Тидар



17 - Сурат Альисраъ /Дехьаваккхар/
/Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу .

1.Ц1ена ву Ша Шен лай /Мухьаммад/ буьйсанна /цхьана муьрехь/ хьарам /дихкинчу/ маьждигера Акъса /генарчу/ маьждиге дехьаваьккхинарг , ша Оха шена гонаха беркат дина долчу , Тхаьш цунна гайтархьама Тхан /яккхийчу/ билгалонашха /инзаре билгалонаш/ . Баккъалла а И /Аллах1/ ву Иза /массо а тата/ хезаш , /массо а х1ума/ гуш /верг/
2.Оха делира Мусага жайна , Оха дира и /жайна/ Исраилан к1енташна нийса некъ :"Аша ма лаца Со витина /кхин/ векал /верас/ ,
3./х1ай/ Оха Нухьаца /х1ордкеманахь/ баьхьначеран т1аьхье ! Баккъалла а и /Нухь/ хилла баркалле лай" /аьлла/ 
4.Оха д1ахаийтира Исраилан к1енташка жайнахь :"/Делора/ Аша бохам бийр ма бу лаьттахь шозза , шу /курадевлла/ айалур ма ду /Аллах1ана муьт1ахь хиларх/ доккхачу айадаларца"
5.Цаьршиннах /бохамашха/ хьалхарчун ч1аг1о еача , Оха шуна т1е хьовсийра Тхан лайш , ч1ог1ачу буьрсаллийн дай болу , уьш /ницкъаца/ чекхбоьвлира /шун/ х1усамашкахула , и яра кхочушйина /яьлла/ ч1аг1о .
6.Цул т1аьхьа Оха шуна юхабелира царна т1ехь толам , Оха белира шуна бахамаш а , к1ентий а . Оха дира шу б1ана алссам .
7.Аша /муьлхха/ дикадича , шайн дог1машна дикадина , /ткъа/ аша водича , /иза а/ цаьрна /шун дог1машна/ ду . Т1аьхьарчун /шолг1ачу бохаман/ ч1аг1о еача , /Оха шуна т1е хьовсийра цхьа лайш/ цаьрга шун яххьаш вон /г1айг1ане/ яйтархьама а , уьш /бохамца/ маьждиг чубахийтархьама а , уьш /хьалха/ дуьххьара цу чу ма-баххара , цаьрга дохадайта а шаьш /ницкъаца/ к1елдитинарг дохадарх а .
8.Шун Дела герга ву Ша /уьш бухатохарца/ шух къинхетам бан . Ткъа шу /бохамашка/ духадерзахь , Тхо а духадоьрзур ду /та1заршка/ . Оха йина жоьжахати /Делах/ цатешачарна /голаьцна/ набахти .
9.Баккъалла а , х1окху къуръано ша и уггар нийса долчуьнга а вуьгу , шаьш диканаш дечу муъманахана кхаъ а боккху - баккъалла а царна йоккха ял хиларца а ,
10.баккъалла а шаьш эхартах цатешарш - Оха царна лазош долу 1азап кечдина хиларца а .
11.Адамо /Деле/ вониг доьху /ша сихделлачохь/ , ша диканиг ма-деххара , адам /шен кхолламехь/ сиха хилла .
12.Оха йина буьйса а , де а /шуна/ шиъ билгало , Оха д1айоккху буьйсенан билгало /и д1атилорца/ , Оха йо дийнан билгало серло луш , шоьга /цу чохь/ шайн Делера комаьршо /рицкъа/ лахийта а , шерийн дагардалар а , хьесап а шуна хаийта а . Оха даьстина /билгалдина/ и массо а х1ума дастарх а /кхачаме/
13.Х1ор адамна шен коча дожийна Оха цуьнах даьлларг . Къемата дийнахь Оха лур ду цунна д1адаржийна /долуш/ цо ша схьаоьцур долун жайна
14./цуьнга эра ду/ "Деша /айхьа/ хьан жайна ! Тоьар ду /хьуна/ хьан дег1 тахана хьуна т1ехь ларарехь /хьесап дарехь/"
15.Ша нисвелларг , баккъалла а шен дег1ана нисло , ткъа ша тилларг , баккъалла а шена туьлу . Ца хьо хьучо кхечун /къинан/ мохь . Тхо ца хилла /цхьанне а/ 1азапдеш Тхаьш /царна/ элча вахийтталц
16.Тхуна лиъча цхьа юрт х1аллак ян , Оха /Далла муьт1ахь хиларца/ омру до цуьнан хьоладайшка , ткъа уьш песакъ /дастамалле/ хуьлу цу чохь , т1аккха цунна т1ехь хьакъ хуьлу /1азапан/ дош , т1аккха Оха йохайо и йохаярх а .
