Тидар



25 Сурат Алфуркъан /Къастор/
(Маккахь доьссина ‚ 77 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1./сийлахь/ Беркате хили Шен лайна т1е /хьарам-хьанал/ къасториг /къуръан/ Ша /юх-юха/ доссийнарг , /къаьсттана/ и /Мухьаммад/ хилийта 1аламашна д1ахьедийриг ,
2.Ша стиглашин а , лаьттан а долалла /олалла/ Шен /карахь/ долуш волу , Цо ца лаьцна цхьа а /Шен/ доьзалхо /вина/ , Цуьнан ца хилла долаллехь /олаллехь цхьа а/ декъахо , Цо кхоьллина массо а х1ума , белла Цо цуна барам а .
3.Цара лийцира И /1ад а/ витина шаьш х1умма а ца кхуллуш болу /кхин/ деланаш /ц1уйш/ , уьш /цара лецна деланаш шаьш ма/ бу кхечо кхуллуш . Церан долахь дац шайн дог1машна /дан/ зе а , бац пайда а . Церан долахь дац далар а , дац дахар а , дац /белларш/ г1овттор а .
4.Шаьш /Делах/ цатешначара элира :"Х1ара /къуръан/ дац , цо ша кхоьллина харцдерг бен , цу т1ехь кхечара шена г1одина" . Бакъдолш уьш баьхкира зуламца а , харцонца а .
5.Цара элира :"/уьш/ Хьалхалерачийн туьйранаш ду , цо шаьш схьаяздина . Уьш цуна доьшу 1уьйранна а , суьйранна а" .
6.Ахь ала :"И доссийна Шена стигланашкахь а , лаьттахь а йолу къайле хаачо . Баккъалла а Иза , гечдийриг , къинхетамениг вара .
7.Цара элира /цабешаш/ :"Х1ара х1ун элча ву ? /вай ма-баъара/ Кхача буу цо , базаршкахула лела и . Цул цуьнга малик доссийнехьара , цуьнца /цхьана/ д1ахьедийриг хила .
8.Йа цуьнга хазна кхоссахьара , йа цуьнан беш елхьара , цо шех /стоьмаш/ дууш !" Зуламхоша элира :"Шу т1аьхьах1уьттуш /ма/ дац /бозбуанчаллийца/ талхийначу стагана бен"
9.Хьажал /гой хьуна/ , цара хьуна масалш муха далийна , /нийсачу новкъах/ тилла уьш , /цундела/ кар ца бало царна /и/ некъ .
10.Беркате /сийлахь/ хили Ша - Шена лиъча - дийр /лур/ долш волу хьуна цул /цара аьллачул/ диканиг - шена к1елахула татолаш лела бошмаш , йийра /лур/ ю Цо хьуна г1аланаш a .
11.Мелхо а , /цул сов/ харцдира цара /къемат де х1оттаран/ сахьт . /амма/ Оха кечйина сахьт харцдинчуна /жоьжахатин буьрса/ ц1е .
12.Цуна /ц1ерана/ уьш гича генарчу меттигера , царна хезира цуна дераллийна /оьг1азлонна/ кхехкар а , /уг1уш/ садий1ар /ц1ог1а/ а .
13.Буржалш тоьхна шаьш цу /жоьжахат/ чуьра /уггар/ готтачу меттиге кхийсича , цигахь /т1аккха/ цара кхойкхур ду х1аллакхиларе .
14./цаьрга эр ду :/ "Аш ма кхайкха тахана цхьа х1аллакхилар , дуккха а х1аллакхиларш кхайкха /деха/ !"
15.Ахь ала :"И /цаьргара 1азап/ ду тоьлуш /г1оли/ йа гуттаренан /ялсаманин/ беш ю , /Делах/ кхоьручарна шеца ч1аг1о йина йолу . И хилира царна бекхам а , боьрзу меттиг а ?"

16.Царна цу чохь - гуттар лаьтташ болчу - /зовкхах/ шайна /мел/ луург /дезарг хир/ ду . И /царна луург/ хилла хьан Далла т1ехь /цара/ ехна ч1аг1о
17.Цо уьш а , Аллах1 витина цара шена 1ибадат динарг а д1агулбечу дийнахь , Цо эра ду /цаьрга/ :"Аш тилийна х1ара Сан лайш , йа уьш /шаьш/ тилла /нийсачу/ новкъах ?"
