Тидар


47 - Сурат Мухьаммад
(Мадийнатахь доьссина , 38 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


1.Шаьш /Делах/ цатешна , Аллах1ан новкъах кхи берш буха тоьхнарш , тиларехь (ял йоцуш эрна) йина церан (дика) 1амалаш (уьш цатешар бахьанна)
2.Ткъа шаьш /Делах/ тешна (кийрарчу дегнашца) , (Аллах1ан шарий1ат т1е товжарца) дика 1амалаш йина , Мухьаммадна т1е доссийначух тешнарш - церан Делера ша хьакъ долу - шайн вонашха /Дала/ ц1анбина уьш (г1азот дарца) , церан болх (хьал) то бина
3.Иза (1амалаш тиларехь яр , вонашха ц1анбар) , баккъалла а шаьш /Делах/ цатешнарш (шайт1ан) харцонна т1аьхьа х1иттар бахьанна а , (иштта) баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш (къуръанан) бакъонна т1аьхьа х1иттар бахьанна а ду , иштта (оцу кепара билгал дарха терра) Аллах1а (билгалдарца) даладо адамашна церан (1амалашка хьаьжжина берзаран) куцош (хьелаш)
4.Шу (т1ам т1ехь) дуьхьала кхетча шаьш /Делах/ цатешначарна , вортанашчу х1ума тоха царна (байъа уьш) , ткъа аша уьш алсама байъича , (бисанарш йийсарбарца) г1оьмаш тоха аша (царна) , (цул т1аьхьа шоьгахь харжам бу) я шайгара диканца (шаьш лецнарш) маьхза (х1ума доцуш) д1ахеца , я (дуьхьал) маха эца , т1амо шен г1ирс (мохь) охьабиллалц (т1емаш кхача баллалц) . Х1ара , Аллах1ана лиъча цаьргара (керстанера) ч1ир оьцур яра , делахь (амма Аллах1а г1азот т1едиллина) шух (бусулбанех) цхьаберш кхиболчарца (керстачарца) зерхьама . Аллах1ан новкъахь шаьш кхелхинарш , церан 1амалаш яйъане а йойъура яц (Цо) зе (эрна , амма бакъ долуш диэбор ю)
5.Цо уьш нисбийр бу (дуьненахь , эхартахь шайна пайден долчунна т1е) , церан болх (хьал) тобийр бу (цу чохь)
6.Ялсамани чубохуьйтур бу (Цо) уьш (Ша) царна йовзийтина (билгалйина) йолу
7.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аша Аллах1 (Цуьнан дин , элча) толавахь , Цо шу толор ду (шун мостаг1на т1ехь) , шун когаш ч1аг1бийр бу (т1аман майданахь шу ч1аг1дийр ду)
8.Шаьш /Делах/ цатешнарш , (Цуьнгара) х1аллак хилар ду царна , тиларехь (ял йоцуш эрна) йина (яйна) церан (дика) 1амалаш (цатешар бахьанна)
9.Иза (х1аллак хилар , тилор) Аллах1а доссийнарг царна цадезар бахьанна ду , т1аккха (Цо) церан 1амалаш зе яйъина
10.Уьш (Делаца накъост винарш) ца лелла лаьттахула (дуьненахь та1зарш дина меттигашкахула) , шаьш (дегнашца) хьовса (шайна га , гича ойла ян) шайла хьалха хиллачеран (керстаналла бахьан долуш) белхан чаккхе муха хилла , Аллах1а (орамашца бух бахарца) х1аллак ма бина уьш (церан доьзалш , бахамаш , церан х1у даайъарца) , керстанашна оцу кепара (х1аллак бар) чаккхе ю (иймане ца баг1ахь)
11.Иза (бусулба толор , керстанна та1зар дар) баккъалла а , Аллах1 шаьш /Делах/ тешначеран г1оьнча (вели) хилар , баккъалла а , /Делах/ цатешначеран , церан г1оьнча (вели) ца хилар (Дела та1зарха хьалха баха) ду
12.Баккъалла а Аллах1а , шаьш /Делах/ тешна , дика 1амалаш йинарш , шайна к1елахула татолаш лелачу ялсаманеш чубохуьйтур бу (къемата дийнахь) , ткъа шаьш /Делах/ цатешнарш , дуьненан дика хьоьгур ду цара , яъа юъур ю цара хьайбанаш ма-яъара , жоьжахати ю церан (къемата дийнахь) боьрзийла
