Тидар



28 - Сурат Алькъасас /Дийцар/
(Маккахь доьссина ‚ 88 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Т1о , сийн , мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/
2.Х1орш - /бакъдерг харцонах/ билгалдечу /гучудоккхучу/ жайнин аяташ ду
3.Оха хьуна доьшу /дуьйцу/ Мусан а , Фир1авнан а хабарха бакъонца , тешачу къомана /нахана дуьхьа/
4.Баккъалла а Фир1авн вазвелира /лакхавелира Миср шахьаран/ лаьттахь , цо йира цуьнан ох1лунах тобанаш , ша царех цхьаболчарна г1елойеш , /г1ело хьовх/ ша церан божабераш дойъуш , церан зударий бухабуьтуш . Баккъалла а бохамаш бечарех /адам талхочарех/ вара и
5.Тхуна лаьа Тхаьш дикадан /къинхетам бан/ шайна лаьттахь г1елойинчарна , уьш /диканехь/ тхьамданаш /баьччанаш/ бан а , уьш /Миср-шахьаран/ верасаш бан а ,
6.церан /уьш ч1аг1барца/ лаьттахь аьтто бан а , Фир1авнна а , Х1аманна а , цаьршинна эскаршна а царех /Исраилан берех/ гайта а ша уьш ларлуш /кхоьруш/ хилларг
7.Оха Мусан ненан дагехьийхира /дагчу тесира/ :"Вакхаве иза , ткъа хьо кхийрача цунна цхьаъ хиларх , х1ордчу кхосса и , ма кхера , г1айг1а ма йе . Баккъалла а Оха хьоьга вухаверзор /вухалур/ а ву и , геланчех вийр а ву и"
8.Фир1авнан ох1луно /хичуьра/ схьаийцира и /Муса/ , шайна и /т1аьхьа/ мостаг1 а , г1айг1а а хила . /х1унда аьлча/ Баккъалла а Фир1авн а , /цуьнан г1оьнча/ Х1аман а , цаьршинан эскарш а хат1е /къадеш/ дара /цундела Дала та1зар дира царна цуьнца/
9.Фир1авнан зуьдчо элира :"Суна а , хьуна а б1аьрган самукъа /хир/ ду /и , ша вайн б1аьрг бузуш , вай даккхий деш/ . Ма вейша иза ! Вайна пайда бан герга /ма/ ву и , я вай лоцу и /вайна/ доьзалхо" . Шаьш хууш боцуш /цуьнан карах шаьш х1аллак хирг хилар/
10.Муса ненан дог /и воцчух дуьнена массо а х1уманех/ дас делира . Баккъалла а иза герга яра /шегахь йолчу г1айг1анна/ цуьнах дерг /и шен к1ант хилар/ гучудаккха , Оха цуьнан дог ч1аг1 /те/ ца динехьара , и тешачарех /муъманахех/ хилийтархьама
11.Цо элира цуьнан йише :"Тергал вехьа /лахахь/ иза" . Цуна гира /хаавелира/ и геннара /къайлаха/ царна хууш доцуш
12.Оха цамагийра цуна /шен ненал/ хьалха /кхин болу и/ вакхораш . Цо /Мусан йишас/ элира :"Ас шуна гайти шаьш и шуна /вакхо/ т1елоцур /доладийр , кхобур/ болу ц1ийнан ох1лу , шаьш цуьнга доггах хьовсур болш ?"