18.Цара /жоплуш/ элира :"Ц1ена ву-кх Хьо /Хьайна т1ехь кхуллучух/ . Тхуна дог1уш /тхан бакъо йолш , мегаш/ ма дацара , оха Хьо а витина /тхайна/ верасаш /гергарнаш/ лецар . Делахь а , Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а , церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц . Х1аллак хилла /эрна дайна/ къам хилира уьш"
19.Бакъдолш , шу харцдина цара аш дуьйцучунгахь , шу ницкъ ца кхочу /1азап/ д1ахьовзо а , г1о дан а . Шух зулам дийриг /милла велахь / , Оха цуьнга доккха 1азап 1овшуьйтур ду .
20.Оха хьовсийна бац хьоьл хьалха геланчаш , баккъалла а шаьш кхача бууш а , базаршкахула /некъашкахула/ лелаш а болш бен . Оха бина шух цхьаберш вукхаьрца зуьйш . Сатохалур дуй-те шуна ? Хьан Дела /нийса дерг/ гуш /хууш/ ма ву .
21.Шаьш Тхуна дуьхьал бахкаре догцадохучара элира :"Тхуна т1е малийкаш диссийнехьара , йа тхуна тхан Дела гахьара" . /Делора/ Бакъдолш , куралла /ма/ йира цара шайлахь , т1ехбевлира уьш ч1ог1а т1ехбовларца .
22.Къадечарна малийкаш гучу дийнахь , /диканца/ кхаъ /хир/ бац царна цу дийнахь , цара /малийкаш/ эра ду /цаьрга/ :"Дехкарца дихкина /шуна Делера кхаъ хилар/"
23.Тхо т1едирзира /т1едуьйлира/ 1амалех цара динчуна , Оха йира и /мохо/ яржийна чан /санна эрна/ .
24.Ялсаманин дай цу дийнахь тоьлуш /хир/ бу 1арехь а , дика /хир/ бу садо1ийлехь а .
25.Оцу дийнахь стигал ет1ар ю мархашца , охьадиссор ду малийкаш диссорах а /шорта/
26.Хьакъ долу олалла цу дийнахь Къинхетамечуна ду . Хала де дара и керстанашна
27.Оцу дийнахь зуламхочо кадеттар ду шен шина куьйгана , ша олуш :"Х1ай /давискх/ элчанца некъ лаьцна белар-кх аса .
28.Х1ай сан г1айг1а-я1 , хьенех доттаг1 лаьцна ма велар-кх аса .
29./Делора/ Бакъдолш со тилийра цо /Дела/ хьахорах /къуръанах/ , соьга иза деанчул /кхаьчначул/ т1аьхьа" . Шайт1а дара адамна ямарт /и д1атосуш/
30.Элчано элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а сан къомо д1атеси х1ара къуръан"

31.Иштта /хьуна санна/ , х1ор пайхамарна а вина Оха къадечарех мостаг1 . Хьан Дела тоьар ву нийса новкъа воккхург а , г1оьнча .
32.Шаьш /Делах/ цатешначара элира :"/декъна доцуш/ Цхьаьний /цхьанаметта/ доссийнехьара цуна т1е /и/ къуръан /кхечарна т1едиссийна жайнаш санна/". Иштта , Тхаьш хьан дог цуьнца /к1ез-к1езиг/ ч1аг1дархьама /декъа а декъна Оха и/ , хаза билгал а дина /досса а дина/ Оха и билгалдарца
33.Уьш хьуна бог1ур ма бац масалца , Тхо хьуна бакъонца а , тидарехь хазчунца а даьхкина бен
34./1уьнкарх1иттийна/ Шайн яххьаш т1ехь /текхош/ шаьш жоьжахате балор берш , уьш меттигна вонаш а , некъана уггар тилларш а бу .
35./Делора/ Бакъдолш , Мусага /Таврат/ жайна делла Оха , цуьнан ваша Х1арун г1оьнча а вина цуьнца .
36.Оха элира :"Шу шиъ г1о шаьш Тхан айаташ /билгалонаш/ харцдинчу къоме" . /вахар и шиъ , амма цара харцвира , т1аккха/ Оха х1аллак бира уьш х1аллакбарх а /тамашийна куьцара/ .
37./хьахаде/ Нухьан къам а , цара элчанаш харцбинчу хена , Оха хин буха бахийтар уьш , нахана билгало а йира Оха царех , Оха кечдира зуламхошна лазавен 1азап .
38./иштта/ 1адаш а , Самудаш а , боьлакан /г1унан/ дай а , цу /нехан заман/ юкъахь /даьхна/ дуккха а чкъоьрнаш /т1аьхьенаш/ а /х1аллакдира Оха/ .
