Тидар

 


38 - Сурат Сод
(Маккахь доьссина‚ дерриге 88 аят)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Сод (Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена цуьнах луург) . Хьехамечу (сийлахьчу) къуранца дуй (ма) буу (Аса-Аллах1а)
2.Мелхо а , шаьш керстаналла динарш дераллехь (ийман дилларх куралъярехь) а , х1уьттаренгахь (дуьхьалбийларехь) а (ма) бу
3.Хийла т1аьхье (къаьмнаш) х1аллакйина Оха царел хьалха . Цара (орца) кхайкхира (шайна т1е 1азап дуссуш) , амма яцар и к1елхьарбовлу (бевдда къайлабовлу) хан
4.Цецбевлира уьш шайна (малик а ца дог1уш) шайха (адамех) кхерамтосург варна . Керстанаша элира :» Х1ара (Мухьаммад) бозбуунча , харцлуьйриг ву .
5.Деланашха цхьа Дела вина х1окхо ?! Баккъалла а х1ара тамашена х1ума ма ду »
6.Нацкъарбевлира (д1абахара) царех болун элий (шаьш олуш) : « Д1адуьло , сатоха шайн деланашна (дуьхьа) ! Баккъалла а х1ара (элчанна шеца шун т1ехь сийлалла) лууш долун х1ума ма ду .
7.Вайна хезна дац оцунах (цо шега вай кхойкхучух) т1аьхьарчу динехь . Х1ара ма дац (цо шегара) кхоьллинарг (тардинарг , пуьташ) бен .
8.Тхуна юккъера (къастийна) цуна (Мухьаммадна) т1е доссийна (Дала) хьахор (къуран) ?!» . Мелхо а (амма) , шекончохь бу уьш Сан хьахорха (къуранах) . Мелхо а (амма) , 1евшина дац цара (х1инци а) Сан 1азап
9.Я цаьргахь хьан сийлахьчу , лушволчу Делан къинхетаман хазнаш ю (дог1анаш ду , шух и къинхемтам сацо) ?!
10.Я церан ду стиглашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь мел долчуьнан а паччахьалла (олалла , урхалла) ?! Делахь (цара иза кхайкхадахь) хьалабовлийла уьш (шаьш стигал кхачочу) некъашца !
11.(шаьш) Эшор болун б1о бу (уьш) цигахь (бадрехь) , (иблисан) тобанашха (болу)
12.(пайхамарш) Харцбира царел хьалха Нухьан къомо а , 1адаш а , хьекхий долчу (нуьцкъалчу) Фир1авнас а
13.Самудаш а , Лут1ан къомо а , (Шу1айбан къомаха болу) боьлакан (варшан) дайш а , уьш ю (и нуьцкъала хилла) тобанаш
14.(цара) Массара а харцбира элчанаш , т1аккха хьакъ хилира (доьссира цаьрна т1е) Сан 1азап
15.Уьш хьоьжур ма бац , цхьана (ц1еххьана шайна дог1ур долчу зурманан) ц1ог1ане бен . Цуьнан ма дац хадар (сацар)
16.Цара элира :»Х1ай тхан Дела ! Сихдехьа тхуна тхан дакъа хьесапан дийнал хьалха»
17.Сатоха цара дуьйцучунна т1ехь , ахь хьахаве (дагаваийта) Тхан лай , (1ибадат дарехь) нуьцкъал волу Давуд (пайхамар) . Баккъалла а Иза (Далла муьт1ахь хиларна) т1евоьрзург вара
18.Оха (цунна) муьт1ахь дира лаьмнаш (шаьш) цуьнца (цхьана) теспахь деш суьйренца а , 1уьйренца (садаьржаш) а
19.(иштта Оха муьт1ахь динера цунна) Олхазарш а (шаьш цуьнца) гулдина (теспахь деш) . Массо а (х1ума) Цунна т1едоьрзу (муьт1ахь хиларехь а , теспахь дарехь а)
20.Оха (массо а кепара) ч1аг1дира цуьнан паччахьалла . Оха белира цунна кхетам а , дов къастор а
21.Кхаьчний (деъний) хьоьга довхой керт т1оьхул бевлла (Давуд волчу) чубахкаран хена хабар ?