13.Оха вухавелира шен нене , цуьнан б1аьрг /Мусах/ самукъане /синтеме/ хилийта а , /цуьнга/ са ца гатдайта а , цуна хаийта а баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ хилар , делахь а царех /Делах цатешачарех/ дукхахболчарна ца хаа /и/
14.И /Муса/ кхиъна ваьлла , г1еметтах1оьттинчу хена , Оха цуна делира кхетам /пайхамаралла/ а , /х1ума/ хаар /1илма/ а . Иштта бекхам бо Оха дикдечарна
15.Шахьар чувеара и /лечкъина/ , цуьнан ох1лу чидаме доцучу хена . Цуна карийра цу чохь вовшех леташ шиъ стаг ; х1ара /цхьаъ/ цуьнан тобанех /жуьгтех/ ву , ткъа х1ара /шолг1аниг/ цуьнан мостаг1ех /къибт1ех/ ву . Ша цуьнан тобанех волчо орцу дийхира цуьнга /Мусага/ цуьнан мостаг1ех волчун т1ехь . /т1аккха/ Мусас цуна /буй/ тоьхна вийра и . Цо /Мусас/ элира :"Х1ара шайт1ан болх бу . Баккъалла а , иза билгала , /нийсачу новкъах/ тилавеш /вохош/ мостаг1 ма ду"
16.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а ас зулам дикх сайн дег1ана , гечдехьа суна" . /цуьнан до1анна жоп делла/ Гечдира Цо цуна . Баккъалла а Иза гечдийриг , къинхетамениг ву
17.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Ахь суна динчу диканна /бинчу къинхетамна/ со хир ма вац /х1инцачул т1аьхьа/ къадечарна г1оьнча
18./ч1ирах/ Кхоьруш , д1асхьахьоьжуш 1уьренга велира и . Ткъа ша цуьнга селхана г1одехначо /шолг1ачу дийнахь юха а /кхечун дуьхьал/ г1одоьхуш мохьбеттара цуьнга . Мусас цуьнга элира :"Баккъалла а хьо /стаг/ билгала тилавелла /дакъазваьлла/ вукх"
19.Цуна /Мусана/ ша цаьршин мостаг1 волчуна тоха лиъначу хена , цо элира :"Х1ай Муса ! Со вен лаьа хьуна айхьа селхана стаг верах терра ? Хьом вац лаьттахь къизаниг хила а бен лууш . Хьунам ца лаьа дикачарех хила .
20.Цхьа къонах веара шахьаран йистера /чехкачу боларца/ хьаьдда /ведда/ . Цо элира :"Х1ай Муса ! Баккъалла а элий дагабуьйлуш бу хьан хьокъехь , шаьш хьо верхьама . Аравалахь /х1окху шахьар чуьра/ ! Баккъалла а со хьуна хьехамчех /дика луучарех ма/ ву
21.Аравелира и цу /шахьар/ чуьра кхоьруш , д1асхьахьоьжуш . Цо элира :"Х1ай сан Дела ! К1елхьарваккхахь со зуламечу къомах /нахах/"
22.Ша Мадйана аг1орхьа /вирзина/ д1аволавеллачу хена цо элира :"Сан Дела герга ву Ша со нийса новкъа ваккха"
23.Ша Мадйана /г1унан/ хина /коьрте/ т1е кхаьчча , цуна карийра цу /г1уна йист/ т1ехь /шайн хьайбанашна , даьхнина/ хи малочу нахех цхьа тоба , иштта цуна карийра /гира/ царна лахохьа /лаьтташ шаьшшин жа хих/ д1акъехкон /сецон/ ши зуда а . Цо /Мусас/ элира /цаьршинга/ :"Шуьшинна х1ун хилла /жа д1акъехкош ма ю шуьшиъ/ ?" Цаьршиммо /жоплуш/ элира :"Оха /шиммо/ хи ца мала до 1уй /малийна/ бовлалц . Ткъа тхан да /кхуза ван т1ех/ воккха стаг ву"
24.Цо /шена мелана/ малийра /жана и хи/ цаьршинна дуьхьа. Т1аккха 1индаг1е ваьлла цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а со , Ахь сайна доссийначу /муьлххачу а/ дикане /юурге/ хьашт вукх"