39.Царна массарна а масалш далийра Оха . /уьш/ Массо а х1аллакбира Оха х1аллакбарх а /буьрса/
40./Делора/ Бакъдолш , уьш /хийла/ чекхбийлира шена т1е /Дала/ вонан /т1улге 1азапан/ дог1а делхийтинчу юьртах . И /юьрт/ гуш бацара уьш /цуьнан ох1лунах динчуна ойла ян/ ? Мелхо а /и гуш йолушнехьа/ , г1овтторе догдохуш /йа цуьнах тешаш/ бацара уьш .
41.Шайна хьо гича , цара ца лоцу хьо кхардаме /беламе/ бен , /цара олу : / "Х1ара ву и ша Аллах1а элча /вина/ ваийтинарг ?
42.Баккъалла а , и герга /кийча/ ма вара тхо тило /д1адерзо/ тхан деланашха , оха сацатоьхнехьара цу /деланашха тасадалар/ т1ехь" . Царна хаар /ма/ ду шайна 1азап гучу хена /ткъа царна и гур долш ду/ , мила ву некъана уггар тилларг .
43.Гиний хьуна , шен /дег1ан/ лаам /шена хазделларг/ - шен дела /вина/ лаьцнарг ? Хьо хир ву ткъа цуна т1ехьажархо /1уьнлхо/ ?
44.Йа хьуна моьтту , баккъалла а царех дукхахберш хезаш бу , йа /ойла ян/ хьекъале бу ? /х1ан-х1а/ Уьш ма бац хьайбанаш санна бен . Мелхо а , уьш некъана /хьайбанел а/ сов тилларш /ма/ бу
45.Хьо ца хьаьжна хьан Дале - Цо 1индаг1 муха дахдина /даржийна/ ? Шена лиънехь , сецна /д1ацатуьлуш/ дийра дара Цо иза . Цул т1аьхьа малх бина Цо цу /1индаг1/ т1е /нисвен/ билгало .
46.Цул т1аьхьа Оха д1атилийра и /1индаг1/ тхайгахьа к1ез-к1езиг д1атилорца .
47.И ву , Ша шуна буьйса /цуьнан бода/ йинарг духар /санна хьуламе/ , наб /йинарг/ - /дог1машна/ синтем /сада1ар хилла/ , де динарг - /денделла/ г1овттар
48.И ву , Ша хьажийнарг мехаш кхаъца Шен къинхетаман хьалха . Оха доссийна стиглара ц1ена /дог1ан/ хи .
49.Тхаьш цуьнца /бакъа/ белла мохк денбархьама а , /шаьш/ Тхаьш шортта кхоьллинчух /долчу/ хьайбанашна а , адамашна а и малорхьама а
50./Делора/ Бакъдолш , Оха даржийра /дийкъара/ и царна юкъахь цаьрга /Делан зовкх/ хьахадайта . /амма/ Адамашха дукхах дерш дуьхьал девлира /шайн дагчуьра/ цатешар доцучунна /массо а зовкхана/
51.Тхайна лиънехь , Оха хьажийна хир ма вара массо а юьрта д1ахьедийриг
52.Хьо муьт1ахь ма хила /Делах/ цатешачаьрна . Цаьрца къийсам латтабе ахь цуьнца /къуръанца/ боккхачу къийсамца /къахьегарца/ .
53.И ву , Ша шиъ х1орд /юх-юххехь/ д1ахецнарг , х1ара /цхьаъ/ теза мерза бу /шен малар томехьа чам болш долш/ , ткъа х1ара /шолг1аниг/ туьхане /ч1а1а санна/ дуьра бу . Цу шинна юкъахь /юкъарлонна/ пардо а , /и шиъ вовшашна талхамца т1ецакхийдийта а , д1ацаэйта а/ нуьцкъала дуьхьало а йина Цо .
54.И ву , Ша /сте-боьрша/ хих адам кхоьллинарг . Цо дина и /адам/ схьадалар долш а , захало долш а /сте-боьрша а/ . Хьан Дела ницкъкхочуш ву /цу т1ехь/
55.Цара 1ибадат до Аллах1 витина ша царна пайда ца бечунна а , царна зе ца дечунна . Цатешарг хилла шен Далла дуьхьал /шайт1ан/ г1оьнча
56.Оха ца хьажийна хьо , кхаъбоккхуш а , д1ахьедеш а бен .
57.Ахь ала :"Ас ца йоьха шоьга цу /кхайкхам/ т1ехь ял /мах/ , шена лиъначо шен Далла т1е боьду некъ лацар бен
58.Хьо товжа Ша ца лечу дийначунна т1е , ц1анве И хасторца . И /цхьаъ/ тоьар ву , Шен лайн къинош довзарехь .