22.Уьш Давуд волчу чубаьхкина , иза царех кхеравелла (хан йоцчу хена керт т1оьхул бевлла уьш ша волчу бахкарна) . Цара элира (цуьнга) :» (тхоьх) Ма кхера ! (тхой шиъ хьоьга кхел яйта веана) Ши довхо ву , тхоьх цхьаволчо вукхана г1ело йина . Тхуна юккъехь бакъонца кхелйе , харцо ма елахь , тхо нисде нийсачу (оха лоьхучу) новкъа !»
23.Баккъалла а х1ара сан (дин) ваша (ву) , (аладашна) цуьнан безткъе ткъесна уьстаг1 бу , ткъа сан цхьа уьстаг1 бу . Цо (соьга) элира :»Суна кхачабехь (лохьа) иза» Къарвира (эшийра) цо со къамелехь (къовсамехь)
24.Цо (Давуда) элира :» Бакъ долуш хьуна зуламдина цо (ша) хьоьга хьан уьстаг1 бехарца шен уьстаг1аш т1е . Баккъалла а декъашхойх (юкъахь х1умалелочарех) дуккха а болчара (царех цхьаболчара вукхарна) вовшашна г1ело (харцо) ма йо . Шаьш (Делах) тешнарш а , дика 1амалш йинарш а боцучара . Ма к1еззиг (карор) бу (хьуна) уьш . Хиира Давудан (кхийтира иза) , баккъалла а Оха ша зийний (Оха ша зер) , т1аккха шен Деле гечдар дийхира цо , (Далла хьалха) гола вуьйжира иза , (дохко ваьлла шен Далла) т1евирзира иза
25.Оха гечдира цунна иза (г1алат) . Баккъалла а цуьнан Тхуна гергахь гергарло а , дика (хаза) воьрзийла а ма ю
26.Х1ай Давуд ! Баккъалла а Оха вина хьо лаьтта т1ехь (нехан хьашташ кхочуш дан) верас (паччахь) . Бакъонца кхелйе нахан юккъехь , (дег1а) лааманна (дезачуьнна) т1аьхьа ма х1отталахь . цо тилор ву хьо аллах1ан новкъах . Баккъалла а шаьш Аллах1ан новкъах туьлурш , цаьрна буьрса 1азап (хир) ду хьесапан де (цара) дицдарна
27.Оха кхоьллина дац стигал а , латта а , цаьршинна юккъехь (мел) дерг а эрна (бегашена , забаренна) . Иза (эрна кхоьллар) шаьш керстаналла динчеран моттар (хетар) ду . Ма бала (жоьжахатан боьра) бу-кх шаьш керстаналла динчарна (жоьжахатан) ц1ерах
28.Я Оха бо шаьш тешнарш а , дика 1амалаш йинарш а (бекхамехь) лаьттахь бартбохорш (вон леларш , 1еса леларш) санна , я Оха бо (Тхайха) кхоьрурш сийдоцурш (телхинарш) санна ? (дера хир ма дац и)
29.(х1ара) Беркате жайна , Оха хьоьга доссийна , цуьнан аяташха цаьрга ойлаяйта а (т1аккха уьш цуьнах кхетар болш) , хьекъал долчаьрга хьехам эцийта а
30.Оха велира Давудана Сулайман , мел дика лай ву и (Сулайман) ! Баккъалла а иза (дохко а ваьлла теспахь а , зикр а дарца) т1евоьрзург ву
31.Цунна гайтира сарахь (кха кога х1иттина биолг1ачуьнца) бергаш бетта расха (чехка) дой
32.Цо элира :»Баккъалла а со , (дуьненан) дика дезаре тевжи (и лаарца) , Сайн Дела (ламаз т1ехь) хьахорал а (вицвелла) , пардонца (малх) къайлабаллалц (ламаз хан тилош)
33.Юхаерзайе (схьаялае) уьш суна т1е» , (т1аккха) х1оьттира (вуьйлира) и (церан) настаршна а , логашна (кхесашна) а (куьг) хьекха
34.Бакъ долуш , Оха зийра Сулайман , Оха диллира цуьнан г1анта т1е дег1 , цул т1аьхьа юхавирзира и (шен Деле а , паччахьалле а)
35.Цо элира :»Х1ай сан Дела ! Гечдехьа суна (хьулдехьа сан къа) , лохьа суна соьл т1аьхьа цхьанне а хила йишйоцу (инзаре доккха) паччахьалла . Баккъалла а Хьо (цхьаъ) ма ву лушверг»
