Тидар


26 - Сурат Ашшу1араъ /Илланчаш/
(Маккахь доьссина ‚ 227 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 


1.Т1о , сийн , мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/
2.Х1орш билгалчу /харц-бакъ гучудоккхучу/ жайнан /къуръанан/ айаташ ду
3.Хьо /х1ай Мухьаммад/ хьан дег1 х1аллак деш /дуьйш/ хила тарло уьш тешаш ца хиларна /г1айг1анна/
4.Тхуна /цара имдилла/ лиъча , Оха царна т1е стиглара билгало йоссор ю , т1аккха церан вортанаш /кортош/ лаьттар ю /хьастаелла , муьт1ахь/ охьатаь1на
5.Царна Къинхетамечуьнгара керла хьахор ца дог1у , уьш цуьнах /юха а/ д1абирзина хилла бен
6.Бакъдолш харцдира цара /и хьахор/ , царна дог1ур ду уьш шех цабешаш /кхаьрдаш/ хиллачун хаамаш
7.Лаьтте ца хьаьвсина уьш , хийла /мел/ кхиийна /далийтана/ Оха цу т1ехь массо а лерамечу /хьийкъина , пайден ораматийн/ тайпанах ?
8.Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю . Царех дукхахберш бацара тешаш
9.Баккъалла а хьан Дела , Иза /ч1ирэцарехь/ нуьцкъала /сийлахь/ , /тешначаьрца/ къинхетаме ма ву
10./хьахаде/ Хьан Дала кхайкхара Мусага :"Зуламечу къоман т1е г1о /аларца/ -
11.Фир1авн къоман т1е . /Делах/ Ца кхоьру те уьш ?"
12.Цо /Мусас/ элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а со кхоьру цара со харцварна
13./т1аккха/ Сан кийра гатлур бу , сан мотт бист хир /керчар/ бац . Х1арон волчу дахийтахь /Жабраил малик суна г1оьнна/
14.Суна т1ехь /ч1ир бахьан долш/ церан къа /декхар/ ду . /цундела/ Со кхоьру цара со верна"
15.Цо /Дала/ элира :"Х1ан-х1а /ма кхера/ ! Шу шиъ г1о Тхан айаташца /билгалонашца/ , баккъалла а Тхо /хир/ ду шоьца , ладуг1уш"
16.Фир1авн волче г1ой , аш шиммо цуьнга ала :"Баккъалла а Тхо 1аламийн Делан хабар /элчанаш/ ду .
17.Тхоьца бахкийта Исраилан к1ентий /бераш/"
18.Цо /Фир1авнас/ элира :"Оха ца кхиийра хьо тхайна юкъахь /хьо жима/ бер долш ? Хьо /вехаш/ 1ийра ткъуна юкъахь хьан уьмарх шерашкахь .
19.Ахь ша дин долу /стаг вер/ хьан г1уллакх а дина ахь , /сан диканна/ хьо баркалле воцуш"
20.Цо элира :"Ас дина и /стаг вер г1уллакх/ со тиллачарех /и ца магар цадевзачарех/ волш .
21.Со ведара шоьх , со шоьх кхеравеллачу хена . Т1аккха сан Дала суна хаар /пох1ма/ а делира , со геланчех /элчанех/ а вира
22.И ду ахь суна ша т1ехдетта зовкх /дика/ , Исраилан к1ентий /бераш/ айхьа /лай бина/ бацорца
23.Фир1авна элира :"Мила ву /И/ 1аламийн Дела ?"
24.Цо /Мусас/ элира :"/Иза/ Стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юкъахь /мел/ долчун а Дела ву . /нагахь санна/ Шу хиллехь /делахь/ догтешна"
25.Цо элира шена гонаха болчаьрга :"Шуна ца хеза /цо дуьйцург/ ?"
26.Цо /Мусас/ элира :"/Иза/ Шун Дела а , шун хьалхарчу дайн Дела а /ву/"
27.Цо /Фир1авнас/ элира :"Баккъалла а , шоьга ваийтина волу шун элча , хьераваьлла /1овдал , хьекъалза/ ма ву"
28.Цо /Мусас/ элира :"/Иза/ Малхбален а , малхбузен а , цаьршинна юкъахь /мел/ долчун а Дела ву . /нагахь санна/ Шу хиллехь /делахь/ хьекъале"
29.Цо /Фир1авна/ элира :"Нагахь санна ахь со воцург кхин дела лаьцнехь , ас хьо тутмакхашех /лецначарех , набахте боьхкинчарех/ вийр ма ву"
30.Цо /Мусас/элира :"Со хьуна билгалчу /тамашийна/ х1уманца веънехь ай ?"
