Тидар


                                                                34 - Сурат Сабаъ
                                                  (Маккахь доьссина ‚ 54 аят ду)
           Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болун къинхетаман Да волчу



1.Хастам бу Аллах1ан , Ша Шен /долахь/ долш волчу стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . Цунна бу хастам эхартахь а . Иза ву кхетамениг , хуург .
2.Цунна хаа /девза/ ша лаьттах доьдург а , ша цуьнах схьа долург а , ша стиглар дуссург а , ша цига /стигал/ хьала долург а . Иза ву къинхетамениг , гечдийриг.
3.Шаьш цатешначара элира :"/къемат дийнахь г1овтторан/ Са1ат дог1ур /долш/ дац вайна" . Ахь ала /цаьрга/ :"Бакъ долш , сайн Делаца - къайле хууш волчу дуй /ма/ буу ас , иза /са1ат/ шуна /т1е/ данне а дог1ур ма ду /аьлла/" . Цуьнах хьуллур /къайла дер ма/ дац заррат барамехь /жима х1ума/ стиглашкахь а , лаьттахь а , /я/ цул жиманиг а , доккханиг а /хьуллур/ дац /ша/ билгалчу жайнахь долш бен.
4./диканца/ Бекхам бархьама шаьш /Аллах1ах/ тешначарна а , дика 1амалаш йинчарна а . Уьш , царна /Делера/ гечдар а , /ялсаманан/ лераме рицкъа а ду.
5.Ткъа шаьш Тхан айаташкахь /шайн дагахь Тхо/ г1орасиз деш къахьегнарш - уьш , царна лазон вон /боьха/ 1азап ду .
6.Шайна 1илма деллачарна го /хаа/ хьан Делера хьоьга доссийнарг иза бакъ дуй а , цо нисвой а сийлахьчун , хастамечун новкъа
7.Шаьш /Делах/ цатешначара /цабешаш/ элира :"Оха нисдай шу цхьана стагана т1е /ша/ шуна дуьйцур /довзуьйтур/ долчу /баккъалла а/ шу цестарх а цистича /эт1ийча , латто талхийча/ , баккъалла а шу керлачу кхолларехь /юха кхуллур/ ма ду /бохуш/?
8.Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллина цо я /коьртан/ телхина и ?" Мелхо а , шаьш эхартах ца тешарш 1азапехь а , генарчу тиларехь а бу
9./уьш ца хьаьвсина/ Царна ца гина тов шайна хьалхарниг а , шайна т1ехьарниг а стигланах /шайна т1оьхларниг/ а , лаьттах /шайна к1елхьарниг/ а ? Тхайн лаахь латта царца чудожуьйтур ду Оха /ша уьш д1ахудуш/ , я царна т1е стиглара аьхгаш /кескаш/ эгор ю . Баккъалла а цуьнгахь билгало ю массо а /дохковаларца Далла/ т1евоьрзучу лена
10.Бакъ долш Оха елла Давудана Тхайгара комаьршо /пайхамаралла , жайна/ . /Оха элира :" Х1ай лаьмнаш т1аьхьара айъа цуьнца /Cуна теспахь дар/ , олхазарш /аша/ а !" Оха к1аддира цунна эчиг .
11.Деха /дег1 хьулдеш/ г1аьг1наш де ахь , барам бе ахь /церан/ х1азарш дуцарехь . Дика де аш . Баккъалла а Со аш дийриг гуш ву /шуна/ .
12.Сулайманна мох /муьт1ахь бина Оха/ . Цуьнан 1уьренца /делккъалца х1о/ хьакхар /барам/ бутт бу , цуьнан суьренца /х1о/ хьакхар /барам а/ бутт бу . Оха далийтира /лалийра/ цунна ц1естан хьост . Жинашха ду шаьш цуна хьалха цуьнан Делан пурбанца /омранца/ болх бийраш а . Ткъа царех Тхан омранех ша /муьт1ахь ца хиларца/ д1ахьаьвзинарг /д1ашершинарг/ , Оха цуьнга /жоьжахатан/ ц1еран 1азап 1овшуьйтур ду .