25.Цуна т1ейеара цаьршиннах цхьаъ , ийзалуш /эхь хеташ/ йог1уш , цо элира :"Баккъалла а , сан дас кхойкху хьо , ахь тхан дуьхьа /уьстаг1ашна хи/ малорна хьуна мах бала". И /воккха стаг/ волчу и /Муса/ веана , цо /Мусас/ цуна /шен хьолах лаьцна/ дийцарш дийцача , цо элира :"Ма кхера /парг1ат хила хьо/ ! Зуламечу къомах /нахах/ к1елхьарваьлла хьо"
26.Цаьршиннах цхьаммо элира :"Х1ай сан дада ! /вайн жа дажо/ Балха эцахь и , баккъалла а ахь /мехах болх бан/ балха эцначех тоьлуш верг /г1олийнаг/ онданиг , тешамениг /ма/ ву"
27.Цо /воккхачу стага/ элира :"Баккъалла а суна лаьа , х1окху сан шина йо1ех цхьаъ хьоьга /маре/ йаийта , ахь барх1 шарахь суна болх бийриг . Ткъа ахь итт дузийтахь /кхочуш дахь/ , /и/ хьоьгара /лаамца/ ду . Суна ца лаьа хьуна хало йан . Хьуна со карор /ма/ ву - Дала мукъ лахь /Далла лаахь/ - дикачарех"
28.Цо /Мусас/ элира :"И /ахь делла ч1аг1онан дош/ суна а , хьуна а юкъахь ду . Цу шина хенах муьлхханиг ас йаьккхича , суна т1ехь /сов хенаца/ гатто /хила йиш/ яц . Аллах1 ву вай дуьцучун т1ехь теш /векал/"
29.Муса /шен/ хан чекх а йаьккхина , шен доьзалца /миср шахьаре боьду/ новкъаваьлча , цуна гира /хааелира/ ламан аг1орхьара /генара , серлонца йогу/ ц1е . Цо элира шен доьзалга :"Шу /кхузахь/ совца /1е/ , баккъалла а суна ц1е гина /хааелла/ , со шуна цуьнгара /дикачу/ хабарца , я ц1еран к1егаца /хаьштигца/ ван тарло , шу /шелонах/ дохдалийта"
30.И /Муса/ цуна /ц1е/ т1евеача , цуьнга кхайкхира беркатечу меттехь , боьран /тог1ин/ аьтту йистера - диттах :"Х1ай Муса ! Баккъалла а Со /хьоьга вистхуьлуш волу/ , Аллах1 ву Со , 1аламин Дела /волу/ .
31.Хьан /куьйгар/ 1аса охьакхосса !" аьлла . Шена и /1аса/ гича меттахахьуьйш , баккъалла а ша , текхарг болш санна , букътоьхна /цунах/ д1аведира и , юха а ца воьрзуш . /т1аккха Дала кхайкхира цуьнга/ "Х1ай Муса ! Схьат1евола , ма кхера . Баккъалла а хьо маьршачарех ву" аьлла
32.Хьан куьг хьан чета долла , /т1аккха/ арадер ду и к1ай /делла/ , /шеца цхьа а/ сиркхо йоцуш . Хьан т1ам /хьан куьг/ хьайна т1ета1абе /некха т1едилла , текхаргех болчу/ кхерамна /т1аккха и д1абер бу хьуна/ . И шиъ /1аса а , куьг а/ хьан Делера билгало ю Фир1авне а , цуьнан тобане /баьччанашка/ а . Баккъалла а уьш песакъ нах бара .
33./Дала шега царна т1евахарца омру дича/ Цо /Мусас/ элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а ас царех цхьаъ /вен ма/ вийна , /цундела/ со кхоьру цара /шайна/ со /гича/ верна .
34.Сан ваша Х1арон - иза маттана соьл говза вара , соьца ваийтахь и со бакъвечу г1оьнца . Баккъалла а со кхоьру цара со харцварна"
35.Цо /Дала/ элира :"Оха ч1аг1вийр ву хьо /г1о дийр ду хьуна/ хьан вешица , Оха бийр бу шу шинна /т1етовжа нуьцкъала/ бух /билгало/ . Уьш т1екхочур бац шу шинна . Шу шиъ а , шу шинна т1аьхьах1иттанарш а тоьлур бу Тхан билгалонашца"
