Тидар



19 Сурат Марьям /Марем/
/Маккахь доьссина , 98 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш щорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу

 

1.Каф , х1а , йа , 1айн , сод /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/
2./х1ара/ Хьан Дала Шен лайх - Закариййах къинхетам бар хьахор /ду/
3.Цо кхайкхира шен Деле хьуламе кхайкхарца
4.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а /къаналлийна/ даь1ахкаш ледара евлла сан /дег1ах/ , къеждаларх корта буьзна /сан/ , со ца хиллера - х1ай сан Дела - /х1инццалц айса/ Хьоьга кхайкхарца /жоп ца луш/ декъаза .
5.Баккъалла а со кхоьру /сан/ гергарчарех соьл т1аьхьа /цара дин д1атасарна/ , сан зуда ю бера ца хуьлуш , лохьа суна Хьайна гергара верас ,
6.ша соьгара /пайхамараллин/ ирс оьцуш , /иштта/ Я1къубан ох1лунах ирс оьцуш /долуш волу/ , вехьа и - х1ай сан Дела - /Хьайна гергахь/ таме /стаг/"
7.Х1ай Закарий ! Баккъалла а Оха хьуна кхаъ боккху к1ентаца , шен ц1е Яхья йолу , Оха ца вина цуна хьалха /цхьа а/ ц1ерхо
8.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Сан муха хуьлу к1ант , сан зуда бера хуьлуш яц , бакъдолуш со а кхаьчна воккхаллех /къаналлех/ гужамалле /тишалле/ ?"
9.Цо элира :"Иштта /Далла лаарна хуьлу/ . Хьан Дала аьлла :"Иза Суна атта ду . Бакъдолуш Аса хьо а кхоьллина хьалха , хьо дацара х1умма а" .
10.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Суна /сан зуда доьзалх хиларна/ билгало ехьа" . Цо элира :"Хьан билгало - кхаа буса хьо нахе вист ца хилавалар ю , /хьо/ могуш волуш"
11./т1аккха/ Михьраб чуьра шен къомана /нахана/ т1е ара а ваьлла цаьрга ишар йира цо :"/Далла/ Теспахь дарца 1уьйранна а , суьйранна а" .
12./Дала элира/ :"Х1ай Яхья ! Тасало жайнах нуьцкъала" . Оха белира цунна /и/ бераллехь /волуш/ кхетам а ,
13.Тхайна гергара къахетар а , /къинойх/ ц1ано а , и вара /Делах/ кхоьруш а ,
14.шен деца-ненаца дика а , и вацара къиза , 1еса .
15.Маьршо /кхерамазалла/ ю цунна винчу дийнахь а , лийр волчу дийнахь а , /лахьтийчуьра/ дийна /волуш/ г1аттор волчу дийнахь а .
16.Хьахайе жайни чохь Марьям ! Нацкъараелира и шен ох1лунах /болчу нахех/ малхбалечу меттиге
17./хьуламна/ Пардо лецира цо царна хьалха . Оха дахийтира и йолче Тхан са /Джабраил/ , и тарделира цунна кхачамечу адаман суьртахь
18.Цо /Марьяма/ элира :"Баккъалла а со хьоьх ларло Къинхетамечуьнца , хьо /Делах/ кхоьруш велахь" .
19.Цо элира :"Баккъалла а , со хьан Делан геланча ву , хьуна /уьнах/ ц1ена к1ант вала /ваийтина/"
20.Цо /Марьяма/ элира :"Сан муха хуьлу к1ант , соьх адам ца хьакхаделла , /я/ со нахаца лелаш ца хилла ?"
21.Цо элира :"Иштта /Далла лаарна хуьлу/ . Хьан Дала аьлла :"И /кхоллар/ Суна атта ду . /Оха кхоьллина и 1ийса хьан кийрахь/ Тхаьш иза вархьама нахана билгало а , Тхоьгара къинхетам а" . И /1ийса кхоллар/ сацам бина /баьлла/ г1уллакх дара" .
22.Цуьнах /1ийсах/ берах хилира и /Марем/ , /т1аккха/ цуьнца нацкъараелира и генарчу меттиге
23./бер деш дог1учу/ Лазаро ялийра и хурман /диттан/ г1одаме , /цунах тевжина/ цо элира :"/давискха/ Х1окхул хьалха яла а елла , /цхьанне а/ дагацайог1у йицъелла /х1ума/ хилла елахьара со"
24.Цо /Джабраило/ кхайкхира цуьнга цуьнан /диттан/ к1елара :"Г1айг1а ма йе ! Бакъдолуш хьан Дала хьуна к1елахь /мала/ татол дина /хьуна/ .
