Тидар




16 - Сурат Аннахьл /Накхармозий/
/Маккахь доьссина ‚ 128 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу
къинхетаман Да волчу



1.Аллах1ан омру /герга/ деана , аша сих ма де иза /хенал хьалха/ . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цара /Шеца/ декъахо вечух .
2.Цо диссадо малийкаш сица /хьехамца цхьана/ Шен омрунца Шен лайшха Шена луучунна т1е :"Аша д1ахьеде баккъалла а /кхин/ дела вац , Со бен . Кхера Соьх" - /аларца/
3.Цо кхоьллина стигланаш а , латта бакъонца . Лакхаваьлла Иза цара /Шеца/ декъахо вечух .
4.Цо кхоьллина адам /стеган а , зуьдчун а/ т1адамах , т1аккха иза /шен Далла/ билгала довхо ву
5.Хьайбанаш а кхоьллина Цо , шуна цаьргахь йовхо а , пайданаш а бу , царех дуу аша .
6.Шуна цаьргахь хазалла ю , аша уьш /сарахь/ чудерзочу хенахь а , аша уьш /1уьйаранна/ д1алохкучу хенахь а
7.Цара д1ахьо шун маххьаш , дог1машна халонца бен шу шега кхочур доцчу махка . Баккъалла а шун Дела къахетаме , къинхетаме ма ву
8.Говраш а , /вир/ б1аьрзанаш а , варраш а /кхоьллина Цо/ шу царна т1еховшийта а , куьцанна /хазаллийна/ а . /иштта/ Цо кхуллу шуна /йовза/ ца евзарг а .
9.Аллах1ан т1ехь ду нийса некъ /билгалбар/ , царех бу харцберг а . Шена лиънехь Цо нисдийра ма дара шу дерриге а .
10.Иза ву Ша стиглара /д1ог1ан/ хи доссийнарг , шуна шех /мала/ малар долу , шех ораматаш /кхиар/ долу , шен чохь аша /даьхни/ дажош
11.Цо хьаладолуьйту шуна цуьнца ялта а , зайтун а , хурманаш а , кемсаш а , массо а стоьмех /стоьмаш/ а . Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю ойлаечу нахана
12.Цо муьт1ахь йина шуна буьйса а , де а , малх а , бутт а , седарчий а ду муьт1ахь дина Цуьнан омрунца . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю хьекъалечу нахана
13.Цо кхоьллина шуна лаьттахь /мел дерг/ шен беснаш бес-бесара долуш . Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю хьехам оьцучу нахана
14.Иза ву Ша х1орд /шуна/ муьт1ахь бинарг , шоьга цуьнах ховха /керла/ жижиг даийта а , шоьга цуьнах /жовх1аре/ хазъерг хьалаяккхийта а , аша ша /шайна/ т1еуллуш йолу . Х1ордкеманаш го хьуна цу /х1орд/ чохь /и/ хедош . Шоьга лахийта Цуьнан комаьршонах . Шу хила мега /Далла/ баркалла олуш .
15.Цо доьг1на лаьттахь /даккхий/ лаьмнаш и /латта/ шоьца меттах /ца/ хьейта , татолаш а , некъаш а /дина/ . Шу хила мега нислуш .
16.Билгалонаш а /йоьг1на/ , седарчашца нисло уьш /шайн некъахь/
17.Ткъа Ша /массо а х1ума/ кхуллург ша /х1умма/ ца кхуллург санна ву те ? Шу /кхета/ ца кхета ?