31.Цо /Фир1авнас/ элира/ :"Вола цуьнца /схьагайта и тамашийна дерг/ , /нагахь санна/ хьо бакълуьйчарех велахь /хиллехь/"
32./т1аккха/ Шен 1аса охьатесира цо , ткъа иза - билгала лаьхьа /хилира/
33.Шен куьг схьадаьккхира цо /шен чоьтара/ , ткъа иза - шурул-к1айн /лепаш гуш/ ду хьоьжучаьрна
34.Цо /Фир1авнас/ элира шен гонаха болчу элашка :"Баккъалла а х1ара /Муса/ говза /хууш/ бозбуанча ву ,
35.шен бозбуанчаллийца шу шайн лаьттара /махкара/ арадаха лаьаш . Х1ун омру /хьехар/ до аш /соьга/ ?"
36.Цара /жоплуш/ элира :"Т1аьхьататта иза а , цуьнан ваша а . Хьовсабе /бахийта бозбуанчаш/ гулбийраш /божарий/ шахьаршка ,
37.уьш бог1ур бу хьуна массо а говзачу бозбуанчийца"
38.Бозбуанчаш гулбира билгалчу /массарна а девзачу/ дийнан /тоьхначу/ ханна
39.Нахе элира :"/дерриге/ Схьагулделлий шу ?"
40.Вай бозбуанчашна т1аьхьадаза тарло /т1аьхьах1уьттур ду , нагахь санна/ уьш хилахь шаьш /Мусана т1ехь/ тоьлларш"
41.Бозбуанчаш баьхкича /схьакхаьчча/ , цара Фир1авне элира :"Баккъалла а тхуна ял /са/ йуй /нагахь санна/ тхо хилахь тоьлларш ?"
42.Цо /Фир1авнас/ элира :"Х1аъ /ю/. Баккъалла а шу , т1аккха гергаоьзначех /т1еоьзначех хир/ ма ду"
43.Мусас цаьрга элира :"Охьатаса /и/ ша аша охьатосург !"
44.Шайн машшаш /чуханаш/ а , 1асанаш /г1ожмаш/ а охьа а тесна цара элира :"Фир1авнан сийлаллора /дуй ма буу оха/ , баккъалла а тхо ма ду тоьлур дерш"
45.Мусас охьатесира шен 1аса , т1аккха цо /схьалоцуш/ д1акхаллара /д1ахудара/ ша цара /бозбуанчаллех/ кхуллу харцо /моттарг1анаш/
46./цу балхо/ Бозбуанчаш /сихонца/ гора эгийра
47.Цара элира :"Тхо тешна 1аламийн Делах -
48.Мусан а , Х1арунан а Делах"
49.Цо /Фир1авна элира :"Цунах тешна шу , ас шайна пурба далале ? Баккъалла а и /Муса/ шух воккханиг /коьртаниг/ ма ву , ша шуна бозбуанчалла 1амийна волу . Хаар /гур/ ду шуна /ас шайна дийр дерг/ . Ас хедор ма ду шун куьйгаш а , когаш а ирх-пурх а , ж1арах д1атухар ма ду шу дерриге"
50.Цара элира :"Зене /х1умма/ дац . Баккъалла а тхо тхан Деле керчар /доьрзар/ ду .
51.Баккъалла а оха сатуьйсу /догдоху/ Тхан Дала тхуна /оха дина/ тхан г1алаташ /къинош/ гечдаре , тхо /Мусах/ тешначарех хьалхар хиларна"
52.Оха Мусан дагчухьийхира :"Буса аравала /миср шахьар чуьра/ Сан лайшца . Баккъалла а шуна т1аьхьавер /волш/ ву /Фир1авн/"
53.Фир1авнас бахийтира шахьаршка /эскар/ гулдийраш
54."Баккъалла а х1орш к1еззиг /жима/ ж1уга /тоба/ ю .
55.Баккъалла а цара вай дар /оьг1азе/ ма дина .