25.Ластаде хьайгахьа хурман /диттан/ г1ад , цо эгор ю хьуна меда /ховха/ хурманаш .
26.Яъа /хурма/ , мала /татолан хи/ , /к1антах/ б1аьрг буза /йоккхае/ . Хьайна адамех цхьаъ гахь /т1аккха цо хьайга к1антах лаьцна хаттахь/ ахьа ала :"Баккъалла а аса Къинхетамечунна ч1аг1о йина /цхьангге а/ йистцахила , со йист хир ма яц тахана аддаме а"
27.Иза еара цуьнца шен къам долчу , ша /карахь/ и /к1ант/ вохьуш . Цара элира :"Х1ай Марьям ! /Делора/ Бакъдолуш ахьа /ма/ дина инзаре /доккха , х1инццалц шайн доьзалехь хилла доцу/ х1ума .
28.Х1ай Х1арунан йиша ! Хьан да /ма/ вацара вон стаг , /я/ хьан нана /ма/ яцара нахаца лелаш !"
29.Ишар йира цо цунна т1е . Цара элира :"Тхо дист муха хуьлу ша аганахь бер долчуьнга ?"
30.Цо /1ийсас/ элира :"Баккъалла а со Аллах1ан лай ву , соьга жайна делла Цо , пайхамар вина Цо соьх .
31.Беркате а вина Цо со миччахьа а велахь , Цо весет дина соьга ламазца а , закатца а со дийна мел ву ,
32.муьт1ахь а /вина Цо со/ сайн нанна , Цо ца вина со къиза , декъаза .
33.Маьршо ю суна винчу дийнахь а , лечу дийнахь , дийна /волуш/ г1атточу дийнахь а"
34.Иза ву 1ийса - Марьяман к1ант , шегахь уьш шек болу бакъонан дош .
35.Аллах1аца дог1уш /ма/ дацара /Шена/ доьзалхо лацар /цхьа а/ . Ц1ена ву-кх Иза /цуьнах/ . Ша цхьана белха сацам бича , баккъалла а Цо олу цуьнга :"Хила !" - т1аккха иза хуьлу .
36.Баккъалла а Аллах1 /ма/ ву сан Дела а , шун Дела а , Цунна де 1ибадат . Х1ара бу /шуна/ нийса некъ .
37.Екъаелира тобанаш шайна юккехь . Бала /хир/ бу шаьш /Делах/ цатешначаьрна доккхачу /къемата/ дийнахь гурдолчух
38.Ма дика хеза царна , ма дика го /царна/ Тхуна /дуьхьал/ бог1учу дийнахь , х1етте а зуламхой тахана /дуьненахь/ билгалчу тиларехь бу
39.Д1ахьеде цаьрга дагахьбалламан де ! /оцу/ Белха сацам бина , /ткъа/ уьш /тахана/ чидам бацарехь бу /оцу д1ахьедарх/ , уьш /къемата дийнах/ тешаш бац .
40.Баккъалла а Тхуна /ирсана/ кхочур ду латта а , цу т1ехь /мел/ верг а , Тхоьга бухаберзор бу уьш /бекхамна/ .
41.Хьахаве жайнахь Ибрах1им , баккъалла а иза хилла бакъ луьйрг , пайхамар .
42.Цо элира шен дега :"Х1ай сан дада ! Х1унда до ахьа 1ибадат ша хезаш доцучунна а , ша /х1умма/ гуш доцучунна а , /цхьанне а/ х1уманах хьо хьалха ца воккхучунна а ?
43.Х1ай сан дада ! Баккъалла а , соьга деана хаарах ша хьоьга ца деанарг , суна т1аьхьах1оттахь , /т1аккха/ аса хьо нисвийр вара нийсачу новкъа .
44.Х1ай сан дада ! Ма дехьа шайт1ана 1ибадат , баккъалла а шайт1а Къинхетамечунна 1еса /ма/ хилла .
45.Х1ай сан дада ! Баккъалла а со /кхера ма/ кхоьру /хьо дохко ца валахь/ Къинхемечуьнгара 1азап хьоьх хьакхадаларх а , хьо шайт1анна верас хиларх а" .
46.Цо /дас/ элира :"Х1ай Ибрах1им ! Цабезам болуш ву хьо сан деланашка ? /Делора/ Хьо ца сацахь , аса /во/ човхор ма ву хьо , вита со еххачу ханна !"
47.Цо /Ибрах1има/ элира :"/соьгара/ Маьршо ю хьуна . Аса гечдар доьхур ду хьуна сан Деле , баккъалла а Иза соьца к1еда-мерза ву .
