Тидар



21 Сурат Альанбияъ /Пайхамарш/
(Маккахь доьссина , 112 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу




1.Гергадеана нахана церан /къемат дийнан/ хьесап /сахьт/ , /ткъа/ уьш /цуьнах/ чидам боцуш , /кечам бар доцуш/ д1абирзина бу .
2.Цаьрга ца бог1у шайн Делера /къуръанан/ керла хьехам , цара цуьнга шаьш ловзуш /кхаьрдаш/ болш ладуг1уш бен ,
3.шайн дегнаш тергамбоцуш /х1умана бала боцуш/ долш . Цара - шаьш зуламдинчара хьулдира /шайна юкъахь шаьш олуш/ бистхилар :"Х1ара шу санна /долу/ адам бен дуй ? Бозбуанчалле /ладог1а муха/ дог1у шу , шаьш гуш /хууш/ долш /и бозбуанча хилар/ ?"
4.Цо элира :"Сан Далла хаа /къайла ца долу/ стиглахь а , лаьттахь а /аьлла долу/ дош . Иха хезаш верг , хууш верг ву .
5.Мелхо а , цара элира :"/и къуръан/ Г1енашин кегареш бу . Мелхо а , цо /шегара/ кхоьллина иза . Мелхо а , иза байтахо ву . Вайна цхьана билгалонца вог1ийла иза , дуьххьарлернаш /хьалхалернаш/ ма - бахкийттара"
6.Царел хьалха Оха ша х1аллакйина йолу /цхьа/ юрт /бахархой Делах/ цатийшира . Ткъа уьш /х1ара вай хьахийнарш/ тешар бу тов ?
7.Оха хьоьл хьалха ца бахкийтана божарий бен , Оха шайга /Тхан къамел/ хьоьхуш болу . Аш хатта /и жайнахь/ хьахор девзачаьрга, шу /и/ ца хууш делахь .
8.Ша юург ца юуш долу дег1 ца дина Оха царех , ца хилла уьш /ца леш/ гуттар лаьтташ а .
9.Цул т1аьхьа бакъйира Оха царна /йина Тхан/ ч1аг1о , Оха к1елхьара бехира уьш а , /иштта/ Тхайна луурш а , Оха х1аллакбира /Делан дозана/ т1ехбуьйлурш .
10./Делора/ Бакъдолуш Оха /шун маттахь/ шоьга /х1ай къурайш/ доссийна шен чохь шу хьахор /дийцар , даздар/ долу жайна . /цуна т1аьхьадаза/ Хьекъале ца хуьлу шу ?
11.Хийла юрт /х1аллакйина/ йохийна Оха , ша зуламе хилла йолу , царел т1аьхьа кхин къаьмнаш кхиийна Оха .
12.Ткъа шайна Тхан г1ора /1азап/ хааделча /тусаделча/ , т1аккха уьш цуьнах /чехка/ д1абовду .
13./цаьрга эра ду/ "Д1амадовда /1азапах/ , духадерза шена чохь шайга зовкх хьегийтанчу а , шайн х1усамашка а . Шоьга хатта /жоп деха/ тарло" .
14.Цара элира /къера хилла/ :"Х1ай тхан бала /х1аллак хилар/ ! Баккъалла а тхо /Делах цатешарна/ зуламхой хилла-кх"
15.И бара церан кхайкхам , Оха уьш баллалц чудерзийна ялта /санна/ , /белла/ д1атийна
16.Оха ца кхоьллина стигал а , латта а , цаьршинна юкъахь /мел/ дерг а ловзуш .
17.Тхуна лиънехьара /Тхайна доьзалхо лаьцна/ синкъерам лаха , Оха лехна хир бара и Тхайна гергара . Оха и деш хиллехьара ... /ткъа Делаца дог1уш дац и/ .
18.Мелхо а , бакъдерг харцдолчун т1е кхуссу /т1етуху/ Оха , цо иза дохадо , т1аккха иза /харцдерг/ д1атуьлу . Шуна бала /хир ма/ бу аш /Аллах1ан т1ехь/ дуьйцучух /кхуллучух/ .
