Тидар

29 - Сурат Аль1анкабут /Гезг/
(Маккахь доьссина ‚ 69 аят le).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , мийм /Аллах1 т1ех дика хууш ву царех Шена луург/
2.Нахана моьттинера ткъа шаьш ца зуьйш буьтур бу , цара :"Тхо /Делах/ тешна" аларна ? /х1ан-х1а , буьтур бац/
3.Бакъ долш Оха зийра шаьш царел хьалхарнаш /а/ . Аллах1ан бевзаш ма бу шаьш /и аларехь/ бакълийнарш а , Цунна бевзаш /хааш/ ма бу харцлуьйраш .
4.Шаьш вонаш дечарна моьттира ткъа шаьш Тхо г1орасиз дийр ду /шаьш Тхоьх д1атуьлур бу/ ? Ма вон дукх цара ден хьукма .
5.Ша Аллах1ан дуьхьалкхетаре догдохуш /сатуьйсуш/ хилларг , баккъалла а Аллах1а /цунна тоьхна/ хан /цунна т1е/ йог1ур /йолш/ ма ю /кечам бойла цо/ . Иза /церан къамелаш/ хезарг , /цара дийриг/ хуург ву
6.Ткъа ша /т1амца , сица/ къахьегнарг /милла велахь/ , баккъалла а цо къахьоьгу шен дег1ана /дуьхьа/ . Баккъалла а Аллах1 хьашт ма вац 1аламашка
7.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Оха царех церан вонаш д1ац1андийр а ма ду , Оха царна цара деш хиллачул тоьлла бекхам а бийр ма бу
8.Оха весет дина адаме шен деца-ненаца дика хиларца .
/амма/ Цу шиммо хьо хьовзавахь /къахьегахь , лаахь/ хьоьга Соьца декъаховайта , хьан шеца хаар доцучунца , цу шинна муьт1ахь ма хила хьо ! Соьга ду шун дерзар . /т1аккха/ Ас шуна хоуьйтур /довзуьйтур/ ду аш деш хилларг
9.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , Оха уьш бохуьйтур ма бу дикачарна юкъа
10.Адамех ву ша /багахь/ олург :"Тхо тешна Аллах1ах" . Ткъа ша Аллах1ан новкъахь /балано/ хьовзийча /зийча/ , цо дира /лерира/ нехан зер /ша кхераваларна/ Аллах1ан 1азап /долш/ санна . Ткъа /Ас ч1аг1о ма йо/ хьан Делера /хьуна/ толам беача , цара эра ма дара :"Баккъалла а тхо шоьца ма дара". Аллах1 вац ткъа 1аламийн кийранашкахь /дегнашкахь/ дерг т1ех дика хуург ?! /дера ван ма ву/
11.Аллах1ан бовза ма бевза шаьш /доггах/ тешнарш а , Цуна бовза ма бевза мунепикъаш а
12.Шаьш /Делах/ цатешначара шаьш тешначаьрга элира :"Т1аьхьадаза /т1аьхьах1итта/ тхан /динан/ некъана , т1аккха оха /тхайн гихь/ хьур ду шун /хиндолу/ къинош . Уьш ма бац шайн къиношха а х1умма дахьалур долш . Баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу /цу т1ехь/
13.Цара хьур ма ду шайн /къиношан/ маххьаш а , шайн маххьашца /кхин берш тилорна долчу къин/ маххьаш а . Цаьрга хоттур ма ду къемата дийнахь цара кхуллуш хиллачу харцонех
