Тидар



27 - Сурат Аннамл /Зингаташ/
(Маккахь доьссина ‚ 93 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу

 


1.Т1о , сийн . /Аллах1 т1ех дика хууш ву царех  Шена  луург/ . Х1орш къуръанан а , билгалчу жайнан а аяташ ду
2./шаьш тиларха/ Нийса некъ а , /шайха/ тешачарна /ялсаманийца/ кхаъ а болуш
3.Шаьш /кхачаме/ ламаз х1оттош /деш/ , закат луш , эхартах /и т1едарех/ догтешна шаьш болуш
4.Баккъалла а шаьш эхартах цатешарш , Оха царна хазйина шайн /ирча/ 1амалш . Уьш боьхна лела /хьайре хилла/
5.Уьш - шайна /дуьненахь/ 1азапан вон /гур/ дерш бу , уьш - эхартахь шаьш /массарел а сов/ эшнарш /зен хиндерш/ бу
6.Баккъалла а хьоьга /Мухьаммад/ къуръан кхочу /ло , ахь и схьаоьцу/ кхетамечуьнгара , хуучуьнгара
7./хьахаде/ Мусас элира шен доьзалга /ох1улуне новкъах тилавелла ша вог1уш/ :"Баккъалла а суна /геннахь цхьа / ц1е хааели /ги/ , ас цуьнах /цун т1ебоьдучу некъах/ хаам бохьур бу шуна , я ас /цуьнах/ шуна хаьштиг - /богу/ к1ега бохьур бу . /т1аккха/ Шу дохдала тарло"
8.Ткъа и цуна т1евеанчу хена , цуьнга кхайкхира :"Беркате /сийлахь , декъала/ хили ц1ергахь верг а , /малийкех/ цуна гонаха верг а . Ц1ена ву Аллах1 - 1аламийн Дела"
9.Х1ай Муса ! Баккъалла а /хьоьга вистхуьлург/ , Со ву сийлахь , кхетаме /волу/ Аллах1 .
10. Охьакхосса /таса/ хьан /карар/ 1аса !". Шена и гинчу хена /ша/ меттаххьуьйш /сетташ/ , баккъалла а ша /моьлкъа санна чехка/ текхарг болш санна , д1ахьадира и букътоьхна , /кхераваларна/ юха ца хьаьжира /ца вирзира/ и . /т1аккха Дала элира/ "Х1ай Муса ! Ма кхера /хьайна гучух/ ! Баккъалла а Со , Сайна гергар /болу/ геланчаш /цуьнах , кхечух/ ца кхоьруш /ма/ ву
11.Ша /царех/ зулам динарг воцург , цул т1аьхьа /ша и/ хийцина диканца /дохковаларца , ша динчу/ вочул т1аьхьа . Баккъалла а Со гечдийриг , къинхетамениг ву"
12.Хьан куьг хьан /г1аг1ан/ чоьта долла , иза арадер ду /хьуна Сан пурбанца/ к1ай /нуьре хилла/ , /шеца цхьа а/ во /сиркхонах х1ума/ доцуш . Фир1авне а , цуьнан къоме а /гайта хьоьга Оха еллачу/ исс билгалонах /билгало ю и/ . Баккъалла а уьш хиллера песакъ къам /нах/
13.Шайга Тхан билгалонаш йаьхкинчу хена /шайна/ гуш /йолш/ , цара элира :"Х1ара билгала бозбуанчалла ду"
14.Цара /къобал ца деш/ юхатуьйхира уьш зуламца а , дозаллийца /кураллийца/ а шайн синош царех /уьш делера хиларх дог/ тешна долшнехьа . Хьажа муха хилла бохамбечеран /талхорхойн/ чаккхе /т1аьхье/
15.Бакъ долш Оха делла Давудана а , Сулайманна а хаар . Цаьршимма элира :"Хастам бу Аллах1ана , Ша тхо толийначу /г1оли , бакъхьа хетначу/ Шен муъма лешха дукхахболчарна т1ехь"
16.Сулаймана ирс /пайхамаралла , паччахьалла , 1илма/ ийцира /шен дех/ Давудах /цул т1аьхьа/ . Цо /Сулаймана/ элира :"Х1ай нах ! Тхуна /Дала/ 1амийна /кхетийна/ олхазарийн мотт /къамел/ , тхуна /суна а , со санна чаьрна а/ делла массо а /пайхмаршна , паччахьашна лучу/ х1уманах . Баккъалла а х1ара , /Делера/ билгала толор /комаьршо/ ду /суна/
17.Д1агулдира Сулайманна цуьнан эскарш /б1ахой/ жинех а , адамех а , олхазарех а /долу/. Уьш /низамехь/ д1асадоькъу /д1анисдо шайн декхаршна/
18.Уьш /сулайман а , цуьнан эскарш а/ зингатийн тог1е /боьра/ кхаьчча , /коьртачу/ зингато /уьш шена гина/ элира :"Х1ай зингатий ! /чехка/ Шайн баннаш /х1усамаш/ чудовла ! Шу ма хьешийла /кегдойла/ Сулаймана а , цуьнан эскарш а , шайна /шу новкъахь дуй хаа/ ца хууш .