19.Цуьнан бу стиглашкахь а , лаьттахь а мел берш . Шаьш Цуна гергахь болчара куралла ца йо Цуна 1ибадат дан , к1ад /г1ел/ ца ло .
20.Буса а , дийнахь а /ца хаддош/ теспахь до цара лаг1 /мал/ ца луш .
21.Я /мелхо а/ лаьттах деланаш /бина/ лецна цара , шаьш /кхинаш/ денбеш болуш ?
22.Цаьршинна /стигал , лаьтта/ чохь Аллах1 воцург /кхин/ деланаш белхьара , телхара /духура/ ма дара и шиъ . Ц1ена ву-кх Аллах1 - 1аршан Дела цара /Шена т1ехь/ дуьйцучух /кхуллучух/
23.Цуьнга ца хотту /жоп ца доьху/ Ша дечух , цаьрга хоттур /доьхур/ ду .
24.Я цара лецна И /1ад/ витина /кхин/ деланаш ? Ахь ала :"Схьало шайн /бакъхиларан/ бух ! Х1ара соьца болчеран хьехам бу , соьл хьалхарчеран хьехам бу . Мелхо а , царех дукхахболчарна бакъдерг ца хаа /ца девза/ , уьш д1абирзина бу /цуьнах/ .
25.Оха ца ваийтина хьоьл хьалха /цхьа/ элча , Тхаьш цуьнга хьоьхуш бен :"Баккъалла а /кхин/ дела вац , Со бен . Суна /Со цхьаъ варца/ 1ибадат де" /аьлла/
26.Цара элира :"Къинхетамечо /Шена малийкех/ доьзалхо лаьцна . Ц1ена ву-кх Иза /цара кхуллучух/ . Мелхо а , /Цуьнан/ лераме лайш ду-кх /уьш/ .
27./шайн/ дашца /шаьш/ Цул хьалха ца довлуш /хьалха ца лоьлху/ долу . Цуьнан омрунца 1амал йо цара .
28.Цуна хаа царел хьалхарниг а , царел т1аьхьарниг а . Уьш /шапа1атца/ т1ецах1уьтту Иза /шена/ реза хиллачуна бен , уьш Цуьнах кхерарна ийзалуш /дегош/ ду .
29.Царех ша олург /муьлха делахь/ :"Баккъалла а со ду дела , Иза /Аллах1/ а воцуш" , Оха бекхам бийр /ма/ бу цуна жоьжахат . Иштта бекхам бо Оха зуламхошна .
30.Шаьш /Делах/ цатешначарна ца гина /ца хиъна/ , баккъалла а стигланаш а , латта а и шиъ /х1оьттина/ дийнна цхьаъ /х1ума хилла/ хилар , т1аккха Оха /эккхийтана/ къастийра /дийкъира , дат1ийра , хадийра/ и шиъ , Оха дира /кхоьллира/ хих массо а дийна х1ума . Уьш /цуьнах/ ца теша тов ?
31.Оха дина лаьттахь ондий лаьмнаш , и цатехкийта /меттах ца хьейта/ цаьрца . Оцу /лаьмнийн/ юкъахь Оха дина ч1ажжаш - /шуьйра/ некъаш . Уьш нийса новкъа бахийтархьама .
32.Оха йина стигал ларбен тхов . Ткъа уьш цуьнан билгалонашха /церан ойла яр доцуш/ д1абирзина бу .
33.И /Аллах1/ ву Ша кхоьллинарг буьйса а , де а , малх а , бутт а . /уьш/ Массо а стигал экъанахь /чехкаллийца/ лелаш /хьийзаш/ ю .
34.Оха ца дина /цхьанне а/ адамна хьоьл хьалха /дуьненахь/ абаде /лийриг цахилар/ . Ткъа хьо велча , уьш /ца леш/ буьсур бу тов ?