56.Баккъалла а вай дерриге сема /хила дезаш/ ма ду .
57.Оха арабехира уьш бошмашкара а , шовданашкара /татолашкара/ а ,
58.хазнашкара /бахамашкара/ а , лерамечу /сийлахьчу/ меттигера а .
59.Иштта Оха /ирсана/ йитира и Исраилан к1енташна .
60.Царна т1аьхьабоьвлира уьш /1уьйрана/ садоржуьйтуш
61.Шина тобана вовшийн гинчу хена , Мусан накъосташа элира :"Баккъалла а вайн т1екхуьуш ма бу /уьш/"
62.Цо /Мусас/ элира :"Х1ан-х1а ! Баккъалла а соьца сан Дела ву , со /нийсачу новкъа/ нисвийр волш"
63.Оха Мусан дагчухьийхира :"Хьан 1аса х1ордах тоха !" /аьлла/ . /цо и тоьхна/ Бекъабелира и /х1орд шен/ х1ор аг1о /йист/ боккха лам санна /лекха/ хилла .
64.Оха гергабалийра цига вуьйш
65.Оха к1елхьар бехира Муса а , цуьнца берш а /уьш/ берриге
66.Т1аккха хин буха бахийтира Оха вуьйш
67.Баккъалла а цуьнгахь /дийцарехь , хьехаме/ билгало ма ю . /амма/ Царех дукхахберш тешаш бацара .
68.Баккъалла а хьан Дела , Иза нуьцкъала /сийлахь/ , къинхетаме ма ву
69.Деша /дийца/ царна Ибрах1иман хабар
70.Цо шен дега а , шен къоме а элира :"Cтенна лолла /1ибадат/ деш ду шу ?"
71.Цара /жоплуш/ элира :"Ц1уйшна лолла /1ибадат/ до оха , царна /1ибадатна/ д1ахиттина 1а-кх /лаьттакх/ тхо"
72.Цо /Ибрах1има хоттуш/ элира :"Ткъа хезий царна шу , аш /шайга/ кхойкхуш ?
73.Йа шуна пайда бой цара /аш шайна 1ибат дора аьлла/ , йа /шуна/ зе дой цара /аш шайна 1ибадат ца дича/ ?
74.Цара /жоплуш/ элира :"/х1ан-х1а/ Мелхо а , тхуна тхайн дай карийнакх шаьш иштта /из-за/ деш /цундела оха а докх из-за/"
75.Цо /Ибрах1има/ элира :"/ойла йиний аш/ Шуна гиний и аш /шена/ 1ибадат деш хилларг -
76.Аша а , шун хьалхара /шира/ дайш а ? /шена 1ибадат дан хьакъдолш х1умнаш ю тов уьш ?/
77.Баккъалла а уьш /шун деланаш/ сан мостаг1 /ма/ ву , 1аламийн Дела воцург ,
78.Ша со кхоьллина волу , И ву со нисвийриг ,
79.И ву Ша суна даа , мала лушверг ,
80.Со цомгуш хилча , И ву суна г1оли йийриг /дарба дийриг , товийриг/ ,
81.Ша со кхалхориг , цул т1аьхьа Ша со денвийриг ,
82.Ша суна сан г1алат /къа/ , бекхаман дийнахь , гечдаре ас сатуьйсарг /догдохург/ .
83./х1ай/ Сан дела ! Лохьа суна хаар /хьекъал , кхетам/ , д1атохахь /вехьа/ со /дуьненахь , эхартахь Хьан лайшха/ дикачарах
84.Дехьа суна т1аьхьарчарна юкъахь диканиг алар /диканца хьахор , хаза ц1е яккхар/
85.Вехьа со зовкхан ялсаманин верасашха /цу чохь буьсур болчарех/
86.Гечдехьа сан дена , баккъалла а тиллачарех варкха иза
87.Ма вехьа со сийсаз уьш г1овтточу дийнахь
88.Бахамо а , к1енташа /бераша/ а /цхьанне а/ пайда ца бечу /г1о ца дечу/ дийнахь
89.Ша ц1енчу /бехдаза/ дагца Аллах1ан т1евеънарг воцучунна"
90./оцу дийнахь/ Йалсамани гергайалийра /Делах/ кхоьручарна /кечйина/
91.Жоьжахате гучуйаьккхира 1ехабеллачарна /тилабеллачарна , цуьнан чам хаийта/
92./т1аккха/ Цаьрга элира :"Мичахь ду аш /дуьненахь/ шена 1ибадат деш хилларг ,
93.Аллах1 витина ? Дой цара шуна /тахана/ г1о , йа шайна /мукъане/ г1о дой цара ?