19.Вела къежира и /Сулайман/ цуьнан /зингатан/ дешах /тамашбина/ . Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Сан дагчохь сацадехьа /дагчу диллахь/ Хьан зовкхана баркалла алар , ша Ахь суна а , сан дена-нанна а делла долчу , /иштта/ ас диканиг дан а Хьо шена реза волу , Хьан къинхетамца со хьан дикачу лешха д1атохалахь"
20.Цо лехира /шен хьаштана х1уттут/ олхазар , т1аккха /шена и ца гича/ цо элира :"Х1ун ду суна /хилларг/ , х1уттут ма ца го суна ? Я /кхузахь/ доцучарех дара и /олхазар/ ?
21.Ас буьрса та1зар дийра ма ду цунна , я урс хьокхур ма ду цунна , я и суна билгалчу бухца /бехказлонца/ йог1ур ма ю
22.Еха ца лаьттира и . /еана кхаьчна/ Цо /х1уттуто/ элира :"Хьуна /х1ай Сулайман/ ца девзинарг девзи /хиъна/ суна . Ас хьуна деана Сабаэра бакъ /билгал/ хабар
23.Баккъалла а суна карийра зуда царна /сабаъ къомана/ паччахьалла деш . Массо а /паччахьан оьшу/ х1уманах /х1ума/ делла цуна . Йоккха /исбаьхьа/ васхал /паднар/ а ю цуьнан
24.Суна карийра иза а , цуьнан къам а маьлхана гораг1уш /сужуд деш/ Аллах1 а витина /маьлхана 1ибадат дарца/ . Шайт1ано хазйира цаьрна шайн 1амалаш /Далла сужуд ца дар/ , цо бухатуьйхира /д1ахьовзийра/ уьш /нийсачу/ новкъах , /цундела/ уьш нисцало /царна ца бевза нийса некъ/
25./шайт1ано бухатуьйхира/ Уьш Аллах1ана гора ца бахийтархьама , Ша схьадоккхуш /1орадоккхуш/ волу стигланашкахь а , лаьттахь а /мел долу/ хьуламениг , хууш волу аш хьулдийриг /къайладоккхург/ а , гучудоккхург а
26.Аллах1 /ву Шена 1ибадат дан хьакъверг/ - кхин дела вац И воцург , сийлахьчу васхалан /1аршан/ Дела /да/ волу
27.Цо /Сулаймана/ элира :"Хьовсур ду вай бакълийна хьо я харцлийначарех хилла хьо .
28.Х1окху сан кехатца г1ой царна /Билкъийсана/ и охьа а тасе т1аккха царех юьстах а йале хьажа цара х1ун сацам бо /жоп ло/"
29.Цо /Билкъийса/ элира :"Х1ай элийн пхьоьг1а ! Баккъалла а Соьга лераме кехат тесна /кхаьчна/
30.Баккъалла а и /кехат/ Сулайманера ду . Баккъалла а и /цуьнан чулацам/ "Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу" .