14.Бакъ долш , Оха Нухь /пайхамар/ хьажийнера шен къоме , т1аккха и лаьттира /1ийра/ царна юккъехь /уьш Делан дине кхойкхуш/ эзар шарахь шовзткъе итт шо доцург . Т1аккха уьш д1алецира хи дистина даро , уьш зуламхой болш
15.Оха к1елхьарваьккхира иза а , х1ордкеман т1ехь берш а . Оха дира и /х1ордкема/ 1аламашна /ойла йан/ билгало
16.Ибрах1им а /хьажийнера Оха шен къоме/ , цо элира шен къоме :"Аллах1ан 1ибадат де , кхера Цуьнах ! И тоьлуш /дика/ ду шуна шу хиллехь /шайна г1олий дерг/ хууш"
17.Баккъалла а , Аллах1 а витана ц1уйшна 1ибадат а до аш , /Цунна т1ехь/ харцо а кхуллу . Баккъалла а , Аллах1 а витана аш шайна 1ибадат дийраш , церан долахь /ницкъехь/ дац шуна /дала/ рицкъа . Аш лаха рицкъа Аллах1ан гергахь , 1ибадат а де Цуна , баркалла а ала Цуна . Цуьнга дерзор /долш/ ду шу
18./ткъа/ Аш /х1ара/ харцдахь , бакъ долш шул хьалхарчу умматаш /къаьмнаш/ а харцдина /шайна деанарг/ . Элчана т1ехь ма дац , /Дала шега аьлларг/ билгала д1акхайкхор бен
19.Царна ца гина тов , Аллах1а кхоллар муха доладо ? Цул т1ахьа и юхакхуллу Цо . Баккъалла а иза атта ду Аллах1ан .
20.Ахь ала :"Лаьттахула дуьйла а лой шу хьовса муха долийна Цо /дуьххьарлера/ кхоллар . Цул т1аьхьа Аллах1а кхуллу т1аьхьара кхоллар . Баккъалла а Аллах1 массо а х1уманна т1ехь ницкъкхочуш ву
21.Шена /1азапдан/ луучунна 1азапдо Цо , Шена /къинхетам бан/ луучух къинхетам бо . Цуьнга карчор /хьовзор , дерзор/ ду шу
22.Шу /ма/ дац /Дела/ г1орасиз вийр долш лаьттахь а , стиглахь а . Шун /ма/ вац Аллах1 воцург /кхин/ верас /вели/ а , г1оьнча а"
23.Шаьш Аллах1ан аятех а , /эхартахь/ Цунна дуьхьалкхетарх а цатешнарш - уьш Сан къинхетмах догдиллинарш бу . Уьш - царна лазабен 1азап ду .
24.Цуьнан /Ибрах1иман/ къоман жоп /ма/ дацар , цара алар бен :"Ве иза , я вагаве иза" . Аллах1а к1елхьарваьккхара иза ц1ерах . Баккъалла а цуьнгахь /и к1елхьарваккхарехь/ билгалонаш ма ю /Делах/ тешачу къомана /нахана/
25.Цо /Ибрах1има/ элира :"Баккъалла а аш дуненан дахарехь лецира /1ибадатна/ ц1уйш Аллах1 а витина , шайна юкъарчу марзонна , цул т1аьхьа къемата дийнахь шоьх цхьаболчара вуйш /инкарло ярца/ д1атосур бу , шух цхьаболчара вукхарна не1алт эр ду . Шун доьрзийла /жоьжахатан/ ц1е ю . Шун /ма/ бац г1оьнчаш"
26.Цуьнах /и Ибрах1им пайхамар хиларх/ тийшира Лут1 . Цо элира :"Баккъалла а со /сайн къам а дитина/ сайн Деле кхелха . Баккъалла а И ву И сийлахьниг , кхетамениг"
27.Оха цуна /Ибрах1имна/ велира Исхьакъ а , Йа1къуб а . Оха дира /хилийтара/ пайхамаралла а , жайна а цуьнан т1аьхьенехь . Оха цуна елира шен ял /мел/ дуненахь , баккъалла а и эхартахь дикачарех ма ву .