17.Хийла чкъоьрнаш /къаьмнаш/ х1аллакдина Оха Нухьал т1аьхьа . Хьан Дела тоьуш ву Шен лайшин къинош довзарехь , гарехь .
18.Ша сиханиг /дуьне/ дезаш хилларг /милла велахь/ , Оха сихдина цунна цу чохь ша Тхайна луург Тхайна /сихдан/ луъчунна , цул т1аьхьа /эхартахь/ Оха йина цунна жоьжахати - ша цу чувоьдуш /шен/ юьхьйохуш /бехк бохуш/ , /шена/ г1ело еш
19.Ткъа ша эхарт дезнарг , ша /Делах/ тешаш волуш цунна /эхартна/ хьега ма-дезза къахьегнарг , уьш - церан къахьегар баркалле /меле/ хилла .
20.Оха лур ду /царех/ х1оранна а - х1окхарна а , вукхарна а хьан Делан даларха /рицкъанах/ . Хьан Делан далар /рицкъа/ ца хилла /Цуьнан лайшха цхьаммо а/ дихкина /уьш 1еса хиллехь а/
21.Хьажа муха толийна Оха царех цхьаберш вукхаьрна т1ехь /дуьненан хьелашкахь/ . Эхарт даржашна а доккха ду , толорехь а доккха ду /дуьненал а/
22.Ма ве Аллах1аца кхин дела , т1аккха хьо охьахаа /хьайгара/ бехк боккхуш , /г1оьнча воцуш/ д1атесна
23.Хьан Дала омру дина , аша Шена бен 1ибадат ца дарца а , деца-ненаца дика хиларца а . Ткъа цаьршиннах цхьаъ я ший хьуна гергахь доккхалле /къаналле/ кхачахь , ахьа ма ала цаьршинга :"Офф-фай" , цаьршинна т1е ма чеха , ахьа ала цаьршинга г1иллакхе /хаза/ дош .
24.К1еда-мерза хила цаьршинца къинхетамна , ахьа ала :"Х1ай сан Дела ! Къинхетам бехьа цаьршиннах , жима волуш цаьршиммо со /къахеташ/ кхиа ма-варра"
25.Шун Дела /массарел/ дика хууш ву шун дог1машкахь дерг . /нагахь санна/ Шу дика нах хилахь , баккъалла а Иза хилла /дохко а бевлла/ т1ебоьрзучарна гечдеш .
26.Ахьа д1ало шен хьакъ гергарло долчунна а , мискачунна а , некъахочунна а , /амма/ ма дайа /и даьхний/ кхоамаза /т1аламаза/
27.Баккъалла а /х1уманна/ кхоам /т1алам/ боцурш - шайт1анашин вежарий хилла , ткъа шайт1а шен Далла керста хилла .
28.Хьо царех д1аверзахь , хьан Делан къинхетам лоьхуш , ахьа шега сатуьйсуш болу , ахьа цаьрга ала дай /к1еда/ дош
29.Ахьа ма де хьан куьг /сутараллийна/ хьан логах дихкина /долуш санна/ , д1а а ма хеца и /кхоамаза/ дерриге а даржорца , т1аккха хьо охьахаа /хьан/ бех боккхуш , г1айг1ане
30.Баккъалла а хьан Дала рицкъа д1а а хоьцу Шена луучунна , юха а узу /цунна/ . Баккъалла а Иза хилла Шен лайш бевзаш , гуш .
31.Аша ма дайа шайн бераш къоьллех кхерарна . Оха ло рицкъа царна а , шуна а . Баккъалла а уьш байар доккха къа ду .