35.Массо сино валар 1овшур ду , Оха /дуьненахь/ зуьйр ду шу вонца а , диканца а зерхьама , Тхоьга дерзор ду шу /т1аккха Оха бекхам бийр бу шуна/ .
36.Шаьш /Делах/ цатешначарна хьо гича , кхаьрдаш /цабешаш/ бен т1ецалоцу цара хьо /шаьш олуш/ :"Х1ара ву и ша шун деланаш /вонца/ хьахориг ?" Ткъа уьш керстаналла деш бу Къинхетамениг хьакхорца
37./Дала/ Адам кхоьллиина сихаллех /х1умана сиха долуш/ . Ас шоьга гойтур ю Сан билгалонаш , аш Со сих ма ве .
38.Цара олу :"Маца ю и ч1аг1о , шу бакълуьш хиллехь"
39.Шаьш /Делах/ цатешначарна хаахьара /йовзахьара/ шайн яххьашха а , шайн баккъашха а /жоьжахатан/ ц1е шаьш юхацатуху /саца ца йо/ а , шайна /цхьаммо/ г1одийр доцу а хан /цара и 1азап сихдийра ма дацара/
40.Мелхо а , и /сахьт/ дог1ур ду царна ц1аьххьана , т1аккха цо 1адор /хьайре , боьхна , цецбоьвлла бийр/ бу уьш , ницкъ кхочур бац церан и юхатоха /сацо/ , уьш т1аьхьатоттур бац .
41./Делора/ Бакъдолуш хьоьл хьалха а кхаьрдина элчанашха , т1аккха шаьш царех цабаьшначарна т1едеара /т1едоьссира/ уьш шех кхаьрдаш хилларг .
42.Ахь ала /хатта цаьрга/:"ЁХьа 1алашдийр ду шу Къинхетамечух /Цуьнан 1азапах и деача/ буса а , дийнахь а ?" Мелхо а , уьш шайн Дела хьахорах д1абирзина .
43.Я церан Тхо доцург /кхин/ деланаш бу уьш /Тхан 1азапах/ юхатухур болш ? Церан ницкъ ца кхочу шайн дог1машна г1одан а , уьш ларбийр /к1елхьар бохур/ бац Тхоьх /цхьаммо а/ .
44.Мелхо а , Оха зовкх хьегийтара х1окхаьрга а , церан дайшка а царна т1ехь /церан/ оьмар яхяллалц . Царна ца го тов , баккъалла а Тхо дахкар и латта /царна/ шен йисташкара эшош /жимдеш , гатдеш/ ? /т1аккха а/ Уьш бу тов тоьлларш ?! /дера бац , Тхо дукх/ .
45.Ахь ала :"Баккъалла а ас шоьга д1ахьедо /Аллах1а сан/ дагхьоьхучунца /къуръанца/" . Къорачарна /керстана/ ца хеза /къуръанан/ кхайкхар шайга /и/ д1ахьедечу хена .
46./Делора/ Царех хьакхаделча хьан Делан 1азапех /цхьа/ дакъа , цара эра ма дара :"Х1ай тхан бала /тхан х1аллак хилар/ ! Баккъалла а тхо зуламхой хилла-кх"
47.Къемата денна Оха д1ах1иттор ду нийса /бакъ/ терзанаш , /цхьана/ дег1ана /синна/ зулам дийр дац х1уманца , и /х1ума/ хиллехь к1оллин буьртиг барамехь , Оха схьадохьур ду и . Тхо тоьар ду хьесаплелорхой .
48./Делора/ Бакъдолуш Оха делла Мусага а , Х1аруне а /бакъ-харц/ къасториг /Таврат/ а , серло а , хьехам а /Делах/ кхоьручарна ,
49.шаьш къайлах /шайна болш/ шайн Делах кхоьруш болу , шаьш /къемат дийнан/ сахьтах ийзалуш болу .
50.Х1ара /къуръан/ Оха ша доссийна , беркате /хьехам/ хьахор ду , аш /т1е ца оьцуш/ духатуху и /Делера хилар/ ?