31.Даз ма ло суна ! Суна т1едуьйла /Аллах1ан/ муьт1ахь хиле"
32.Цо элира :"Х1ай элийн пхьоьг1а ! Хьехар деша суна сан белхехь , со ма яц х1ума хадор долш шу сайна юххехь доцуш"
33.Цара элира :"Вай ницкъан а , ч1ог1ачу г1оран а дай ду . /делахь а/ Болх /цуьнан сацам/ хьоьга /хьан карахь/ бу , хьажахь х1ун омру до ахь /тхоьга , тхо муьт1ахь хир ду хьуна/
34.Цо /Билкъийса/ элира :"Баккъалла а паччахьаш /шайна дуьхьал йаьлла/ юьрта /толамца/ чубаьхкича , талхийна /йохийна/ и , цуьнан сийлахьнаш /шайна муьт1ахь хилийта/ сийсаз бина . Иштта до цара /и/
35.Баккъалла а ас царна совг1ат а дахьийтана хьожур ю со /ладуг1ур ду ас/ стенца буха боьрзу геланчаш"
36.И /геланча совг1аташца/ Сулайман волчу веанчу хена , цо /Сулаймана/ элира /цаьрга/ :"Суна г1о дан /со шайна т1еверзо/ г1ерта шу /шайн/ бахамца ? Аллах1а суна /пайхамараллех а , паччахьаллех а/ делларг тоьлуш /дика/ ма ду /Цо/ шуна /дуьнена хазаллех/ деллачул а . Мелхо а , шу шайн совг1атах /тамашбеш/ даккхийдоь .
37./Сулаймана Билкъийсан геланче элира/ Вухаверза цаьрга /хьан совг1атца/ ! /ахь д1аала цаьрга , Делора/ Тхо царна дог1ур ма ду церан шеца /ларо/ ницкъ /хир/ боцучу эскаршца . Оха арабохур ма бу уьш цу /шайн Сабаъ махка/ чуьра юьхь1аьржа х1иттийна , шаьш сийсаз болш /бохийна , охьата1ийна/
38.Цо /Сулаймана/ элира :"Х1ай элийн пхьоьг1а ! Шух муьлхачо йохьур яра суна цуьнан /Билкъийсан/ васхал /паднар/ , уьш суна т1екхачале /Аллах1ан/ муьт1ахь хилла ?
39.Жинашха /уггар/ буьрсачо элира :"Ас йохьур ю-кх хьуна и , хьо хьайн меттигера /пхьоьг1анера/ хьала г1аттале . Баккъалла а со цу т1ехь нуьцкъала , тешаме ду"
40.Шегахь жайнара хаар долчо элира :"Ас йохьур ю-кх хьуна и , ахь б1аьрг-нег1ар тохале". /ткъа/ Цуна и гинчу хена шена хьалха /гергахь/ лаьтташ , цо элира :"Х1ара сан Делан комаьршонех ду , Ша со зерхьама ; Ас /зовкхана/ баркалла олу /те/ йа керстаналла до /те хьажар дуьхьа/ . Ша баркалла аьлчо , баккъалла а шен дег1ана /шена/ баркалла олу , ткъа ша /зовкхаца/ керстаналла динчо /шена до/ , баккъалла а сан Дела хьоле /церан баркалле хьашт воцуш тароне/ , лераме ву
41.Цо /Сулаймана/ элира :"Ца йовззал хийца цуна шен васхал /паднар/ , хьовсур ду вай нисло и /шен васхал йовзаре , каръяре/ йа шаьш ца нислочарех хир ю и"
42.Ткъа и /Билкъийс/ схьаеанчу хена , /цуьнга/ элира :"Иштта юй хьан васхал /паднар/ ?" Цо /жоп луш/ элира :"Баккъалла а и йолш санна юкх и . Тхуна /Дала/ хаар делла цул хьалха , тхо хилира /Далла/ муьт1ахь"
43./Далла 1ибадат дарха/ Юхатуьйхира /сацийра/ и /Билкъийс/ Аллах1 витина /шена/ цо 1ибадат деш хилчо /я Сулаймана сацийра и Билкъийс Аллах1 воцуш кхечунна деш хиллачу 1ибадатах/. Баккъалла а иза /Билкъийс/ цатешачу /малхан лолла дечу/ къомах яра
44.Цуьнга элира :"Г1ишло чуйала !" Шена и гинчу хена , /чекхсагуш хиларна/ хина к1урк1мане ю моттаделира цуна и , /т1аккха/ шен /юх т1ад ца йалийта хьалатесна/ шиъ ност гучуйаьккхира цо . Цо /Сулаймана/ элира /цуьнга/ :"Баккъалла а иза аьнгалин /шера/ лекха /нуьцкъал/ г1ишло ю". Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а ас зулам динакх сайн дег1ана /сайна , айса лелийначуьнца/ . /х1инца/ Со муьт1ахь хили Сулайманца Аллах1ан , 1аламин Делан"
45.Бакъ долш , Оха хьажийра /вахийтара/ Самудашка церан /къоман/ ваша - Салихь /пайхамар/ , "Аллах1ан /цхьаъварца/ 1ибадат де" /аларца/ . Ткъа уьш /царех/ къийсало шиъ тоба /хилира/
46.Цо /Салихьа/ элира :"Х1ай сан къам ! Х1унда сихдо /кхойкху/ аш вониг дикачул хьалха ? Аллах1е гечдардехахьара аша , /жоп даларца/ къинхетам бан тарлора /Цо/ шух" .
