Тидар



31- Сурат Лукъман
(Маккахь доьссина , 34 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 


1.Алиф , лам , мийм.
2.Уьш (х1орш) кхетамечу жайнан аяташ ду .
3.Нийса некъ а , къинхетам а дикчу лешна
4.Шаьш ламазаш х1иттош , закат луш , шаьш эхартах билггала тешаш болу
5.Уьш - шайн Делера нийсачу новкъа т1ехь бу , уьш шаьш декъалхилларш бу
6.Адамашха ву , ша дезарца хоржуш синкъераман къамел , шиэгахь доцчу 1илманца Аллах1ан новкъах тилорхьама , (иштта) ша царех (аяташха) кхаьрдаш . Уьш шайна сийсазбарца 1азап хиндерш бу
7.Тхан (къур'анан) аяташ шена дешча , куралла ярца (букъ тохе) д1авоьрзу иза , шена ца хезча санна , баккъалла а , шен лергашчохь къоралла йолуш (лергана ч1ог1а волуш) санна . Ахьа цуьнга кхаъ баккха лазош хиндолчу 1азапца
8.Баккъалла а , шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинчаьрна зовкхе ялсаманеш хир ю .
9.Гуттара а шаьш цу чохь хир болуш , Аллах1ан ч1аг1о (шеко йоцуш) бакъ ю , Иза нуьцкъала а , т1ех кхетаме а ву .
10.Стигланаш кхьоьллина Цо г1ортолаш а йоцуш шаьш шуна гуш , лаьттах лекха лаьмнаш а доьг1на Цо и шуна (к1елахь) меттахцахьейта . Массо а куьцара дийнаташ а даржийна Цо цу т1ехь. Оха Стиглара (дог1ун) хи а доссийна , массо а хазчу кепара ораматаш а довлийтина Оха цу т1ехь
11.Х1ара Аллах1ан кхоллам бу , ткъа аша гайтийша Суна , х1ун ду Иза воцучаьра шаьш кхоьллинарг ? Бакъ долуш зуламхой билггалчу тиларехь бу
12.Бакъ долуш , Оха белира Лукъманна кхетам : "Аллах1ан баркалла ала , ша баркалла олучо , баккъалла а шен дег1ана баркалла олу. Ткъа ша керстаннала динарг.., баккъалла а Аллах1 хьаштвоцург , хастамениг ву
13.(ахьа хьахаде) Лукъмана шен к1анте элира ша цуна хьехам беш :"Х1ай сан жима-к1ант ! Аллах1аца декъашхо ма велахь ! Баккъалла а декъашховар (уггар) доккха зулам ма ду"
14.Адаме шен деца-ненаца весет дира Оха . Нанас (шен кийрахь) лелийра и (дено-дено) халонт1е а хало хуьлуш , (ткъа) и (декхчуьра) д1акъастар шина шарчохь ду . "Суна а , хьайн дена-нанна а баркалла ала , верзар Соьга ду (хьан)"
15.Цаьршиммо хьо т1етовжавахь Соьца декъашховарна хьан шеца дерг хаар доцучуьнца , цаьршинна муьт1ахь ма хила хьо. (амма) Дуьнена дахарехь (хьо) цаьршинца дика (оьзда) хилалахь . Дохко ваьлла соьга вирзинчун некъ лацалахь , цул т1аьхьа шун дерзар Соьга ду , т1аккха Аса д1ахауьйтур ду шуна аша деш хилларг (бекхам беш)
16.Х1ай сан жима-к1ант ! Баккъалла а и (дика-во) хилча к1оллин буьртиг барамехь жима , и тархах хилча , я стигланашкахь , я лаьттах , Аллах1а гучудоккхур ма ду иза . Баккъалла а , Аллах1 т1екхуьуш , хууш ву .
17.Х1ай сан жима-к1ант ! (бехкамашца) Ламаз делахь , диканца девзинчунца омар делахь , вочух юхатохалахь (ницкъ макхоччу) , хьайна (цу т1аьхь) хуьлучу халонна собаре хилалахь , баккъалла а , иза (вай хьахийнарг) , (дики долуш,) хадош ч1аг1дина т1едихкинчу белхашха ду
18.(къамелехь) Хьайн бесни (йоьхь) , (кураллийца , ца вашарца) нахах д1амаерзайелахь (букъ ма тохалахь). Хьо ма лиэлалахь лаьттахула дозаллийца (курачу боларца) . Баккъалла а , Аллах1ан везац хьуна массо а шех тамаш а , доззалла а дийриг
19.Хьайн болар дай диэлахь , хьайн аз лаг1диэлахь (г1елделахь) , баккъалла а , аьзнашха т1ех ирчаниг варрашин аз ду хьуна
20.Шуна ца гира (цахиъира) , баккъалла а , Аллах1а стигланашкахь дерг а , лаьттахь дерг а шайна муьт1ахь дар ? (иштта) Шайна (Цо) кхоччуш шорта дар , гуш (девзаш) а , къайлах (ца девзаш) а долу зовкхаш (ни1маташ) . Адамашха ву ша къуьйсург Аллах1 (цхьаъваран) хьокхехь (дийца) 1илма (бух) а , (элчанера) нийса некъ а , (т1етовжа) нуьре (билгала) жайна а доцуш
21.Цаьрга (къийсалучарга) аьлча : "Аллах1а (шен элчанна т1е) доссийначунна т1аьхьа х1итта (иза бакъдарца)", цара олу :"Цулла (бакъ долуш) , тхан дайш лелош тхайна карийначунна т1ахьа х1уьттур дай тхо", (Аллах1а элира) "Шайт1ано уьш (ц1ерца йогу) жоьжахатан 1азапе (лебеш харцоне) кхойкхуш хиллехь ай?"
