Тидар



30 - Сурат Аррум /Румой/
(Маккахь доьссина ‚ 60 аят ду)
Аллах1аа ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф,лам,мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш ву царех Шена луург .
2./г1ажароша/ Эшийра румой
3./шайна/ юххерчу /уллерчу/ лаьттахь . /амма/ Уьш /румаш/ шайн эшарал т1аьхьа тоьлар болш бу /г1ажарошна т1ехь/
4.масийтта /масех/ шо даьлча . Аллах1ан ду омру /цул/ хьалха а , т1аьхьа а . Оцу дийнахь /хазахетна/ баккхийбийр /г1адг1ур/ бу муъманах
5.Аллах1ан г1оьнца . Цо г1о до /толам ло/ Шена луучунна . Иза сийлахь , къинхетаме ву
6.Аллах1ан ч1аг1о ю /и/ . /ткъа/ Аллах1а йоха ца йо Шен ч1аг1о . Делахь а дукхахболчу нахана ца хаа /и/
7.Царна хаа /девза/ дуьненан дахарах гушдерг /т1оьхулдерг/ . Уьш шаьш эхартах чидам боцуш /ледара , терго йоцу нах/ бу
8.Ойла ца йина цара шайн дог1машкахь ? Аллах1а ца кхоьллина стигланаш а , латта а , цаьршинна юккъехь мел дерг а бакъонца а , ц1етоьхначу ханна а бен . Баккъалла а адамашха дуккха а , шайн Далла /шаьш/ дуьхьалкхетарха /дуьхьалх1иттарха/ тешаш бац /керста бу/
9.Уьш ца лелла тов лаьттахула , ца хьаьвсина тов /церан ларашка , т1аккха шайна га , гича ойла йа/ муха хилла шайл хьалхарчеран чаккхе /бекхам/ ? Уьш /ма/ бара царел ч1ог1а /дег1ан/ ницкъехь , латта лелийра цара , бехира уьш цу т1ехь уьш баьхначул а дукха . Царна баьхкира шайн элчанаш билгалонашца . Аллах1 ма вацара царна /бехк боцуш/ зулам дийр долш , амма уьш /шаьш/ бара шайн дог1машна зуламе
10.Т1аккха шаьш вон динчеран чаккхе /цул доккха/ вон хилира , цара Аллах1ан аяташ харцдарна а , уьш царех кхаьрдаш /ца бешаш/ хиларна а .
11.Аллах1а доладо /адам/ кхоллар , т1аккха /и адам пана хилла д1атилча/ юхакхуллу /карладоккху/ Цо и . Цул т1аьхьа Цуьнга дерзор ду шу .
12./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь /саб1арзлой дог эшна д1асовцу/ догдуьллу къадечара
13.Ца хилира царна шайн декъахойх /шафа1атца/ т1ех1уьттурш . Уьш хилира шайн декъахойх цатешаш
14./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь - оцу дийнахь д1асхьакъаьстар бу уьш /бусулба а , керста а/
15.Амма шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а - уьш /ялсаманин/ бешахь г1адбохуьйтур /бакххибоьйтур бу , царна там бийр/ бу
16.Амма шаьш /Делах/ цатешнарш а , Тхан аяташ а , эхарт дуьхьалкхетар а харцдинарш а - уьш 1азапе балор бу /царна та1зар дийр ду/
17.Аллах1 ц1анве шаьш суьйренга девлача /суьйранна/ а , шаьш 1уьйренга девлача /1уьранна/ а ,
18.Цунна бу хастам стиглашкахь а , лаьттахь а , буьйсанна а /ц1анве аш И/ , делкъхена а .