18.Шу Аллах1ан зовкх дагардан х1иттича , шуна цуьнан чот тохалур яц . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ма ву
19.Аллах1ана хаа аша хьулдийриг а , гучудоккхург а
20.Шаьш Аллах1 воцург кхойкхурш , цара /шайга кхойкхучара/ ца кхуллу х1умма а , /мелхо а/ уьш бу /шаьш кхечо/ кхуллуш
21./уьш/ Белла /бу/ дийна боцуш , царна хаа ца ло шаьш /денбина/ маца г1овттор бу
22.Шун Дела - цхьа Дела ву . /ткъа/ Шаьш эхартех ца тешарш - церан дегнаш /и къобал ца деш/ юхатухуш ду , кура бу уьш
23.Дера /шеко йоццуш/ , баккъалла а Аллах1ана хаа цара /шайн дегнашкахь/ хьулдийриг а , цара гучудоккхург а , баккъалла а Цунна ца беза куранаш
24.Цаьрга аьлча :"Х1ун ду и шун Дала доссийнарг ?" Цара олу /жоп луш/ :"Хьалхалерачийн туьйранаш /ду/"
25.Цара къемата дийнахь хьойла дийнна /дуьззина/ шайн /къинойн/ маххьаш а , шаьш /тилабой/ хаар доцуш /берш/ тилочеран /долчу/ маххьашха /тера маххьаш/ а . Ма вон /хилла/ ду-кх и цара /ша/ хьуш дерг
26.Бакъдолуш мекара хилира шаьш царел хьалхарнаш , т1аккха Аллах1 веара /Шен та1зарца/ церан г1ишлонна баххашкахула , тхов т1ебуьйжира царна шайна т1ехулара /шаьш бухахь буьсуш/ , 1азап деара царна шайна дагахь доцучу аг1орхьара
27.Цул т1аьхьа , къемата дийнахь а сийсаза бийр бу Цо уьш , Цо эра ду :"Стенгахь бу /аша Суна бина и/ Сан декъахой , шаьш шайн хьокъехь шу /Соьца/ къийсалуш хилла болу ?" Шайна /Дала/ хаар деллачара элира :"Баккъалла а тахана сийсазалла а , вон а /Делах/ цатешачарна т1ехь ду ,
28.шаьш малийкаш /са эцарца/ кхалхош болу /уьш/ шайн дог1машна /шаьш Делах цатешарна/ зуламе а болуш" . Машар кховдийра цара :"Тхо дацара вочух /х1умма/ деш" /аьлла/ . /царна жоп лур ду :/ "Х1аъ . Баккъалла а Аллах1 ву хууш верг аша /дуьненахь/ деш хилларг .
29.Шу г1о жоьжахатин не1арш чу , гуттар цу чохь лаьтташ ! Ма вон ю-кх курачеран боьрзийла" /аьлла/
30.Шаьш /Делах/ кхийриначаьрга элира :"Х1ун ду и шун Дала доссийнарг ?" Цара элира :"Диканиг /ду/" Шаьш х1окху дуьненахь дикадинчарна - диканиг /хир/ ду. /Делора/ Эхартан х1усам тоьлуш ма ю . /Делора/ Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран х1усам !
31./иза/ Дахаран /1адн/ бошмаш /ю/ , уьш шайна чуг1ура болуш , шайн к1елахула татолаш лелаш йолу , царна цу чохь шайна мел дезарг /хир/ ду . Иштта бекхам бо Аллах1а /Шех/ кхоьручарна ,
32.шаьш малийкаш /са эцарца/ кхалхош болу /уьш/ ц1ена болуш , шаьш олуш :"/Делера/ Маршалла ду шоьга ! Шу ялсаманий чуг1о шаьш /дуьненахь дика/ деш хиларна"
33.Шайна /са оьцу/ малийкаш дахкаре бен , я /1азапца/ хьан Делан омру даре /бен/ хьоьжий уьш ? Из-за дира шаьш царел хьалхарачара а . Аллах1а /уьш х1аллак барехь/ зулам ца динера царна , амма уьш хилира шайн дог1машна /шаьш шайна/ зулам деш
34.Царна т1едаьхкира шаьш диначуьн вонаш , царна го биллира уьш шех /ца бешаш/ кхаьрдаш хиллачо
35.Шаьш /Делаца/ декъахо винчара элира :"Аллах1ана лиънехьара , И воцучунна цхьана а х1уманна 1ибадат дийра /ма/ дацара оха - оха а /дацара/ , /я/ тхан дайша а дацара , /я/ оха /хьарам дина/ дихкина /хир/ дацара Цуьнан /лаамца/ бен х1умма а . Из-за дира шаьш царел хьалхарачара . Дуй ткъа элчанашна т1ехь , билгала д1акхайкхор бен ?