51./Делора/ Оха белла Ибрах1име шен нийса некъ /Мусал , Х1арунал/ хьалха /и жими волш/ , Тхо дара цуьнах дерг хууш /и вевзаш/
52.Цо элира шен дега а , шен къоме а :"Х1орш х1ун ц1уй ю , шу шайна /1ибадатна/ д1ахиттина йолу ?"
53.Цара /жоплуш/ элира :"Тхуна тхан дай карийна царна 1ибадат деш"
54.Цо элира :"/Делора/ Бакъдолуш шу а , шун дай а билгалчу тиларчохь /ма/ хилла"
55.Цара элира :"Хьо тхуна бакъдолчунца веана я хьо ловзучарех /бегаш бечарех/ ву ?" /баккъал бах ахь я бегаш бо ахь ?/
56.Цо элира :"Мелхо а , шун Дела - стиглашин а , лаьттин а Дела ву , Ша уьш кхоьллиина волу . Со оцу т1ехь тешалла дечарех ву .

57.Аллах1ора /дуй ма буу ас/ шун ц1уйшна ас /цхьа/ кийтарло йийр /уьш кеггор/ ма бу , шу букътоьхна /шайн 1ийде/ д1адаханчул т1аьхьа .
58.Цо /дигарца/ царех кескаш йира , церан коьртаниг воцучух , /цо витира и/ уьш /хаттарца/ цуьнга берзийтахьама .
59.Цара элира :"Хьан дина х1ара вай деланашца ? Баккъалла а иза зуламхойх ма ву"
60.Цара элира :"Тхуна хезна шех Ибрах1им олуш /волу/ к1ант уьш /вонца/ хьехош /царна луьйш/"
61.Цара элира :"Схьавалаве иза нехан б1аьра хьалха , цара /оцу т1ехь/ тешалла дан тарло"
62.Цара элира /хаьттира/ :"Х1ай Ибрах1им ! Ахь диний х1ара тхан деланашца ?"
63.Цо элира /жоплуш/ :"Мелхо а , церан коьртачо х1окхо дина-кх и . Цаьрга хатта уьш бистхуьлуш белахь"
64.Шайн синошка /хьекъале , кхетаме/ бирзина цара /шаьш шайга/ элира :"Баккъалла а шу ду-кх зуламхой /царна 1ибадат деш долу/ "
65.Цул т1аьхьа /ойла хьоьвзина/ шайчуьнга бирзира уьш :"/Делора/ Бакъдолуш хьуна хааш /ма/ ду х1орш бист ца хуьлий"
66.Цо элира :"Ткъа аш 1ибадат /муха/ до Аллах1 /1ад/ витина шайна х1уманца пайда ца бечунна а , шайна зе ца дечунна а ?
67.Офф-фай-кх шуна а , аш Аллах1 витина 1ибадат дечунна а . Хьекъале ца дог1у шу ?"
68.Цара элира :"Вагаве иза , г1о де шайн деланашна , аш деш делахь"
69.Оха элира :"Х1ай ц1е ! Хьо хила Ибрах1имна /салкхане/ шело а , маршо а"
70.Царна лиира цуьнца мекарло . Оха бира уьш уггар эшнарш /зе хилларш/
71.Оха к1елхьараваьккхира иза а , Лут1 а Тхаьш шена чохь 1аламашна беркат динчу лаьтте
72.Оха цуна велира Исхьакъ а , Я1къуб а совг1атана . /уьш/ Берриге а диканаш бира Оха .
73.Оха бира уьш /динан/ тхьамданаш /баьччанаш , имамаш/ шаьш Тхан омрунца /нах/ нийса новкъа бохуш , Оха цаьрга хьийхира диканаш дар а , ламаз х1оттор а , закат далар а , Тхуна 1ибадат деш бара уьш .
74.Лут1е а , делира Оха цуьнга кхетам а , хаар а . Оха к1елхьараваьккхира иза , бакъхьара доцурш /оьзда доцург/ деш хиллачу юьртах , баккъалла а уьш хиллера вониг ден песакънах .