13.Хийла юрт (мас юрт) , ша хьо /юьртах/ ара ваьккхинчу хьан юртал (юртахойл) т1ех ч1ог1а йолу , х1аллак бина Оха уьш , г1оьнча вац церан
14.Ша шен Делера билгалонна (дин) т1ехь хилларг , шен вон 1амал хазъелларг (дика хетнарг) , шайн дег1а лаъамашна т1аьхьа х1иттинарш (ц1уйшна лолла дарца) санна ву (ткъа) ?! (ва ма вац)
15.(Делах) Кхийринчарна хир ю аьлла ч1аг1о йинчу ялсаманин куц ; цу чохь ца телха (молу) хи а , чам хийца баланза (к1айчу , хьена) шуьре татолаш а , молучарна мерзачу (чомахь , корта ца талхош долу) малар татолаш а , (хазчу басахь , чомахь долчу) ц1енчу мезан татолаш а , царна оцу чохь массо кепара стоьмаш а , шайн Делера гечдар а ду , (ткъа ша оцу зовкхехь верг) ша гуттар а жоьжахатахь хин верг санна ву /тов/ , (кийра багош долу) кхоьхку хи шайна малийна болу , ша (оцу хино) церан чуьйраш цистина (хедийна) ? (ва ма вац)
16.Царех (мунепикъашха) бу , шаьш хьоьга (кхетар доцуш) ладуг1урш , ткъа шаьш хьо волчуьра (х1ай сийдолу Мухьаммад) ара бевлича , шаьш олуш шайгахь 1илма долчаьрга (хьан асхьабашка) : " Цо (элчано) х1ун элира х1инца (хьалхо) ?". Уьш , Аллах1а шайн дегнаш т1е мух1ар тоьхнарш (кхетар доцурш) бу , шайн дег1а лаъамашна т1аьхьа х1иттинарш (кхета лаъам боцурш) бу
17.Шаьш нисбелларш (нисбала лаъам хилларш) , (Цо) нийсонехь сов баьхна уьш (оцу т1ехь аьтто бина церан) , (Цо) кхерар делла царна (бакъо тесна церан дагчу)
18.Уьш хьоьжур ма бац цхьана муьре (хене) бен , (уьш бицбелла болуш) ц1еххьана ша царна бог1ур болчу , бакъ долуш цуьнан (гергабаран) бехкамаш (билгалонаш) баьхкина (х1иттина) , муха дага дог1ур ду царна (х1ун пайда бу) , шайна и мур биъча
19.Хьуна хаъийла (хиъначул т1аьхьа хьо латтийла) баккъалла а , Аллах1 воцуриг кхин дела цахилар (т1ехь) , хьай къинна а (хьо къинах ларвар а) , /Делах/ тешначу божаршна а , зударшна а гечдар а деха , Аллах1ана хаъа (дийнахь) аша лелориг , (буьйсана) шун чудоьрзийла . (массо шун хьелаш)
20.Шаьш /Делах/ тешначара олу : " (г1азот т1едуьллуш) Сурат доссадахьара "(цунга сатесна) , ткъа г1азотан (бакъо луш) сурат доссийча , шена чохь (т1еман) латар (т1едилларца) хьахийна , шайн дегнашчохь цамгар (шеко) ерш го хьуна (мунепикъаш) хьоьга хьоьжуш ша г1уо хилларг (эг1ийнарг) хьажарх терра (б1аьргаш къарзийна) баларха кхерабелла (керстаналле шаьш тийжарна) . Царна тоьлуш дара (ладог1ар) ,
21.Муьт1ахь хилар , диканиг алар .Ткъа (т1еман) хьал (перз хилла) чаг1делча , цара Аллах1 бакъвинехьара (ийман т1ехь чекхбоьвллехьара) , тоьлуш хир дара царна
22.Аша (ийманна , г1азот дарна) букъ тохахь , шу герга хила тарло (шу доьрзур ду) лаьтта т1ехь бохамаш лело (ц1ий 1ено) , уьйраш (гергарлонаш) хедо
23.Уьш (и бохамаш лелораш) Аллах1а Шен къинхетамах шаьш гена баьхнарш , (бакъдерг хазарха) шаьш къору бинарш , (диканах) шайн гарш (б1аьргаш , дегнаш) б1аьрзе динарш бу .
24.Къуръанах (ойла ярца) кхета ца г1ерта /те/ уьш , йа дегнаш т1ехь церан дог1анаш ду (те , цундела цунах цакхеташ) ?