36./Делора/ Бакъдолуш , Оха хьажийна х1ор умматна /къоманна/ элча :"Аллах1ана 1ибадат де , йилбазна /ц1уна/ генадовла" /аларца/ . /ткъа/ Царех ша Аллах1а нисвинарг ву , /иштта/ царех шена т1ехь /Далла гергахь/ тилар хьакъ хилларг ву . Дуьйлало лаьттахула , хьовса муха хилла /элчанаш/ харцбечеран т1аьхье /чаккхе/
37.Хьуна /мел/ ч1ог1а лиъча а уьш /тилларш/ нисбалар , баккъалла а Аллах1а нис /ма/ ца во Ша тилориг . Церан бац /шаьш 1азапах ларбан/ г1оьнчий .
38.Аллах1аца дуй биира цара шайн ч1ог1ачу ч1аг1онашца :"Аллах1а /денвина/ г1аттор /ма/ вац ша велларг" /аьлла/ . Х1аъ /дера вийра ма ву/ . /Цо йина/ Цунна т1ехь ч1аг1о ю /иза/ , /ша/ хьакъ /бакъ/ хилла . Делахь а , дукхахболчу нахана ца хаа /иза/
39. /Дала уьш денбийр ма бу/ Царна билгалдархьама а уьш шегахь бекъалург , шаьш /Делах/ цатешначарна хаийтархьама а баккъалла а уьш харцлуьйш хилар .
40.Баккъалла а , Оха цхьана х1умане олург , Тхайна иза /хила/ лиъча , Оха цуьнга :"Хила" алар ду , т1аккха иза хуьлу .
41.Шаьш Аллах1ан дуьхьа /шайн/ махках бевлларш , шайна зулам динчул т1аьхьа , /Делора/ Оха уьш дуьненахь дика /меттиг елла/ д1атар бийр ма бу . /Делора/ Эхартан ял /мел цул/ йоккха ма ю , уьш /и/ хууш белхьара /кхин а сов бевра ма бара/ .
42./уьш/ Шаьш сатоьхнарш а , шайн Далла т1етевжинарш а /бу/
43.Оха ца бахкийтина хьоьл хьалха божарий /адамаш/ бен , Оха шайга хьоьхуш . Аша хатта жайнан /хьахоран/ ох1лунга шаьш ца хууш делахь .
44.Билгалонашца а , жайнашца а /баьхкийтина уьш/ . Оха доссийна хьоьга жайна /хьахор/ , хьоьга нахана билгаладайта цаьрга доссийнарг . Цара ойла ян мега .
45.Шаьш вонаш динарш маьрша бевлла ткъа Аллах1а шайца латта чудожийтарха , я шайна дагахь доцучу аг1орхьара /ц1аьххьана/ шайна 1азап дарах ?!
46.Я цо /1азапо/ уьш шайн /дахаран/ керчарехь /хьаьдда-бевдда леларехь/ д1алецарха ? Уьш /ма/ бац /и Тхан 1азап/ г1орасиз дийр болуш .
47.Я цо шаьш кхоьруш болуш д1алецарха ? Баккъалла а шун Дела /шоьх/ къахеташ , /шоьца/ къинхетаме ма ву .
48.Царна ца гина-те Аллах1а /тайп-тайпана/ х1уманех ша кхоьллинарг , шен 1индаг1 аьтту а , аьрру а аг1орхьа тевжаш , /ша/ Аллах1ана /муьт1ахь хилла/ охьате1аш , шаьш хьастаделла ?
49.Аллах1ана /сужда дарца/ гор доьду ша стигланашкахь /мел/ дерг а , ша дийнатех лаьттахь /мел/ дерг а , /иштта/ малийкаш а , шаьш куралла а ца еш .
50.Шайна т1ехулара шайн Делах кхоьруш , шайга де бохург деш .
51.Аллах1а элира :"Аша ма лаца ши дела ! Баккъалла а Иза цхьа Дела /ма/ ву . Соьх кхералуш" .
52.Цуьнан ду ша стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг , Цунна ду муьт1ахьалла , гуттар а . Ткъа шу Аллах1 воцучух кхоьру тов ?
53.Къинхетамех ша шоьца дерг , Аллах1ера ду . Т1аккха шоьх /цхьа/ зен хьакхаделча , Цуьнга мохь бетта аша /орца доьхуш/ .
