Тидар


48 - Сурат Алфатхь (Схьаеллар)
(Мадинатехь доьссина ‚ 29 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а .даиманна а болу къинхетаман Да вочу
 

1.Баккъалла а Оха хьуна (толамца) схьайиллира (Макка) билгала елларца
2.Аллах1а хьуна гечдархьама хьан къинах хьалха даьлларг а , т1аьхьа дисинарг а , хьуна Шен зовкх (къинхетам) кхочуш дархьама а , Ша хьо т1енисвархьама а нийсачу новкъана
3.Аллах1а хьо (цуьнца) толорхьама (айъархьама) а сийлахьчу толамца
4.Иза ву Ша синтем боссийнарг муъманеха дегнашчу , уьш шайн ийман т1е а ийманехь кхин а совбийлийтархьама . Аллах1ан бу стигалшин а , лаьттин а б1ахой . Аллах1 ву хуург , кхетамениг
5.Ша бахийтархьама а муъмастегрий а , муъмазударий а , шайн к1елахула татолаш лелачу бошмашка , цу чохь (шаьш) гуттар лаьттар болуш . Ша царех д1атилорхьама а церан вонаш (къинош) . И бара Аллах1ана гергахь боккха кхиам (толам)
6.Ша 1азапе лацархьама а мунепикъстегарий а , мунепикъзударий а , (Делаца) декъашхо вен стегарий а , декъашхо вен зударий а (шаьш) моьттуш болу Аллах1аца вон моттар - цаьрна т1е вон хьаьвзар (дог1ур) ду . Аллах1 оьг1аз вахна цаьрна , Шен къинхетамах гена баьхна Цо уьш , Цо кечйина цаьрна жоьжахате , ма вон (х1усам) юкх иза (жоьжахате) верзарехь
7.Аллах1ан бу стигалшин а , лаьттин а б1ахой . Аллах1 ву сийлахьниг , кхетамениг
8.Баккъалла а Оха хьажийна хьо (х1ай Мухьаммад!) теш а , кхаъбохьург а , кхерамтосург а вина
9.Шу тешийта (х1ай адамаш!) Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а , шоьга цунна г1одайта а , шоьга иза ларийта а , шоьга Иза (ц1анварца) хаставайта а 1уьйренца а , суьренца а
10.Баккъалла а шаьш (куьйге баьхкина) хьуна (тешамца) ч1аг1о йийраш , баккъалла а уьш Аллах1ан ч1аг1о йеш бу (хьуна) . Аллах1ан куьг церан куьйгашна т1ехула ду . Ткъа (шен ч1аг1о) ша йохийнарг (милла велахь) , баккъалла а цо шен дег1ана зе до . Ткъа ша Аллах1ан йина ч1аг1о кхочуш йинарг (милла велахь) , Цо лур ю цунна йоккха ял
11.Хьоьга эра ду (т1аманна) арацабевлачу акха 1арбаша :"Д1алецира тхо тхан даьхнеш а , доьзалш а , (Деле) гечдар дехахь ахьа тхуна" . Цара олу шайн меттанашца ша церан дегнашчохь доцург . Ахьа ала (цаьрга) :"Хьена карахь ду ткъа Аллах1ера х1умма а (дан) , Цуна лиъчи шуна зен да , я Цуна лиъчи шун пайда бан ?!" . Бакъ долуш , Аллах1 аша лелориг хууш ву
12.Бакъ долуш шуна моьттинера (шу тешнера) элчи а , муъманах а (т1ам т1ийра дийна) шайн доьзалшка юхабоьрзур бац цкъа а , и (мунепикъалла шайт1ано) хаздина шун дегнашчохь , шуна моьттинера вон моттар . Шу хилир х1аллак хилла нах .
