Тидар

46 - Сурат Алъахькъаф (Г1амаран баьрзийн боьраш)
( Маккахь доьссина , 35 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Хьа , мийм (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха луург)
2.(х1ара) Жайна доссор Аллах1ера ду , сийлахь , кхетаме волчу
3.Оха кхоьллина ма дац стигалш а , латта а , цаьршинна юккъехь мел дерг а баккъалла а (бегашна доцуш) , хан йиллина а бен . Шаьш керстаналла динарш шайна кхерамтесначух д1абирзина бу
4.Ахьа ала :"Шуна гиний ша аша кхойкхург Аллах1 витина ?! Аша гайтийша суна ша цара кхоьллинарг лаьттах . Я церан дакъа ду стигалшкахь . Аша дайша суна х1окхул хьалхара (доссийна) жайна , я 1илман бух (лар) нагахь санна шу бакълуьйш делахь"
5.Мила ву т1ех тилла , ша кхойкхучул а Аллах1 витина шена жоп лур доцучуьнга (ц1уйшка) къемат денналц . Уьш (ц1уй) церан кхайкхамна чидам боцуш ю
6.Адамаш гулдичи (къемата дийнахь) , уьш (ц1уй) хилира церан (шайха Делаца декъашхой бинчеран) мостаг1ий . Уьш хилира церан лолла духадетташ
7.Ткъа шайна дешча тхан билгала (къуранан) аяташ , шаьш керстаналла динчара олу бакъонна (къуранна) , шайна иза еанчу хена :"Х1ара билгала бозбуанчалла ду"
8.Я цара олу :"Цо (шегара) кхоьллина (харцо ю) иза (къуран) " . Ахьа ала :"Аса (сайгара) кхоьллича иза (харцо) , шу керахь ма дац Аллах1ера (Цо суна та1зар дича) суна (г1о) дан х1умма а . Иза т1ех дика хууш ву аша цуьнан (къуранан) хьокъехь дуьйцург . Иза тоьур ву суна а шуна а юккъехь теш . Иза гечдийриг , къинхетамениг ву"
9.Ахьа ала :" Со вацара элчанашха хьалхара (соьл хьалха баьхкина) . Суна хаац сайха х1ундийр ду я шух а . Со т1аьхьавозуш вац сайна (Дала) ша хьоьхучунна бен . Со ма вац билгала кхерамтосург бен"
10.Ахьа ала :"Шуна (Аллах1а) х1ун (дийр ду аьлла) хета , нагахь санна и (къуран баккъалла а) Аллах1ана гергар хилчи , ткъа аша цуьнца керстаналла дича , (иза бакъ хиларца) тоьшалла а дича Исраилан берашха (волчу) тешо и санна долчун т1ехь , ша (цуьнах) тешна , аша куралла йича ?!" Баккъалла а Аллах1а нисдац зуламе къам (нах)
11.Шаьш керстаналла динчара элира шаьш (Делах) тешначарга :"Иза (къуран) дика (бакъ) хиллехь , уьш тхоьл хьалха бевра ма бацар иза т1елацарехь . Ткъа шаьш цуьнца нисцабелчи , цара эра ду :" Х1ара (къуран) шира пуьташ (аьшпаш) бу "
12.Цул (къуранал) хьалха Муса (товрат) жайна ду (доссийна) т1аьхьаваза , къинхетамна . Х1ара (къуран иза) бакъдеш (деана) жайна ду 1аьрбин маттахь , шаьш зуламдинчаьрна ша кхерамтаса а , дикдечаьрна кхаъ хилла а (деана)
13.Баккъалла а шаьш :"Тхан дела Аллахь ву" аьлла , цул т1аьхьа шаьш (ийман т1ехь) нисбелларш , (т1едог1учух) царна кхерам а хир бац , (д1адаханчух) уьш г1айг1ане а хир бац .