54.Цул т1аьхьа Цо /и/ зен шоьх д1аайъича , т1аккха шоьх /цхьа/ тоба шен Далла декъахо веш ю ,
55.Оха шайна деллачух цатешархьама /къера ца хилархьама/ . Зовкх хьега аша /х1окху дуьненахь/ , /т1аьхьа/ хуур ду шуна /шайна хиндерг/ .
56.Оха шайна /рицкъанех/ деллачух дакъа до цара шайна ца девзачунна . Аллах1ора , шоьга /къемата дийнахь жоп/ хоттур ма ду аша /харц/ кхуллуш хиллачух .
57./малийкаш/ Аллах1ана зудбераш хуьлуьйту цара . Ц1ена ву-кх Иза . Ткъа шайна - /к1ентарех/ шаьш /шега/ сатуьйсург /хоржу/
58.Царех цхьанна стечуьнца кхаъ баьккхича , цуьнан юьхь /халахетна/ 1аржло , ша /шен/ оьг1азло сецош .
59.Ша нахах /эхь хеташ/ лечкъаш , шена шеца баьккхинчу кхаъан вонна /х1ун дийр ду ца хууш/ . /шена хуьлучу/ Сийсазаллин т1ехь /дийна/ 1адйита-те ша и , я /йийна д1аяккха/ лаьттах йолла-те ша и ? Ма вон хилла-кх цара ен кхел !
60.Шаьш эхартех цатешачарна вон /ирча/ масал /куц/ ду . /ткъа/ Аллах1ана /массо аг1ор/ лаккхара /тоьлла/ масал ду . Иза сийлахьниг , кхетамениг ву
61.Аллах1а нахана шайн зулам бахьанехь та1зар деш делахьара , Цо цу /лаьтта/ т1ехь цхьа а дийнат дитина хир /ма/ дацара , делахь а Цо т1аьхьатотту уьш /Ша/ ц1етоьхначу хене . Ткъа церан /х1аллак баран/ хан еача , /цул/ цхьа сахьт т1аьхьа а ца буьсу уьш , /я/ хьалха а ца бовлу
62.Цара Аллах1ана хуьлуьйту /т1ехьарчадо/ шайна /ша/ ца дезарг . Церан меттанаш кхуллу харцо - баккъалла а шайна диканиг ду /аларца/ . Дера /шеко йоццуш/ , баккъалла а царна /жоьжахатин/ ц1е /ма/ ю , баккъалла а уьш /цу чохь/ д1атесна /хир ма/ бу
63.Аллах1ора /дуй буу Аса/ , бакъдолуш Оха хьоьл хьалха а бахкийтина къаьмнашка /элчанаш/ , /ткъа/ шайт1ано царна хазйира шайн 1амалаш . И /шайт1а/ ду тахана церан верас , царна /уьш/ лазабен 1азап /хир/ ду /къемата дийнахь/ .
64.Оха ца доссийна хьуна т1е жайна /къуръан/ , хьоьга царна ша уьш шегахь бекъабелларг билгалдайта а бен , /и къуръан/ нийса некъ а , къинхетам а хилийта бен /Делах/ тешачу къоманна
65.Аллах1а стиглара /дог1ан/ хи а доссийна , цуьнца латта дендина иза /дакъа/ деллачул т1аьхьа . Баккъалла а цу /къамела/ чохь билгало ма ю /шега/ ладуг1учу нахана
66.Баккъалла а шуна , хьайбанашкахь а хьехам ма бу . Оха шуна малайо церан гайшкарчух , кхона а , ц1ийна а юккъера ц1ена шура , молучарна аьхна /чомехь , тамехь/ йолуш
67./иштта Оха маладо шуна/ Хурманийн а , кемсийн а стоьмех /доккху мутта а/ , аша цуьнах доккху вахош долу малар а , /кхидолу/ дика рицкъа а . Баккъалла а цу чохь билгало ма ю хьекъалечу нахана
68.Хьан Дала накхармозийна /дагчу/ хьехна :"Ахьа йе /хьайна накхар/ баннаш лаьмнех а , диттех а , цара /г1ишлонех/ ечух а .
