Тидар


54-Сурат Алкъамар (Бутт)
(Маккахь доьссина , 55 аят ду)
Аллах1ахан ц1арца дозудоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.(х1ай адамаш !) Гергадеана (къемат дийнан) сахьт (хан) . (бакъ долуш элчана заманахь) Бутт а бекъабелла (шина декъе) .
2.Ткъа (элча бакъ хилар т1ехь шаьш ехна) билгало шайна гичи , шаьш (ийманна) букъ тохе цара олу : " (х1ара тхуна гинарг) Д1атуьлур долун базбуанчал (дар изам) "
3.Уьш (Тхан пайхамар) харц вина , т1аьхьа х1итти шайн (тиллачу) лаамашна , (амма) массо а (дики а , вуо а ) болх (ша бинчунна шеко йоцуш бекхам хилар) сецна бу
4.Бакъ долуш цаьрна баьхкинера хаамашха , ша шегахь (вуочух) юхатухург дерг
5.(и къур-анан хаам) Кхачаме (к1орггера) кхетам бу , (амма) кхерамаша (пайдабарца) хьалхабахац (уьш)
6.(букъ тохе) Битахь уьш (тергал ца беш) , (цаьрна) ца дезачу х1умане кхойкхучо (уьш) кхойкхучу дийнахь
7.Шайн хьажарш (сийсазлонна) таь1на (долуш) , уьш г1уьттура (арабевра) бу шайн кешнашкара ,
шаьш баккъалла а даьржина ц1оз долуш санна
8.(шайга) Кхойкхучуьнга (чехка) хьаьвдина , (эцца муьрехь) керстано эра ду : "Х1ара хала (буьрса) де ду"
9.Царел (хьан къомал) хьалха Нухь (пайхамаран) къомо харц (ма) вина (иза хьо санна) . Цара харц (ма) вира Тхан лай (Нухь) . Цара элира :"Жиний хьу кхетна (цунна)" . Иштта (бакъонах кхерамашца) юхатуьйхира (цара) иза
10.Т1аккха шен Деле кхайкхира цо . (" Х1ай сан Дели !) "Баккъалла а со (цара духьало йина) эшийнакх (суна г1ело йинакх) , г1о дехьа (суна аьлла)"
11.(до1анна жоп делла) Оха йиллира стигланан не1арш шорттачу хици
12.Иштта Оха латта лелхийтира шовданашца , т1аккха (стиглари а , лаьттари а) хи (билгала бинчу барамехь) вовшаха кхийтира (Дела) кхелсецначу белха (хьола) т1ехь
13.Оха д1аваьхьира иза (Нухь а ,цуьнци имдиллинарш а , шен дар) аннаш а , хьостамаш а долчу (х1орд-кеманна) т1ехь
14.(и х1орд-кема дара) Ша (Тхан омрунца) Тхан б1аьргашна гарехь лелаш (Оха ша лардеш) . Бекхамна ша харц вина (юхатоьхна) хиллачунна
15.Бакъ долуш , Оха дитина иза (х1орд-кема , т1аьхьа бог1учаьрна) билгалонна . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
16.Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
17.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
18.Харц вира 1адаш (шайн пайхамар) . Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
19.Баккъалла а Оха хьажийра царна т1е шакаре (ч1ог1а шийла) мох , (царна т1ехь) ца хедачу чолхечу (луьрачу) дийнахь
20.Ша (мохо) адамаш (шайн меттара) бух дохуш (айъина 1уьнкара детташ) , баккъала а уьш долуш санна бухдаьккхинчу хурман диттан орамаш
21.Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
22.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
23.Харц дира Самудас (Тхан пайхамаран) кхерамтасарш
24.Ткъа цара элира :"Тхайха цхьана стаганна (урхалла елла) т1аьхьах1уьтту тхо (цунна) ? (х1ан х1а) Баккъалла а тхо (т1аьхьах1иттахь) т1аккха (хир) ма ду тиларехь а , хьерадовларехь"
25."Доссийна ткъа (Делера) хабар (хьахор) цунна т1е тхуна юкъара ?! (х1ан х1а) Бакъ долуш иза шех (дозалла дарца) воккхавен харц луьйриг ма ву"
26.Царна хуъур ма ду кханалерчу (къематан) дийнахь мила ву шех воккхавен харц луьйриг
27.Баккъалла а Оха (чхар юкъара) арайоккхур ю эмкал , уьш зерхьама , хьо лергдиллина 1е цаьрна (хиндолчунна) , (хьайна бечу новкъахьовзамна) собаре хила хьо
28.Ахьа д1ахаийта цаьрга , баккъалла а хи декъна хилар царна юккъехь . Х1ора (шун хи) маларан мур (шен-шен) рожехь бу
29.Ткъа цара кхайкхира шайн накъосте (и ерца) . Т1аккха цо лаьцна шаьлта хьаькхира (эмкална)
30.Ткъа муха дара (керстанналла динчаьрна) Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а ?!