36.Тхан билгалчу баххашца /т1етовжийлашца , билгалонашца/ шайна Муса веанчу хена , цара элира :"Х1ара /ахь деанарг/ ма дац , /ахь харцонца/ кхоьллина бозбуанчалла бен , тхуна хезна ма дац и /ахь тхо шега кхойкхург/ хьалхарчу тхан /варх1а/ дайшкахь"
37.Мусас элира :"Сан Дела дика хууш ву , Шена гергара /Шегара/ нийсонца веанарг мила ву а , /ялсаманин/ х1усаман чаккхе /т1аьхье эхартахь/ хьанна хир ю а . Баккъалла а зуламхой декъал хир /баккхибер/ бац"
38.Фир1арна элира :"Х1ай элий ! Суна вевзина вац шуна со воцург /кхин/ дела . Х1ай Х1аман ! /ц1е/ Латайе суна поппар т1ехь /цуьнах еттина кибарчигаш ян/ , /царех/ б1ов /г1ала/ йе суна . Со Мусан деле хьажа тарло . Баккъалла а суна и хета /со воцург кхин Дела ву аларехь/ харцлуьйчарех"
39.Куралла йира цо а , цуьнан эскарш а /Миср/ лаьттахь /цхьа а и йан/ бакъо а йоцуш , царна моьттира , баккъалла а шаьш Тхоьга берзор бац
40.Оха схьалецира иза а , цуьнан эскарш а , /т1аккха/ х1ордчу кхийсира Оха уьш . Хьажа муха хилла зуламхойн чаккхе
41.Оха бира уьш /дуьненахь/ шаьш /жоьжахатан/ ц1ерга кхойкху баьччанаш , къемата дийнахь /Дала 1азап делча/ царна /цхьаммо а/ г1одийр дац
42.Оха хилийтара царна х1окху дуьненахь не1алт /сийсазло/ , /ткъа/ къемата дийнахь уьш эрчабаьхначарех /генабаьхначарех/ бу
43.Бакъ долш Оха делира Мусага /Таврат/ жайна , Тхаьш хьалхара чкъоьрнаш /къаьмнаш/ х1аллак динчул т1аьхьа , /ша/ адамашна /деган/ нуьреш /серлонаш/ а , /бакъоне вуьгу/ нийса некъ а , /дикачу 1амал т1енисвен/ къинхетам а долу , царга /цуьнах/ хьехам эцийта
44.Хьо /Мухьаммад/ вацар /ламанан/ малхбузен аг1ор , Оха Мусана т1е /элчан/ болх /декхар/ билланчу хена а , хьо вацар цигахь хиллачарех а /и хаа/ ,
45.Делахь а , баккъалла а Оха /Мусал т1аьхьа/ кхиийра чкъоьрнаш /къаьмнаш/ , йахйелира царна т1ехь /шайна юкъахь элча воцуш/ хан , хьо вацар Мадйан ох1ланца вехаш , царна Тхан аяташ доьшуш . Делахь а , баккъалла а Тхо дара /хьоьга церан хабарш довзийтанарш а , хьо царна геланча вина/ хьажораш /воуьйтурш/
46.Хьо вацар /Синаъ/ ламан аг1ор , Оха /Мусага/ кхайкханчу хена . Делахь а , /Оха ваийтана хьо/ хьан Делера /хьоьга а , цаьрга а болчу/ къинхетамна , хьоьга кхерамтасийта , хьоьл хьалха шайна кхерамтасархо ца веанчу , къомана /нахана/ , цаьрга /цуьнах/ хьехам эцийта .
47.Царна т1е - шайн куьйгаш хьалхадаьккхинарг /динарг/ бахьанехь - /1азапан/ бохам беача , цара эра дацахьара :"Ахь тхуна элча ваийтанехьара , тхо Хьан аяташна т1аьхьах1уьттур /дозур/ ма дара , т1аккха тхо тешначарех /муъманахех/ хир дара" /Оха 1азап лур ма дара царна хьо хьажа а ца веш/
48.Ткъа шайна Тхуна гергара /Тхоьгара/ бакъо еача , цара элира :"Цуьнга /Мухьаммаде Дала/ деллехьара /Ша/ Мусага делларг саннарг /билгалонашха/ " . Ткъа уьш /теша ма/ ца тийшира /цул/ хьалха Мусага деллачуьнах ? Цара /ала ма/ элира :"Вовшашна г1одина шиъ бозбуанчалла /ду х1ара а , важа а/" . "Баккъалла а Тхо дерригенах /цаьршиннах цхьаннех/ цатеша"