69.Цул т1аьхьа ахьа яа массо а стоьмех /дургал/ , хьо лела хьан Делан некъашца /Цунна/ хьасталой" . Церан гайшчуьра арадолу малар , шен беснаш бес-бесара долу , шегахь нахана дарба долу . Баккъалла а цу чохь билгало ма ю ойлаечу нахана
70.Аллах1а кхоьллина шу , цул т1аьхьа д1акхалхадо Цо шу . Шоьх ша гужамалле /хьекъалах эшаре , къаналле/ верзориг ву , цуна х1умма ца хаийтархьама /цуьнан/ хаарал т1аьхьа . Баккъалла а Аллах1 хуушверг , ницкъ кхочург ву
71.Аллах1а толийна шоьх цхьаберш вукхарна т1ехь рицкъангахь . Ткъа шаьш толийнарш /ма/ бац шайн рицкъа лур долуш шайн аьттучара доладечарна /куьйга к1еларчарна/ , шаьш цуьнгахь цхьатерра хила . Аллах1ан зовкх къобал ца до цара ?
72.Алллах1а хилийтина шуна шух шайха /болу/ зударий , Цо хилийтина шуна шун зударех бераш а , берийн бераш а , Цо шуна рицкъа делла /цхьадолчу/ диканех /ц1енчух/ . Харцдолчух теша ткъа уьш , шаьш Аллах1ан зовкхах а ца тешаш ?
73.Цара 1ибадат до Аллах1 воцуш , шайн долахь стигалшкара а , лаьттара а рицкъанех шайна дала х1умма а доцучарна , ницкъ ца кхочучарна .
74.Ма даладе Аллах1ана /ц1уйх/ масалш ! Баккъалла а Аллах1ана хаа /Ша цхьаъ хилар/ , шуна ца хаа /и шайн сонталлийна/ .
75.Аллах1а далийна /шуна/ масал - /нехан/ долахьволу лай а , ша /цхьана а/ х1уман т1ехь ницкъ ца кхочуш /волу/ , Оха шена Тхайгара дика рицкъа делларг а , ша цуьнах къайлах а , гуш а харж еш волу . Цхьанийсса буй уьш ? Хастам бу Аллах1ана . Х1етте а царех дукхахберш ца хууш бу .
76./иштта/ Аллах1а далийна /кхин/ масал /а/ - ши стаг , цаьршиннах цхьаъ мотт ца хууш ву , шен /цхьана а/ х1уман т1ехь ницкъ ца кхочуш ву , иза бала бу шен верасна . Цо ша миччахьа а хьажийча , диканца ца вог1у иза . Цхьанийсса вуй иза а , нийсонца омру дийриг а , ша нийсачу некъа т1ехь а волуш ?
77.Аллах1ан ю стигалшин а , лаьттан а къайле . /къемат дийнан/ Сахьтан г1уллакх /ма/ дац /сихаллехь/ б1аьрган нег1ар тохар санна бен , я кхин а герга /ду/ и /г1уллакх/ . Баккъалла а Аллах1 массо а х1уман т1ехь ницкъ кхочуш ву .
78.Аллах1а арадаьхна шу шайн нанойн кийранашкара , шу х1умма а ца хууш /долуш/ , Цо хилийтина шуна хазар а , б1аьргаш а , дегнаш а . Шу хила тарло баркалла олуш .
79.Царна ца гина олхазарш /шаьш/ стигалан х1аваэхь /т1емадевлла/ лелалуш /долу/ , уьш /чудожарха/ саца ца до Аллах1а бен . Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю /Делах/ тешачу нахана .
80.Аллах1а хилийтина шуна шун ц1еношха /парг1ат/ чохь1ойла . Хилийтина шуна хьайбанан не1арех /ц1окарчех/ ц1енош , шуна шаьш /дахьа/ дай долуш шун новкъадовларан /кхелхина леларан/ дийнахь /хенахь/ а , шун /цхьанахь даха севцина/ кхерч лацаран дийнахь /хенахь/ а . /Цо хилийтина шуна/ Церан т1арг1анех а , чоьшха а , месех а сал-пал а , /цхьана/ ханна /долу/ зовкх /бахам/ а .