28.Лут1 а /хьажийнера Оха шен къоме/ , цо элира шен къоме :"Баккъалла а аш до телхинарг /боьха , оьзда доцу г1уллакх/ , шеца шул хьалха Iаламашха цхьа а ца ваьлла долу . /и тайпа ц1армат болх бина бац шоьл хьалха 1аламашха цхьаммо а/
29.Баккъалла а божаршна /зударшна санна муха/ дог1у ткъа шу , /д1асхьавоьдучун/ некъ /х1унда/ хедабо аш , шайн пхьог1анехь ц1арматниг /стенна/ до аш ? Церан жоп ма дацара цара /цабешаш/ алар бен :"Даладе тхуна Аллах1ан 1азап , хьо бакълуьйчарех велахь"
30.Цо /Лут1а/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1одехьа суна телхинчу /боьхачу , 1есачу/ къомана /нахана/ т1ехь
31.Тхан /малийкех/ геланчаш /хазчу/ кхаъца Ибрах1им волчу баьхкинчу хена , цара элира :"Баккъалла а оха х1окху /Лут1ан/ юьртан ох1лу х1аллакдийр долш ду . Баккъалла а цуьнан ох1лу зуламе /1еса/ дара
32.Цо /Ибрах1има/ элира :"Баккъалла а цу /юьрта/ чохь Лут1 /ма/ ву /ткъа/ " . Цара элира :"Тхо т1ех /дукха/ дика /г1олий/ хууш ду цу чохь болчарех /дерг/ . Оха к1елхьарвоккхур ма ву иза а , цуьнан доьзал а , цуьнан зуда йоцург , /х1аллак хила/ буха бисанчарех йара и
33.Тхан геланчаш Лут1 волчу баьхкинчу хена /халахетна/ царех цатам белира цуна , пошмавуьйлира /х1ун дан деза ца хууш гаттвелла хьоьвзира/ и . Цара элира :"Хьо /кхера/ ма кхера /воха ма воха/ , г1айг1ане ма вожа . Баккъалла а оха к1елхьарвоккхур ву хьо а , хьан доьзал а , хьан зуда йоцург , буха бисанчарех йара и .
34.Баккъалла а оха доссор ду х1окху юьрта ох1луна т1е стиглара /дог1ун т1улге/ 1азап , уьш песакъ /1еса/ хиларна
35.Бакъ долш Оха йитна цуьнах /ойла ян/ б1аьрла билгало хьекъалечу къомана /нахана/
36.Мадйане а /хьажийнера Оха/ церан ваша - Шу1айб . Цо цаьрга элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ан 1ибадат де , т1аьхьарчу /эхарт/ дийне догдаха /шайн 1ибадатца , кхера а кхоьруш/ , ма лела лаьттахула бохамаш беш !"
37./амма/ Харцвира цара и . Д1алецира уьш /луьрачу латта/ дегаро , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна /тхьузбоьлла/
38./Х1удан къам/ 1адаш а , /Салихьан къам/ Самудаш а /х1аллак бира Оха / , бакъ долш шуна билгалделира /и/ церан х1усамех /хиллачунца/ , шайт1ано хазйинера царна шайн 1амалш , цо юхатоьхнера уьш /Делан/ новкъах , уьш тидаме болшнехь
39.Къарун а , Фир1авн а , Х1аман а /х1аллак вира Оха/ . Бакъ долш царна веара Муса билгалонашца , цара куралла йира лаьттахь , уьш бацара /баланах/ хьалхабевр болш
40./царех/ Х1ор /уммат/ а лецира Оха шен къаца . Ткъа царех Оха шена т1е /т1улген/ дарц /мох/ хьажийнарг ду , /иштта/ царех ша ц1ог1ано /маьхьаро/ лаьцнарг ду , царех ду ша лаьтто хуьйдинарг а , царех ду ша хинбуха дахийтанарг а . Аллах1 вацар царна зуламдийр долш , делахь а уьш /шаьш а/ бара шайн дог1машна зуламе
41.Аллах1 а витина шаьш /кхинберш/ верасаш /ц1уйшха деланаш/ лаьцначеран масал /стенах тера ду аьлча/ , /шена маша боьзна/ ц1а динчу гезгах тера ду . /ткъа/ Баккъалла а ц1еношха уггар ледарниг , гезган /машин/ ц1а ду , уьш хиллехь /и/ хууш /цара ц1уйшна 1ибадат дийр дацар/
42.Баккъалла а Аллах1ана хаа /девза/ Ша витина цара кхойкху /и/ х1ума . Иза сийлахь , кхетаме ву
43.И масалш - Оха нахана даладо уьш . /амма/ Царех /болчу пайданех/ ца кхета 1еламнах /хуурш/ бен
44.Аллах1а кхоьллина стигланаш а , латта а бакъонца /эрна доцуш/ . Баккъалла а цуьнгахь билгало ю муъманахана
45.Деша хьайна /Дала/ жайнех дагехьехнарг /доссийнарг/ , ламаз /х1отта/ де . Баккъалла а ламазо сацаво /вухатуху/ боьхачух а , магош доцучух /дийцамечух/ а . Аллах1 хьахор , т1ех доккха ду . Аллах1ан хаа аш дийриг .