49.Ахь ала /цаьрга/ :"Аш схьадайша Аллах1ан гергара ша цаьршиннел а нийса /долун/ жайна , т1аккха со т1аьхьах1уттур ву /шуна/ цуна . Шу бакълуьйш делахь"
50.Цара хьуна жоп ца лахь , хьуна хаийла : баккъалла а уьш шайн /дег1ан /лаамашна /духахьараллашна/ т1аьхьабозуш буйла /цхьа т1етовжа бух боцуш/ . Мила ву ткъа /ша/ сов тилавелларг , шен дег1ан лаамна т1ахьаваьзначул а , /шегахь/ Аллах1ера /доьссинчу жайнара схьаэцна/ нийсо /т1етовжийла а/ йоцуш ? Баккъалла а Аллах1а ца нисдо зуламе къам /адамаш/
51.Бакъ долш , Оха царна /билгал а дина/ д1акхачийра /нийса/ дош . Цаьрга /цуьнах/ хьехам эцийта
52.Шаьш Оха шайна цул /Къуъанал/ хьалха жайна делларш , уьш цуьнах тешаш бу
53.Шайна и дешча , цара элира :"Тхо тешна цуьнах . Баккъалла а , иза /Къуръан/ тхан Делера бакъ ду . Баккъалла а тхо дара цул хьалха /и доссале а/ бусалбанаш /доггах Дела цхьаъ веш , Цуна муьт1ахь/
54.Царна /и куц шайгахь долчарна/ лур ю церан ял /мел/ шалха /шозза/ , цара /бакъонна т1аьхьабазарехь/ сатохарна /собардарна/ . Цара вон диканца духа а туху , Оха шайна /хьаналчух/ деллачух /закатна , саг1ийна/ харж а йо ,
55.шайна эрна /харц/ дерг /вон бага еттар/ хезча , /букъ тоьхна/ д1аберзара уьш цуьнах , цара алар :"Тхуна тхан 1амалш ю , шуна шун 1амалш ю . /тхан маттах/ Маьрша ду шу . Сонтанахан /уьш безарца/ т1е ца г1ерта тхо"
56.Баккъалла а ахь ца нисво хьайна /ша/ везнарг , амма баккъалла а Аллах1а нисво /аьтто барца/ Шена /нисвала/ луург . Иза т1ех дика бевзаш ву нисбелларш
57.Цара элира /бехказбуьйлуш/ :"Тхо хьоьца /ахь еанчу/ нийсонна т1аьхьах1иттахь /тхайна гонах болчарех д1а а къаьстина/ , /цара дукха чехка/ тхан лаьттах /махках/ дохур /ма/ ду тхо" . Оха ч1аг1 ца бира царна маьрша /вочух бихкина , уьш цига баха ховшийна , царна бина/ мохк , шега д1агулдеш /лахьош/ массо а х1уман стоьмаш , Тхайгара /царна/ рицкъа дина ? Делахь а , царех дукхах болчарна ца хаа /Оха бохург бакъ хилар/
58.Хийла юрт /цуьнан ох1лу/ х1аллак йина Оха , шен дахарха /Далла хам ца беш/ дозалла дина /куралла йина/ йолу . Х1орш ю церан х1усамаш , царел т1аьхьа цу чохь ца баьхна к1еззиг бен .Тхо дара /церан/ верасаш .
59.Хьан Дела ма вацара ярташ х1аллак еш , царех коьртачу юьрта/ элча хьажаваллалц , ша царна Тхан аяташ доьшуш . Тхо ма дацара ярташ х1аллак еш , церан ох1лу зуламе долш бен
60.Шуна /х1окху дуьненах/ елла /массо/ х1ума , /иза/ дуьненан дахаран зовкх а , цуьнан хазалла а ю /кхи т1аьхьало йолш х1ума дац/ , /ткъа/ Аллах1ан гергахь дерг /цо ялсаманехь лур дург/ , /иза/ тоьлуш /дика/ дерг а , /гуттаренна/ бухдуьсург а ду . Шу хьекъале дац ткъа /цуьнах кхета/ ?
61.Оха шена ч1аг1о йинарг дикачу ч1аг1онца , ша цуьнга кхочур волш , Оха шега дуьненан дахаран зовкх хьегийтанарг санна ву /ткъа/ , цул т1аьхьа ша къемата дийнахь /1азапна жоьжахате/ балочарех хир волу ?
62.Оцу /къемата/ дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Ша олуш :"Мичхьа бу /уьш/ аша шаьш Сан декъахой бу бохуш /1ибадат деш/ хилларш ?"