36.Оха муьт1ахь бира цунна мох , (ша) лелаш цуьнан омрунца мела (ховха , бай) цунна луъчухула
37.(иштта муьт1ахь дира оха цунна) Шайт1анаш а , массо г1ишлоярхо (говзанча – пхьар) а , хинбухдоьдург а (цу чуьра жовх1арш дан)
38.Царех кхин дерш буржалш тоьхна ду (дихкина ду г1оьмашца , з1ешца)
39.Х1ара (Оха хьуна белла бахам) Тхан совг1ат ду , (хьайна луъчунна) д1ахеца (саг1ийна ло) я (хьайна луъчунна ца луш) сацаде , хьесап (жоьпалла) доцуш
40.Баккъалла а цуьнан Тхуна гергахь гергарло а , дика (хаза) воьрзийла а ма ю
41.Хьахаве Тхан лай Аюб (пайхамар) ! Цо кхайкхира шен Деле (орцадоьхуш , х1ай сан Дела): «Баккъалла а соьх (сан дег1ах) хьакхадели шайт1а (со) х1отторца (г1елварца , суна зен дарца) а , (дахаран халонаш) 1аткъорца а »
42.(цуьнга элира :) «Тоха (1отта) хьан ког (лаьттах) ! Х1ара шийла луьйчийла а , малар а ду »
43.Оха белира цунна шен доьзалш а , цаьрца цхьана царех тернаш а Тхайгарчу къинхетамна (зовкхана) а , хьекъалан дайшна хьехамна а
44. »Схьаэца хьайн куьйга (серийн) ц1ов , тоха цуьнца , (хьайн) дуй ма къарбе !» Баккъалла а тхуна карийра и собаре . Мел дик лай ву и . Баккъалла а иза (дохко а ваьлла теспахь а , зикр а дарца) т1евоьрзург ву
45.Хьахабе Тхан лайш - Ибрах1им а , Исхьакъ а , Я1къуб а , ниьцкъаллин а , (лелачунна , хиндолчунна) тидамаллин (чидаман , хьекъалан) а дай (хилла) болу
46.Баккъалла а Оха ц1анбира уьш (шеца мода йоцчу) ц1енчуьнца – эхарт хьахорца
47.Баккъалла а уьш Тхуна гергахь , хаьржинчарех , тоьлучарех (дикачарех) ма бу
48.Хьахабе Исма1ил а , Ал-яса1 а , Зуль-кифл а - (уьш) берриге а тоьлучарех (ма) бу
49.Х1ара хьахор ду . Баккъалла а (Делах) кхоьручарна дика боьрзийла ма ю
50.1адн бошмаш , цаьрна (шайн) не1арш йиллина (1еш йолу)
51.(шаьш) Цу (бошмаш) чохь (маьнгеш т1ехь) д1атевжина . (шайн) Боьхуш (боуьйтуш) цу чохь (бес-бесар) шорта стом а , (шорта) малар а
52.Царна гергахь (хир бу шайн х1усамдай боцучарех) б1аьргаш охьадахуьйтурш (ларбийраш) , (цхьана хенара) нийсархой
53.Х1ара (хьахийнарг) ду , ша шуна ч1аг1о йийриг хьесапан денна
54.Баккъалла а х1ара тхан рицкъа ма ду , цуьнан дац кхачадалар (чекхдалар)
55.Х1ара (иштта) ! Баккъалла а т1ехбуьйлучаьрна (Дала бохучуьнга лацадуг1учаьрна) вон боьрзийла ма ю
56.(ткъа иза) Жоьжахате (ю), шаьш цу чуг1ур болун . Ма вон боьрзийла ю
57.х1ара (1азап) , цара 1овшийла иза , (хих) ц1ийдинарг (к1еж яккхарна бага ягориг) а , (шага т1улг санна шийла) ноткъа а
58.(иштта 1азапах) Кхин дерг а , цуьнан кепара бес-бесар (тайп-тайпана)
59. (жоьжахан ох1лано вовшашка эр ду :) »Х1ара шоьца (жоьжахатан) чуйог1ун тоба ю » , (Делера) «парг1ате ма хуьлийла цаьрна » баккъалла а уьш ц1ерга г1ур ма бу
60.(т1аккха) Вукхара элира : »Мелхо а , шу (дукх уьш) – шун ма хуьлийла и парг1ате . Аш (шайн кхайкхамца) кечдинакх и (1азап) тхуна . Ма вон 1ан меттиг ю и (жоьжахате) »
61.Цара элира:»Х1ай тхан Дела ! Ша тхуна (шен кхайкхамца) х1ара (1азап) кечдинарг (х1о 1азапе тхо далийнарг) , сов ваккхахь иза (жоьжахатан) ц1ергахь шалха (маситтазчу) 1азапехь !»
