Тидар


Сурат Алжасийа (Горадахнарг)
(Маккахь доьссина ‚ 37 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 

 

1.Хьа , мийм (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха Шена луург)
2.Жайна доссор Аллах1ера ду , сийлахь , кхетаме волчу
3.Баккъалла а стигалшкахь а , лаьттахь а билгалонаш ю муъманахана
4.Шу кхолларехь а , Ша даржочу (кхидолчу) дийнаташкахь а (Аллах1ан) билгалонаш ю (баккъалла а) тешачу нахана
5.Буьйса а , де а хийцадаларехь а , ша Аллах1а стиглара доссийначу дог1анехь а Цо шеца латта дендина долу иза деллачул т1аьхьа , мехаш д1асхьахьекхарехь а билгалонаш ю хьекъалечу нахана
6.Уьш Аллах1ан билгалонаш ю , Оха шаьш бакъонца хьуна юьйцуш йолу . Ткъа муьлхачу къамелах теша уьш Аллах1ал а Цуьнан билголанал а т1аьхьа ?!
7.Х1аллак хилар дукх массо а т1ех харцлуьйчунна , къа дукх латочунна
8.Аллах1ан аяташ хеза цунна шена доьшуш , цул т1аьхьа ч1аг1ло иза куралла яй , шена уьш ца хезча санна . Кхаъ баккха ахьа цунна лазочу 1азапца
9.Шена тхан аяташха х1ума девзича кхаьрдаш т1елоцу цо уьш .Уьш - царна сийсазбен 1азап ду
10.Жоьжахате ю цаьрна хьалха (кечйина) . Цара гулдинчо хьалха бохур бац уьш х1уманха , Аллах1 витина цара шайха г1оьнчаш бина лецначара (ц1уйш) а к1елхьара бохур бац . Царна доккха 1азап ду
11.Х1ара (къуран) нийса некъ бу . Шаьш керстаналла динарш шайн Делан аяташца , царна ч1ог1ачух лазон 1азап ду
12.Аллах1 ву , Ша шуна х1орд муьт1ахь бинарг , Шен омрунца (пурбанца) х1орд-кема цу т1ехула лелийта а , шоьга Цуьнан комаьршо лехийта а , шу герга хилийта хастам барна
13.Цо шуна муьт1ахь дина стигалшкахь а , лаьттахь а мел дерг - деригге а Шегара . Баккъалла а
оцуьнгахь билгалонаш ю шаьш ойлаечу нахана
14.Ахьа ала шаьш тешначаьрга , цара гечдойла (уьш къинт1ера бовлийла) шаьш Алах1ан деношха (та1заршха) цакхоьручаьрна (чотцаечаьрна) , Ша бекхам бархьама (керста) нахана цара деш хилчунна
15.Ша дика динчо , шен дег1ана дина (иза) . Ткъа во динчо , шен дег1ана дина (иза) . Цул т1аьхьа (делчи) шайн Деле дерзор ду шу
16.Бакъ долуш , Оха делира Исраилан берашна жайна а , кхетам а , пайхамаралла а . Иштта Оха цаьрна делира (хьанала) зовкхаш а . Оха базбира (къастийра) уьш (кхидолчу) адамашна т1ехь
17.Оха елира цаьрна (шайн динан) белха билгалонаш . Ткъа уьш (динан хьокъехь) бекъа ма ца белира шайна 1илма (билгало) деанчул т1аьхьа бен , шайна юккъехь хьаг1-гамо лаьцна . Баккъалла а хьан Дала кхел йийра ю цаьрна юккъехь къемата дийнахь , уьш бекъабелла хилчун т1ехь
18.Цул т1ахьа Оха хьо (Мухьаммад) вира (динан) белха новкъа т1ехь . Цунна т1аьхьах1отта (ваза) хьо , Хьо ма х1отта шайна ца хуучеран лаамашна т1аьхьа
19.Баккъалла а цара Аллах1ера хьан хьалха даккха х1умма а дац . Баккъалла а зуламхой , царех цхьаберш вукхеран доладархой (г1оьнчаш) бу хьуна . Аллах кхоьручеран доладархо (1уналча) ву
20.Х1ара (къуран) - адамашна билгалонаш ю , нийса некъ а , къинхетам а бу (баккъалла а) тешачу нахана