63.Шайна т1ехь /жоьжахата бахарца/ дош хьакъ хиллачара /сецначара/ элира :"Х1ай тхан Дела ! Х1орш бу /уьш/ Оха шаьш /нийсачу новкъах/ тилийнарш /тиларе кхайкханарш/ . Оха тилийра уьш /тиларе кхайкхара уьш , т1аккха уьш тилабелира/ тхо ма тиллара . Хьоьга /дерзарца/ ц1андели тхо /царех/ . Тхуна 1ибадат деш бацара уьш" .
64./цаьрга/ Элира :"Шайн /аш суна бина хилла болу/ декъахой /ц1уй/ кхайкха /х1инца , цаьрга шаьш 1азапех хьалхадахийта/ !" /т1аккха/ Цара кхайкхара уьш , /амма/ цара жоп ца делира цаьрна . /т1аккха/ Царна 1азап гира /и 1аьвшира цара/ . Баккъалла а уьш нислуш хиллехьара /гур дацара царна и/
65.Оцу /къемата/ дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Ша /цаьрга/ олуш :"Х1ун жоп делира аш /шайна бахкийтанчу Тхан/ геланчашна ?"
66.Кегаделира /хьулделира/ царна хабарш /жоьпаш , шаьш х1ун жоп дала деза ца хууш/ оцу /къемата/ дийнахь , цара вовшашка ца хоьтту /дала деза жоп/
67.Ткъа ша /тоба дина/ дохковаьлларг а , тешнарг а , дика динарг а герга ву /тарлуш ду/ декъалчарех хила
68.Хьан Дала Шена ша /кхолла/ луург кхолла а кхуллу , харжа а хоржу . Церан ца хилла /цхьанне а х1умангахь/ харжар . Аллах1 ц1ена ву , лакхавели Иза цара /Шена/ бечу декъахойл
69.Хьан Далла хаа церан кийранаш /дегнаш мостаг1аллех/ хьулдийраг а , /1иттаршха/ гучудоккхург а
70.Иза /цхьаъ/ - Аллах1 ву , /кхин/ дела вац И воцург . Цуна бу /массо а/ хастам хьалхарчуьнгахь /дуьненахь/ а , т1аьхьарчуьнгахь /эхартахь/ а . Цуьнан /цхьаьнна/ ю кхел а . /делча/ Цуьнга дерзор ду шу /дерриге а/
71.Ахь ала /цаьрга/ :"Дийца соьга /шайн ницкъ кхочучо/ , Аллах1а шуна т1ехь буьйса йича гуттаренна а къематде кхаччалц /де доцуш/ , мила ву дела , Аллах1 воцург , ша шуна /дийнан/ серло лур йолу ? Шуна ца хеза те /ла ца дуг1у аш/ ?
72.Ахь ала /цаьрга/ :"Дийца соьга /шайн ницкъ кхочучо/ , Аллах1а шуна т1ехь де дича гуттаренна а къематде кхаччалц /буьйса йоцуш/ , мила ву дела , Аллах1 воцург , ша шуна буьйса лур йолуш , шена чохь аш садо1уш ? Шуна ца го те /шаьш г1алат хилар/ ?
73.Шегарчу /шоьга болчу/ къинхетамна Цо шуна йина буьйса а , де а , шоьга цу /буьйсан/ чохь сада1ийта а , /денахь/ Шен комаьршо лахийта /цуьнга догдахийта/ а . Шу /Аллах1ан/ баркалле хилийта .
74.Оцу /къемата/ дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Ша олуш :"Мичхьа бу /уьш/ аша шаьш Сан декъахой бу бохуш /1ибадат деш/ хилларш ?"