48.Со гена волу шух а , аша Аллах1 витина шега кхойкхучух а , аса кхойкху сан Деле . Со декъаза ца хила тарло /догдоху аса/ сан Деле кхайкхарца" .
49.Иза генаваьллачу хенахь царна а , Аллах1 витина цара шена 1ибадат дечух а , Оха велира цунна Исхьакъ а , Я1къуб а . Оха вира /уьш/ массо а пайхамар .
50.Оха делира царна Тхан къинхетамах /цхьа дакъа/ а , /иштта/ Оха белира царна /т1аьхьенашкахь а дика ц1е йоккхур йолун/ бакълуьйн лаккхара мотт а .
51.Хьахаве жайнахь Муса , баккъалла а иза хилла /1ибадат дарехь/ догц1ена , иза хилла элча , пайхамар .
52.Оха кхайкхира цуьнга /Т1ур/ ламан аьтту аг1орхьара , Оха /Тхайна/ гергавалийра иза меллаша къамелдеш
53.Оха велира цунна Тхайгарчу къинхетамна шен ваша - Х1арун , пайхамар вина .
54.Хьахаве жайнахь Исма1ил , баккъалла а иза хилла /шен/ ч1аг1о бакъйолуш , иза хилла элча , пайхамар .
55.Цо омру дора шен ох1луне ламазца а , закатца а , иза вара шен Далла гергахь /Иза/ шена реза волуш .
56.Хьахаве жайнахь Идрис , баккъалла а иза хилла /къамелехь/ бакъ луьйрг , пайхамар .
57.Оха хьалаваьккхира иза лаккхарчу меттиге .
58.Уьш /и хьахийнарш/ , Аллах1а шайга зовкх хьегийтинарш бу , /шаьш/ Адаман т1аьхьенах /болу/ пайхамарашха а , Нухьаца Оха /х1ордкеманахь/ баьхьначарех а , Ибрах1иман а , Исраилан а т1аьхьенех а , Оха нисбинчарех а , хаьржинчарех а болу . /ткъа/ Шайна Къинхетамечун аяташ дешча , уьш гор оьгу /Далла/ корта бетташ , /шаьш/ боьлхуш .
59.Царел т1аьхьа яьхкира /вон/ т1аьхьенаш , шаьш ламаз дитина , дег1ан лаамашна /марзонашна/ т1аьхьах1иттина /йолу/ , царна карор ду /цунна дуьхьал/ вон /зен/ ,
60.ша дохко а ваьлла , /Делах а/ тешна , дика динарг воцучунна . /ткъа/ Уьш - ялсамани чуг1ур бу , царна цхьана кепара зуламдийр дац .
61.Дахаран /1адн/ бошмашчу /г1ур бу уьш/ , шаьш Къинхетамечо Шен лайшна ганза /а йолуш , делахь а хир ю аьлла/ ч1аг1о йина /йолу/
62.Царна ца хеза цу чохь эрнадерг /даьсса хабар/ , /ца хеза/ салам /маршалла/ доцург , царна шайн рицкъа /хир/ ду цу чохь /дуьненахь/ 1уьйранна а , суьйранна а /ма хиллара/
63.И ялсамани ю Оха ша ирсана луш /ерг/ Тхан лайшха ша /Делах/ кхоьруш хиллачунна
64./Джабраило элира/ :"Тхо охьа ца дуьссу хьан Делан омрунца бен , Цунна /хаарехь/ ду ша вайна хьалхадерг а , вайна т1аьхьадерг а , ша оцунна юккъехь /мел/ дерг а . Хьан Дела ца хилла вицлуш .
65./Иза/ Стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь /мел/ долчун а Дела ву . 1ибадат де Цунна . Сатоха Цунна 1ибадат дарна /т1ехь/ . Хьуна вевзий Цунна ц1ерхо ?"
66.Адамо олу :"Со велча , денвина г1аттор ву /те/ ?"
67./ойла ца йо те/ Дага ца дог1у /те/ адамна , баккъалла а Оха ша /цул/ хьалха х1умма доцуш /долу/ кхоллар ?
68.Хьан Делора , Оха /денбина/ гулбийр ма бу уьш а , шайт1анаш а , цул т1аьхьа Оха балор ма бу уьш жоьжахатан гонаха горбахана /болуш/
69.Цул т1аьхьа Оха схьавоккхур ма ву х1ор тобанах , Къинхетамечунна дуьхьал валарехь царах уггар ч1ог1аниг
70.Цул т1аьхьа , Тхо ма ду т1ех дика бевзаш шаьш /жоьжахатахь/ багарехь цуьнца хьалха /хьакъ/ берш .
71.Шух /цхьа/ ма вац , /ша/ цу чу г1ун волуш бен . И хилла хьан Далла т1ехь /хаддош/ бина сацам /кхел/ .