81.Аллах1а шуна Ша кхоьллинчух 1индаг1 дина , лаьмнех /чохь 1ан/ хьехарш йина , шаьш шу йовхонах /а , шелонах а/ лардеш /долу/ духарш а , шаьш шу шун ницкъах лардеш /долу/ духарш а делла шуна . Иштта , Цо кхочуш до шуна т1ехь Шен зовкх . Шу муьт1ахь хила тарло .
82.Ткъа уьш /бакъонах/ д1аберзахь , баккъалла а хьуна т1ехь /дерг/ билгала д1ахаийтар ду .
83.Царна девза Аллах1ан зовкх , /х1етте а/ цул т1аьхьа цара къобул ца до и , царех дукхахберш керста бу /цуьнца/ .
84.Оцу дийнахь Оха г1аттор ву х1ор умматах теш , т1аккха шаьш /Делах/ цатешначарна /бехаказа бовла/ пурба лур дац , дохкобовлар доьхур дац царга
85.Шаьш зуламдинчарна /ц1еран/ 1азап гинчу хена , царна /и/ дайдийр дац , уьш /цуьнах/ т1аьхьатоттур бац
86.Шаьш /Далла/ декъахо винчарна шайн декъахой гинчу хена , цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Х1орш бу-кх /уьш/ тхан декъахой , оха шаьш Хьо воцуш /шайна 1ибадат дарца/ кхойкхуш хилла болу" . Т1аккха уьш цаьрга бистхилира :"Баккъалла а шу харцлуьйш ма ду" /аьлла/ .
87.Аллах1е машар /муьт1ахьалла/ кховдийра цара оцу дийнахь , д1атилира царех ша цара /харц/ кхуллуш хилларг
88.Шаьш /Делах/ цатешнарш а , Аллах1ан /динан/ некъах /нах/ юхатоьхнарш а , Оха уьш совбохур бу 1азап т1е а 1азапехь , уьш бохамаш беш хиларна
89.Оцу дийнахь Оха г1аттор ву х1ор умматах царна т1ехь царех шайха /волу/ теш , Оха хьо валор ву х1окхарна т1ехь теш /хилла/ , Оха доссийна хьуна т1е жайна массо а х1ума билгалда а , бусулбанашна нийса некъ а , къинхетам а , кхаъ а хилийта а
90.Баккъалла а Аллах1а омру до нийсонца а , дикадарца а , гергарчунна /саг1а/ даларца , Цо сацаво /юхатуху/ боьхачух /дастамечух/ а , /хьекъалца/ цадог1учух /сийдоцучух/ а , зуламех а , Ша шуна хьехам беш . Аша хьехам эца тарло .
91.Аша кхочуш йе Аллах1аца /йина йолу/ ч1аг1о , шаьш /и/ ч1аг1о йича , ма къарбе дуйнаш /шаьш/ уьш ч1аг1бинчул т1аьхьа , бакъдолуш аша /ван ма/ вина Аллах1 шайна т1ехь юкъархо /доладархо , верас/ . Баккъалла а Аллах1 хууш ву /шуна/ аша дийриг .
92.Шу ма хила ша шен /эханган/ уьйриг дикка хьовзийнчул т1аьхьа дакъошка баьстинчух тера , шаьш шайн дуйнаш шайна юккъехь /вовший/ ледарна /1ехорна/ лоьцуш , цхьа тоба /кхечу/ тобанел сов хилархьама . Баккъалла а Аллах1а зуьйш ду шу цуьнца .Цо шуна къемата дийнахь билгалдийра ма ду шу шегахь декъалуш хилларг .
93.Аллах1ана лиънехьара , Цо шу цхьа уммат дина хир ма дара . Делахь а , Шена луург тилаво Цо , Шена луург нисво . Шоьга /къемата дийнахь жоп/ хоттур ма ду аша /дуьненахь/ деш хиллачух .
94.Аша ма леца шайн дуйнаш шайна юккъехь /вовший/ ледарна /1ехорна/ , т1аккха шун ког шершар бу шен ч1аг1баларал т1аьхьа , /т1аккха/ аша вон /1азап/ 1овшур ду шаьш Аллах1ан некъах /нах/ юхатохарна , доккха 1азап /хир/ ду шуна .
