Тидар


43 - Cурат Аззухруф (Дашон хаздерг)
(Маккахь доьссина ‚ 89 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


 

1.Хьам , мийм (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха лууш дерг)
2.Аса (Аллах1а) дуй буу билгалчу жайнаца
3.Баккъалла а Оха дира (доссийра) иза 1аьрбийн (маттахь) къуран , шу кхетийтархьама (цуьнан маь1анашха)
4.Баккъалла а иза (къуран) - Тхуна гергарчу нана жайнахь - даздинарг , кхетамениг ма ду
5.Оха дуьту ткъа шух хьахор (шу) д1атесна , шу хиларна (тиларехь) т1ехдаьлла къам ?!
6.Хийла пайхамар хьажийна Оха хьалхабаханчаьрна
7.Царна пайхамар ма ца ваг1ар , уьш цуьнах кхаьрдаш бен
Оха х1аллак бира царел а ницкъехь ч1ог1анаш . 8.Д1адахара хьалхабаханчеран масал
9.Ахьа цаьрга хаьттича :"Хьа кхоьллина стиглаш а , латта а ?" Цара (мук1арлонца) эра ма дара :" 10.Уьш кхоьллина нуьцкъалчо , хуучо"
Ша шуна латта дина волу ага (мотт) . Ша шуна цу т1ехь некъаш дина , шу нисдалийтархьама
11.Ша доссийна волу стиглара (дог1ан) хи (шуна оьшучу) барамехь . Т1аккха Оха денбира цуьнца белла мохк . Иштта (дендина) арадохур ду шу а (лахьтичуьра)
12.Ша кхоьллина волу и массо а шинакепарнаш . Цо дина шуна х1ордкеманах а , хьайбанашха а шу (шена) т1ехуург
13.Шу д1анисдалийта а цуьнан баккъаш т1е , т1аккха шоьга хьахадайта а Делан зовкх , шаьш цу т1ехь д1анисделча , шоьга алийта а :"Ц1ена ву , ша х1ара тхуна муьт1ахь динарг , тхо ма дацар цу т1ехь ницкъ кхочуш .
14.Баккъалла а тхо тхайн Деле доьрзур ма ду"
15.Цара (керстанаша) дира Цунна , Цуьнан лешха , дакъа (терниг). Баккъалла а (и олун) адам , билгала керста ма ду
16.Я (аша олу) Цо (Шена) битина Ша кхуллучух йо1арий , Ша шуна хаьржина (къастийна) к1ентарий ?!
17.Ткъа царех цхьанна кхаъ баьккхича ша Къинхетамечунна (зудберашца) масал далийначуьнца , д1ах1утту цуьнан юьхь 1аржлой , ша г1айг1ане (оьг1азе) волуш
18.Ша хаздолчуьнгахь кхиориг а , ша къовсамехь билгала воцург а ?!
19.Цара дира малийкаш , шаьш къинхетамечун леш долу , стеш . Уьш теш бара церан кхолларан ?! Церан тешалла д1аяздийр а ду , цаьрга (цунах) жоп а доьхур ма ду
20.Цара элира :"Къинхетамечунна лиънехь оха цаьрна лолла (1ибадат) дийра ма дацара . Церан ма дац цуьнах (дерг) хаар . Уьш ма бац , шаьш харцлуьйш бен"
21.Оха делла ткъа царна цул (къуранал) хьалха жайна , уьш шех (1амал ярца) тасабелла болун ?!
22.Бакъ долуш цара элира :"Баккъалла а тхуна карийра тхан дай (цхьана) дин (новкъа) т1ехь , баккъалла а тхо церан лараш т1ехь нийса д1аг1уш ма ду"
23.Иштта , Оха хьажийна ма вац хьоьл хьалха юьрта кхерамтасархо , цуьнан (юьртан) хьоладайша аьлла бен :"Баккъалла а тхуна карийна тхан дай (цхьана) дин т1ехь , баккъалла а тхо церан ларашна т1аьхьах1иттина ма ду"
24.Ахьа ала :"Аса шуна деанехь а , шуна шайн дай шена т1ехь карийначул а , т1ех нийсаниг ?!" Цара элира : "Баккъалла а тхо , шу шеца дахкийтиначух тешаш ма дац"
25.Оха ч1ир ийцира цаьргара . Хьо хьажал т1аккха , муха яра (элчанаш) харцбечеран чаккхе (т1аьхье)
26.(хьахаде) Ибрах1има элира шен дега а , шен къоме а :"Баккъалла а со ц1ена ву аша (шена) 1ибадат дечух .