72.Цул т1аьхьа , Оха /оцу жоьжахатах/ к1елхьара бохур бу шаьш /Делах/ кхийринарш , буьтур бу Оха зуламхой цу чохь горлаьтташ
73.Ткъа шайна Тхан билгала аяташ дешча , шаьш /Делах/ цатешначара элира шаьш тешначаьрга :"/вай/ Шина тобанах муьлха ю /х1усамийн/ хьолаца г1оли а , пхьоханца /гоца/ тоьлла а ?"
74.Хийла чкъор /къам/ х1аллак дина Оха царел хьалха , шаьш /царел сал-пал/ бахамца а , вастаца а тоьлла долу .
75.Ахьа ала :"/вайх/ Ша тиларехь хилларг /милла велахь/ , Къинхетамечо цунна хан яхйойла . Ткъа царна гича шайна ч1аг1о йийриг : я 1азап /т1едеана/ я /ц1аьххьана/ сахьт /т1ех1оьттина/ , т1аккха хуур ду царна мила ву и /вайх/ меттигца вон верг а , б1оца г1ийла верг а" .
76.Аллах1а совбоху шаьш /ийманца/ нисбелларш /шайн/ нийсаллехь . /доврадоцуш/ Бухдуьсу диканаш хьан Далла гергахь тоьлуш ду /хир йолчу/ йолехь /мелехь/ а , тоьлуш ду /шайга/ верзарехь а
77./дийцахь/ Гирий хьуна ша Тхан аяташха цатешна , "/Делора/ Суна бахам а , доьзал а лур ма бу" - аьлларг ?
78.Къайле хиъна цунна , я Къинхетамечун гергахь ч1аг1ам эцна цо ?
79.Х1ан-х1а ! Оха цо бохург д1аяздийр ду , цунна 1азап дахдийр ду дахдарх а
80.Тхуна кхочур /дуьсур/ ду цо бохург , Тхуна т1е вог1ур ву и /ша/ цхьалха /волуш/ .
81.Цара лийцира Аллах1 /1ад/ витина деланаш /ц1уйш/ , уьш хилийта шайна /т1ех1уттур йолун/ сийлалла .
82.Х1ан-х1а ! /къемата дийнахь/ Цара д1атосур ду царна /ц1уйшна/ 1ибадат дар , уьш хир бу царна дуьхьал /мостаг1ий/
83.Хьуна ца гина , баккъалла а Оха шайт1анаш дахкийтар /Делах/ цатешачарна , цара уьш /1есаллийна/ т1ехьоьхуш /карзахдохуш/ ду т1ехьехарх а ?
84.Хьо сих ма ло царна т1ехь /1азап дехарца/ , баккъалла а Оха дагардеш ду царна /цара дийриг/ дагардарх а /1азап ханналц/
85.Оцу дийнахь Оха д1агул бийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамечуьнга /шаьш эмкалшна/ т1ехевшина /сийлахь болуш/
86.Оха жоьжахате лохкур бу /шаьш/ къинош динарш хьогах /долу хьайбанаш хи т1е санна/
87.Церан /цхьаннен а/ долахь дац /вовшашна/ т1ех1оттар /шафа1ат дар/ , ша Къинхетамечун гергахь ч1аг1ам эцнарг воцург
88.Цара элира :"Къинхетамечо /Шена/ доьзалхо лаьцна"
89./Делора/ Бакъдолуш , инзаре /доккха/ х1ума дина аша /шаьш и аларца/
90.Герга ю стигланаш /шаьш/ эт1арна цуьнах , латта ша эккхарна , лаьмнаш доьхна эгарна
91.Цара кхайкхорна Къинхетамечунна доьзалхо
92.Ца дог1у Къинхетамечунца /Ша/ доьзалхо лацар
93.Массо а ша стигаланашкахь а , лаьттахь а дерг ма дац , ша Къинхетамечунна /дуьхьал/ лай хилла дог1ур долуш бен
94./Делора/ Бакъдолуш , Цо /лара а/ лерина уьш , дагар а дина уьш дагар дарх а
95.Уьш дерриге а дог1ур ду Цунна къемата дийнахь цхьалха
96.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Къинхетамечо бийра бу царна /нехан дегнашкахь/ безам
97.Баккъалла а Оха атта дина и /къуръан/ хьан /1арбийн/ маттахь , ахьа цуьнца /Делах/ кхоьручарна кхаъ баккхархьама а , ахьа цуьнца девнечу къоманна д1ахьедархьама
98.Хийла чкъор /къам/ х1аллак дина Оха царел хьалха , хаалой хьуна царех цхьа а , я хезий хьуна церан тата ?