95.Аша ма эца Аллах1аца /йина йолу/ ч1аг1онах к1еззиг мах . Баккъалла а Аллах1ана гергахь /дерг/ иза дика ду шуна , шу хууш хиллехь .
96.Шуна гергахь дерг кхачало , Аллах1ана гергахь дерг /геттаренна/ бухадуьсу . Оха , шаьш сатоьхначарна шайн ял д1алур ма ю , цара деш хиллачул а г1оли /дика/
97.Ша диканиг динарг /милла велахь/ боьршачух я стечух , ша /Делах/ тешаш /муъма/ волуш , Оха вахор ма ву и хазачу дахарехь , Оха царна шайн ял д1алур ма ю , цара деш хиллачул а г1оли /дика/
98.Айхьа къуръан дешча , хьо ларло Аллах1аца /Цо Шех/ эккхийначу шайт1анах
99.Баккъалла а цуьнан урхалла /куьйгалла/ дац шаьш /Делах/ тешначарна т1ехь а , шайн Далла т1етевжачарна т1ехь а
100.Баккъалла а цуьнан урхалла ду шаьш цунна муьт1ахь болчарна т1ехь а , шаьш и /Делаца/ декъахо лоцучарна т1ехь а
101.Оха /цхьана/ аят метта /и д1аайдина кхин/ аят хийцича - Аллах1 т1ех дика хууш ву Ша доссош дерг - цара элира :"Баккъалла а хьо /харцо/ кхуллуш верг ву" . Мелхо а , Царех дукхахберш ца хууш бу /цуьнах луург/ .
102.Ахьа ала /цаьрга/ :"И доссийна дезачу /ц1еначу жабраилан/ сино хьан Делера бакъонца , шаьш /Делах/ тешнарш /шайн ийманехь/ ч1аг1бархьама а , бусулбанашна нийса некъ а , кхаъ а хилийта а
103./Делора/ Бакъдолуш , Тхуна хаа баккъалла а цара олий :"Баккъалла а , иза /цхьана/ адамо 1амош ву" . Уьш шега тийжачун мотт - хийра мотт бу . /ткъа/ Х1ара /къуръан мотт/ билгала 1арбийн мотт бу
104.Баккъалла а шаьш Аллах1ан аяташха ца тешарш , Аллах1а нис ца бо уьш , царна лазош /долу/ 1азап /хир/ ду /къемата дийнахь/
105.Баккъалла а харцо кхуллу шаьш Аллах1ан аяташха цатешачара . Уьш бу уьш харцлуьйш берш .
106.Ша имдиллинчул т1аьхьа Аллах1аца керстаналла динарг /милла велахь/ , шена /цу т1ехь цхьамма/ ницкъбинарг воцург , шен дог ийманца парг1ат долуш , делахь а керстаналлийна ша /шен/ накха биллинарг - царна т1ехь Аллах1ера оьг1азло ю , царна доккха 1азап ду .
107.И /1азап/ , баккъалла а царна эхартал /дукха/ дуьненан дахар дезадаларна ду . Баккъалла а Аллах1а нис ца до керста къам .
108.Уьш - Аллах1а шайн дегнаш т1е а , шайн лергаш т1е а , шайн б1аьргаш т1е мухар тоьхнарш бу . Уьш бу уьш чидам боцурш .
109.Дера /шеко йоццуш/ , баккъалла а уьш /ма/ бу уьш эхартахь эшнаберш .
110.Т1аккха , баккъалла а хьан Дела , шаьш /халонашца/ зийначул т1аьхьа /шайн/ махкахбевлачарна а , т1аккха /керстанах/ леттачарна а , /цу т1ехь/ сатоьхначарна а , баккъалла хьан Дела цул т1аьхьа /царна/ гечдийриг , къинхетамениг ма ву .
111.Оцу дийнахь массо а са дог1ур ду шен дег1 доьхуш /цуьнах бехказдуьйдуш/ . Х1ор синна /бекхамна/ лур ду цо ша динарг , царна зулам дийр дац /цуьнгахь/ .