47.Цара /жоплуш/ элира :"Ойла йоьжна /дог даьлла/ тхан хьоьх а , хьоьца болчех а /тхайна гинчу вочу билгалонна/ . Цо элира /цаьрга жоплуш/ :"Шун ойла йожар /дог далар/ Аллах1ан гергахь ду /бекхам хир болш/ . Мелхо а , шу зуьйш къам ду"
48.Оцу шахьарехь /коьрта/ исс стаг /накъост/ вара , /цу/ лаьттахь бохамаш лелош , диканиг ца деш .
49.Цара /вовшашка/ элира :"Дуй баа /ч1аг1о йе массара/ Аллах1аца , х1окху буса вай х1аллак бийра ма бу иза а , цуьнан доьзал /динвежарий/ а . Цул т1аьхьа вай эра ма ду цуьнан верасе :"Тхо дацар цуьнан доьзал х1аллакбечохь . Баккъалла а тхо бакълуьйш /ма/ ду" /аьлла/
50.Ямартлонца /тешнабехкаца/ мекарло йира цара /Салихьна дуьхьал/ . Оха а йира /царна/ х1илланца /бекхам беш та1заран/ мекарло . Царна /и та1зар т1едог1ий/ хууш доцуш .
51.Хьажа муха хилла церан мекарлонан чаккхе /т1аьхье/ . Баккъалла а Оха /ц1ог1анца/ х1аллак бира /бохийра/ уьш а , церан къам а - /уьш/ берриге
52.И церан х1усамаш ю /царех/ йаьсса /эрна , йоьхна лаьтташ/ цара динчу зуламна . Баккъалла а цуьнгахь /Оха царех динчуьнгахь кхетаме/ билгало ма ю /Тхан ницкъ мел бу/ хуучу /хьекъалечу/ къомана /нахана/
53.Оха /цу та1заран/ к1елхьарбехира шаьш /Салихьах/ тешнарш а , /Делах/ кхоьруш хилларш а
54.Лут1 а /хьажийра Оха шен къоме/ , цо элира шен къоме :"Ирчаниг /боьханиг муха/ до аш , шайна /и ирча хилар/ гуш /хууш/ долш ?
55.Стегаршна /муха/ дог1у шу безамна /Дала шайна кхоьллина/ зударий битина ? Мелхо а , шу сонта /энжеде/ къам /ма/ ду"
56.Цуьнан къоман жоп /ма/ дацара цара алар /доцург/ бен :"Арадаккха /лалла/ Лут1ан ох1лу шайн юьртара ! Баккъалла а уьш /вай лелочух/ ц1анло /реза доцуш/ адамаш ду"
57.Т1аккха Оха к1елхьарваьккхира иза а , цуьнан доьзал а , цуьнан зуда йоцург . Оха /х1аллак хила/ бухабисанчарех лерира иза .
58.Оха /т1улге/ дог1а делхийра царна т1е . Ма вон ду-кх /шайна/ кхерамтесначеран дог1а
59.Ахь ала :"Хастам бу Аллах1ан . /салам/ Маршалла ду Цо шаьш хаьржинчу Цуьнан лайшна . Аллах1 тоьлуш /дика/ ву я цара /Цуна/ декъаховийриг ду /тоьлуш/ ?"