59.Ша кхоьллина волу стигаланаш а , латта а , цу шинна юкъахь /мел/ дерг а ялх дийнахь . Цул т1аьхьа 1арша т1ехь д1атарвелла /д1анисвелла/ Иза - Къинхетамениг . Ахь хатта /Цуьнах дерг/ И вевзачуьнга .
60.Цаьрга аьлча :"Къинхетамечуна /сужуд дарца/ гораг1о !" Цара /жоплуш/ элира :"Х1ун ду /и/ Къинхетамениг /тхуна девзаш , йа оха къобул деш х1ума ма дац и/ ?! Тхо горадоьлху ткъа ахь тхоьга омру дечуна /ахь и аларна/ ?!" Цо /цуьнан кхайкхамо/ совбехира уьш /ийманах/ къахкарехь .

61./сийлахь/ Беркате хили Ша стиглахь седарчий дина , цигахь /стиглахь маьлхан/ чиркх а , нуьре /лепа/ бутт а бинарг .
62.И ву , Ша буьйса а , де а /рог1ехь/ хийцалуш динарг , шена лиъначуна ойла ян а , йа /шена/ лиъначуна /Делан зовкхана/ баркалла ала а .
63.Къинхетамечун лайш , шаьш лаьтта т1ехула /Далла хьастабелла/ оьзда леларш а , ткъа шайга сонтанах /ирча/ бистхилча "Машар" аьлларш а бу .
64.Шаьш буьйса йоккхурш шайн Далла /муьт1ахь хилла/ горабахна а , /1ибадатца/ д1ах1иттина а .
65.Шаьш олурш :"Х1ай тхан Дела ! Д1ахьовзадехьа тхоьх жоьжахатин 1азап . Баккъалла а цуьнан 1азап /сецна/ г1уда дар-кха .
66.Баккъалла а и /жоьжахате/ во хили-кх /чохь/ 1арехь а вахарехь /верзарехь/ а"
67.Шаьш харжйича , /цуьнгахь/ т1ехцабийлинарш а , /и/ ца кхоийнарш /пис ца хилларш/ а . /шайн харжйар/ Цу /шина барам/ юккъехь нийса хилларш а .
68.Шаьш Аллах1аца /декъахо вина/ кхин дела ца кхойкхурш а , ша /дер/ Аллах1а дихкина долу са /шар1а/ бакъонца бен ца дуьйраш а , нахаца /зина деш/ ца леларш а . Ткъа и дийриг /милла велахь/ , та1зар кхочур /ма/ ду цуна ,
69.къемата дийнахь 1азап алсама а доккхур /дебор/ ду цуна , сийсаз /аьшнаш/ вина гуттар лаьттар а ву и цу чохь .
70.Ша дохковаьлларг а , /Делах/ тешнарг а , дика динарг а воцург . Ткъа уьш , Аллах1а хуьйцар ду церан вонаш диканашца . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
71.Ша дохко а ваьлла дика динарг /милла велахь/ , баккъалла а Деле воьрзу и /ц1енчу/ дохковаларца .
72.Шаьш харцтешалла ца дийраш а . Эрна /дастаме/ долчуна юххехула шаьш т1ехбоьвлача , /цуна букътоьхна/ сийлахь т1ехбоьвларш а .
73.Шаьш , шайн Делан аяташ шайн хьахийча къору а , б1аьрзе а хилла ца эгнарш а .
74.Шаьш олурш :"Х1ай тхан Дела ! Лохьа тхуна тхан зударех а , тхан т1аьхьенашха а /цара дика дарца тхан/ б1аьрг бузар /даккхийдер/ . Дехьа тхо /дика лай , Делах/ кхоьрачаьрна /т1аьхьах1отта/ масал /хилийта/
75.Царна бекхамна /ялсаманийн лаккхара/ чоь /меттиг/ лур ю /халонашна/ сатохарна , уьш т1елоцур бу цу чохь т1екеренца /ларамца/ а , салам-маршаллийца а
76.Цу чохь гуттар лаьттар болш . /ма/ Хаза хили и /ялсаманийн чоь/ 1арехь а , вахарехь /верзарехь/ а .
77.Ахь ала :"Сан Дала шун терго йийра /ма/ яцара , шун кхайкхар /до1анаш/ дацахьара . Бакъдолш харцдира аш /Делан дин/ , /цундела/ хир ма ду и /1азап шуна , хилаза ца долуш/ сецна .