14.Уьш ялсаманин дай бу , шаьш цу чохь гуттар 1ийр болуш , шаьш деш хилчунна бекхамна
15.Оха весет дина адаманна шен деца-ненаца дика хиларца . Цуьнан нанас кийрахь лелийна иза хала , ван а вина цо иза хала . Иза кийрахь лелор а , цуьнан векхчура д1ахадар а ткъеитт бутт бу . Ткъа ша шен ч1аг1алле кхаьччи - шовзткъа шере ваьлчи , цо олу :"Х1ай сан Дела ! Ахьа сан дагчу тасахь , ша Ахьа суна а , сан дена-нанна а деллачу зовкхан ас хастам бар а , Хьо шена реза хир волун дика ас дар а . Ахьа (ийманца) тоехьа суна сан т1аьхье , баккъалла а со (тобадарца) Хьоьга вирзинакх , баккъалла а со бусулбанахех вукх
16.Уьш , шаьш Оха цара динчух диканиг (тоьлларг) къобалдийраш а , Оха шайн вонашна гечдийраш а , ялсаманин дайшца хир бу . Бакъонан ч1аг1о ю иза , ша царна (Дала) еш хилйолу
17.Ша аьлларг шен дега-нене :"Оффай шу шинна . Суна ч1аг1о йо аша шимма со (кашчуьра) г1атторца , бакъ долуш (дукха) умматаш (адамаш) д1атилла (делла) соьл хьалха (г1аттийна вац цхьа а) ?!" . Цаьршимма (иза нисвар т1ехь) орцу доьху Аллах1е . (цара шайн к1енте олу :) "Хьо дакъазмаваларг ! Иймане волахь , баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ма ю" . Т1аккха цо олу :"Х1ара (къамел) ма дац , хьалхабаханчеран (бух боцу) туьйранаш (аьшпаш) бен"
18.Уьш шаьш шайна т1ехь 1азап хьакъ хилларш бу , царел (шайла) хьалха д1атиллачу умматашца цхьаьна , жинех а , адамех а . Баккъалла а уьш бара эшнарш (зе хилларш)
19.Х1оранна а даржаш ду шаьш диначух (кечдина) . Аллах1а царна кхоччуш хьакъ д1адалархьама церан 1амалшна , царна зулам ца деш .
20.Шаьш керстаналла динарш жоьжахатан ц1ер т1е х1итточу дийнахь . (цаьрга эра ду :) "Аша д1атилий шайн диканаш шайн дуьненан дахарехь , зовкх хьийги аша царех , ткъа тахана шуна буьрсачу 1азапан бекхам хир бу , шу хиларна дуьненахь цхьа бакъо йоцуш шаьш куралла еш а , иштта шу песакъ (1еса) хиларна а
21.Ахьа хьахаве (дагаваийта хьайна) 1адашан ваша (Х1уд) , шен къомана кхерамтесира цо г1амаран баьрзашан боьрахь - бакъ долуш баьхкинера геланчаш цул хьалха а , цул т1аьхьа а (шайн къаьмнашка) - "Аша лолла ма де Аллах1ан бен , баккъала а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу (къемата) дийнан 1азап хиларха"
22.Цара элира :"Хьо тхуна веана ткъа , тхо тхайн делашха духатохархьама (д1адерзорхьама) ? Хьо вола (делахь) айхьа тхуна ч1аг1о ечуьнца , хьо велахь бакълуьйчарех !"