94.Т1ек1ел юьхьарбиттира уьш цу /жоьжахат/ чохь , уьш а , 1ехабелларш /тилабелларш/ а .
95.Иблийсан эскарш а - дерриге .
96.Цара элира , шаьш цу чохь къийсалуш :
97."Аллах1ора , Баккъалла а тхо билгалчу тиларехь ма хилла ,
98.оха шу 1аламийн Делаца нисдечу хена .
99.Тхо тилийна дац , къадечара бен .
100.Тхан бац /шафа1атна/ т1ех1уьттарш а ,
101./гергар/ хьоме доттаг1 а .
102./давискха/ Баккъалла а тхан /цкъа дуьненчу/ юхадерзар делхьара , /т1аккха диканиг дина / тхо тешначарех хила"
103.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
104.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .
 

105.Харцбира Нухьан къомо геланчаш .
106.Церан вашас - Нухьас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
107.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
108.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
109.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
110.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
111.Цара элира :"Тхо хьоьх /муха/ теша , хьуна т1аьхьах1иттанарш /уггар/ г1аддайнарш /декъазнаш/ хилча ?"
112.Цо элира :"Соьгахь х1ун хаар ду цара лелош хиллачунца ?
113.Церан хьесап /ма/ дац , Сан Далла т1ехь бен . Шуна /и/ хаахьара /хиъна хир дара шуна и Цуна т1ехь хилар/ .
114.Со ма вац муъманах /сайха/ лелхор /къахкор/ болш
115.Со ма вац , билгала д1ахьедархо бен" .
116.Цара элира :"Х1ай Нухь ! /нагахь санна/ Хьо /хьан кхайкхамах/ ца сацахь , /шайна/ т1улгаш диттанчарех хир ма ву хьо"
117.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а сан къомо харцви со .
118.Кхел йехьа суна а , царна а юкъахь . К1елхьарваккхахь со а , муъманахех соьца верг а !"
119.Оха к1ехьарваьккххира иза а , ша цуьнца верг а доьттинчу х1ордкеманахь
120.Цул т1аьхьа Оха хин буха бахийтира бисанарш
121.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
122.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .
 

123.Харцбира 1адаш геланчаш
124.Церан вашас - Х1удас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
125.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
126.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
127.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
128.Аш юг1у х1ор гу /барз/ т1ехь /г1ишлонах/ билгало /цуьнга хьашто йоцушнехь/ шаьш самукъадоккхуш /ловзуш/ ,
129.х1иттайо б1аьвнаш /г1аланаш/ , шаьш гуттар латтаре догдохуш ,
130.шаьш ка тоьхча /та1зар дича , г1уда тоьхча/ аш къиза /дера/ ка туьйхира ?
131.Аллах1ах кхера /ка тохарехь/ , суна муьт1ахь хила
132.Шу кхера , Ша шуна /зовкхашха/ девзариг шуна деллачух .
133.Цо шуна делла даьхни а , к1ентий /бераш/ а , бошмаш а ,
134.шовданаш /татолаш/ а
135.Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь /хир долчу/ доккхачу дийнан 1азапех"
136.Цара элира :"Цхьатерра ду тхуна , ахь /тхуна/ хьехам бича а , йа хьо хьехамхойх ца хилча а .
137.Х1ара ма дац , хьалхалерчийн г1иллакх /ламаст/ бен .
138.Тхуна 1азап дийра ма дац"
139.Цара харцвира и , т1аккха Оха х1аллакбира уьш . Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
140.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .

141.Харцбина Самудаш геланчаш
142.Церан вашас - Салихьас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
143.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
144.Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила .
145.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
146.Шу /шаьш/ дуьтур ду /моьтташ ду/ тов х1окху /зовкхехь/ кхузахь /дуьненахь/ маьрша ,
147.бошмашкахь а , шовданашкахь /татолашкахь/ а ,
148.ялташкахь а , шен ч1ениг ховха /экам/ йолчу хурманашкахь а ,
149.лаьмнех говза /дозаллийца/ ц1енош  цоьстуш /деш/ а ?