31.Баккъалла а Оха даийтира (хьажийра) цаьрна т1е (Жабраил-малийкан) цхьа ц1ог1у , т1аккха хилира уьш , юьцина кертах (якъаелча) йисина ч1ег1агашха терра
32.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
33.Харц дира Лут1ан къомо кхерамтасарш
34.Баккъалла а Оха хьажийра цаьрна т1е т1улгаш кхуьйсу мох , Лут1ан доьзал боцучаьрна . Оха к1елхьара бехира уьш сатосуш
35.Тхайна гергара зовкхаца (къинхетамца) . Иштта бекхам бо Оха (динан пуьсар) хам бечунна
36.Бакъ долуш цо (кхерамтасарца) д1ахаийтира цаьрга Тхан ка (уьш лацар) ч1ог1а хилар . Амма уьш шек хилир кхерамтасаршха
37.Цуьнга бийхира цара цуьнан хьеший . Т1аккха Оха д1аийцира церан б1аьрса . (Оха элира цаьрга :) "Аша 1овша Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а
38.Бакъ долуш 1уьйренца т1ех1оьттира цаьрна сецна 1азап
39. "Аша 1овша Сан 1азап а , (Сан) кхерамтасарш а
40.Бакъ долуш , Оха атта дина къур-ан кхетарна (дагахь 1аморна) . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
41.Бакъ долуш даьхкина Фир1авнан къоме кхерамтасарш
42.Цара харц йира Тхан билгалонаш еригге а . Т1аккха Оха лецира (х1аллак бира) уьш сийлахьчуьнна , нуьцкъалачуьнна лацарца
43.(х1ай адам) Шун керстанаш тоьлуш бу царел (д1абаханчарел) ?! Я шуна (оцу 1азапах) ц1ано (маршо) ю (пайхамаршна т1едиссийначу) тептаршкахь ?!
44.Я цара олу :"Тхо тоьлур йолун тоба ю ?"
45.Эшор ю (керстанна) тоба , (бовдарца шайн) яххаш (баккъаш) ерзор ю цара
46.Бакъ долуш (уьш г1овтторан) хан - царна (1азап хиларца) ханйиллина ю . (1азап даларан) Хан балане а , къаьхьа а (хир) ю
47.Баккъалла а къинойн дай (бакъонах) тиларехь а , ц1аргахь а бу
48.Жоьжахатан ц1арга уьш шайн юьхьмаш т1ехь т1екхочу (къемата) дийнахь (цаьрга эра ду :) "Аша 1овша жоьжахатан чам "
49.Баккъалла а Оха кхоьллина массо а х1ума (Тхайн) кхелаца (барамца)
50.Тхан омру ма дац (дарехь) цкъа бен , (кхочуш хиларехь) б1аьрг - нег1ар тохар санна (чехка долуш)
51.Бакъ долуш Оха х1аллак бина (д1абаханчарех) шух теранаш . Вуй ткъа (цуьнах пайда эцарца иза) хьахориг (цуьнан ойла йийриг) ?!
52.Массо а х1ума , цара ша дина долу (д1аяздина) тептаршкахь (ма) ду
53.Массо а жими а доккху а д1аяздина ду
54.(амма) Баккъалла а (Делах) кхоьрурш (ялсаманин) бошмашкахь а татолашкахь а бу
55.Бакъонан пхьоьг1анехь нуьцкъалчу паччахьна (Аллах1ан) гергахь