21.Шаьш вонаш динчаьрна моьттира ткъа , Оха шаьш бийра бу (эхартахь) шаьш тешнарш , дика 1амалаш йинарш санна (йолехь) , шайн дахар а , шайн далар а цхьатерра хир ду ?! Ма вон хиликх цара ен кхел
22.Аллах1а коьллина стигалш а , латта а нийсонна (бакъонна) а , х1ора сина ша динчуьнца бекхам хилийта а . (оцу бекхамехь)Царна зулам (харцо) дийр дац
23.Хьуна ца гина ткъа (адамех) ша шен (дег1ан) лаам - шен дела вина лаьцнарг ?! Аллах1а тилийна иза хаар т1ехь . Цо мух1ар тоьхна цуьнан хазар (лерга) т1е а , цуьнан даг т1е а . Цо дина цуьнан гар т1ехь (б1аьргаш дуьхьал) пардо . Ткъа хьа нисвийра ву иза (бакъонан т1ехь) Аллах1а тилийначул т1аьхьа ?! Шу кхета дагахь дац ткъа ?!
24.Цара элира : "Иза (кхи дахар) ма дац тхан дуьненан дахар бен , тхо леш , тхо дуьненчу довлуш . Тхо х1аллак ца до замано бен". Цаьргахь ма дац цуьнах дерг хаар . Уьш ма бац шаьш моьттуш бен
25.Ткъа царна дешча Тхан аяташ - шаьш билгал долу - Церан (дуьхьал балон) бух ма бацара цара алар бен :"(ден бина) Г1овтабе тхан дай , шу бакълуьйш делахь"
26.Ахьа ала (цаьрга) :" Аллах1а кхуллу шу , т1акхха д1акхалхадо Цо шу , цул т1аьхьа Цо гулдо шу къемата дийнахь , шегахь шеко йоцучу , амма дукхах долу адамаш хууш дац
27.Аллах1ан стигалшин а , лаьттин а паччахьалла ду (къематан) Са1ат д1ах1уттучу дийнахь , оцу дийнахь эшамехь хир бу харцлуьйраш
28.Хьуна гур ду массо а уммат горадахна . Массо а уммат кхойкхур ду шен (1амалин) тептаре . (цаьрга эра ду:) "Тахана шуна бекхам хир бу - ша аша деш хилларг"
29."Х1ара Тхан тептар ду , ша (теш х1оттарца) дистхуьлуш шуна дуьхьал бакъонца . Баккъалла а Тхо дара д1аяздойтуш ша аша деш хилларг"
30.Амма шаьш тешна , дика 1амалаш йинарш - уьш бохуйтур бу церан Дала Шен къинхетаме (ялсамане) . Иза бу , ша билггала болу толам .
31.Амма шаьш керстаналла динарш .(цаьрга Дала эра ду:) "Дацар Сан (къуранан) аяташ шуна доьшуш , ткъа аша (т1аьхьадазарна) куралла а йина , шу хилиркха къинош ден къам ?!"
32.Аьлчи (шуьга) :"Баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю , (къемат дийнан) са1ат - шеко яц цуьнгахь" . Аша элира :"Тхуна довзац (хаац) - са1ат - х1ун ду . Тхуна хетац и (са1ат т1ех1оттар) моттар бен . Тхо ма дац (цуьнах) догтешнарш"
33.Гучудевлира цаьрна шаьш динчуьнна вонаш , го биллира цаьрна шех уьш кхаьрдаш хилчо
34.Элира (цаьрга) :"Тахана Оха шу диц дийра ду , аша диц ма дарра х1окху дийнан шаьш дуьхьалкхетар . Шун доьрзийла (жоьжахатан) ц1е ю . Шун ма бац (орцах бовла) г1оьнчанаш"
35.Иза (1азап) шуна ду , баккъалла а аша Аллах1ан аяташ кхаьрдаш (цадешаш) т1елацарна . Дуьненан дахаро 1ехийра шу . Тахана уьш арабохур бац цу (жоьжахат) чуьра . Уьш ма бац шайга дохко бовлар доьхур долуш
36.Аллах1ан бу хастам , стигалшин Дели а , лаьттин Дели а , (массо а) кхолламашин Дели а волчу
37.Цунна ду сийлахь олалла стигалшкахь а , лаьттахь а . Иза нуьцкъалниг , кхетамениг ву .