150.Аллах1ах кхера , хила суна муьт1ахь !
151.Ма хила телханчеран балхана мут1ахь ,
152.шаьш лаьттахь /зуламе/ бохамаш беш , диканиг ца деш болчу .
153.Цара элира :"Баккъалла а , хьо /ма/ ву /и/ талхийначарех /бозбуанчалла , г1омалла хиллачарех/ .
154.Хьо /ма/ дац тхоьга терра адам бен . Йалайе /цхьа/ билгало /нагахь санна/ хьо бакълуьйчарех велахь"
155.Цо элира :"Х1ара стен эмкал ю , цуна а малар /дакъа/ ду , шуна а ду билгалчу дийнан малар /дакъа/ .
156.Хьакха ма лолаш цуьнах вонца , /ткъа аш цуна во дахь/ т1аккха доккхачу дийнан 1азапо д1алоцур ду шу !"
157./амма ла ца доьг1на/ Урс хьаькхира цара цуна , /т1аккха/ хилира уьш дохкобоьвлла .
158.1азапо д1алецира уьш . Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
159.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .
 

160.Харцбира Лут1ан къомо геланчаш .
161.Церан вашас - Лут1ас цаьрга элира :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
162.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
163.Аллах1ах кхера , хила суна муьт1ахь .
164.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
165.1аламашха /Дала шайна кхоьллинчух , безамца/ божаршна дог1у /т1ег1ерта/ шу ,
166.аш /муха/ дуьту шун Дала шун зударех шайна кхоьллинарг /магийнарг/ ? Мелхо а , шу /шайн зуламехь хьаналчух/ т1ехдаьлла къам /нах ма/ ду
167.Цара элира :"Х1ай Лут1 ! Хьо /айхьа дуьйцучух/ ца сацахь , хьо хир ма ву /махках/ арабаьхначарех !"
168.Цо элира /цаьрга/ :"Баккъалла а со шун 1амална гамоне /ачоне/ чарех ма ву .
169.Х1ай сан Дела ! К1елхьарваккхахь со а , сан доьзал а цара лелочух !"
170.Оха к1елхьарваьккхира иза а , цуьнан доьзал а - берриге а ,
171./х1аллак хила/ бухбисанчарна юкъахь /йолу цуьнан/ къена зуда йоцург .
172.Т1аккха Оха х1аллакбира /этира бисана/ вуьйш .
173.Оха царна т1е /т1улген/ дог1а делхийра . Ма вон /буьрса/ даркха /шайна/ д1ахьединчеран дог1а .
174.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
175.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .

176.Боьлак дайша харцбира геланчаш .
177.Церан вашас - Шу1айба элира цаьрга :"Шу /Делах/ ца кхоьру ?!
178.Баккъалла а со тешаме элча /ма/ ву шуна .
179.Аллах1ах кхера , хила суна муьт1ахь .
180.Ас ца йоьху шоьга цу т1ехь ял /са/ . Сан ял ма йац 1аламийн Далла т1ехь бен .
181./терзан/ Барам буьззина /кхоччуш нийса/ д1ало , шу ма хила /терза/ эшочарех .
182.Нийсачу терзанца оза .
183.Ма эшайе нахана церан х1умнаш , шу ма лела лаьттахула бохамаш беш .
184.Шу кхера , шу а , /шул/ хьалхара кхоллам /х1у/ а Ша кхоьллинчух".
185.Цара элира :"Баккъалла а , хьо /ма/ ву /и/ талхийначарех /бозбуанчалла , г1омалла хиллачарех/ .
186.Хьо /ма/ дац тхоьга терра адам бен . Баккъалла а тхуна хьо харцлуьйчарех ма хета
187.Ахь эгайе тхуна т1е /г1уданна/ стиглара кескаш /аьхкаш , геригаш/ , /нагахь санна/ хьо бакълуьйчарех хиллехь /велахь/"
188.Цо элира :"Сан Дела т1ех дика хууш ву аш лелориг"
189.Харцвира цара и , т1аккха уьш д1алецира бодане /хьуламе/ дийнан 1азапо . Баккъалла а доккхачу дийнан 1азап дара /хиллера/ иза .
190.Баккъалла а цуьнгахь /хьехаме/ билгало ма ю /ойла ечунна/ , делахь а царех дукхахберш тешаш бацара .