13.Ткъа ша ца тешнарг Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а (милла велахь а) , баккъалла а Оха кечйина керстанашна буьрса ц1е
14.Аллах1ан ду стигалшин а , лаьттин а паччахьалла (урхалла) , Цо геч до Шена луучунна , Цо 1азап ло Шена луучунна . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву
15.Эра ду (т1аманна) арацабевлачара шу г1учу хена х1онсаш йолчу шаьш уьш схьаэца : "Дитийша тхо шайна т1аьхьах1итта" . Царна лаьа шаьш хийца Аллах1ан къамел (ч1аг1о) . Ахьа ала (цаьрга) :"Шу цкъа а х1уьттур ма дац тхуна т1аьхьа" . Иштта аьлла Аллах1а (х1окхул) хьалха . Цара эра ду :"Бакъ долуш , аша тхоьца хьаг1 лелайо" . Бакъ долуш , уьш ма бара шаьш ца кхеташ к1еззиг бен
16.Ахьа ала акха 1арбашха (т1аманна) арацабевлачаьрга :"Шу (Дала) кхойкхур ду (т1аманна) буьрса ницкъ болчу къоман дуьхьал , аша цаьрца т1ом бийра бу , я цара дин т1е оьцур ду . Ткъа шу муьт1ахь хилахь (арадовлахь) , Аллах1а лур ю шуна дика (хаза) ял . Амма шу (т1амах) юхадовлахь , хьалха шу юха мадовлара , Цо 1азап дийра ду шуна лазочу 1азапца
17.Б1аьрзечунна т1ехь къа дац , астаг1чунна т1ехь къа дац , цомгучунна т1ехь къа дац (таманна арацабовларна) . Ткъа ша муьт1ахь верг Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , Цо и чувохуьйтур ву шайна к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бошмашка , ткъа ша юхаволург , Цо 1азап дийра ду цунна лазочу 1азапца
18.Бакъ долуш Аллах1 реза хили муъманахана , цара (куьйге баьхкина) хьуна (тешамца) ч1аг1о йеш дитт к1ел , Цуна (Аллах1ана) хиира церан дегнашкахь дерг , Цо боссийра царна т1е синтем (собар) , Цо царна совг1ат дира гергачу толамца а ,
19.Шортачу х1онсашца а цара шаьш схьаоьцур йолу . Аллах1 сийлахьниг , кхетамениг ву
20.Аллах1а ч1аг1о йина шуна шортачу х1онсашца аша шаьш схьаоьцур йолу , Цо сихйира шуна иза (схьаэцар) . Цо духа тоьхна шух неха куьйгаш , и (х1онс) муъманахана билгало (хьехам) хилийтархьама а , Ша шу (муьт1ахь хиларна) нийса новкъа нисдархьама а
21.Кхин а , шу шена т1ехь ницкъ ца кхаьчна йолу , бакъ долуш Аллах1а (шуна атта ярца) го бина цуьни . Аллах1 ву массо а х1уманна т1ехь ницкъберг
22.Нагахь санна керстано шуца т1ом бинехьара , (эшна) баккъаш берзор ма бара цара , т1аккха царна карор ма вацара (хьалха ваьлла) доладийриг (лардархо) а , г1оьнча а
23.Аллах1ан ламаст (1адат) ду иза ша (шул) хьалха (дуьйна) д1адахан долу , хьуна цкъа а карор ма бац Аллах1ан ламастна хийцам (д1ахьовзам)
24.Иза ву , Ша церан куьйгаш шух а , шун куьйгаш царех а юхатоьхнарг Маккий арахь , Ша шу цаьрна т1ехь толийначул т1аьхьа . Аллах1 аша дийриг гуш ву
25.Уьш бу уьш шаьш керстаналла динарш . Цара хьажий ц1ийнах юхатуьйхира шу а , г1урбанан хьайбанаш а совцийна шайн метте кхачарха . (г1ийла) Муъма стегарий а , муъма зударий а ца хиллехь (Маккахь) , шаьш шуна ца бевзаш болу , аша (т1амца чудахча) шаьш хьошур (бойъур) болу (керстанца цхьана) , т1аккха шуна къа летар долуш (шуна и) хаар доцуш , (пурба лур дара шуна и ницкъаца яккха) . Аллах1а (ца делла и пурба) Шен къинхетамбархьама Шена луучунна . Уьш (муъма нах) схьакъаьстинехьара (царех) Оха 1азап дина хир дара шаьш керстаналла динчаьрна лазочу 1азапца
26.Шаьш керстаналла динчара йинчхена шайн дегнашкахь дералла , сонталлин дералла . Аллах1а боссийра Шен синтем (собар) Шен элчанна т1е а , муъманахана т1е а . Цо царна т1едиллира (Шех) кхераран дош (шах1адат) . Уьш бара цуьнга (шах1адате) хьакъ берш а , цуьнан ох1лу а . Аллах1 ву массо а х1уманах дерг хуург
27.Бакъ долуш Аллах1а бакъди Шен элчанна (цуьнан) г1ан бакъонца "Шу (дахне а) г1ур ма ду хьажий ц1енчу -Аллах1ана лаахь- кхерамбоцуш , шайн кортош даьшна а , дацдина а , шаьш ца кхоьруш" . Цуна хаара шуна ца хуург , Цо бира (шуна) цулла (Маккичу дахале) хьалха гергара толам
28.Иза ву Ша хьажийнарг (ваийтинарг) Шен элча нийсонца а , бакъ динца а , Ша айъархьама (толорхьама) иза массо динал а . Аллах1 тоьур ву (хьуна) теш (цу т1ехь)
29.Мухьаммад - Аллах1ан элча ву . Шаьш цуьнца берш буьрса бу керстанашца , къинхетаме бу шайна юккъехь . Хьуна го уьш руку1ехь , сужудехь , шаьш лоьхуш Аллах1ера комаьршо а , резахилар а . Сужудан ларха билгалонаш ю церан яххьашкахь . Изза ду церан васт (куц) Товратчохь . Ткъа церан васт (куц) Инжийлчохь , марг1ал тесначу ялтех тера ду , т1акхха цо шена г1одина ша ч1аг1делла д1анисделла шен г1ад т1ехь , ша ялтадерхой цецбохуш , оьг1азбахийтархьама царна керстанаш . Аллах1а ч1аг1о йина царех шаьш тешна , дика 1амалаш йинчаьрна гечдарца а , йоккхачу ялца а