75.Оха вахийтира и Тхан къинхетамчу . Баккъалла а иза дикачарех ву .
76./хьахаве/ Нухь а , цо кхайкхира хьалха , Оха цуна жопделира , Оха к1елхьараваьккхира иза а , цуьнан доьзал а боккхачу балех .
77.Оха 1алашвира иза шаьш Тхан аяташ харцдинчу къомах . Баккъалла а уьш хиллера вониг ден нах . Оха хи бухабахийтар уьш берриге .
78./хьахаве/ Давуд а , Сулайман а , цаьршимма шена т1е /дажа/ нехан жа даьллачу кхен хьокъехь кхел еш хиллачу хена . Тхо теш дара церан кхелана .
79.Оха Сулайманна кхетийра и , Оха делира х1оранна а кхетам а , хаар а . Оха муьт1ахь дира лаьмнаш а , олхазарш а Давудаца теспахь дан . Тхо дара /и/ дийраш .
80.Оха 1амийра цуна шуна /т1еман/ духарш дар , цо шу лардан шун ницкъах . Дуй шу /Сан зовкхашна/ баркалле ?
81./Оха муьт1ахь бира/ Сулайманна дарцан мох , ша цуьнан омрунца лелаш шена чохь беркат динчу лаьтте . Тхо дара массо а х1ума хууш .
82./Оха цуна муьт1ахь дира/ Шайт1анех а , шаьш цуна /жовх1арш хьала даха/ хи чудовлурш а , шаьш и болх боцург кхин дерг дийраш а . Тхо дара уьш /галдовлах/ лардеш .
83./хьахаве/ Аюб а , ца кхайкхира шен Деле :"Баккъалла а соьх во хьакхаделла , ткъа Хьо къинхемечарех уггар Къинхетамениг ву" .
84.Оха жоп делира цуна , Оха д1адаьккхира /д1аайбара/ цуьнгара во , Оха белира цуна шен доьзал а , цаьрца цхьана уьш саннарш а Тхайгарчу къинхетамна , 1ибадат дечарна хьехамна а
85./хьахабе/ Исма1ил а , Идрис а , Зулькифл /Делера декъан да/ а - /уьш/ массо а сатоьхначарех бу .
86.Оха бахийтара уьш Тхан къинхетамчу , баккъалла а уьш дикачарех бу .
87./хьахаве/ Зуннун /ч1еран да/ а , д1авахара иза оьг1азвахана , цуна моьттира баккъалла а Оха шена гатто /хало/ йийра яц . Цо кхайкхара /ч1еран кийрара/ боданашкахь :"Кхин дела /ма/ вац , Хьо воцург . Ц1ена ву-кх Хьо . Баккъалла а со хилла-кх зуламхойх" .
88.Оха жопделира цуна , г1айг1анах иза хьалхаваьккхира . Иштта /шайн г1айг1анах , сингаттамах/ хьалхабоху Оха муъманах .
89./хьахаве/ Закарий а , цо кхайкхара шен Деле :"Х1ай сан Дела ! Ма витахь со цхьалха , Хьо вар-кх верасашха уггар тоьлург"
90.Оха жопделира цуна , Яхья велира Оха цуна , Оха йира цуьнан зуда цуна /доьзалхо ван/ мегаш . Баккъалла а уьш бара диканашкахь сихоеш а , /Тхан дикане/ сатийсарца а , /Тхан г1уданах/ кхерарца а Тхоьга кхойкхуш а , Тхуна хьастабелла бара уьш .
91./хьахае/ Ша шен бехке меттиг ларйинарг , Оха цуна чу диллира Тхан сих /са/ , Оха йира иза а , цуьнан к1ант а 1аламашна билгало .
92.Баккъалла а х1ара шун уммат ду , /ша/ цхьаъ уммат хилла , Со ву шун Дела , /Со цхьаъварца/ Суна 1ибадат де .
93. Шайн /динан/ г1уллакх шайна юкъахь /бекъабелла/ хадийра цара . /уьш/ Массо а /шен бекхам эца/ Тхоьга боьрзур /болш ма/ бу .