27.Ша со кхоьллинарг воцучух .Ткъа баккъалла а Цо со (Шен дин т1е) нисвийр ву"
28.Цо дира и (шен алар) , (даиманна а) шен т1аьхьенехь дуьсу дош . Уьш юхаберзийтархьама
29.Бакъ долуш , Аса зовкх хьегийтина х1окхаьрга а , церан дайшка а царна бакъ дерг а , (иза) билгалден элча а валлалц
30.Ткъа шайга бакъдерг деача , цара элира :"Х1ара бозбуанчалла ду . Баккъалла а тхо цунах тешаш дац"
31.Цара элира :"Х1ара къуран доссийнехьара , х1окху шина юьртара , сийлахьчу стаган т1е"
32."Уьш бу ткъа хьан Делан къинхетам боькъурш ?" Оха декъна цаьрна юкъахь церан 1ар-дахаран рицкъа дуьненан дахарехь . Оха айъира (толийра) цхьаберш вукхаьрна (кхечаьрна) т1ехула даржашкахь , царех цхьаберш хьажийта вукхеран г1уллакхе . Хьан Делан къинхетам г1олий (тоьлуш) бу цара ша гулдечул а
33.Адамаш хирдацахьара (керста) цхьа тоба , Оха дийра дара , шаьш Къинхетамечуьнца керстаналла дечаьрна - церан ц1еношна , детица кхелина тхевнаш а , шайна т1ехула уьш хьалабовлу ламеш а
34.(Оха йийра яра) Церан ц1еношна (детица кхелина) не1арш а , шайна т1е уьш д1атевжа маьнгеш а ,
35.Дешица кхелина хаздерг а . И деригге а ма дац дуьненан дахаран зовкх бен . Эхарт , хьан Далла гергахь , кхоьручаьрна ду
36.Ткъа ша Къинхетамениг хьахаварха букътоьхнарг (милла велахь) , Оха шайт1а т1етосу (т1ех1оттадо) цунна . Иза цуьнан (ца хеда) накъост (хьаша) ду
37.Баккъалла а цара (шайт1анаша) уьш юхабетта (нийсачу) новкъах . (амма) Царна моьтту , баккъалла а шаьш нисбелларш бу
38.Ткъа ша Тхуна дуьхьал веача , цо элира (шайт1ане) :"Да вискх суна а хьуна а юккъехь малхбаленан а , малхбузенан а юкъан геналла еларкх . Ма вон накъост дукх (хьо суна) "
39.(цаьрга эра ду:) "Тахана шуна бан пайда ма бац , (дуьненахь) зулам дина долчу , баккъалла а шу 1азапехь декъашхой хиларо" .
40.Хьуна хазийталур ду къорачунна , я нислур ву хьуна б1аьрзениг а , ша билгалчу тиларехь хилларг а ?!
41.Нагахь санна Оха хьо д1акхалхавахь , баккъалла а Оха (хьоьл т1аьхьа) цаьргара ч1ир оьцур ма ю
42.Я Оха (хьан дахарехь) хьуна гайтахь , ша Оха цаьрна (1азапца) ч1аг1о йинарг , баккъалла а Тхо цаьрна т1ехь (и дала) ницкъ кхочуш ма ду
43.Хьо тасало ша хьоьга хьехначух (доссийначух) . Баккъалла а хьо нийсачу новкъа т1ехь ма ву
44.Баккъалла а иза (къуран) сийлалла ма ю , хьуна а , хьан къомана а . Шоьга (цунах) жоп доьхур ма ду
45.Ахьа хатта , шаьш Оха хьоьл хьалха Тхан элчанашха бахкийтинчаьрга . Бинай Оха Къинхетамениг воцург шайна лолла ден деланаш ?!
46.Бакъ долуш , Оха хьажийра Муса Тхайн билгалонашца Фир1авн а , цуьнан (тобан) го а болче . Цо элира :"Баккъалла а со 1аламийн Делан элча ву"
47.Ткъа иза шайна веача Тхан аяташца (билгалонашца) , уьш (кхаьрдаш) боьлура царех
48.Оха царна гойтуш ма яц цхьа а билгало , иза шел хьалхарчул йоккха йолш бен . Оха 1азапца лецира уьш , уьш юхабовлийта (шайн тиларх)
49.(т1аккха) Цара элира :"Х1ай бозбуанча ! Ахьа дехахь тхуна хьан Деле , хьуна гергахь Цо (бала д1аайарца) ч1аг1о йинарг . Баккъалла а тхо нислур ма ду"
50.Ткъа Оха царех 1азап д1аайъича , уьш ямарт хуьлу
51.Фир1авна (дозаллийца) кхайкхира шен къоме . Цо элира :"Дац ткъа сан Мисран олалла а , х1ара суна к1елхула лела татолаш а ?! Шуна ца го (ткъа сан сийлалла) ?!"
52.Бакъ долуш со тоьлуш ма ву х1окху сийсаз волчул а , кхето герга воцучул а
53.Цунна т1едоьхкинехьара дешица кхелина х1азарш . Я даьхкинехьара цуьнца маликаш юххедевла
54.Шен къам сонта (атта) хийтира цунна , муьт1ахь хилира уьш цунна . Баккъалла а уьш песакъ къам ду
55.Цара Тхо оьг1аздахийтинчу хена , ч1ир ийцира Оха цаьргара . Хин буха бахийтира Оха уьш беригге а
56.Оха бира уьш хьехам а , масал а т1аьхьабог1учаьрна
57.Маръяман к1ант масална валийча , хьан къам цунах (деларца) д1адоьрзу
58.Цара элира :"Тхан деланаш тоьлу , я иза (г1олий ву) ?!" Цара иза (масал) хьуна далийна ма дац къовсаманна (девнан дуьхьи) бен . Бакъ долуш уьш девне къам ма ду
59.Иза (1ийса) ма вац , Оха шена дика а дина , Оха шех Исраилан берашна масал а дина волу лай бен .