13.Цара цунна до цуна луург /маьждиган/ лахьтанех а , х1олламех а , 1аьмнаш санна /даккхий а шуьйра а долу/ кедаш а , нуьцкъала еш а . /Далла мут1ахь хиларца/ 1амал йе х1ай Давудан ох1ла /Цунна/ баркалле долш . /Амма/ К1еззиг ву Сан лешха /1амал ярца , Сан зовкханна/ баркаллениг .
14.Оха цунна /иза ирахь волш/ валарца кхелйинчу хена , иза валарна т1е уьш /жинаш/ ца нисдира лаьттан чхьаьвриго бен , ша цуьнан 1аса йууш йолчу . Ткъа и /шен 1аса кагйаларна охьа/ воьжча , жинашна билгалделира шаьш къайле хууш хиллехьара лаьттина хирдоцийла сийсазчу 1азапехь .
15.Бакъ долш Сабаан /тайпан/ йара шайн х1усамехь билгало - шиъ беш аьтту а , аьрру а аг1ор . /царга элира :/ Аш даа шайн Делан рицкъанех , Цунна баркалле а хила шу . /х1ара/ Беркате /дика/ мохк а , гечдеш Дела а /ву шуна/ .
16./амма/ Д1абирзира уьш /Далла хастам барха/ , т1аккха Оха царна т1е хьажийра /т1етесира/ карзахе /буьрса , чехка/ 1овраш /церан буг1а , сунт , ч1инг йохош/ . Оха хийцира царна церан шиъ беш кхечу шина бешца - къаьхьа /йолчу кулан к1охцалан/ даар долш , эрзах а , акхачу стоьмах к1еззиг х1ума а
17.Оха царна и бекхам бина уьш цатешарна . Оха бекхам бой ткъа т1ех цатешачунна бен ?
18.Оха йина царна /Сабаъ тайпанна/ а , Оха шайн чохь /шортта/ беркатдинчу /Шемарчу/ ярташна а юккъехь /вовшех х1иттина/ гуш ярташ . Оха бира цу чохь некъ . Шу лела царна чухула буьйсанашкахь а , деношкахь а /денахь-буса/ маьрша .
19.Цара элира :"Х1ай тхан дела ! Гена бе /хьа/ тхан некъаш !" Шайн дог1машна зуламдира цара . Оха бира уьш /т1аьхьа бог1учарна/ дийцаршна /во масална балош/ . Оха цестарх а цистира /эт1ийра/ уьш . Баккъалла а цигахь билгалонаш ю массо а собаречун , баркаллечун .
20.Бакъ долш бакъ дира Иблийсо царех /адамех/ шен хетар . Цунна т1аьхьах1иттира уьш муъманахех цхьа тоба йоцург.
21.Цуьнан /Иблийсан/ ма бацара царна т1ехь цхьа а бух /куьйгалла/ , Тхуна /и царна т1етасарца/ лаар бен эхартах тешарг цуьнах ша шекволчух вовза /т1аккха бекхам бан/ . Хьан Дела массо а х1уманна тидаме /тергаме/ ву
22.Ахь ала /царга/ :"Аш кхайкха шаьш Аллах1ан метина шуна хетнарш !" Церан долахь /карахь/ дац заррат барамехь /дика а , во а/ стиглашкахь а , лаьттахь а , царна вац цаьршингахь /стиглахь а , лаьттахь а/ цхьа а декъахо , Цуьнан вац царех цхьа а г1оьнча
23.Т1ех1оттаро /шапа1ато/ пайда ца бо Цунна гергахь , Цо шена /цунгахь/ пурба деллачун бен . Церан дегнех кхерам д1атилийча /д1аайбича/ , цара элира /хаьттира/ :"Х1ун аьлла шун Дала ?" Цара элира /жоп делира/ :"Бакъдерг . Иза лекха , воккха ву"
24.Ахь ала /хатта царга/ :"Хьа ло шуна стигланашкара а , лаьттара а рицкъа ?" Ахь ала /жоп ло/ :"Аллах1а /ло але/ . Баккъалла а тхо я шу нийсонна т1ехь ма ду , я билггалчу тиларехь ма ду"
25.Ахь ала :"Шоьга жоп доьхур дац оха динчу /латийначу/ къинна , тхоьга жоп доьхур дац аш лелочух /дечух/"
26.Ахь ала :"Д1агулдийр ду вай вайн Дала /къемата дийнахь/ , т1аккха кхелйийр ю Цо вайна юккъехь бакъонца . Иза кхелйийриг , хуург ву "
27.Ахь ала :"Гайта суна аш шаьш Цуьнца декъахой бинарш ! Х1ан х1а . Мехо а И Аллах1 сийлахь , кхетаме ву"
28.Оха ваийтина ма вац хьо массо а нахана бен , кхаъбохьуш а , кхерамтосуш а . Делахь а нахех дукхах болчарна ца хаа /и/
29.Цара олу :"Маца /йог1ур йолш/ ю и /1азапца йина/ ч1аг1о , шу /шаьш тхуна йечу ч1аг1онехь/ бакълуьйш хилча ?"