46.Аш ма къийса жайнан ох1лунца ша и тоьлуш долчунца /уггар дикахчунца/ бен , царех шаьш зуламдинчарца бен /ма къийса/ . Аш ала /цаьрга/ :"Тхо тешна ша тхоьга доссийначух а , шоьга доссийначух а . Тхан Дела а , шун Дела а цхьаъ ву , тхо Цуна муьт1ахь ду"
47.Иштта /цаьрга доссамадарра/ Оха хьоьга а доссийра жайна . Шаьш Оха шайна /хьалха/ жайна делларш теша цуьнах /къуръанех/ . Х1окхарех /хьан махкахойх/ а ву ша цуьнах /къуръанех/ тешарг , /ткъа/ Тхан билгалонашна /уьш гучуевлача/ дуьхьал ца хуьлу керстанаш /цатешарш/ бен
48.Хьо /ван ма/ вацар цул /къуръанал/ хьалха /цхьа а/ жайна доьшуш а , /вацар хьо/ хьайн аьттучунца и йаздеш а , вуьшта /хьо доьшуш , йаздеш хиллехь т1аккха/ шекбевра /ма/ бара харцондай /сонтанах/
49.Мелхо а , иза /къуръан/ - шайна хаар /1илма/ деллачеран кийранаш /дегнаш/ чохь /лардина/ - билгала аяташ ду . /ткъа/ Тхан /билгалчу/ аяташна /уьш гучудевлача/ дуьхьал ца хуьлу зуламхой /цатешарш/ бен
50.Цара элира :"Йиссийнехьара цуна т1е Шен Делера билгалонаш !" Ахь ала :"Баккъалла а билгалонаш Аллах1ан гергахь ю , /ткъа/ со баккъалла а билгала кхерамтосург ву"
51.Царна цатоьу , баккъалла а Оха хьуна т1е жайна доссадар , /ша/ царна доьшуш долу ? Баккъалла а цуьнгахь къинхетам /зовкх/ а , хьахор /хьехам/ а ма ду /Делах/ тешачу къомана /нахана/
52.Ахь ала :"Аллах1 тоьур ву суна а , шуна а юккъехь /ас дуьйцург бакъ хиларна а , аш и харцдарна а/ теш . Цуна хаа /девза/ ша стиглашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Шаьш харцонах а тешна , Аллах1ах цатешнарш , уьш бу уьш эшнар"
53.Цара сихво хьо 1азапца . Ц1етоьхна /къемат дийнан/ хан йацахьара царна 1азап /сихха/ деана хир ма дара . И дог1ур /долш/ ма ду царна ц1еххьана , царна /ша/ хаа ца луш /тоса ца луш и дог1у хан/
54.Цара сихво хьо 1азапца , /амма/ баккъалла а жоьжахате цатешачаьрна го лоцур /бийр/ болш ма ю
55.Уьш 1азапо церан т1ехула а , церан когаш к1елара а д1алоцучу /хьулбечу/ а , цо олучу а дийнахь :"1овша /чам баккха/ ша аш деш хилларг"
56.Х1ай Сан леш , шаьш тешнаболу ! Баккъалла а Сан латта шуьйра /доккха/ ду /шуна/ , Суна /цхьанна/ де /луш/ 1ибадат .
