Тидар



 35 Сурат Фат1ир /Кхуллург/
     /Маккахь доьссина ‚ 45 аят ду/
       Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Хастам бу Аллах1ан , стигалш а , латта а кхоьллинчу , малийкех геланчаш динчу , т1емаш долш - шишша , кхоккха , биъ-биъ . Цо совдоккху кхолларехь Шена лууш дерг . Баккъалла а Аллах1 массо а х1уман т1ехь ницкъберг ву.
2.Аллах1а нахана (Шен) къинхетамах схьадоьллург , и сацон цхьа а вац . Ткъа Цо сацориг , и д1ахеца а вац Цул т1аьхьа (И воцург) цхьа а . Иза сийлахь , кхетаме ву .
3.Х1ай нах ! Аш хьахаде (дагадаийта дагца , маттаца) шайн т1ийра Аллаха1ан зовкх ! Вуй ткъа (шун) Аллах1 воцург (цхьа а) кхуллург , ша шуна стиглара а , лаьттара а  рицкъа луш ? Дела (ма) вац , И (Аллах1) воцург . Ткъа муха (сте) д1адерзадо шу (И цхьаъ варха) ?
4.Цара хьо харцвахь , бакъ долуш хьоьл хьалха а элчанаш харцбина . Аллах1е доьрзу (массо а) белхаш .
5.Х1ай нах ! Баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю (шуна) . Шу 1еха ма дойла дуьненан дахаро (шайн хьоло) , шу 1ехамадойла Аллах1аца 1ехочо (шайт1ано)
6.Баккъалла а шайт1а , шуна мостаг1 ду . Аш мостаг1 лара и (аш лаца цуьнца йолу юкъаметтиг цуьнах мостаг1 а дай) . Баккъалла а цо кхойкху шен тоба жоьжахатан дай хиларе
7.Шаьш (Делах) цатешнарш (керстаналла динарш) , цаьрна буьрса 1азап ду . (ткъа) Шаьш (Делах) тешнарш а , диканаш динарш а , цаьрна гечдар а , йоккха ял а ю
8.Вуй ткъа (шайт1ано) шена шен вон 1амал хазйина , т1аккха и дика хетнарг (Дала ша бакъон т1ехь нисвинчух тера) ? Баккъалла а Аллах1а , Шена луург тила а во , нис а во . Хьо (хьан дег1) ма г1ойла цаьрна (дуьхьа) г1айг1анашка ! Баккъалла а Аллах1 хууш ву цара дийриг (лелориг)
9.Аллах1 ву И марха меттахйоккху мехаш дахкийтинарг . Оха и (марха) йигира (йокъаллийна) беллачу махка . Т1аккха Оха ден дира цуьнца (мархан дог1анца) латта , и (йокъаллийна) деллачул т1аьхьа . Иштта дукх (Цо шу деллачул т1аьхьа дендина) г1овттор (а)
10.Ша сийлалла езаш хилларг (милла велахь) , Аллах1ан (Цуьнгахь) ю сийлалла ерриге а . Цуьнга хьала долу оьзда (ц1ена) дош , (ткъа) дика 1амал (къобул ярца) айъайо Цо и . Шаьш вонашца мекарло йийраш , цаьрна буьрса 1азап ду . Церан мекарло - эрна (пайден йоцуш) ю и
11.(х1ай нах !) Аллах1а кхоьллина шу (дуьххьара) лаьттах , цул т1аьхьа (стеган а , зуьдчун а) т1адамах , т1аккха дира Цо шу шина (сте , боьрша) тайпара (кепара) . Цхьа а сте доьзалх хир ма яц , цо и (бер) дийр ма дац Цуьнан хаарца (И хууш волш) бен . Цхьанне а вахархочуьн дахар (Ас еллачу хенал) дахдийр дац , (я) цуьнан дахар эшор дац (цуьнан 1илма) жайнахь долш бен . Баккъалла а и Аллаха1ан атта ду .
12.(х1ара) Шиъ х1орд цхьатерра бац , х1ара теза мерза бу , шен малар томехьа (чам болш) долш , ткъа х1ара туьха долш дуьра бу . (цаьршиннах) Х1ораннах а аш дуу ховха (керла ч1ера) жижиг , (цаьршинна чуьра) аш хьалайоккху шаьш т1еюху и хазалла . Хьуна го х1ордкеманаш цу чохь (и) хедош лелаш , шоьга Цуьнан комаьршо лахийта . Шу баркалле хилийта .
13.Буьйса денна чуйуллу Цо (и дахдеш) , ткъа де буьйсан чу дуллу Цо (и яхйеш) . Малх а , бутт а муьт1ахь бина Цо , (уьш) массо а лела (Цо) ц1етоьхначу ханналц . И (дерриге а динарг) Аллах1 ву , (Ша) шун Дела волу . Цуьнан ду (массо а) паччахьалла . Ткъа аш - Иза а витина - шаьш кхойкхурш , церан долахь дац (хурман лаг т1ийра) чкъор а .
