /шеко йоцуш/ бакъдерг ду , делахь
а дукхах болу нах /тешам/ ца теша /и Цуьнгара хиларх/ .
2.Аллах1 ву Ша стигалш айъинарг /уьш совцийна/ шуна гуш г1ортораш
йоцуш , /Шеца дог1учу куьцара/ 1арша т1ехь Ша д1атарвелларг
. Малх а , бутт а муьт1ахь бина Цо /пайданна/ , /цаьршиннах/
х1ор лелаш ду ц1етоьхначу ханналц . Цо леладо /д1акхоьхьу
массо а/ г1уллакх . Цо билгалдо аяташ . Шун догтешийта шайн
Далла дуьхьал кхетарх .
3.Иза ву Ша латта даржийнарг а , цу т1ехь /даккхий/ лаьмнаш
а , /лелаш/ татолаш а хилийтинарг а , Цо хилийтина цу т1ехь
массо а стоьмех ши тайпа . Цо хьулдо буьйсанца де .
Баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю ойлаечу нахана .
4.Лаьттахь /тайп-тайпана/ дакъош ду лулахь , кемсийн бошмаш
ю , ялта ду , хурманаш ю /цхьа орам болуш/ курсе /ц1евне/
ерш а , /цхьа орам болуш , цхьалха г1ад долуш бен/ йоцурш а
. Цунна /хьахийначунна/ хи дуьллу /туху/ цхьана хица . Оха
царех цхьаерш вукхарел /чомана/ г1оли йо яарехь . Баккъалла
а цу чохь билгалонаш ма ю хьекъалечу нахана .
5.Хьо /царех/ цецвалахь , /инзаре/ цецвалар церан къамел
ду-кх :"Тхоьх латта хилча , баккъалла а тхо керлачу
кхолларехь /хир/ ду тов ?" . Уьш шаьш шайн Делах цатешнарш
бу , уьш - церан кочахь /логах/ буржалш /хир/ ду , уьш /жоьжахатин/
ц1еран дай бу , уьш гуттар /1ийр/ бу цу чохь .
6.Цара хьо сихво вочуьнца дикачул хьалха . Бакъдолуш , царал
хьалха д1адахна масале /къиза/ та1зарш . Баккъалла а хьан
Дела нахана гечдаран да ма ву церан /уьш/ зулам т1ехь /болушнехьа/
. Баккъалла а хьан Дела буьрса та1зар деш ма ву .
7.Шаьш /Делах/ цатешначара олу :"Цунна т1е шен Делера /цхьа/
билгало йоссийнехьара" . Баккъалла а хьо д1ахьедархо ву . Х1ор
къоманна /уьш/ нисбийриг ву .
8.Аллах1ана хаа х1ор стечо /шен кийрахь/ лелош дерг /х1ун
бера ду/ , кийранаш ша эшориг а , совдоккхург а . Массо а х1ума
Цунна гергахь барамца ду .
9./Иза/ Къайлах дерг а , гучохь дерг а хууш верг а ву ,
воккха верг а , лакхаваьлларг а ву .
10./Далла/ Цхьатерра /хууш/ ву шух ша /щен/ къамел
хьулдинарг а , ша и гучудаьккхинарг а , и ша буьйсанна
хьулвелларг а , денахь гуш воьдург а .
11.Цунна /адамна/ шен хьалхахула а , шен т1ехьахула а /хийцалуш/
леларш /малийкаш/ ду , шаьш иза ларвеш Аллах1ан омрунца .
Баккъалла а Аллах1а ца хуьйцу нахаца /хьолах/ дерг , цара
хийцалц шайн дог1машца дерг . Аллах1ана лиъча нахаца /цхьа/
вониг , /т1аккха/ юхатохар дац цунна , царна вац Иза воцург
/цхьа/ эла .
12.Иза ву Ша шуна кхерамна а , догдахарна а ткъес гойтург а
, /дог1анах юьзна/ еза мархаш кхуллург а .
13./стигал/ Къовкъаро теспахь до Цунна хастам барца ,
малийкаш Цуьнах кхерарна . Стелахаьштигаш дохкуьйту Цо , /т1аккха/
уьш туху Цо шена луучунна , уьш Аллах1ан хьокъехь къуьйсуш
болуш , Иза г1уда /кийтарло/ ч1ог1а дерг ву .
14.Цуьнга бу бакъ /болу/ кхайкхам . Шаьш И /Аллах1/ витина /ц1уйш/
кхойкхурш - цара царна жоплур дац /цхьана а/ х1уманца , шен
ши кана хине кховдийначунна - и шен бете кхачийтархьама - /хино/
санна бен , /амма/ иза дац цуьнга кхочур долуш . /Делах/
Цатешачеран до1а дац тилар чохь бен .
15. Аллах1ана /сужда деш/ горадоьду ша стигалшкахь а ,
лаьттахь а /мел/ дерг /шен/ лаамехь /долуш/ а , /ца даьлла/
лаамза а , /иштта/ церан 1индаг1аш а /доьду суждане/ 1уьйранна
а , суьйранна а .