57.Х1ор /массо а/ сино 1овшур ду валар , т1аккха /цул т1аьхьа/ Тхоьга дерзор ду /Оха/ шу
58.Шаьш тешнарш а , диканаш динарш а Оха биссор /баха ховшор/ ма бу уьш ялсаманийн /чоьнашка , шайна к1елахула татолаш лелаш йолу , гуттаренна цу чохь болш . Ма хаза /дика/ юкх къахьоьгучеранн ял
59.Шаьш /халонна/ сатоьхначу а , /шайна оьшучуьнгахь/ шайн Далла т1етовжучу а
60.Хийла дийнато ца дохьу шен рицкъа , Аллах1а /кхобу/ рицкъа ло цуна а , шуна а . Иза хезарг , хуург ву
61.Ахь цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а /кхачаме хьолехь/ , /хьа/ муьт1ахьбина /лайшна/ малх а , бутт а ?" Цара /алне а/ эра ма дара :"Аллах1а /дина и дерриге а/" . Ткъа муха 1ехабо /д1ахьовзабо/ уьш /и динчух , Цуна ц1ена 1ибадат дарха/ ?
62.Аллах1а рицкъа Шен лешха Шена луучунна шорта а до , цуна /и/ к1еззиг а до . Баккъалла а Аллах1 массо а х1ума хууш ву
63.Ахь цаьрга хаьттича :"Хьа доссийна стиглара /дог1ан/ хи , цуьнца /ша/ латта дендина и /дакъа/ деллачул т1аьхьа ?" Цара /алне а/ эра ма дара :"Аллах1а /доссийна и/" . Ахь ала :"Аллах1ан бу хастам" . Мелхо а , /амма/ царех дукхахберш кхеташ /ойлаеш/ бац .
64.Х1ара дуьненан дахар /ма/ дац - синкъерам а , ловзар а бен . /ткъа/ Баккъалла а т1аьхьара х1усам /керт/ , и ма ду /гуттаренна а дуьсур долун/ дахар . Уьш хиллехь /белахь/ хууш /цара хоржур ма дара дуьсун дерг/
65.Шаьш х1урдакемана хевшича , Аллах1е кхайкхира цара , /шаьш/ Цуна дин /ийман/ ц1андеш /декъахо ца веш/
. Ткъа шаьш Цо лаьтта т1е к1елхьар баьхча , /т1аккха дукха чехка/ цара /Цуна/ декъахо во
66.Оха шайна деллачух цатешархьама а , зовкх хьегархьама а . Царна хуур /гур/ ма ду /шайна 1азапех хиндерг/
67.Царна ца гина /ца хиъна/ , баккъалла а Оха /шайн шахьар/ йихкина /ларйина , сийлахь-йеза/ , маьрша /кхерамза/ йар , царна гонахара /шахьаршкара/ нах идош /шайха кадетташ , д1абуьгуш/ болш ? Ткъа харцонах теша уьш , Аллах1ан зовкхах /диканах/ цатешаш ?
68.Мила ву ткъа т1ех зуламе , Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а , я бакъо харцйинчул а , и шена йеанчу хенахь ? Жоьжахатахь яц тов цатешачарна /керистан/ сацаметтиг /совцийла/ ?
69.Шаьш Тхан дуьхьа /бакъо толо т1амца , сица/ къахьегнарш , Оха уьш /аьтто барца/ нисбийр ма бу Тхан /нийсачу/ некъашка . Баккъалла а Аллах1 , дикадечарца ма ву .