30.Ахь ала :"Шуна /дог1ур долш/ ханйиллина де ду . Аш цуьнах са1ат юхаузур дац , хьалхадоккхур дац
31.Шаьш цатешначара элира :"Тхо тешне а тешар дац х1окху къур'анах а , цул хьалха /деана/ долчух а" . Хьайна гича /керста/ зуламхой шайн Далла гергахь д1ах1иттийна /совцийна/ , цхьаберш вукхаьрга /бекхбаккхарца/ къамеле /даше/ буьйлуш . Шайна г1ело йинчара /дакъазбаьхначара/ олу шаьш /Делах тешарха/ базбеллачаьрга :"Шу ца хиллехь , тхо /хилла/ хир ма дара муъманах /Делах тешнарш/"
32.Шаьш базбеллачара элира шайна г1ело йинчарга :"Оха духатоьхна /д1адерзийна/ тов шу /ийманан/ нийсонах шуна и еанчул т1аьхьа ? /х1ан х1а/ Мелхо а , шу даркха зуламхой /къа дийраш/"
33.Шайна г1ело йинчара /дакъазбаьхначара/ элира шаьш /Делах тешарха/ базбеллачаьрга :"Мелхо а , буьйсенан а , дийнан а мекарло хилла /и/ аш тхоьга омру дечу хена Аллах1ах цатешарца а , Цунна тернаш /декъахой/ барца " Цара хьулдира /шайн/ дохкобовлар /дагахьбаллам , вас/ шайна 1азап гинчу хена . Оха дира буржалш /г1оьмаш/ шаьш цатешначеран легашкахь /кочахь/ . Бийр бу ткъа царна бекхам цара деш хилларг /цуьнца/ бен ?
34.Оха хьажийна /вахийтина/ ма вац /цхьанне/ а юьрта /цхьа/ а кхерамтасархо цуьнан /юьрта/ хьоландайша аьлла бен :"Баккъалла а тхо шу шеца хьажийначуьнах /дахкийтиначу/ тешаш дац"
35.Цара элира :"Тхо /шул/ алсам /эвсара/ ду хьелашца /бахамашца /а , доьзалшца а . Тхо ма дац 1азапе лоцур долш"
36.Ахь ала :"Баккъалла а сан Дала рицкъа даржа /шорта/ а до Шена луучунна /и зуьйш/ , бараме /эша а , гатт/ а до , делахь а нахех дукхах болчарна ца хаа /и/
37.Шун хьелаш а , доьзалш а ма бац Тхуна гергахь шу гергадолор долш мелла а /Тхуна/ юххе /улле/ , ша /Делах/ тешнарг а , дика 1амал йинарг а бен . Ткъа уьш , царна шалха бекхам /хир/ бу цара динчунна . Уьш /ялсаманин/ чоьнашкахь маьрша /хир/ бу
38.Шаьш Тхан айаташкахь /шайн дагахь Тхо/ г1орасиз деш къахьоьгурш , уьш /къемат дийнахь/ 1азапе балор бу
39.Ахь ала :"Баккъалла а сан Дала рицкъа даржа /шорта/ а до Шен лешха Шена луучунна /уьш зуьйш/ , бараме /эша а , гатт/ а до . Аша /диканехь/ харжйина /саг1ийна елла/ х1ума , Цо меттах1оттар ю и . Иза рицкъалучарех тоьлларг ву
40.Цу дийнахь Цо /Аллах1а/ гулбийр бу уьш берриге , т1аккха эра ду Цо малийкашка :" Х1орш бу /уьш/ шуна лолла /1ибадат/ деш хилларш ?!"