60.Я /мелхо а/ Ша стигланаш а , латта а кхоьллина , шуна стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг /вац ткъа тоьлург/ , Оха шеца хаза /исбаьхьа/ бошмаш кхиийна . Шун /ницкъехь ма/ дацар цуьнан /деккъа цхьа/ дитт кхиор . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Мелхо а , уьш /кхиверг Аллах1ех/ д1атарвеш къам /ма/ ду
61.Я Ша латта /цхьанахь/ сецна /ца техкаш/ дина , цуна юккъехула татолаш далийна , цуна /т1ехь и ч1агдеш/ лаьмнаш доьг1на , шина /дуьри а , тези а/ х1ордан юкъахь /цаэйта/ дуьхьало йинарг /вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Мелхо а , царех дукхахболчарна ца хаа /и/
62.Я Ша г1айг1анехь /хьаштонехь , гаттонехь/ волчуна жоплуш , цо шега кхайкхача , /цунах/ во д1аойъуш /д1адоккхуш/ , шу лаьттан верасаш деш верг /вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Ма к1еззиг ойла йокх аш /цуьнан/ !
63.Я Ша аренан а , х1ордан а боданашкахь шу /седарчашца , билгалонашца/ нисдеш , Ша Шен къинхетаман /дог1ан/ хьалха , къаъца /мела/ мехаш хьежориг /дохкуьйтург вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дела ? Аллах1 лакхавели /ц1анвели/ цара /Шеца/ декъашховечух /ц1уйх/ .
64.Я Ша /халк/ кхоллар долош , цул т1аьхьа и /кхелхача/ юхакхуллуш , Ша шуна стиглара а , лаьттара рицкъа луш верг /вац ткъа тоьлург/ . Вуй ткъа аллах1аца кхин дела ? Ахь ала /цаьрга/ :"Схьабалабе /схьагайта/ шайн /шаьш бакъ хиларан/ бух . Шу бакълуьйш хиллехь /делахь/
65.Ахь ала /цаьрга/ :"Стигланашкахь а , лаьттахь а долчунна /малийкашна а , адамашна а/ ца хаа /къемат де х1оттаран/ къайле , /цхьа Аллах1а воцучунна . /делахь а/ Царна тоса ца ло /ца хаа шаьш/ маца г1иттор /дендийр/ ду
66.Мелхо а , церан /цуьнах долу/ хаар эхартахь /бен/ т1екхиъна /дац/ . Мелхо а , уьш цуьнах шеконехь бу . Мелхо а , уьш цуьнах б1арзе бу .
67.Шаьш /Делах/ цатешначара элира :"Тхо а , тхан дай а чан хилча , баккъалла а тхо /тхан кешнашчуьра ден дина/ хьаладохур ду те ?
68.Бакъ долш , х1ара ч1аг1о тхуна а , тхан дайшна а хьалха дуйна йина . Х1ара ма дац хьалхалерчийн туьйранаш /аьшпаш/ бен .
69.Ахь ала :"Лаьттахула д1асхьа а дуьйлалой , хьовса муха хилла къадечеран чаккхе /т1аьхье/ !
70.Царна /уьш ца тешнера але/ г1айг1ане ма хила хьо . Цара лелочу мекарлонна /ямартлонна озалой/ са ма гатделахь !
71.Цара олу :"Маца ю и /аш 1азапца йина/ ч1аг1о шу бакълуьйш хилча ?"
72.Ахь ала :"Шуна герга хила тарло ша аш /1азапех/ сихден цхьадерг"
73.Баккъалла а хьан Дела адамашна комаьршон /къинхетаман/ да ву , делахь а царех дукхахболчара /цунна/ баркалла ца олу .
74.Баккъалла а хьан Далла /хаа/ ма хаа церан кийранаш /дегнаш ша/ хьулдийриг а , /церан меттанаш ша/ гучудоккхург а .
75.Стиглахь а , лаьттахь а цхьа а хьуламениг /х1ума ма/ дац /ша/ билгалчу жайнахь /д1айаздина Далла хууш/ долш бен
76.Баккъалла а х1окху къуръано Исраилан к1енташна дуьйцу уьш шегахь бекъабеллачух /церан ойла цхьанацайог1учух/ дукхахдерг
77.Баккъалла а и /къуръан/ муъманахана нийса некъ а , къинхетам а ма бу
78.Баккъалла а хьан Дала кхел йийра ма ю царна юкъахь Шен /нийсачу/ хьукманца . Иза сийлахь /нуьцкъал/ верг , /Ша дийриг/ хууш верг ву
79.Аллах1ан т1етовжа /Цуьнах тешна/ ! Баккъалла а хьо билгалчу бакъдолчун т1ехь ву
80.Баккъалла а хьуна д1ахазийталур бац /хьан/ кхайкхам /ирахь лелаш болш/ беллачарна а , д1ахазийталур бац /бакъдолчух/ къорачарна а , уьш букътоьхна д1ахьоьвдича
81.Хьо ма вац ба1ьрзенаш шайн тиларха нисбийр болш . Хьуна д1ацахазийта ло ша Тхан айаташха тешачунга а , шаьш /Аллах1ан/ муьт1ахь /догц1ена/ болчаьрга а бен .