19.Еллачух /х1уманах/ дийнаниг а схьайоккху Цо , дийначух еллариг а схьайоккху Цо , латта а дендо Цо и /дакъа/ деллачул т1аьхьа . Иштта шу а арадохур ду /Цо кешнашкара/
20.Цуьнан /Ша сийлахь хиларан/ билгалонашех ду - Цо шу /шун да Адам/ лаьттах кхоллар , т1аккха шу /садолу/ адам /а хиле/ д1асхьадаьржа /д1алела/
21./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - Цо шуна шух /шайх , шун дог1мех/ зударий кхоллар а царех шун синтем хилийта , шуна юккъехь марзо /безам/ а , къинхетам а бар а . Баккъалла а цуьнгахь /оцу балхехь/ билгалонаш ма ю ойлаечу къомана /нахана/ .
22./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - стигланаш а , латта а кхоллар а , шун /буьйцу/ меттанаш а , шун беснаш а тайп-тайпана /башха/ хилар а . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю /массо а/ 1аламна /дуьненна/ а .
23./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - шун наб а буса а дийнахь а /аш еш йолу/ , шун лахар а Цуьнан комаьршо . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю ладуг1учу къомана /нахана/
24./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - шуна стелахаьштиг /ткъес/ гайтар а /шу цуьнах/ кхерийта а , /шоьга дог1ане/ сатийсийта а /догдахийта/ а , стиглар /дог1ан/ хи доссор а шеца латта дендеш цуьнан /дакъа/ даларал т1аьхьа . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю хьекъалечу къомана /нахана/
25./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - Цуьнан омрунца стигал а , латта а /г1ортор йоцуш/ х1оттар /1ар , сацар/ , цул т1аьхьа Цо шу кхайкхича лаьттарчу кхайкхамца , т1аккха шу /сихонца/ арадевра ду
26.Цуьнан /долахь , лай/ ву стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ верг . Массо а Цунна муьт1ахь /хьаставелла/ ву
27.И ву Ша /адам/ кхоллар долориг а , т1аккха и /адам пана хилла д1атилча/ юхакхуллург /карладоккхург/ а . Иза т1ех /ч1ог1а/ атта ду Цунна . Цунна ду /Ша цхьаъ хиларехь/ лаккхара масал стиглашкахь а , лаьттахь а . Иза сийлахь , кхетаме ву
28.Шуна /Шена декъахой бинчарна/ шайх масал далийна /дина/ Цо . /и масал/ Буй ткъа шуна /х1ай маьрша нах !/ , шун аьттучара доладинчарех /г1арбашех , лешха/ Оха шуна /дуьненах/ деллачуьнгахь декъахой , шу цуьнгахь /рицкъангахь/ цхьанийсса а долш , царех кхоьруш шаьш кхерарх терра шайн дог1мех /шаьш санна чарех/ ?! Иштта билгалдо Оха аяташ хьекъалечу /ойлаечу/ къомана /нахана/
29.Мелхо а , шаьш /шайна/ зуламдинарш т1аьхьах1иттара /т1аьхьабезара/ шайн /дог1машан/ лаамашна /шайгахь/ хаар /1илма/ а доцуш . Ткъа хьа нисвийр ву Аллах1а ша тилийнарг ? Церан бац /шаьш 1азапех хьалхадаха/ г1оьнчаш .
30.Ерзае /нисйе/ хьайн юьхь дин т1е /бакъоне тевжина/ нисвелла ! Аллах1а чудиллинарг ду /и бакъоне тийжар/ , ша /Дала/ адамаш цу т1ехь кхоьллина долу . Хийцар дац Аллах1ан кхолларна . Иза нийса дин ду , делахь а адамех дукхах болчарна ца хаа /и/
31./дохко довларца/ Цунна т1едоьрзуш , кхера Цуьнах /Цуьнан тергоярца/ , ламаз /х1отта/ де , ма хила /Цунна/ декъахойбинчарех ,
32.шайн дин а декъна , тобанаш хилчарех . Х1ор тоба а шегахь долчух йоккхаеш ю .