14.Аш цаьрга кхайкхича , царна хезар дац шун кхайкхар , ткъа (аш шайга кхайкхар) шайна хезнехь а , шун жоп делла хир ма дацар цара . Къемат дийнахь цара керстаналла дийр ду (юхадевр ду) аш (шайха) декъашхо варх . Хьоьга (х1уманна т1аьхьлонах) хаам бийр бац (довзуьйтур дац цхьаммо а) хуучо (Аллах1а) санна
15.Х1ай нах ! Шу хьашт ду Аллах1е . Иза (цхьаъ ву Ша х1умане хьашт воцуш) хьалдерг (тароерг) , хастаме верг
16.Шена (шу х1аллак дан) лаахь , Цо шу д1а а тилийна (шу меттан кхи) керла (шул тоьлуш , Далла муьт1ахь долуш) халкъ далор ду .
17. Аллах1ан хала (деза) дац и
18. (къемат дийнахь) Ца хьо хьучо (къа динчу сино) кхечуьнан къинмохь (х1ораммо а шен мохь хьур бу) . Кхайкхича (къиношха) дазделчо (сино) и (шен къинмохь) бахьаре (цхьаъ) , хьур яц (цхьаммо а) цуьнах х1умма а , и (цо кхайкханарг цуьнан) гергарниг хиллехь а . Баккъалла а ахь кхерамтосу шаьш къайлах шайн Делах кхоьручаьрга а , шаьш (шен бехкамашца) ламаз х1оттийначаьрга а . Ткъа ша (Далла декъашхо варха) ц1анвелларг , баккъалла а шен дег1а дуьхьа ц1анло , Аллах1е ду (шу массеран а) дерзар
19.Цхьанисса вац б1аьрзениг а , б1аьрсадерг а
20.(керсталлин) Боданаш а , (ийманан) нур а дац (цхьатерра)
21.1индаг1 а , бурко (де къойкъу хан) а яц (цхьатерра)
22. (иштта) Цхьанииса бац дийнаберш (бусулба) а , белларш (керста) а . Баккъалла а Аллах1а (нийсо) хозуьйту (д1акхачайо Шен лешха) Шена луучунна . Хьо ма вац хозуьйтур долш (ийманах дегнаш делла) кешнашчохь болчарна
23.Хьо кхерамтасархо бен ма вац
24.Баккъалла а Оха хьо (Тхан лешка) хьажийна (вахийтина нийсонан) бакъонца – (царна ялсаманца) кхаъбоккхуш а , (жоьжахатца) кхерамтосуш а . Цхьа а уммат ма дац шайлахь (хьоьл хьалха) кхерамтасархо веана бен (ванза)
25.Ткъа цара хьо харцвахь , бакъ долуш шаьш царел хьалхарчара а харцбина (шайна баьхкина элчанаш) . Царна баьхкира церан элчанаш билгалонашца а , тептаршца а , нуьречу жайница а
26.Т1аккха Ас (катоьхна та1зарца) лецира шаьш (Соьх) цатешнарш (керстаналла динарш) . Ткъа муха дар Сан (реза ца хиларан) та1зар ?!
27.Хьуна ца го (ца хаа) , баккъалла а Аллах1а доссийна стиглара (дог1ан) хи . Т1аккха Оха (Дала) хьаладовлийтара (хьалакхиийтара) цуьнца (дог1ан хица) шен беснаш тайп-тайпана долу стоьмаш , (шена т1ехь) некъаш долчу лаьмнашха а ду к1айнаш а , ц1енаш а , т1ех (к1ор санна) 1аьржанаш а
28.(иштта) Адамашха а , дийнаташха а , хьайбанашха а ду шен беснаш тайп-тайпана дерш . Иштта , баккъалла а Аллах1ах (кхера ма безза) кхоьру Цуьнан лешха 1еламнах . Баккъалла а Аллах1 сийлахь , гечдеш ву
29.Баккъалла а шаьш Аллах1ан жайна доьшурш а , ламаз х1оттийнарш а , Оха шайна делчу рицкъанах къайлах а , гуш а харж йинарш а – зен хир доцчу совдегаре догдохуш бу
30.Цо царна церан (кхачаме) меланаш (елаш) д1абала а , Шен комаьршонах уьш совбаха а . Баккъалла а Иза – гечдеш , баркалле ву
31.Оха ша хьоьга (х1ай Мухьаммад къуран) жайнах (вахьйанца) хьехнарг , иза - бакъдерг ду (хьуна) , шел хьалхарниг бакъдеш (деана) . Баккъалла а Аллах1 Шен лешха дерг девзаш , гуш ву (хьуна)
32.Т1аккха (цул т1аьхьа) Оха дитира (делира къуран) жайна , Тхан лешха шаьш Оха хаьржинчарна . Ткъа царех (1амал ярехь ледарло ярца) шен дег1ан зуламениг ву , (иштта) царех г1ехьаниг (барамениг) ву , царех Аллах1ан пурбанца диканашца (кхечарел) хьалхавуьйлург ву . И (царна ирсан жайна дитар) - иза йоккха комаьршо ю
33.Оцу дахаран бошмаш чуг1ур бу уьш , цу чохь уьш кечбийр бу (царна духкур ду) дешех а , жовх1арех а кхоьлина х1азаршца . Церан бедар цу (ялсаманин) чохь даре ду
34.Цара элира:»Хастам бу Аллах1ан , Ша тхоьх г1айг1а (сингаттам) д1атилийна (д1аяьккхина) волчу . Баккъалла а тхан Дела гечдийриг , баркаллениг ма ву .