32.Нахаца леларна герга ма г1о . Баккъалла а и /нахаца лелар/ дастамалла /боьханиг/ а хилла , некъехьа вон а хилла /и некъ/
33.Аша ма де Аллах1а ша /дер/ дихкина /долу/ дег1 бакъонца бен . Ша зуламца вийнарг /милла велахь/ , бакъдолуш Оха цуьнан велийна елла /ч1ир эца/ бакъо , /шар1ан дозанал/ т1ех ма волийла и /вели ша ч1ирца стаг/ верехь . Баккъалла а иза хилла /шена Делера/ г1о долуш
34.Боберан бахамна герга ма г1о , ша и /цунна/ тоьлуш долчунца бен , иза шен г1еметта х1отталц , ч1аг1ам /барт/ кхочуш бе , баккъалла а ч1аг1ам хилла /шех/ жоп доьхуш
35.Кхоччуш леладе дустар шаьш дуьстича , нийсачу терзанца оза , иза тоьлуш а , вуно дика а ду /шуна/ дерзарехь
36.Хьо т1аьхьа ма х1отта шеца хьан хаар доцучунна . Баккъалла а хазар а , гар а , дог а - уьш дерриге хилла /къемата дийнахь/ шех жоп доьхур долуш
37.Хьо ма лела лаьттахула воккхавуьйш /дозаллийца/ , баккъалла а ахьа лаьттана чекх 1уьрг доккхур дац , /я/ хьо лаьмнашка кхочур вац локхаллехь
38.И /хьахийна/ дерриге - цуьнан вон хилла хьан Далла гергахь цадезаш .
39.И /декхарш/ - хьан Дала хьоьга кхетамах хьехначух ду , ахьа ма ве Аллах1аца кхин дела /декъахо/ , т1аккха хьо жоьжахати кхосса /хьан/ бехк боккхуш , /г1оьнча воцуш/ д1атесна
40.Шун Дала шу к1енташца къастийна тов , ша малийкех зудбераш /шена доьзал/ эцна /лаьцна/ ? Баккъалла а аша /ала/ ма олу доккха /къилахь/ дош .
41./Делора/ Бакъдолуш , Оха билгалдина /х1ара маь1ан/ х1окху къуръан чохь , цаьрга /цуьнах/ хьехам эцийтархьама , /амма/ цо уьш сов ца боху /бакъонах/ къахкарехь бен
42.Ахьа ала :"Цуьнца хилча кхин деланаш , цара ма-аллара , т1аккха цара лохур ма бара 1аршан дена т1е /боьду/ некъ"
43.Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цара /Шен хьокъехь/ олучух йоккхачу лекхалле
44.Цунна теспахь до варх1 стиглано а , лаьтто а , цаьрна чохь /мел/ волчо а , цхьа х1ума дац Цунна хастам барца теспахь деш бен , делахь а шу ца кхета церан теспахьах , баккъалла а Иза хилла эсала , гечдеш
45.Ахьа къуръан дешча , Оха йина хьуна юккъехь а , шаьш эхартах цатешачарна юккъехь а хьулйина дуьхьало
46.Оха дина церан дегнаш т1ехь пардонаш , уьш цуьнах /ца/ кхетийтархьама , церан лергаш чохь къоралла /ч1ог1алла йина/ . Ахьа хьан Дела хьахийча Ша цхьаъ , уьш букътоьхна д1абирзира /цуьнах/ къаьхкина
47.Тхуна т1ех дика хууш ду цара шеца /къуръане/ ладог1ар /хьал/ , хьоьга цара ладуг1учу хена , /церан къамел а/ уьш къайлаха бист хуьлучу хена , зуламхоша олучу хена :"Шу т1аьхьа ма ца х1уьтту /шена/ бозбуанчалла лелийначу стагана бен"
48.Хьажал цара хьайна масалш муха далийна , /нийсонах/ тилла уьш /оцуьнгахь/ , /цундела/ церан ницкъ ца кхочу /нийса/ некъ /каро/
49.Цара элира :"Ткъа тхоьх /деллачул т1аьхьа/ даь1ахкаш а , чан /латта/ а хилча , баккъалла а тхо /дендина/ г1овттор ду тов керлачу кхолларехь ?"
