Тидар


49 - Сурат Алхьужурат (Чоьнаш)
(Мадинатехь доьссина ‚ 18 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна болу къинхетаман Да волчу
 

1.Х1ай шаьш тешнарш ! Шу хьалха ма лелхийша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а . Аллах1ах кхерийша . Баккъалла а Аллах1 (шун къамелаш) хезаш , (аш дийриг) хууш ма ву
2.Х1ай шаьш тешнарш ! Аша ма айъаде шайн аьзнаш пайхамаран озал сов , ч1ог1а (мохь бетташ) къамел ма де цуьнца шаьш вовшашка ч1ог1а ма дарра , (т1аккха) шун 1амалаш (эрна) йовра ма ю , шун хаацалуш
3.Баккъалла а шаьш шайн аьзнаш лахдийраш Аллах1ан элчанна гергахь , уьш шаьш Аллах1а шайн дегнаш кхерарна зийнарш бу . Царна гечдар а , йоккха ял а ю
4.Баккъалла а шаьш хьоьга кхойкхуш берш чоьнашан арара (уьйт1ара) , царех дукхах берш кхеташ бац
5.Баккъалла а , цара собар динехьара хьо шайна араваллалца царна иза тоьлуш хир ма дара . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву
6.Х1ай шаьш тешнарш ! Шуна т1е песакъстаг веача хабарца , (ларе) таллалуш (и хабар) , цахаарца (бехк боцчу) нахана бала ца бан , т1аккха шу хила дохкодевла шаьш динчун т1ехь
7.Шуна хаийла , баккъалла а шайна юккъехь Аллах1ан элча хилар . Иза шуна муьт1ахь хилчи (шуна луург цо дичи) дукхахчу белхашкахь , шуна хало хир ма яра . Амма Аллах1а шуна ийман дезийтина , хаз дина Цо иза шун дегнашкахь . Шуна ца дезийтина Цо керстаналла а , песакъалла а , 1есалла а . Уьш бу шаьш нисбелларш
8.Аллах1ера комаьршонца а , зовкхаца (къинхетамца) а (ду иза) . Аллах1 хуург , кхетамениг ву
9.Муъманахех шиъ тоба (вовшех) летча , аша (къуранца) масла1ат де цаьршинна юккъехь . Нагахь санна цаьршинах цхьамма (тобано) зулам дахь вукхааг1орхьарчунна , шу (дуьхьал) лата ша зулам дечуьнца (тобанца) иза Аллах1ан омруне ерзалца (юхаяллаца) . Ткъа иза (бакъоне) ерзахь , аша масла1ат де нийсонца . Аша нийсо елаш , баккъалла а Аллах1 безаш ву (шуна) нийсойийраш
10.Баккъалла а муъманах (динехь) вежарий бу . Ткъа аша масла1ат де шайн (летначу) шина вешина юккъехь . Шу кхералуш Аллах1ах (шаьш лелочуьнгахь) , (т1аккха) шу герга ду шайха къинхетам барна
11.Х1ай шаьш тешнарш ! Ма кхардийла (ца дашарца) адам кхечу адамех . Герга ду и хила царел (кхаьрдачул) тоьлуш (Далла гергахь) . Зударий а (ма кхарда) зударех . Герга бу уьш хила царел тоьлуш . Вовшийн анташ ма даха . Вочу ц1ерашца ма кхайкха вовшашка . Вон ц1е ю песакъалла (цуьнан) ийманалла т1аьхьа . Ткъа ша дохко ца ваьлларг , уьш зуламхой бу
12.Х1ай шаьш тешнарш ! Шу гена довла дукхах долчу моттарха , баккъалла цхадолу моттар къа ду . Вовшийн къайленаш ма леха . Вовшашна т1аьхьашха ма ле . Шух цхьанне а дезий шен веллачу вешин жижиг (дилха) даар ?! Ца деза шуна иза . Т1аккха Шу кхерийша Аллах1ах ! Баккъалла а Аллах1 тоба къобалдийриг , къинхетамениг а ма ву
13.Х1ай адамаш ! Оха кхоьллина шу боьршачух а , стечух а . Оха дина шу къаьмнаш а , тайпанаш а шу вовшийн довзийта . Баккъалла а шух т1ехлерамениг (сийлахьниг) Аллах1ана гергахь шух т1ехкхоьрург ву (шуна) . Баккъалла а Аллах1 (шух дерг) хууш , (шун белхаш) девзаш ву
14.Акха 1арбаша элира :"Тхо тешна (дегнашца)" . Ахьа ала (цаьрга) :"Шу (кхоччуш) тешна дац , амма аша ала :"Муьт1ахь хили тхо" , ийман кхаьчна (ч1аг1делла) даьлла дац (х1инци а) шун дегнашчу" . Нагахь санна шу муьт1ахь хилахь Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а , Цо шун эшор ма яц шун 1амалашха (мелаха) х1умма а . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву
15.Баккъалла а муъманах бу , шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах теша а тешна цул т1аьхьа шек ца бевларш (ийманах ца боьхнарш) а , Аллах1ан новкъахь шайн даьхнешци (бахамашци) а , шайн дог1машци а къахьегнарш (джих1ад динарш) а . Уьш бу (шайн ийманехь) бакъберш
16.Ахьа ала (цаьрга) :"Аллах1ан шайн динах (ийманах) дерг довзуьйтуш ду шу ?!" Аллах1 ма ву ткъа Ша хууш стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . Аллах1 массо а х1уманах дерг хууш ма ву .
17.Хьуна безабуьй уьш шаьш (т1ом ца беш) бусулба хиларна . Ахьа ала (цаьрга) :"Суна деза ма де шай бусулба хиларна т1ехула" . Бакъ долуш , Аллах1а шун комаьршо йина (дика дина) - шу ийман т1е нисдарца , шу бакълуьйш делахь
18.Баккъалла а Аллах1ана хаьа стигалшин а , лаьттин а (чохь йолу) къайле . Аллах1 гуш ву аша дийриг
Тидамаш : 17 аят "ямуннуна" т1ех детта , несал лелор , хьуна дика дар хета
"(Т1ех детта цара хьуна шайн бусулбалла . Ахьа (ала цаьрга ) : Суна т1ех ма детта