75.Х1ор умматах /къомах , тобанех/ теш схьа а ваьккхина Оха /цаьрга/ элира :"Схьаба /шаьш Далла декъаховарехь т1етевжина/ шайн бух !" /т1аккха/ Царна хиира баккъалла а бакъдерг Аллах1ан дуй . Царех д1атилира цара /харцонех/ кхуллуш хилларг
76.Баккъалла а Къарун Мусан къомах вара , /делахь а/ г1ело йира цо царна . Оха еллера цуна хазнаш , баккъалла а шен дог1анаш /дукхаллийна/ нуьцкъалчу тобанна а дазлуш . Цуьнан /Делах тешачу/ къомо цуьнга элира :"/хьайн бахамех/ Ваккхий ма ве ! Баккъалла а Аллах1ан ца беза баккхийбийраш /дозалладийраш/"
77.Хьуна лаа /ахь лаха/ Аллах1а хьайна деллачуьнгахь /цуьнах саг1а даларца/ т1аьхьара х1усам /эхарт/ ! Ахь диц ма де /ма дита/ дуьненах /магийна/ хьайн дакъа ! Дикаде /Делан лешна/ Аллах1а хьайна дика ма дарра ! Ма лаа лаьттахь бохам /талхар/ , баккъалла а Аллах1ан ца беза талхораш
78.Цо /жоп луш/ элира :"Баккъалла а /Дала/ суна делла и /даьхни/ соьгарчу хаарна /бахьанна/ " . Цуна /Къарунна/ ца хиъна тов , баккъалла а Аллах1а бакъ долш шел хьалха /хиллачу/ т1аьхьенех /чкъоьрнашха/ х1аллаквар ша и ницкъехь цул ч1ог1аверг а , бахамехь алсамверг а ? Хоттур дац шайн къинойх /шорта/ къадечаьрга /къинойн дукхаллийна/
79.Араваелира /гучувелира/ и /Къарун/ шен къомана шен хазаллехь /кечваларехь/ . Дуьненан дахар лаьачара /дезачара/ элира :"/давискха/ Тхуна /а делла/ делхьара ша Къарунан делларг санна /дуьненах дакъа/ . Баккъалла а и /Къарун дуьненах/ доккха дакъа долш ма ву
80.Шайна хаар деллачара элира :"Дала шу бале лацарш ! Аллах1ан ял /мел/ тоьлуш /дика/ ма ю ша тешначунна а , дика динчунна а . /амма/ И /ял хиларан дош/ ца ло /дикадар т1ехь/ сатухучарна а бен
81.Оха лаьтте д1ахудийтара иза /Къарун/ а , цуьнан х1усам а /и латта чудожарца/ . Яцара цуьнан цхьа а тоба /г1ера/ ша цуна г1о далуш Аллах1ан хьалха . Вацара и /ша а шена/ г1одалучарех
82.Шаьш селхана цуьнан /санна/ меттиг /дарж/ лиънарш ала буьйлира :"Байтамал-я1 ! Баккъалла а Аллах1а Шен лешха Шена луучунна рицкъана шорто а йо , к1еззиг а до /и царна/ . Баккъалла а Аллах1а вайна дика ца динехьара , Цо /латте/ вай д1ахудуьйтур дара . Байтамал-я1 ! Баккъалла а декъал ца хуьлу /Делах/ цатешарш /керстанаш/
83.И /хьуна хезна йолу/ т1аьхьара х1усам /эхарт/ , Оха йийра ю и шайна лаьттахь /зуламца/ лакхалла а , /1есаллийца/ бохам а ца луучарна . /дика/ Чаккхе /т1аьхье Делах/ кхоьручарна ю
84.Ша /Далла дуьхьал/ диканца веанарг , цуна /бекхамна/ цул а тоьлуш дерг /хир/ ду . /ткъа/ Ша вонца веанарг , шаьш вонаш динчарна бекхам ца бо /Дала/ цара ша деш хилларг /санначуьнца/ бен
85.Баккъалла а Ша хьуна къуръан /нахе д1акхачор/ т1едиллинчо хьо верзор ма ву /къемат дийнан/ воьрзийле . Ахь ала :"Сан Далла т1ех дика хаа нийсонца мила веана а , мила ву и /ша/ билгалчу тиларехь верг а"
86.Хьо вацар догдохуш хьайга жайна /къуръан/ доссоре , /делахь а и ца доссийра/ хьан Делера /болчу/ къинхетамна бен . Хьо /хилане а/ ма хила /Делах/ цатешачарна г1оьнча
87.Хьо цара вухаматохийла Аллах1ан /къуръанан/ аятех уьш /Цо/ хьоьга диссийначул т1аьхьа . Кхайкха хьан Деле . Хьо /хилане а/ ма хила /Далла/ декъаховечарех .
88.Ахь ма кхайкха Аллах1аца кхин дела . Дела вац И воцург . Массо а х1ума х1аллак хир ю Цуьнан юьхь йоцург /И воцург/ . Цуьнан ю кхел , Цуьнга дерзор ду шу /къемата дийнахь/