16.Ахьа ала /цаьрга/ :"Мила ву стигалшин а , лаьттан а Дела
?" . /цара жоп цалахь/ Ахьа ала :"Аллах1 ву" . Ахьа ала :"Аша
/муха/ лецна ткъа Иза воцург верасаш , шайн долахь шайн дог1машна
пайда бар а , зен дар а доцуш /болу/ ?" . Ахьа ала :"Вуй
ткъа цхьатерра б1аьрзениг а , б1аьрсадерг а , я буй ткъа
цхьатерра боданаш а , серло а ?" . Я Аллах1ана декъахой бина
цара , шаьш Цуьнан кхолларах тера кхоьллина /болу/ , т1аккха
царна /и ши/ кхоллар /цхьатера/ тарделла ? Ахьа ала :"Аллах1
ву массо а х1ума кхоьллинарг , Иза ву цхьаъ верг , нуьцкъала
верг"
17.Цо доссийна стиглара /дог1ан/ хи , /т1аккха эха/
доладелира /хин/ хершанаш шен барамца , яьхьира 1овраша /шайна/
т1ехула яьлла чопа . Ша цара хазалла я /кхин/ дика /пайден
дерг/ лоьхуш ц1ергахь ягочух а ю цуьнах тера /йолу/ чопа .
Иштта /цуьнах терра/ Аллах1а /масална/ даладо бакъдерг а ,
харцдерг а . Чопа эрна д1айоьду , ткъа нахана пайдабийриг
лаьттахь дуьсу . Иштта Аллах1а даладо масалш .
18.Шаьш шайн Далла /муьт1ахьаллийца/ жоп деллачарна /ялсаманин/
дика ду , /ткъа/ шаьш Цунна жоп ца делларш - баккъалла а
церан долахь лаьттахь мел дерг а , цуьнца /кхин/ оццул а
хилча , цара и /1азапех хьалхабовлархьама/ махийна лур ма
дара . Уьш - царна вон хьесап /хир/ ду , церан боьрзийла
жоьжахати ю . Ма вон /кечбина/ мотт бу-кх /и/ .
19.Ша хууш верг , баккъалла а хьоьга хьан Делера доссийнарг
бакъ хилар , ша /бакъдолчух/ б1аьрзе верг санна ву ткъа ?
Баккъалла а хьехам оьцу /Делан аятех/ хьекъалан дайша .
20.Шаьш Аллах1ан /бина/ ч1аг1ам кхочуш беш а , барт ца бохош
а болу
21.Шаьш Аллах1а ша хоттарца омру динарг /гергарло/ хуттуш /лелош/
а , шайн Делах кхоьруш а , вон хьесапах кхоьруш /ийзалуш/ а
болу .
22.Шаьш шайн Делан юьхь лууш сатоьхна а , ламаз х1оттийна а
, Оха шайна деллачух къайлах а , гучохь а харж йина а ,
диканца вон юхатухуш а болу . Уьш - царна /ялсаманин/ х1усаман
т1аьхье -
23.дахаран /1адн/ бошмаш ю . Оцу чу г1ур бу уьш а , церан
дайшха а , церан зударшха а , церан т1аьхьенашха а дика /ийманца/
хилларш а , шайна массо а не1арехула /уьш декъал беш/
малийкаш т1едог1уш /шаьш олуш/
24."/Делера/ Салам /маршалла/ ду шуна аша /халонашна/
сатохарна . Ма дика х1усаман т1аьхье ю-кх /и бошмаш/"
25.Шаьш Аллах1ан /бина/ ч1аг1ам бохош а , цуьнан барт
хиллачул т1аьхьа , Аллах1а ша хоттарца омру динарг /гергарло/
хедош /ца лелош/ а , лаьттахь бохамаш беш а берш , уьш -
царна не1алт ду , царна вон х1усам ю .
26.Аллах1а Шена луучунна рицкъанна шорто а йо , гатто а йо .
Уьш баккхийбийра дуьненан дахарах , /ткъа/ дуьненан дахар /ма/
дац эхартахь /долчуьнца дуьстича цхьа/ зовкх бен .
27.Шаьш /Делах/ цатешначара олу :"Цунна /элчанна/ т1е шен
Делера /йолу/ цхьа билгало йоссийнехьара" . Ахьа ала :"Баккъалла
а Аллах1а /шух/ Шена луург тила а во , ша т1евирзинарг
цуьнга нис а во
28.Шаьш /Делах/ тешнарш а , шайн дегнаш Аллах1 хьехорца парг1ат
довлурш а /нисбо/ . Ва , Аллах1 хьехорца дегнаш парг1ат
довлу /шуна/ !
29.Шаьш /Делах/ тешнарш а , дикаш динарш а - царна /зовкхе/
декъалалла ю , хаза /йолу/ боьрзийла ю .
30.Иштта /хьоьл хьалхарнаш санна/ , Оха вахийтина хьо -
бакъдолуш шел хьалха къаьмнаш д1адахначу - къоме , хьоьга
царна дешийта Оха ша хьоьга хьехнарг . Уьш цатеша
Къинхетамечух . Ахьа ала :"Иза сан Дела ву , кхин дела вац
Иза воцург , Цунна т1етевжина со , Цуьнга ду сан /дохковаьлла/
юхаверзар" .