35.Ша - Шен комаьршаллийна - тхо (гуттарчу) дахаран х1усаме ховшийна волчу . Цу чохь тхоьх хало (бала хьегар) хьакхалур яц , тхоьх цу чохь х1оттар (к1аддалар) хьакхалур дац « 
36.Шаьш (Делах) цатешнарш (керстаналла динарш) , царна (гуттаренна а) жоьжахатан ц1е ю . (Дала баларца) Кхел ца йо царна т1ехь , т1аккха уьш бала (а белла 1азапах парг1ат бовла) , (я) цуьнан 1азап дай ца до царна . Иштта бекхам бо - кх Оха массо а цатешачунна (керстанна)
37.Туьйжуш /мохь беттарца Деле/ орца доьху цара цу /жоьжахат/ чохь :"Х1ай тхан Дела арадахахь тхо /х1окху жоьжахат чуьра/ , оха дика 1амал йийр /ма/ яра , тхаьш /дуьненахь долш/ еш хилларг а йоцуш !" . /цаьрна жоп лур ду/ :"Оха /дуьненахь/ хан ца елар /ткъа/ шуна , ша ойлайийраг /кхетарг/ цу /хена/ чохь кхеттал ? Кхерамтасархо /элча/ а /ма/ веара шуна /амма аш ла ма ца дуьйг1ир цуьнга/ . /х1инца 1азап/ 1овша аш , зуламхошна /ма/ вац /орцахвала цхьа а/ г1оьнча"
38.Баккъалла а Аллах1 стиглашин а , лаьттан а къайле хууш ву . Баккъалла а Иза кийранашкахь /дегнашкахь/ дерг хууш ву .
39.И ву и , Ша шу лаьттахь верасаш /халийфаш/ динарг . Ткъа ша /шух Делах/ цатешнарг , цунна ду шен цатешар /зен/ . Цатешарш церан цатешаро сов ца боху церан Далла гергахь оьг1азлонехь бен . Цатешарш церан цатешаро сов ца боху эшамехь /зенехь/ бен .
40.Ахь ала :"Гинай шуна шайн декъахой /ц1уй/ аша шаьш Аллах1 а витина /цаьрга/ кхойкхуш болу ? Гайта /дийца/ cоьга х1ун кхоьллина цара лаьттахь ? Я церан /Тхоьца/ дакъа ду стиглашкахь /уьш кхолларехь/ ? Я Оха царна жайна делла , уьш цу т1ийра /шаьш дуьйцург бакъ хиларна/ билгалонна /бух/ т1ехь болш ?" /х1ан х1а/ Мелхо а , зуламхоша - царех цхьаболчара вукхарга /цара вовшашка/ ч1аг1о ца йо /вовший/ 1ехорца /лебарца/ бен .
41.Баккъалла а Аллах1а сацайо /юхатуху/ стигланаш а , латта а /шайн меттера/ д1атиларха /д1ашаршарха/ . Ткъа уьш д1атилча сацор ма яцар уьш Цул т1аьхьа /И воцучо/ цхьаммо а . Баккъалла а Иза - эсалниг /сихвоцург/ , гечдийриг вара /ву/
42.Цара биира шайн ч1ог1а дуйнаш , /нагахь санна Делера/ шайна кхерамтасархо ваг1ахь , уьш хир ма бу умматех уггар нийса цхьаъ . Ткъа шайна кхерамтасархо веача , уьш сов ма ца бехира цо /и варо ийманах/ къахкарехь бен
43./шаьш/ Лаьттахь кураллайарна а , /церан/ вуочу мекарлонна а . Вуон мекарло ца хьакхало /ца юссу/ шен ох1лунах /хьакъ болчарна т1е/ бен . Хьоьжий ткъа уьш хьалхалерчийн /хилла 1азапан/ ламасте /хьоле , некъе/ бен ? Хьуна карданне а карор ма дац Аллах1ан /ч1ирэцаран/ ламастна хийцар . Хьуна карданне а карор ма дац Аллах1ан ламастна д1ахьовзор .
44.Ца лелла уьш лаьттахула , шаьш хьовса /шайна га/ муха хилла царел хьалхарчийн чаккхе . Уьш /ма/ бара ницкъехь царел ч1ог1а . Аллах1 ма вац стиглашкахь а , лаьттахь а /долу/
цхьанне а х1умано Ша г1орасиз вийр волш . Баккъалла а Иза хуург , ницкъберг вара .
45.Аллах1а та1зар дича нахана цара динчунна , Цо дуьтур ма дацар цуьнан /лаьтта/ букъ т1ехь /цхьа а/ дийнат /са/ . Делахь а Цо т1аьхьатоьтту уьш ц1етоьхначу /йиллинчу/ хене . Ткъа церан хан еача , баккъалла а Аллах1 Шен леш /церан 1амалш/ гуш ву .