50.Ахьа ала /цаьрга/ :"Шу хила т1улг я эчиг
51.я шун кийранашкахь доккха долчух /долу/ цхьа халкъ !" Цара эра ду :"/т1аккха/ Тхо /дахаре/ хьа духадерзор ду /дендина/ ?" Ахьа ала /цаьрга/ :"Ша шу /х1умма доцучух/ дуьххьара кхоьллинчо /дерзор ду/ " Шайн кортош /хьала-охьа/ те1ор /лестор/ ду цара хьогахьа /цабешаш/ , цара эра ду :"/ткъа/ Маца ду и /тхо г1овттор/ ?" Ахьа ала :"Кеста хила герга ду и"
52.Оцу дийнахь Цо кхойкхур ду шу , /т1аккха/ аша жоп лур ду Цунна /теспахь деш/ хастам барца , шуна хеталур ду шаьш /дуьненахь/ к1еззиг бен ца 1ийна /аьлла/
53.Ахьа ала Сан /муъма/ лайшка , цара олийла /керстане/ ша и тоьлуш /дика/ дерг . Баккъалла а шайт1ано царна юккъе дов туьйсу . Баккъалла а шайт1а , адамна билггал мостаг1 хилла
54.Шун Дела т1ех дика хууш ву шух дерг . Шена лаахь къинхетам бийр бу шух , я Шена лаахь 1азап дийр ду шуна . Оха хьо ца вахийтина /имдиллар/ царна т1ехь /ницкъаца т1едожо/ векал /вина/
55.Хьан Дела т1ех дика хууш ву стигаланашкахь а , лаьттахь а болчарех дерг . /Делора/ Оха бакъдолуш толийна /базбина , къастийна/ цхьаболу пайхамарш вукхаьрна т1ехь /цхьайолчу билгалонашкахь/ . Оха делла Давуде забур
56.Ахьа ала /цаьрга/ :"Аша /орца/ кхайкха шаьш И /Аллах1/ витина /деланаш/ лерина чаьрга . Церан долахь /ма/ дац шух зен д1аайар а , дац /кхечуьнга и/ д1ахьовзор а"
57.И шаьш цара /шайга/ кхойкхурш , шаьш а бу шайн Деле гергалла лоьхуш , муьлха ву /и/ шайха /Далла/ т1ех герганиг /хаа г1ерташ/ , Цуьнан къинхетаме догдохуш , Цуьнан 1азапах кхоьруш . Баккъалла а хьан Делан 1азап , /шех/ ларвала везаш хилла
58.Цхьа а юьрт /ма/ яц , Оха ша къемата дийнал хьалха х1аллак йийр йолуш бен а , я /Оха/ шена буьрса 1азап лур долуш бен а . Иза хилла жайнахь д1аяздина
59.Тхо совца /ма/ ца дира аяташца /элчанаш/ бахкийтарха , /царел/ хьалхалерачара уьш харцдаро бен . Оха елира Самудашна эмкал /шех царна Дела цхьаъ хиларна т1ехь/ гайтаме масал /дина/ , /амма/ уьш цуьнца зуламе хилира . Оха ца бохкуьйту аяташца , кхерамна бен
60.Оха элира хьоьга :"Баккъалла а хьан Дала /урхаллин/ го бина нахана" Оха ца дина Тхаьш хьуна гайтина долу гар а , къуръан чохь /ша дуур долучарна/ не1алт аьлла /долу/ дитт а нахана зер /дина/ бен . Оха /цуьнца/ кхерам туьйсу царна , /амма/ цо уьш сов ца боху /кхин/ дукха бахбаларехь /т1ехбийларехь/ бен
61.Оха /Адам кхоьллинчу хена/ малийкашка элира :"/ларамца/ Охьата1а Адамна !" Т1аккха охьатаь1ира уьш /дерриге/ , /цхьа/ Иблис доцург /куралла йира цо/ , цо элира :"Со охьатаь1а ткъа Ахьа ша поппарх кхоьллинчунна ?"