41.Цара /малийкаш/ элира :"Ц1ена ву Хьо /цара Хьуна бинчу декъахойх/ . Хьо ву тхан Верас уьш боцуш . Мелхо а , жинашна лолла деш бара уьш , царех дукхах берш царех тешаш а бар /жинех/"
42.Ткъа тахана , шух цхьаболчеран вукхарна бан /шапа1ат/ пайда , /я дан та1зар/ зен а дац . Оха олу зуламдинчарга /керстане/ :"1овша /х1инца/ - ша и аш харцдеш хилла долу - /жоьжахатан/ ц1еран 1азап"
43.Шайна /элчано/ Тхан билгала аяташ дешча цара элира :"Х1ара ма вац , шун дайша лолла деш хиллачух /ц1уйх/ , шу духатоха лууш волун стаг бен" . Иштта цара элира :"Х1ара /къур'ан/ ма яц , /Далла т1ехь/ кхоьллина харцо бен" . Шаьш цатешначара элира бакъонна и шайна еанчу хена :" Х1ара /къуран/ ма яц , билггала бозбуанчалла бен"
44.Оха царна ца делла цара шаьш /1амош/ доьшуш /долун/ жайнаш а , Оха царга хьажийна вац хьоьл хьалха /цхьа а/ кхерамтасархо а /цара х1ара бозбуанчалла ду ала/
45.Шаьш царел /Маккара 1арбойл/ хьалхарчара а харцбира /элчанаш/ . /ткъа/ Цаьрга /Маккара 1арбойшка/ ца кхаьчнера /хьуна/ Оха вукхарна /хьалхалерчарна/ деллачух иттолг1а дакъа /хьуьнар/ а . /делахь а/ Цара харцбира Сан элчанаш . Ткъа муха дара сан /бехк баккхаран/ та1зар ?!
46.Ахь ала :"Баккъалла а ас хьехам бо шуна цхьанца : /иза/ Шу д1ах1иттарца Аллах1ан /дуьхьа/ шишша а , цхьацца а , т1аккха аш ойлайарца /шун хаар/ шун накъостаца /Мухьаммадца цхьа а/ талхар доций . И ма вац шуна кхерамтасархо бен /шуна/ буьрса 1азап т1едале"
47.Ахь ала :"Ас /цхьа а/ ял /мах/ ца ехна шоьга /кхерамтасарна , аш суна цу т1ехь бехк билла/ , иза шун ю . Сан ял /мел/ ма яц Аллах1ан т1ехь бен . Иза /цхьаъ/ ву массо а /ас лелочу/ х1уманна т1ехь теш /верг/"
48.Ахь ала :"Баккъалла а , къайленаш хуучу сан Дала /билгалйина/ бакъо /тосу/ йожайо /йоссайо Шен лешха шена луучун дагчу , харцо д1атилош/"
49.Ахь ала :"/Аллах1ера/ Бакъдерг деана , /ткъа/ /керстан/ харцо гучуер /юхайолалур/ а яц , юхайоьрзур /юхайог1ур/ а яц"
50.Ахь ала :"Со /бакъонех/ тилвеллехь - баккъалла а сайн дег1ан /сайна къинна/ туьлу со , ткъа со нисвеллехь - сан Дала соьга хьоьхучунна ду /и/ . Баккъалла а Иза /доьхург/ хезарг , /жоп даларна/ гергарниг ву"
51.Хьайна гинехьар уьш , 1адийначу /кхерабеллачу/ , юххерчу /уллерчу/ меттера схьалецначу
хена /Тхан та1зарх/ к1елхьарбовлар /бовдийла/ доцуш , /инзаре хьал гур дара хьуна/
52.Цара элира /шайна 1азап гича/ :"Тхо тешна цуьнах /бакъонах/". Царна муха /мичар/ ду /ийманах/ хьакхабалар /кхетар , имдиллар/ генарчу меттера /эхартахь/ ?!
53.Бакъ долш уьш цатийшира цуьнах хьалха /дуьненахь/ . Цара туьйсу /шайна/ хетарг /моьттург/ генарчу меттера .
54.Д1асхьакъастийра царна а , цара сатуьсучунна /ийманна ,товбанна/ а юккъехь , /царел/ хьалха царех терачарца ма дарра /и/ . Баккъалла а уьш , тешамаза шеконехь бара .