112.Аллах1а ялийна масална /цхьа/ юрт , ша маьрша , парг1ат хилла /йолу/ , шен рицкъа шена шорта массо меттигера т1едог1уш /йолу/ , /х1етте а/ керстаналла дира цо Аллах1ан зовкхашна , т1аккха Аллах1а цуьнга 1овшийтира /лайтира/ мацаллин а , кхераман а духар , цара деш хилларг бахьанехь .
113./Делора/ Бакъдолуш царна веара шайха /волу/ элча , /амма/ цара харцвира иза , т1аккха уьш 1азапо д1алецира , шаьш зуламдеш болуш .
114.Аша даа Аллах1а шайна деллачу рицкъанах хьаналниг , ц1енниг , баркалла ала Аллах1ан зовкхана , шу хиллехь Цунна 1ибадат деш .
115.Баккъалла а Цо шуна /яа/ йихкина /хьарам йина/ къеелларг а , ц1ий а , хьакхин жижиг а , Аллах1 воцучунна /ц1етоьхна/ йийнарг а . Ткъа ша /и ца йиъча/ ца ваьлларг , зуламдеш воцуш , /дозана/ т1ех волуш воцуш , баккъалла а Аллах1 /цунна/ гечдийриг , къинхетамениг ву .
116.Аша ма ала - шайн меттанаш харцо кхолларна - :"Х1ара - мегаш ду , х1ара - дихкина ду" , шаьш Аллах1ана т1ехь харцо кхоллархьама . Баккъалла а шаьш Аллах1ана т1ехь харцо кхуллурш декъал хир бац
117./церан дахар/ К1еззиг зовкх ду , царна лазош /долу/ 1азап ду .
118.Шаьш жуьгтийн динехь хиллачарна Оха /хьарам йина/ йихкина Тхаьш хьоьга хьалха йийцинарг , Оха зулам ца дина царна , делахь а уьш /шаьш/ бара шайн дог1машна зуламдеш
119.Т1аккха , баккъалла а хьан Дела , шаьш ца хууш вониг динчарна а , т1аккха цул т1аьхьа дохкобевллачарна а , диканиг динчарна а , баккъалла хьан Дела цул т1аьхьа /царна/ гечдийриг , къинхетамениг ма ву .
120.Баккъалла а Ибрах1им /Далла/ муьт1ахь имам хилла , /ша/ Аллах1е /Цуьнан нийсачу дине/ туьйжуш /те1аш/ , и ца хилла /Делаца/ декъахо вечарех ,
121.Цуьнан зовкхашна баркалле /хилла и/ . Цо /харжа а/ хаьржина иза , нис а вина и /Шен/ нийсачу новкъа .
122.Оха делла цунна дуьненахь дика , баккъалла а и эхартахь а ма ву дикачарех .
123.Т1аккха Оха хьехна хьоьга :"/Делан дине/ Туьйжуш /волчу/ Ибрах1иман динна т1аьхьах1отта , и ца хилла /хьуна Делаца/ декъахо вечарех .
124.Баккъалла а шоьтан де /ларар/ шаьш цуьнгахь бекъабеллачарна т1ехь /декхар/ дина . Баккъалла а хьан Дала царна юккъехь кхел йийр ма ю къемата дийнахь , уьш шегахь бекъабелла хиллачуьнгахь .
125.Ахьа кхайкха /адамаш/ хьан Делан /динан/ некъе кхетамца а , хазчу хьехарца а . Ахьа къовса цаьрца ша и дика долчуьнца . Баккъалла а хьан Дела , И т1ех дика хууш ву Шен некъах тилларг мила ву а , И т1ех дика хууш ву нисбелларш /муьлш бу/ а
126.Шаьш /цхьанна/ та1зар дича , аша /цунна/ та1зарде шайна та1зар ма-дарра , /Делора/ аша сатохахь , иза г1оли ма ду сатухучарна .
127.Сатоха , хьан сатохар ма дац Аллах1аца бен , г1айг1а ма е царна , хьо ма хила саготта цара ечу мекарлонна /ямартлонна/
128.Баккъалла а Аллах1 шаьш /Шех/ кхийранчарца а , шаьш дикадечарца а ву .
 

-----------------------------7d77d5703da Content-Disposition: form-data; name="f" koran/tidar