25.Баккъалла а , шаьш букъ тоьхна юхабирзинарш , нийсо шайна билгала яьллачул т1аьхьа (керстаналле) , шайт1ано хаздина царна (шайн г1алаташ) , цо (тилар) хьехна царна (лиэбина , 1иэхийна уьш)
26.Иза (церан тилор) , баккъалла а , Аллах1а доссийнарг ца дезначарга , цара (къайлаха) аларна ду : " Цхьаболчу балха т1ехь (элчана мостаг1алла т1ехь , г1азотах юхаийзабар т1ехь) шуна муьт1ахь хир ду тхо (г1о дийр ду оха) ". Аллах1ана хуъуш ду цара хьулдийриг
27.Муха хир ду (церан хьал) малийкаш (къиза) церан синош оьцуш , церан яххьаш т1е а , баккъаш т1е а етташ ?
28.Иза (бекхам) , баккъалла а уьш Аллах1 оьг1уз вохуьйтучу балхана т1аьхьа х1иттар , И (ийманца) реза вар ца дезар бахьанна ду , (цундела) церан (дика) 1амалаш эрна йайъина (Цо)
29.Йа шайн дегнашчохь цамгар (шиэко) йолчарна (мунепикъашна) хета (уьш теша ?) , Аллах1а шайн (элчанца йолу) хьаг1-гамонаш (бусулба лайшна) гучу яхне а йохур яц ?
30.Тхайна лиъча , Оха хьуна (х1ай Мухьаммад) гойтур (бовзуьйтур) бара уьш (мунепикъаш) , т1аккха хьуна бевзар (гур) бара уьш (хьайн шина б1аьрга) шайн билгалонашца , (Делора) хьуна бовзане а бевзира ма бара уьш церан къамелаца (къамелан маь1анца) , Аллах1ана евзаш (хуъуш) ю церан 1амалаш (белхаш)
31.Шу зенне а зуьйра ма ду Оха , шух /г1азот дарехь/ къахьегнарш , /халонашна/ сатоьхнарш Тхайна бовзийтархьама а , шун хабараш (зерца) гучу дахархьама а
32.Баккъалла а , шаьш /Делах/ цатешнарш а , Аллах1ан (бакъона) некъах (нах) юхабиттинарш а , элчанца бертаза (мостаг1аллийца) хилларш а , шайна (и бакъ хилар) нийсо билгала яьллачул т1аьхьа , Аллах1ана цара /шайн керстаналца/ данне а дан зе /ма/ дац , Цо церан (дика) 1амалаш эрна (ял йоцуш) йойъур ю
33.Х1ай /Делах/ тешнарш ! Аллах1ана мут1ахь хилийша , элчана муьт1ахь хилийша , шайн (дика) 1амалаш (динах дохарца) зе ма йайъийша !
34.Баккъалла а , шаьш /Делах/ цатешна , Аллах1ан (нийсона) новкъах (нах) юхабиттина , цул т1аьхьа белларш , Аллах1а данне а геч дийра ма дац царна
35.Шу г1ел мало (ледар ма хила мостаг1на хьалха) , аша машаре ма кхайкха , шаьш лакхар (нуьцкъал) долуш , Аллах1 шоьца ву шуна , Цо шун 1амалаш /йолах/ эша янне а эшор ма яц
36.Баккъалла а , дуьненан дахар - ловзар , синкъерам бу . Ткъа шу /Делах/ тешахь , (Цунах) кхоьруш хилахь , Цо шуна (эшам боцуш) шун (1амалийн) ял лур ю , шоьга шун даьхнеш доьхур дац
37./ткъа/ Шоьга Цо и (даьхни) дехча , Ша шуна (нуцкъала) т1евирзина дехарехь , шу б1аьрмециг хир /ма/ дара , Цо шун (б1аьрмецигаллин) хьаьг1наш ара (гучу) йохур яра
38.Х1а (х1инца) шу дукх шаьш кхойкхуш , Аллах1ан некъахь (шайна перз йина) харж яре , ткъа шух ша б1аьрмециг волург ву , амма ша б1аьрмециг волург , баккъалла а шен дег1ана б1аьрмециг хуьлуш ву , Аллах1 (х1умане хьашт воцуш) таро йолш ву , ткъа шу къиэ (хьашт) ду (Цуьнга) , нагахь санна аша (Цуна муьт1ахь хиларна) букъ тохахь , Цо шу кхиэчу къомаца (нахаца) хуьйцур ду , т1аккха уьш (муьт1ахь хир бу) шух тера хир бац .
 


Тидар