33.Адамех зен хьакхаделча , /доггах/ шайн Деле /хьасталой/ кхойкху цара , /дохкобовларца/ Цунна т1ебирзина , т1аккха Цо цаьрга Шегара къинхетам 1овшийтача /чам баккхийтича/ , царех цхьаболчара шайн Делаца декъахойбо
34.Оха шайна деллачух ца тешархьама /пусар ца дан/ . Ткъа зовкх хьега аш , /т1аьхьа/ хуур ду шуна !
35./я/ Оха царна т1е бух боссийна /тов/ , /т1аккха/ и /тешалла дарца/ бистхуьлуш цара шеца декъахойбеш хилчуьнца ?!
36.Оха адамашка къинхетам 1овшийтича , /хазахетна/ баккхийбийра уьш цуьнах . Ткъа шайна во деача шайн куьйгаш динчунна , т1аккха уьш догдуьллуш /саб1арзадолуш/ бу
37.Царна ца гина тов , баккъалла а Аллах1а рицкъа шортадар а Шена луучунна , /кхечарна/ к1езигдар а . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю /Делах/ тешачу къомана /нахана/
38.Д1ало шен хьакъ гергарчунна а , мискачунна а , некъахочунна а . И тоьлуш ду шайна Аллах1ан юьхь /гар/ луучарна . Уьш бу уьш /шаьш/ декъалберш .
39.Аш ша йолана делларг , нехан хьелашкахь совдалийта /дебийта/ , и совцадолу Аллах1ан гергахь . Аш ша закатна делларг , Аллах1ан юьхь лууш , уьш бу уьш /мела хиларехь/ шалха совбуьйлурш
40.Аллах1 ву Ша шу кхоьллинарг , т1аккха шуна рицкъа делларг , цул т1аьхьа шу кхалхориг , т1аккха шу дендийриг . Шун декъахойх вуй ша цуьнах х1умма а дийриг ?! Ц1ена ву И , лекха хили И цара декъахойбечух
41.Талхар гучудаьлла /даьржина/ лаьттахь а , хин т1ехь а /массанхьа а/ нехан куьйгаш /къинойшха/ гулдинчунна , /ша/ цаьрга 1овшийта шаьш динчух цхьадерг , уьш /нийсачу новкъа/ юхаберзийта а
42.Ахь ала /цаьрга/ :"Лела лаьттахула , хьовса муха хилла /шоьл/ хьалхарчеран чаккхе /бекхам/ . Царех дукхахберш /Делаца/ декъахойбеш бара"
43.Ерзае хьан юьхь /Делан/ нийсачу дине , Аллах1ера шен духатохар /ша цхьаммо а сацор/ доцун /къематан/ де дале /хьалха/ . Оцу дийнахь д1асхьакъаьстар /д1асхьабекъалур/ бу уьш
44.Ша цатешнарг /милла велахь/ , цуна /хир/ ду шен цатешар /та1зар/ . /ткъа/ Ша /Дела реза волу/ дика динарг , шайн дог1машна кечдо цара /и/ .
45.Ша декхархьама шаьш тешначарна а , диканаш динчарна а Шен комаьршонах . Баккъалла а И , безаш вац цатешнарш /керстанаш/
46.Цуьнан билгалонашха ду Цо мехаш дахкийтар /шуна дог1анца/ кхаъбаккхийта а , Шен къинхетамах шоьга чамбаккхийта а , Шен омрунца х1ордкеманаш лелийта а , Цуьнан комаьршо шоьга лахийта а . Т1аккха аш баркалла ала тарло
47.Бакъ долш Оха хьоьл хьалха а хьовсийра элчанаш шайн къоме , уьш баьхкира цаьрга билгалонашца /амма цара харцбира уьш/ , /т1аккха/ Оха /х1аллак барца/ ч1ир ийцира шаьш къадинчарех . Тхуна т1ехь декхар дара муъманахан /толамца/ г1о дар
48.Аллах1 ву Ша мехаш дохкуьйтург , т1аккха цара /стиглара/ марха лоллу . Цо йаржайо и /марха/ стиглахь Шена ма лаъара /барамехь/ . Цо йо и /марха/ кескаш /дакъош/ , хьуна го цу юккъера дог1а арадолуш . Т1аккха Цо и /дог1а/ Шен лешха Шена луучунна даийтача , /хазахетна/ кхаьънаш доху цара ,
49.шаьш хиллехь а , шайна и даийтале - цул хьалха /и дарах/ догдиллина /саб1аьрза/
50.Хьо хьажа Аллах1ан къинхетаман ларашка , Цо муха дендо латта цуьнан /дакъа/ даларал т1аьхьа ! Баккъалла а И , белларш денбийриг ма ву . Иза ву массо а х1уман т1ехь ницкъкхочург .