94.Ткъа ша диканшха /цхьадерг/ динарг , ша /Делах/ тешаш волш , цуьнан къахьегарна /ял йоцуш/ духатохар дац , баккъалла а Оха цуна /и диканаш/ д1аяздеш ду .
95.Оха ша х1аллак йинчу юьртана дихкина , баккъалла а уьш /х1окху дуьненчу/ бухабоьрзур бац ,
96.Яъжуж а , Маъжуж а /1ажм1ажб1оьнан дуьхьало/ схьаеллалц , уьш массо а гух чухьовддалц а .
97.Гергаеара бакъйолу ч1аг1о , т1аккха и шаьш /Делах/ цатешначеран б1аьргаш къаьрзира /цара элира/ :"Х1ай тхан бала /ма бала букх тхуна/ ! Бакъдолуш тхо дара х1окхунах чидам бацарехь . Мелхо а тхо хилла-кх зуламхой"
98.Баккъалла а шу а , Аллах1 /1ад/ витина аш шена 1ибадат /мел/ дийриг а , жоьжахатан дечиг ду , шу /ма/ ду оцу чу г1ур /дерш/ .
99.Х1орш /аш ма-аллара/ деланаш хиллехьара , оцу /жоьжахат/ чу г1ур /ма/ бацара . /ткъа уьш/ Массо а оцу чохь гуттар 1ийр /болш/ бу .
100.Цаьрна оцу чохь узар /маьхьарий/ ду , уьш оцу чохь /х1ума/ хезаш бац .
101.Баккъалла а шайна Тхоьгара /азаллехь/ диканиг хьалхадаьлларш , уьш цуьнах генабохур бу ,
102.царна хезар дац цуьнан /г1ара-/ тата , уьш шайн синошна /дог1машна зовкхашха/ дезначуьнгахь /сатесначуьнгахь/ 1ийр бу гуттар .
103.Уьш г1айг1ане бийра бац доккхачу 1адоро . Малийкаш т1еоьцур бу уьш /шаьш олуш/ :"Х1ара ду шун /диканца бекхам бен/ де , ша шуна /хир ду аьлла/ ч1аг1о йеш хилла /долу/"
104.Оцу дийнахь Оха д1ахьарчор ю стигал , йозан тептарш хьарчорах терра . Оха дуьххьарлера кхоллар дола ма дарра , духакхуллур /карладоккхур/ ду и . Тхуна т1ехь /Оха йина/ ч1аг1о ю /и/. Баккъалла а Тхо дара /и/ дийраш .
105./Делора/ Бакъдолуш Оха яздира Забур /жайна/ чохь хьехамал т1аьхьа :"Баккъалла а латта - и дуьсур /кхочур ма/ ду Сан дикачу лайшна"
106.Баккъалла а х1окхуьнгахь /кхачаме/ кхайкхам ма бу 1ибадат дечу къомана /нахана/ .
107.Оха ца хьажийна /ца вахийтана/ хьо , 1аламашна къинхетамна бен .
108.Ахь ала :"Баккъалла а соьга /Дала/ хьоьху , баккъалла а шун Дела - цхьаъ Дела ву . Дуй шу /Далла муьт1ахь/ бусулбанаш ?"
109.Ткъа уьш д1аберзахь , ахь ала :"Ас д1акхайкхийна шоьга цхьабосса /цхьатерра/ , суна ца хаа шуна ч1аг1о йийриг герга ду я гена ду
110.Баккъалла а Цуна хаа къамелах /аш/ гучудоккхург /хозуьйтург/ а , Цуна хаа аш хьулдийраг
111.Суна ца хаа , и /1азап хьедар/ шуна зер хила тарло , я цхьана хенналц зовкх /хила тарло/" .
112.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Бакъонца кхел ехьа . Тхан Дела - Къинхетамениг , аш /харц/ кхуллучун т1ехь /Шегара/ Г1о деха дезарг ву" .