22.Доггах Аллах1ан (т1е болх биллина) 1амал йинарг милла велахь , ша дикадеш (муьт1ахь) волуш , бакъ долуш (иза) ондачу (хедар боцучу муьшан) шедах тасавелла , (церан) белхийн (1амалийн) чаккхе (дерзар) Аллах1е ю
23.Ша керстаналла динарг милла велахь , хьо (х1ай сийдолу Мухьаммад) г1айг1ане (балане) ма войла цуьнан керстаналло , церан берзар Тхоьга ду хьуна , т1аккха Оха д1ахауьйтур ду царна шаьш лелийнарг (бекхам барца) . Баккъалла а , Аллах1 (церан) кийрахь дерг (хьуламе г1ур доцуш) т1ех дика хууш ву (хьуна)
24.Жимма зовкх хьогуьйтур ду Оха цаьрга (дуьненахь) , т1аккха к1оршаме 1азап т1етосур ду
25.(дуй ма буъу Аса) Ахьа цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а ?" Цара (мук1арло деш) ала ма олу :"Аллах1а (кхоьллина) ". Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) ала : " Аллах1ана хастам бу (уьш бакъонна къера барна) , бакъ долуш , царах дукхах болчарна хаъам ца хаъа (шаьш Цуна 1ибадат дан дезар)"
26.Аллах1ан (долахь) ду стигланашкахь а , лаьттахь а (мел) дерг , баккъалла а , Аллах1 , ша х1умане хьашт воцург , шена хастам берг ву
27.Баккъалла а , ша (х1окху) лаьттахь мел долу дитт , (шайха) къоламаш (дина) хилчи , (ткъа) х1орд (шекъа хилчи) шел т1аьхьа варх1 х1ордо (шекъанца) совбоккхуш (диэбош) , (и г1ирс кхачабелчи а ) Аллах1ан дешнаш кхачор ма дацара , баккъалла а , Аллах1 , ницкъ болш , кхиэтаме (хьуьнаре) ма ву .
28.Шун (массеран) кхоллар а , я ден дина г1овттор а , дан мадац цхьа са (кхоллар , г1аттор) санна бен . Баккъалла а , Аллах1 (цара дуьйцург) хезаш , (цара дийриг) гуш ву
29.Хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад) ца гина (ца хаъа) , баккъалла а , Аллах1а буьйса (цуьнах цхьа дакъа) ден чу йоллар (и де дахдеш) , де (цуьнах цхьа дакъа) буьйсенчу доллар (и буьйса яхъеш) , малх , бутт (шуна пайдана) мут1ахь бар , (цаьршинах) х1ору а (Дала) тоьхна хенналца (шена билгал динчу дозанан новкъа) лиэлар , (иштта) баккъалла а , Аллах1 аша дийриг хуъуш хилар
30.Иза (хьахийнарг) баккъалла а , Аллах1 ша (шиэко йоцуш) хьакъ хилар , (иштта) баккъалла а , Иза (Аллах1) воцуш цара (лолла дарца) кхойкхург (т1аьхьло йоцуш) харц хилар , (иштта) баккъалла а , Аллах1 т1ех (нуьцкъала) лекхи , (сийлахь) воккху хилар (ч1аг1деш) ду
31.Хьуна ца гина (ца хаъа) , баккъалла а , х1ордкема х1ордчухула Аллах1ан ни1матца лиэлар , Шен (ницкъ хилар) билгалонаш шуна гайта , баккъалла а , оцунгахь билгалонаш ма йу массо а т1ех (халонехь)собаре , (шортонехь) пуьсаре волчуна
32.(х1орд ловзабаьлла) Лаьмнаш санна (лекха йолчу) тулг1ийно уьш (шаьш) хьулбича , доггаха (цуьнга цхьанга) Аллах1е кхойкху цара , ткъа (Цо) шаьш (х1ордах) к1алхьара баьхна лаьтта баьхчи , царах (Делаца йина) ч1аг1он т1ехь чекхволург (ле цаволург) хуьлу . (бакъ долуш) Тхан билгалонаш (къобал ца еш) юха цатуху массо а т1ех ямарт , керста волчо бен.
33.Х1ай адамаш шайн Делах кхиэралуш , дас шен доьзалхо (балех) хьалха ваккха (Дала къобал дийр долуш) дан х1ума а , (иштта) доьзалхочо шен дена дан х1ума а доцучу дийнах кхиэралуш , баккъалла а , Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю (шуна) , дуьнена дахаро 1иэха ма дойла шу , Аллах1ах ("Дела къинхет шорта бу" аьлла) 1иэха мадойла шу (вуониг дайтарца) 1иэхочо (шайт1ано)
34.Баккъалла а Аллах1 , къиэмат ден (х1оттар хан) хаъар цуьнгахь ду . Дог1у доуьйту (Цо) , (наной) кийранашкахь (долчу синойх) дерг хаъа (Цуна) , цхьанне сина ца хаъа ша кхана х1ун лелор ду , цхьанне сина ца хаъа (ша) муьлхачу лаьттахь (махкахь) лийр ду . Баккъалла а , Аллах1 (массо х1ума) т1ех дика хуъуш , (къайлах дерг) девзаш ву