Тидар

 
56 - Сурат Алвакъи1а (Дужург)
(Маккахь доьссина , 96 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозудоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Дужург (къемат де) доьжчи (т1ех1оьттичи)
2.Дац (х1умма а) и дожар (духатохарца) харц дийриг
3.(ша адамаш сийсаз дина) Охьата1ош , (сийлахь дина) ойбуш (ду иза)
4.Дегийча латта дегорх а
5.Аьтча лаьмнаш атарх а
6.Шаьш хилла (мохо) идо чан (санна)
7.Шу хилчи кха тайпа (декъаделла)
8.Ткъа аьтту аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьтту аг1орхьа берш ?
9.Аьрру аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьрру аг1орхьа берш ?
10.(диканца) Хьалхе яккхарехь хьалха хилларш
11.Уьш (Далла) герга берш бу
12.(ялсаманин) Зовкхен бошмашкахь
13.Хьалха баханчарех (цхьа) тоба а
14.К1еззиг т1аьхьабог1учарех а
15.(дешех) Дуьйцинчу (кхелинчу) маьнгеш т1ехь
16.Шаьш цаьрна т1ехь тевжина вовшашна дуьхьалбирзина (болуш)
17.Царна т1ехула хьийзар бу (церан хьашташна) гуттар къона лаьтта кегийраш
18.Маларан (шовданах юьзначу) кхабанашци а , к1удалшци (г1умг1анашци) а , кедаци а
19.(корта) Лазар ца хуьлу церан цунах , (бехна) хьекъална гал ца бовлу уьш
20.Стоьмашци а (хьийзар бу) , цара (шайна) хоржучарех (царна безачарех)
21.Олхазаран жижигци а , царна дукха дезачух
22.1аьржа (баккхий , хаза) баьргаш болу мехкарий хир бу (царна егргахь)
23.(шаьш) Хьулдинчу (баттара даккханза ц1еначу) жовх1арах тера болу
24.Цара деш хиллачунна бекхамна
25.Царна хезар дац цу (ялсамани) чохь эрна (бегаше) а , къилахь (ирча) а (долун) къамелаш
26."Маршалла , маршалла" алар бен
27.Ткъа аьтту аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьтту аг1орхьа берш ?
28.(уьш дера бу) К1охцалха ц1андинчу лотос дитташна юккъехь (хир) берш а ,
29.Хьийкъинчу стоьмех дуьзначу бананан дитташна (юккъехь хир берш) а
30.Дехха х1оттийначу 1индаг1ехь (хир берш) а
31.Гуттар а оьхучу (дог1учу татолан) хинехь
32.Шорттачу стоьмашкахь
33.(ша царех) Д1а а ца хедаш (заманца) , юха а ца кхеташ (т1екховдарха)
34.Айъинчу (к1едачу) меттанашкахь
35.Баккъалла а Оха кхоьллина уьш (ялсамани мехкарий) кхолларх а
36.Ткъа Оха бира уьш йо1стегрий
37.(шайн майранашка) Безам болш (царна хьастабелла , къамел мерза долш) , цхьана хенара болш
38.Аьтту аг1орхьа (хир) болчарна (бу уьш)
39.Хьалха баханчарех (цхьа) тоба а
40.К1еззиг т1аьхьабог1учарех а
41.Аьрру аг1орхьа берш бу . Муьлш бу аьрру аг1орхьа берш ?
42.(уьш дера бу , бовхаллийна) Вагочу мохехь а ц1ийдинчу хинехь а (хир) берш
43.1аьржачу к1уьран 1индаг1ехь
44.Шийла доцуш , (дег1ана) аьхна (томе) доцуш
45.Баккъалла а уьш бара цул хьалха (дуьненахь) зовкх хьогурш
46.Уьш бара шаьш къарцалуш доккхачу (Делаца декъашхо вар) къа (дар) т1ехь
47.Баккъалла а уьш бара шаьш (ца тешарца) олуш :"Ткъа тхо (дала а) делла , тхоьх латта а (мурйоьлла) даь1ахкаш а хилча , баккъалла а тхо (дендина) г1овттор ду ткъа ?"
48."Я тхан хьалхалера дай ?"