62.Цо /Иблисо/ элира :"Х1ара Ахьа ша соьл вазвинарг /толийнарг/ гиний хьуна ? /Делора/ Ахьа со къемата дийнналц т1аьхьататтахь , аса дакъаза йоккхур ма ю цуьнан т1аьхье , /царех/ к1еззиг боцурш"
63.Цо /Дала/ элира :"Д1адоло ! Царех ша хьуна т1аьхьах1оьттинарг /милла велахь/ , баккъалла а жоьжахати шун /массеран а/ бекхам бу , /ша/ кхоччуш /болу/ бекхам
64.Карзахаваккха хьайн озаца царех хьан ницкъ кхочург , д1агулбе царна дуьхьал хьайн береш а , хьан г1ашлой а , дакъалаца цаьрца бахамашкахь а , доьзалшкахь а , ч1аг1о йе царна . шайт1ано царна ч1аг1о /ма/ ца йо , 1ехоран /ч1аг1о/ бен
65.Баккъалла а Сан /дика/ лайш , хьан дац царна т1ехь куьйгалла . Хьан Дела тоьур ву /царна/ векал
66.Шун Дела - Ша шуна х1орд чохь кеманаш лелориг ву , шоьга Шен комаьршонах /са/ лахийта . Баккъалла а Иза хилла шоьца къинхетаме .
67.Х1орд чохь шух /цхьа/ зен хьакхаделча , аша шайга /х1инццалц/ кхойкхурш д1абов И /цхьа Аллах1/ воцург , ткъа Цо шу к1елхьарадаьхча /хин йистера/ лаьтта т1е , д1адирзира шу /Цуьнах/ . Адам баркал доцуш /ма/ хилла .
68./шаьш хих к1елхьарадаьхча/ Шу маьрша девлла ткъа , Цо шоьца /цхьана/ лаьттан йист чуйожийтарх , я шайна т1е Цо /т1улгийн/ дарц даийтарх - т1аккха шуна карор воцуш шайна /т1ехотта/ векал ?
69.Я шу маьрша девлла ткъа , Цо шу оцу /х1орд/ чу кхин цкъа духа а дерзийна , шуна т1е механ /ц1ог1ане/ дарц даийтарх , т1аккха Цо шу хин буха дахийта шу /Делах/ цатешарна - т1аккха шуна шайна карор воцуш цуьнца Тхуна т1аьхьавала да
70./Делора/ Бакъдолуш , Оха лерам бина Адаман к1ентийн , Оха лелийна уьш лаьтта т1ехь а , х1орд чохь а /царна пайденна/ , Оха рицкъа делла царна ц1енчарех , Оха толийна уьш толорах а Тхаьш кхоьллинчарех дукхачарна т1ехь .
71.Оцу дийнахь Оха кхойкхур бу массо а нах шайн баьччанца /имамаца/ , ткъа шен тептар аьтту куьйга делларг /милла велахь/ , уьш - цара доьшур ду шайн тептар , царна /хурман/ хьасанал зулам дийр /ма/ дац
72.Ткъа ша х1окху /дуьнена/ чохь б1аьрзе хилларг , иза /иштта/ эхартах а б1аьрзе а , некъехь т1ех тилларг а /хир/ ву
73.Баккъалла а уьш герга бара хьо /1ехийна/ д1ахьовзо Оха ша хьоьга хьехначух , хьоьга Тхуна т1ехь и доцург кхоллийтархьама , т1аккха /ахьа и дича/ хьо лоцур /ма/ вара цара доттаг1 /вина/
74.Оха хьо ч1аг1 ца винехьара , хьо герга ма вара царна цхьа жимма т1етовжа
75.Т1аккха Оха хьоьга 1овшуьйтур ма дара шалха /1азап х1окху/ дуьненахь а , шалха /1азап/ велчи а , цул т1аьхьа хьуна карор вацара Тхуна дуьхьал хьайна г1оьнча
76.Баккъалла а уьш герга бара хьо /хьан/ лаьттара /махкара/ къахко , шаьш хьо цу чуьра араваккхархьама , т1аккха /цара и дича/ уьш /цу чохь/ лаьттар ма бацара хьоьл т1аьхьа жимма /к1еззиг/ бен
77.Бакъдолуш Оха хьоьл хьалха Тхан элчанашха бахкийтанчеран ламаст /хьал/ ду и , хьуна карор дац Тхан ламастана хийцар
78.Ахьа /х1отта/ де ламаз а малх /делкъана/ д1атоьвжинчул т1аьхьа буьйсенан боданалц , садаржаран къуръан /дешар/ а , баккъалла а садаржаран къуръан /дешар/ шен /малийкех/ теш волуш хилла