51.Оха /ялтанна и дагош бекъа/ мох а бахийтина , царна и мажделла гича , цул т1аьхьа а цатешаш /зовкханна пусар доцуш/ лаьттар /хир/ ма бара уьш
52.Баккъалла а , хьуна хазийталур /кхеталур ма/ дац беллачарна , хьуна хазийталур /ма/ бац /бакъ долчух/ къорачарна кхайкхам а , уьш /цуьнах/ букътоьхна /д1абирзана/ д1абевдача ,
53.Хьо /ма/ вац , /дагна/ б1аьрзенаш /б1аьрса доцурш/ шайн тиларх /бакъоне/ нисбийр /д1аберзор , юхатухур/ болш . Хьуна хазийталур дац Тхан аяташха тешачунна а бен , уьш бу бусулбанаш .
54.Аллах1 ву Ша шу /шун дог1маш/ эг1азаллех /г1ийла/ кхоьллинарг , т1аккха эг1азаллан т1аьхьа /шоьгахь/ г1ора дина Цо , т1аккха г1оран т1аьхьа /шоьгахь юха а/ эг1азалла /г1ийла , ледар хилар/ а , къеждалар а дина Цо . Шена луург кхуллу Цо . Иза хуург , ницкъберг ву .
55./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь къадечара дуйбуу лаьттина ма дац са1техь бен . Иштта /дуьненахь болш а/ лебеш /бакъонах д1ахьовзош/ хиллера уьш .
56.Шайна 1илма /хаар/ а , ийман а деллачара элира :"Бакъ долш , шу лаьттира /дисара/ Аллах1ан /лайн 1амалаш д1аязйен/ жайнахь /шаьш кхоьлличхьана/ г1овтторан денналц . Х1ара ду /и аш харцдина долу , адамаш шайн кешнашчуьра/ г1овтторан де , делахь а шу /дуьненахь долш/ ца хууш дара /и де дог1ург хилар/"
57.Ткъа оцу /къемата/ дийнахь , шаьш зуламдинчарна /шаьш динчух/ церан бехказбовларо пайда а бийр бац , /я/ цаьрга дохкобовлар а доьхур дац /юхаберзор бац/
58.Бакъ долш , Оха далийра нахана /уьш бакъонна т1екхиийта/ х1окху къур'анчохь массо а /кепара/ масалха /мисалш/ . Ткъа /Ас ч1аг1о ма йо/ ахь царна аят далийча , шаьш /Делах/ цатешначара эра ма дара :"Шу /ма/ дац харцондай /харцлуьйраш/ бен"
59.Иштта /оцу куьцара/ Аллах1а мух1ар туху /шайга деанчуьнан чулацам/ цахуучеран дегнаш т1е
60.Сатоха /царех хьайна хуьлучу цатаман т1ехь/ , баккъалла а Аллах1ан /орца хьуна кхочур хиларан/ ч1аг1о бакъ ю /хьуна/ . Хьо /собар ца тоьъна/ сонталле ма вуьгийла шаьш доггах цатешачара .