82./1азапца ч1аг1о йина/ Дош царна /бакъ хилла/ т1едоьжча /т1ех1оьттича/ , Оха царна лаьттара хьаладоккхур ду ша цаьрга дистхуьлу цхьа хьайба /дийнат/ , баккъалла а адамаш Тхан /къуръанан/ айаташха догцатешаш хиллера /аларца/
83./хьахаде/ Оцу /къемата/ дийнахь х1ор къомах цхьа тоба гулйийра йу Оха , Тхан айаташ харцдечарех . Уьш /т1аьхьар/ лоьхкур /тоьттур/ бу .
84.Уьш /Далла хьалха/ д1акхаьчча /жоьпан д1ах1иттача/ , Цо /Дала/ элира :"Аш харцдира Сан айаташ /билгалонаш/ , шаьш церан гобина боцуш хаарца /шайна уьш девзина доцуш/ ? Йа х1ун деш дара шу ?" /амма церан дала жоп ца хилира/
85./т1аккха 1азапан/ Дош /хьакъ хилла/ т1едуьйжира царна , цара зулам дарна . /дала жоп ца хиларна/ Уьш бист ца хуьлу .
86.Царна ца гина ткъа , баккъалла а Оха , царга шена чохь сада1ийта /бодане/ буьйса йар /кхоллар/ а , /шайн г1уллакхе хьовса/ гуш /сирла/ де дар а ? Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю тешачу къомана /нахана/ .
87./хьахаде , Исрапил малийко шен/ Зурма /чу х1уп аьлла/ д1алокхчу дийнахь , стигаланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг /кхераделла/ 1адийра , ша Аллах1ан /шен дог ч1аг1дан/ лиънарг воцург . Массо а баьхкира Цуна /хьалха/ муьт1ахь хилла /хьастабелла/
88./зурманчу х1уп олучу хена хьайна лаьмнаш гича/ Хьуна го и лаьмнаш , /даккхий хиларна/ хьайна шаьш севцина /лаьтташ/ хеташ /моьттуш/ , ткъа уьш лелаш ду /мох баьлча/ марха ма леллара /чехка/ . Аллах1ан болх /кхоллам/ бу /иза/ , Ша массо а х1ума говза /кхачаме/ динчу . Баккъалла а Иза , хууш ву аш дийриг
89.Ша /цу къемата дийнахь/ диканца веанарг , цуна /бекхамна/ цул диканиг /хир/ ду . Уьш 1адорах /кхерамах/ оцу дийнахь маьрша /хир/ бу
90.Ша вонца веанарг , церан яххьаш /уьш/ ц1ерга тийсина /эгийна , херцийна/ . Шуна бекхам бой ткъа аш /дуьненахь/ деш хилларг /цуьнца/ бен ?
91.Баккъалла а соьга омру дина , х1окху /Макка/ шахьаран Далла 1ибадат дарца , Ша и /вочух/ йихкина волчу . Цуьнан ду массо а х1ума . /иштта/ Соьга омру дина бусулбанех /Далла муьт1ахь болчарех/ хиларца а .
92.Ас Къуръан дешарца а . Ткъа ша нисвелларг , баккъалла а шен дег1ана /шена/ нисло . Ткъа ша /нийса новкъах/ тилларг , ахь ала /цуьнга/ :"Баккъалла а со д1ехьедечарех /кхерамтосучарех/ ву /кхи вац/" .
93.Ахь ала :"Хастам бу Аллах1ан . Цо шуна гойтур ю Шен билгалонаш , /т1аккха/ шуна евзар ю уьш . Хьан Дела ма вац аш дечух чидам боцуш /и ца девзаш/" .