79.Буьйсанна /1уьйкъа ламазна/ г1атта цуьнца /къуръан дешарца/ хьайна /диканехь/ сов валуш . Хьан Дала хьо вилла тарло хастамечу меттиге
80.Ахьа ала :"Х1ай сан Дела ! Ахьа чувахийтахь со бакъдолчу чуволийлах , араваккхахь со бакъдолчу араволийлах , бехьа суна Хьайна гергара /суна/ г1оден ницкъ
81.Ахьа ала :"Бакъдерг деана , харцдерг д1адаьлла , баккъалла а харцдерг д1адолуш хилла"
82.Оха доссадо къуръанах муъманахана ша дарба а , къинхетам а берг , /ткъа/ зуламхой цо сов ца боху эшамехь бен
83.Оха /керста/ адаме /диканца/ зовкх хьегийтача , /пусар дарха/ д1адоьрзе /дозаллийца/ генадолу и /Тхоьх/ , /ткъа/ шех /цхьа/ вон хьакхаделча , /Делан къинхетамах/ догдиллина хуьлу и
84.Ахьа ала :"Массо а ву шен куьцара 1амал еш , /ткъа/ шун Дела т1ех дика хууш ву мила ву и /шух/ некъехь уггар нийсаниг"
85.Цара хьоьга хоьтту синах /лаьцна/ , ахьа ала /цаьрга/ :"Са - сан Делан г1уллакхех ду . Шуна ца делла 1илманах к1еззиг бен"
86./Делора/ Тхуна лиънехьара Оха /тептарш чуьра а , дегнаш чуьра а/ д1атилийна /д1адайана/ хир ма дара Тхаьш /къуръанах/ хьоьга хьехнарг , т1аккха хьуна карор вацара цуьнца /и юхадерзорца/ Тхуна т1ех1отто векал ,
87.хьан Делера къинхетам боцург , баккъалла а Цуьнан комаьршо йоккха хилла хьуна т1ехь
88.Ахьа ала :"/Делора/ Адамаш а , жинаш а гулделча х1ара къуръан саннарг дарна т1ехь , цара дийра ма дацара и саннарг , царех цхьаберш вукхаьрна г1оьнчий хилча а"
89./Делора/ Бакъдолуш Оха билгалдина /юх-юха далийна/ х1окху къуръан чохь массо а масалх /долу масал/ , /амма/ адамашха дукхахболчара /и дерриге а/ юхатуьйхира /цхьа бакъдолчух/ цатешар доцург ,
90.цара элира :"Тхо хьоьх тешар ма дац , ахьа тхуна лаьттах хьаст /къулла , шовда/ даккхалц ,
91.я хьан хурманийн а , кемсийн а беш хиллалц , /т1аккха/ ахьа цуьнан юккъехула татолаш даладаллалц ,
92.я ахьа тхуна т1е стигал кескашкахь йожаяллалц айхьа ч1аг1 ма-дарра , я хьо Аллах1аца а , малийкашца а /тхуна/ хьалха схьаваллалц
93.я хьан дешица кхелина ц1ено хиллалц , я хьо стигал хьалаваллалц , /ткъа/ тхо тешар ма дац хьан хьалаваларх ахьа тхуна т1е жайна доссадаллалц , оха ша доьшур долу" . Ахьа /цаьрга/ ала :"Ц1ена ву сан Дела /аша кхуллучух/ . Хиллий ткъа со адам элча бен ?"
94.Нах /царех дукхахберш/ ца совцийра /Делах/ тешарха , царна нийсо еанчу хена , цара аларо бен :"Аллах1а адам даийтина элча /дина/ ?"
95.Ахьа ала /цаьрга/ :"Лаьттахь маьрша лелаш малийкаш хиллехьара , Оха стиглара малик доссор ма дара царна т1е элча /дина/"
96.Ахьа ала :"Аллах1 тоьур ву суна а , шуна а юккъехь теш /хиларехь/ . Баккъалла а Иза , Шен лайш бевзаш , гуш ву"
97.Ша Аллах1а /нийсачу новкъа/ нисвийриг , иза ву /цу т1ехь/ нисвелларг , /ткъа/ ша Цо /цуьнах/ вохориг /тилкхазавоккхург/ , хьуна карор ма бац царна И воцург /цу т1ехь уьш нисбан/ верасаш . Къемата дийнахь Оха гулбийра бу уьш шайн яххьаш т1ехь /болуш/ , б1аьрзе , бист ца хуьлуш , къора . Церан берзар жоьжахати ю . И /жоьжахатан ц1е/ г1ел мел ели Оха сов бохур бу уьш ц1ергахь .