49.Ахьа ала (х1ай Мухьаммад !) :"Баккъала а хьалхалеранаш а т1аьхьабог1унберш а "
50.Гулбийр ма бу билгалдолчу (къемата) дийнан (тоьхначу) ханна
51.Т1аккха , баккъалла а аша , х1ай (бакъонах) тилларш , (Делан дош) харцдийраш
52.Дуур ма ду къаьхьчу диттан стоьмаш
53.Юзур ма ю (аша) цуьнах (шайн) гайш
54.Мер ма ду (аша т1аккха) цу т1е ц1ийдинчу хих
55.(хих ца 1ебачу) Хьогахчо ма маллара
56.Х1ара дукх церан т1ебуьссийла (царна кечдинарг) бекхаман дийнахь
57.Оха ма кхоьллина шу , ткъа аша бакъ х1унда ца до (шаьш г1овттор) ?
58.Аша ойла йиний ша аша (зударийн кийра) юттучуьнна ?!
59.Шу ду и кхуллуриг , я Тхо ду кхуллурш
60.Оха дина шуна юккъехь валар (хан тоьхна) , Тхо ма дац г1орасиз (х1ай адамаш !)
61.Тхаьш шу шайха терчаьрца хийцар т1ехь а , Тхаьш шуна ца девзачу васташкахь шу кхоллар т1ехь а
62.Бакъ долуш шуна хиъна хьалхара (адам) кхоллар , (иза хьахадарца цуьнан) ойла х1унда ца йо аша (х1ай адам !) ?
63.Аша ойла йиний шаьш дуьйш долчу кхаш ?!
64.Шу ду шаьш и (ялтанаш) хьалакхуьуьйтурш , я Тхо ду (тхайн комаьршонца) кхиораш ?!
65.Тхайна лиъчи Оха дийра ма дар иза дакъаделла (хийкъанза) , т1аккха шу лаьттара ма дара дохко девлла
66."Баккъалла а тхоьх г1уда ма хьаьрчина" (олуш)
67."Бакъ долуш тхо рицкъанах хадийна"
68.Аша ойла йиний хин ша аша молуш долчу ?!
69.Аша даийтина иза мархашкара , я Тхо ду и доуьйтурш ?!
70.Тхайна лиъчи Оха дийра ма дар иза дуьра (къаьхьа) . Хам-пуьсар х1унда ца до аша (шайна динчуьнна) ?!
71.Ойла йиний аша ц1ера шаьш латош йолчу ?!
72.Аша кхиийна цуьнан дитташ , я Тхо ду уьш кхиораш ?!
73.Оха йина иза (жоьжахатан ц1е) дагайаийтарна (хьехамна) а , некъахошна пайденна а
74.Ахаьа ц1ан йе (яз йе) хьайн сийлахьчу Делан ц1е
75.Х1ан - х1а ! Ас дуй буу седарчий доьрзучу меттигашца
76.Баккъалла а , иза дуй , шуна хаахь , боккха ма бу
77.Баккъалла а иза сийлахь къуран ма ду
78.Лардечу (дезачу) жайнахь (тептарахь)
79.Хьакхлура бац цунах ц1енаберш бен
80.(ша) Доссадар 1аламийн Делера долуш
81.Ткъа х1окху къамелах шу (харц деш) дашац ?!
82.Аша до шайн (Дала делла) рицкъа (хам-пуьсар дар доцуш) , баккъалла а . (Цуьнгара хилар) шаьш харц деш
83.Ткъа (вала волчунна) са логе (легге) кхаьчча
84.Шу оцу хенахь (цуьнга) хоьжуш долуш
85.Тхо ма ду цунна шул а т1ех герга , делахь шуна (и) ца го
86.Шу хилчи (бекхамна г1овтторах) ца тешарш
87.Юха дерзор дар-кха и (са логера) шаьш бакъ луьйш хилчи
88.Амма иза (вала воллург) хиллехь (Далла) гергарчарех
89.(цунна) Синтем , сада1ар , зовкхен (ялсамани) беш (хир) ю
90.Амма иза хиллехь аьтту аг1орхьа болчарех
91.Т1аккха маршалла ду хьуна аьтту аг1орхьа болчаьргар
92.Амма иза хиллехь (г1овттор) харц дечарех , тиллачарех
93.Т1аккха (цунна) хьеша-кхача , ц1ийдинчу хих (хир) бу
94.Жоьжахата чу вахар хир ду
95.Баккъалла а х1ара ша билггала бакъ дерг ма ду
96.Ахьа ц1ан йе (яз йе) хьайн сийлахьчу Делан ц1е