62.Цара элира :»Вайна хилларг х1ун ду ? И вай шаьш вочарех лоруш хилла (болун) божарий ма ца го вайна
63.Вай (дуьненахь) шайха ца даьшна болу , я царех б1аьргаш д1атилла (те вайн) ? »
64.Баккъалла а и (Оха хьахийнарг) бакъ ма ду – жоьжахатан ох1лано (вовшашца) къийсар
65.Ахьа ала (х1ай Мухьаммад !) :»Баккъалла а со кхерамтосург ву . Кхин (цхьа а) дела ма вац (Ша) цхьаъ волу , нуьцкъала Аллах1 воцург
66.Стигалшин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь (мел) долчуьнан а сийлахь (веза) , гечден Дела волу »
67.Ахьа ала : »Иза (къуран) сийлахь (ладаме) беза хаам бу»
68.Шу цуьнах (духакхете) д1адоьрзу
69.Сан дацар лаккхарчу (малийкин) тобанех (дерг) хаар, цара къуьйсучу хена (дийцаре дечу хена)
70.Соьга (сан Дала) хьехац , баккъалла а со билггала кхерамтасархо хилар бен »
71.Хьан Дала малийкашка аьллачу хена :»Баккъалла а со поппарх адам кхолла воллу»
72.Ткъа Аса иза (кхоллар кхачаме суьртахь) кхочуш а дина Сайн сих цунна чу са диллича , шу цунна (лерамна) эгалуш горадахарца (охьата1арца)
73.Горадахар малийкаш , уьш массо а – дерриге
74.Иблис доцург , (сужуд дан) дазделира иза (куралла йира цо) . (и бахьан долуш) Керстанех хилира иза
75.Цо (Аллах1а) элира :»Х1ай Иблис ! Сте духатуьйхи хьо горадахарх Аса Сайн шина куьйга кхоьллинчунна ? Даздели хьо я кураллаечарех (шаьш лакхар хетачарех) хили хьо ? »
76.Цо (Иблиса жоп луш) элира : » Со цул тоьлуш (г1олий) ду . Ахь со ц1ерах кхоьллина , иза поппарх кхоьллина »
77.Цо (Дала) элира :»Арадала цу (ялсамани) чуьра . Баккъалла а хьо (Сан диканах) д1аэккхийна (лаьллина) ду
78.Баккъалла а хьуна т1ехь Сан не1алт ду бекхаман де даллалц »
79.Цо (Иблиса) элира : »Х1ай сан Дела ! Т1аьхьататтахь (дитахь) со уьш (кешнашкара) г1овтор болун денналц (х1аллак ца деш)»
80.Цо (Дала жоп луш) элира : »Баккъалла а хьо т1аьхьтеттинчарех ду
81.Билгалчу хенан денналц »
82.Цо (Иблиса) элира : »Хьан вазаллора , ас уьш (тилонне а) тилор (1ехор , лебийр) ма бу – берриге
83.Хьан ц1ена лайш боцурш »
84.Цо (Аллах1а) элира :»(бакъ дерг Соьгар хилар) Бакъ долш , Аса бакъдерг олу
85.Ас юзур ма ю жоьжахате хьоьх а , царех хьуна т1аьхьах1иттанчарех массарех а»
86.Ахь (х1ай Мухьаммад !) ала (цаьрга) : »Ас бехац (шоьга) цу (дин кхайкхор) т1ехь мах . Со ма вац доцург кхуллучарех »
87.И (къуран) ма дац , 1аламашна хьехам бен
88.Шуна хуур ма ду (х1ай ца тешарш !) цуьнан (бакъ хиларан) хабар , (цхьа) хан-зама яьлча.