191.Баккъалла а хьан Дела , Иза /сийлахь/ нуьцкъала , къинхетаме ма ву .

192.Баккъалла а и /къуръан/ , 1аламийн Делан доссор /Цуьнгара доьссина/ ма ду .
193.Тешаме /Джабраилан/ са доьссина цуьнца
194.хьан даг т1е , хьо хилийта д1ахьедечарех
195.билгалчу 1арбийн маттахь .
196.Баккъалла а и /къуръанан маь1наш хьахор/ хьалхарчеран жайнашкахь ма ду
197.Исраилан к1ентийн /жуьктийн/ 1еламнахана и хаар билгало ца хилла-те царна ?
198.Оха и /къуръан , 1арбой боцуш/ кхечу къомах цхьанна т1е а доссийна ,
199.цо царна и дешча , тешар /ма/ бацара уьш цуьнах .
200.Иштта чудиллина Оха и /харцдар/ къадечеран дегнашчу .
201.Уьш ца теша цуьнах /бакъдолчух/ , шайна /шаьш/ лазо 1азап галлалц .
202.Ц1аьххьана дог1у царна и /1азап/ , царна /и дог1уш/ хаа ца луш .
203./т1аккха/ Цара /дохкобовле/ олу :"Вай /1азапна к1еззиг/ т1аьхьатоттий-те /дика дийр ма дара вай/ ?"
204.Тхан 1азап сихдо цара ?! 

205.Хьуна гирий , Оха цаьрга /дуккха а/ шерашкахь /заманахь/ зовкх хьегийтана ,
206.цул т1аьхьа /1азапех/ шайна ч1аг1о еш хилларг
царна деача ,
207.уьш /цуьнах/ хьалхабохур ма бацара шайга хьегийтана хиллачу зовкхо ?
208.Оха х1аллак ма ца йина цхьа а юрт , цуьнан /юьртан баьхкина/ д1ахьедийраш /элчанаш/ болш бен
209./царна/ хьехамна . Тхо дацара зуламе /уьш цул т1аьхьа х1аллакбарехь/
210.Ца диссина цуьнца /къуръанца/ шайт1анаш ,
211.царца дог1уш дац /и/ , /хилчи а/ церан ницкъ /ма/ ца кхочу /и дан/.
212.Баккъалла а уьш /шайт1анаш , охьадоссочу къуръане/ ладог1арха генадаьхна /духатоьхна/ ма ду
213. Ахь ма кхайкха Аллах1аца кхин дела , т1аккха хьо /шайна/ 1азапдечарех хила /хьакъ ца хилийта/
214.Д1ахьеде уллерачу /юххерачу/ хьан тайпане /ц1ийна нахе/ .
215.К1еда-мерза хила муъманахех хьайна т1аьхьах1иттанчарца .
216./нагахь санна/ Уьш хьуна 1еса хилахь , ахь /цаьрга/ ала :"Баккъалла а со ц1ена ву-кх аш лелочух"
217.Хьо т1етовжа нуьцкъалчуна , къинхетамечуна ,
218.Ша гушволчу хьо а , /ламазна/ хьо д1ах1уттучу хена ,
219.хьан д1асхьахьежар /хилар/ а , горабахначарна юкъахь
220.Баккъала а И ву И хезашверг , хуушверг .
221.Ас д1ахаийтий шуна шайт1анаш хьанна т1едуьссу ?
222.Уьш /дера/ дуьссу х1ор харцлуьйчуна , къадечуна т1е .
223./малийкашка/ Ладуг1у цара /къайле хаархьама/ , /делахь а/ царех дукхахдерш харцлуьйш ду .
224.Илланчаш - царна т1аьхьах1уьтту /шайн сонталлийна/ 1ехабелларш /тилларш/
225.Хьуна ца гина , баккъалла а уьш массо а /къамелан/ тог1ехь кхерстар а ,
226.баккъалла а цара шаьш ца дийриг алар /дийцар/ а ,
227./царех/ шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , /шайн къамелехь/ Аллах1 дукха хьахийнарш а , /шаьш шайн маттаца бусалбанахана/ г1одинарш а боцурш /керстано царна/ зуламдинчул т1аьхьа . Шаьш зуламдинчарна хуур /ма/ ду , муьлхачу дерзаре /чаккхене/ шаьш боьрзур бу .