31.Баккъалла а /цхьана/ къуръано шеца лаьмнаш меттахъхьадича
, я шеца латта декъча , я шеца белларш бистихилийтача /т1аккха
а х1ара къуръан бен хир ма дацара и/ . Мелхо а , Аллах1ан ду
дерриге а г1уллакх . Ткъа шаьш /Делах/ тешначарна ца хиъна ,
баккъалла а Аллах1ана лаахьара Цо берриге а нах нисбина хир
барий ? Шаьш /Делах/ цатешнарш бу шаьш динарг бахьанехь
шайна т1ебог1у бохам /бала/ ца соцуш , я шайн х1усаман
юххехь буссуш /и бохам/ , Аллах1ан ч1аг1о яллалц . Баккъалла
а Аллах1а ца йохайо /Ша/ йиллина хан .
32./Делора/ Бакъдолуш , кхаьрдина /ца баьшна/ хьоьл
хьалхарчу элчанашха а , Аса хан елира шаьш /Делах/
цатешначарна . Т1аккха Аса схьалийцира уьш , муха дара Сан
та1зар ?
33.Ша и х1ор синна цо динчуьнца /и хууш/ т1ех1оьттина /терго
еш/ верг /ц1уйх тера ву/ ? Цара бира Аллах1ана декъахой .
Ахьа ала :"Бийца уьш /муьлш бу/ ! Я аша д1ахоуьйту Цуьнга ,
лаьттахь /долчух/ Цуна ца хуург , я дашах /харц/ гуш дерг ?"
. Мелхо а , хазйина шаьш /Делах/ цатешначарна шайн /къамелан/
мекарло . /Дала/ Юхатуьйхира уьш /нийсачу/ новкъах . Ша
Аллах1а тилориг /милла велахь/ , цуьнан вац /цхьа/ нисвийриг
.
34.Царна 1азап ду дуьненан дахарехь , /Делора/ эхартаан 1азап
сов хала /деза/ ма ду . Церан /ма/ вац Аллах1ах /шаьш/
ларбийриг .
35./Делах/ Кхоьручарна ч1аг1о йинчу /ялсаманин/ бешан масал
/куц/ , шена к1елахула татолаш лелаш /йолу/ : цуьнан даар
даимна /хир/ ду , цуьнан 1индаг1 а /иштта/ . Иза шаьш /Делах/
кхийранчеран чаккхе ю , керстачеран чаккхе /жоьжахатин/ ц1е
ю .
36.Шаьш Оха шайна /хьалха/ жайна делларш , баккхийбуьйш бу
хьоьга доссийначух . Тобанашха /цхьаберш/ шаьш цуьнан
цхьадерг т1е ца оьцуш бу . Ахьа ала :"Баккъалла а соьга омру
дина , аса Аллах1ана 1ибадат дарца а , аса Цунна декъахо ца
варца а , Цуьнга кхойкху аса , Цуьнга ду сан верзар а"
37.Иштта , Оха доссийна и /къуръан/ 1арбийн /маттахь/ хьукма
/хилла/ . /Делора/ Хьо церан лаамашна /дезаршна/ т1аьхьах1оттахь
, хьайга /бакъдерг/ хаар деанчул т1аьхьа , хьан /ма/ вац
Аллах1ера верас /г1оьнча/ а , /хьо/ ларвийриг а .
38./Делора/ Бакъдолуш , Оха бахкийтина хьоьл хьалха элчанаш
, Оха хилийтира царна зударий а , т1аьхье а . /царех цхьана
а/ Элчанна /карахь/ ца хилла /цхьа а/ билгало йало Аллах1ан
пурбанца бен . Х1ор ханна /шен/ тептар ду .
39.Аллах1а /цуьнах/ Шена луург д1адойъу , /Шена луург/ ч1аг1до
. Цуьнгахь ду /хьадеш доцу/ нана жайна .
40.Оха хьуна гайтахь , Тхаьш царна /1азапах/ ч1аг1о еш долу
цхьадерг , я Оха хьо /цул хьалха/ д1акхалхавахь , баккъалла
а хьуна т1ехь д1акхайкхор ду , Тхуна т1ехь ду хьесап дар ду
.
41.Царна ца гина , баккъалла а Тхо /церан/ лаьтте дахкар и
шен йисташкара эшош ? Аллах1а кхел йо , Цуьнан кхелана /цхьа
а/ юхатухург вац . Иза хьесап чехка долуш ву .
42.Бакъдолуш , шаьш царел хьалхарчара а йира /шайн элчанашна/
мекарло , /амма/ Аллах1ан ю ерриге а кийтарло , Цунна хаа х1ор
сино лелориг , керстанашна хуур ду хьанна ю /эхартан/ х1усаман
т1аьхье .
43.Шаьш /Делах/ цатешначара олу :"Хьо геланча вац" Ахьа ала
:"Тоьар ву суна а , шуна а юккъехь теш /хила/ Аллах1 а ,
шегахь жайнан 1илма дерг а"