98.Иза церан бекхам бу , баккъалла а уьш Тхан аятех ца тешарна а , цара аларна а :"Ткъа тхо /мур йоьлла/ даь1ахкаш а , латта а хиллачу хена , баккъалла а тхо /дендина/ г1овттор ду тов керлачу кхолларехь ?"
99.Царна ца гина /ца хаа/ те , баккъалла а Аллах1 , Ша стигланаш а , латта а кхоьллина волу , ницкъ кхочуш хилар Ша уьш саннарш кхолла , Цо йина царна 1ожалла , шегахь шеко йоцу . /амма/ Зуламхоша /и дерриге а/ юхатуьйхира /цхьа цуьнах/ цатешар доцург
100.Ахьа ала :"Шун долахь елхьара сан Делан къинхетаман хазнаш , т1аккха шу сутара хир ма дара къоьллах кхерарна . Адам б1аьрмециг хилла" .
101./Делора/ Бакъдолуш Оха елла Мусага исс билгала /йолу/ билгало . Ахьа хатта Исраилан к1енташка , царна и веанчу хена Фир1авнас цуьнга элира :"Баккъалла а суна хьо /хета/ ма хета , х1ай Муса , /хьайна/ бозбуанчалла /лелийна/"
102.Цо /Мусас/ элира :"/Делора/ Бакъдолуш хьуна /х1ай Фир1авн хаа ма/ хиъна , х1орш ца йиссийний стигланийн а , латтан а Дала бен /шайха/ гайтамаллаш хилла . Баккъалла а суна хьо /хета/ ма хета , х1ай Фир1авн , х1аллак хилла /эшна/ "
103.Цунна лиира уьш /Миср/ лаьттара д1алелхо /арабаха/ , /т1аккха/ Оха хи буха вахийтара иза а , ша цуьнца /мел/ верг - массо а
104.Оха элира цул т1аьхьа Исраилан к1енташка :"Даха /Миср/ лаьттахь ! Ткъа эхартан ч1аг1о еача , Оха шу далор ду /цхьана/ гулдина /дерриге а/"
105.Бакъонца доссийна Оха и /къуръан/ , бакъонца /досса а/ доьссина иза , Оха ца ваийтана хьо /ялсаманийца/ кхаъ боккхуш а , /жоьжахати хилар/ д1ахьедеш а бен
106.Оха декъна и къуръан , хьоьга и нахана дешийта меллаша . Оха доссийна и /дакъошкахь , хьелашка хьаьжна/ доссорца
107.Ахьа ала :"Шу тешийла цуьнах , я ма тешийла , баккъалла а шайна цул хьалха хаар делларш , шайна и дешча ч1енигаш т1е оьгу уьш /сужде/ корта бетташ
108.Цара олу :"Ц1ена ву тхан Дела , баккъалла а тхан Делан ч1аг1о кхочуш йина ма хилла"
109.Ч1енигаш т1е оьгу уьш /шаьш/ боьлхуш , цо /къуръано , белхаро/ сов боху уьш /Далла/ муьт1ахьаллехь /хьастабаларехь , эсалаллехь/
110.Ахьа ала :"Аллах1 /але/ кхайкха я Къинхетамениг /але/ кхайкха , аша муьлха /ц1арца/ кхайкхича а , хаза ц1ераш ю Цуьнан" . /т1ех/ Ч1ог1а ма де хьан ламаз /т1ийра дешар/ , /дукха/ меллаша ма де и , цу /шинна/ юккъехь некъ лаха хьайна !
111.Ахьа ала :"Хастам бу Аллах1ана , Ша /Шена/ доьзалхо ца лаьцначу , олаллехь Шена декъахо ца хиллачу , сийсазаллех /ларван/ Шена верас /г1оьнча хьашт/ ца хиллачу". Вазве Иза вазварца .