60.Тхайна лиъча Оха (лаьттахь) кхуллур ма дара шун метта малийкаш , шаьш бухадуьсуш (шу хуьйцуш)
61.Баккъалла а иза (къемата дийнан) хенан билгало ма ю . Шу шек ма довла цуьнах , Суна т1аьхьах1итта . Х1ара - нийса некъ бу (шуна)
62.Шу д1амахьовзадойла шайт1ано (бакъонах ! Баккъалла а иза шун билгала мостаг1 ду (шуна)
63.1ийса билгалонашца веанчу хена , цо элира :"Бакъ долуш со веана шуна кхетамца а , иштта шуна билгал дан а цхьадолу шун шегахь барт цахуьлург . Аллах1ах кхера , суна муьт1ахь хила
64.Баккъалла а Аллах1 , сан дели а , шун дели а ву . Аша лолла де Цунна . Х1ара нийса некъ бу (шуна)"
65.Тобанаш екъаелира шайна юккъехь . (ма) Бала букх шаьш зулам динчаьрна лазочу (къемата) дийнан 1азапах
66.Хене , иза шайна ц1аьххьана яре бен хьоьжий уьш , царна хаадалар (тидам бар) доцуш ?!
67.Доттаг1ий оцу (къемата) дийнахь вовшийн мостаг1ий (хир) бу , (Делах) кхоьрурш боцурш
68.(цаьрга Дала эра ду :) "Х1ай Сан лай ! Тахана кхерам бац шуна , г1айг1ане хир дац шу"
69.Шаьш Тхан аяташха тешна , бусулба хилларш
70."Ялсамани чуг1о шу а , шун зударий а шаьш даккхий деш"
71.Царна т1ехула хийзар бу дашон хедаршца а , кедашца а . Оцу чохь хир ду синош шега сатеснарг а , (шех) б1аьргаш бузург (1ебарг) а . Шу оцу чохь гуттар лаьттар ду
72.И ялсамани - шуна ша кхачийна ю , аша деш хилларг бахьанехь
73.Шуна оцу чохь (массо а кепара) шорта стом бу , цуьнах аша (безнарг) буур болуш
74.Баккъалла а къинош летораш , гуттара а жоьжахатан 1азапехь хир бу
75.Дайдира дац цаьрна иза , уьш оцу чохь саб1аьрздаьлла (дог диллина) хир бу
76.Оха зулам дина ма дац цаьрна , амма уьш бара шаьш зуламхой
77.Цара кхайкхира :"Х1ай (ха ден) малик ! Хьан Дала тхуна т1ехь (сиха) кхел йойла". Цо элира :"Баккъалла а шу (даиманна а) дуьсур ду (оцу чохь)"
78.Бакъ долуш Тхо даьхкира шуна бакъонца , делахь шух дукхах берш бакъо езаш бац
79.Я (мекарло ян) сацам (кеч) бина цара ?! Баккъалла а Тха а ду (дуьхьала) кечам беш
80.Я хета цаьрна , баккъалла а Тхо хезаш дац церан къайле а , церан къайлаха алар (къайлаза дерг) а ?! Бакъ ду (Тхуна хазар) , (иштта) Тхан геланчаш ду (иза) д1аяздеш цаьрна гергахь
81.Ахьа ала :" Къинхетамечун бер делахь , со хьалхара вукх (цунна) лолладечарех"
82.Ц1ена вукх стигалшин а , лаьттин а Дела - 1арша Дела , цара х1отточу вастах
83.Бита уьш шаьш (тиларчу) эгарехь (къийсамехь) а , шаьш (дуьненахь) ловзарехь а , т1ех1отталца цаьрна шайн (къемат) де , ша цаьрна ч1аг1о еш (хин) долу
84.Иза ву , Ша стиглахь Дела верг а , лаьттахь Дела верг а . Иза ву кхетамениг , хуург
85.Сийлахь хили Иза , стигалшин а , лаьттин а , цаьршинна юккъерчун а паччахьалла Шен дерг . Цуьнгахь ду (къемата дийнан) хенах хаар . Цуьнга шу доьрзор ду
86.Шаьш Иза воцуриг кхойкхучеран карахь (долахь) дац г1одаккхар (т1ех1оттар) , ша бакъонца тешалла динарг воцучуьн , уьш хууш бу
87.(Аса дуй ма буу) Ахьа цаьрга хаьттича , хьа кхоьллина уьш , цара (къера хилла) эра ма ду :"Аллах1а" . Ткъа муха д1аберзабо уьш ?!
88.Цо алар а :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а х1орш , тешаш къам дац"
89.(д1аверзе) Бита уьш . Ахьа ала цаьрга :"Машар (бу шуна) " . (т1аьхьа) Хуур ду цаьрна (бакъдерг)