23.Цо элира :"Баккъалла а (1азап т1едаран хан) хаар Аллах1ан гергахь ду . Аса шуна д1акхачадо со шеца (шоьга д1аала) ваийтинарг . Амма суна шу го кхетардоцуш (чидам боцу) къам"
24.Шайна иза (марха) гинчу хена , гучуяьлла шайн боьрашна т1ейог1уш , (кхаъ хилла) цара элира :"Х1ара вайна дог1у дохьун кхолар юкх" . (Х1уда элира цаьрга) Х1ан - х1а . Бакъ долуш , аша шеца сихойинарг ду иза - (ч1ог1а) мох бу иза шегахь лазош 1азап долун"
25.Ша х1аллак еш массо а х1ума шен Делан лаамца (пурбанца) . Уьш (х1аллак хилла) д1ах1иттира , гуш йоцуш церан х1усамаш бен . Иштта бекхам бо Оха къиношдечаьрна
26.Оха ч1аг1бинера уьш , шу ца ч1аг1динчу кепара . Оха деллера цаьрна (хазарна) лергаш а , (гарна) б1аьргаш а , (ойла ян) дегнаш а . Амма царна х1уманна пайда ца бира церан хазаро а , гаро а , дегнаш а . Уьш бара юхаетташ Аллах1ан билгалонаш . Царна т1едоьссира уьш шех кхаьрдаш хилларг (1азап)
27.Бакъ долуш Оха х1аллак йина шуна гонахьара ярташ . Оха (царна) юх-юха билгалонаш яхкийтира уьш (керстаналлех) юхабовлийтархьама
28.Х1унда ца дина царна г1о , шаьш цара Аллах1ана гергабаха лецначу деланаша ?! Бакъ долуш (царна уггар оьшучу хена) уьш къайлабевлира царех . Иза (деланаш) церан пуьташ бу , цара шайгара кхуллуш хилларг ду
29.(ахьа хьахаде) Оха хьажийра хьуна т1е жиний тоба , цаьрга ладог1ийта къуране , ткъа шаьш цунна т1екхаьччи цара (вовшашка) элира :"Ладог1а !" . Ткъа и (къуран) дешна даьлча , (шаьш цуьнах тешна) шайн къоме дирзира уьш (царна) кхерамтосуш
30.Цара (жинаш) элира :"Х1ай тхан къам ! Баккъалла а тхуна хезна жайна , Мусал т1аьхьа доссийна , (ша) бакъдеш шел хьалхадаьхкинарш , ша нисвеш (динан) бакъонан т1е а , нийсачу новкъан т1е а"
31."Х1ай тхан къам ! Аша жоп лоша Аллах1е кхойкхучунна , Цунах тешийша , т1аккха Цо шуна гечдийра ма ду шун къинош , Цо шу к1елхьара дохур ма ду лазочу 1азапах
32.Ткъа ша жоп ца делларг Аллах1е кхойкхучунна , Иза вац (Аллах1) г1орасиз вийра волуш лаьттахь (къайла ваьлла) . Цуьнан бац Иза (Аллах1) воцуриг (1азап духатоха) г1оьнчаш . Уьш (ца тешнарш) билгалчу тиларехь бу
33.Царна ца хиъна , баккъалла а Аллах1 - Ша кхоьллина волу стигалш а , латта а , Ша к1адвалар доцуш уьш кхолларехь - ницкъ кхочуш вуй белларш Ша ден бар т1ехь ?! Бакъ долуш , баккъалла а Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву .
34.Шаьш керстаналла динарш жоьжахатан ц1ер т1е х1итточу дийнахь . (цаьрга эра ду :) "Дац ткъа х1ара (1азап) бакъ ?" . Цара эра ду :"Бакъ ду , тхайн Делаца дуй буу оха" . (т1аккха) Цо эра ду :"Аша 1овша 1азап шаьш керстаналла деш хиларна"
35.Собаре хила хьо (хьайн халкъа новкъахьовзамна) , элчанашха доьналлин дай собаре ма хиллара , сих а ма ло хьо царна (1азап дехарехь) . Баккъалла а шаьш болуш санна - шайна ч1аг1о йийриг шайна гучу дийнахь - шаьш (дуьненахь) 1ийна боцуш , дийнах цхьа са1ат (хан) зама бен . (х1ара къуран) Кхайкхам бу (Делера) . Х1аллак бой ткъа (Дала) песакънах бен ?!