Тидар


61-Cурат Ассафф (Мог1а)
(Мадийнатахь доьссина , 14 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волу
 

1.Аллах1 (ц1анварца) хеставо стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо . Иза сийлахь а , кхетаме а ву .
2.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша стенна дуьйцу (хоьтту) шаьш (кхочуш) ца дийриг ?!
3.Аллах1ана цадезадаларехь доккха хили , аша дийцар шаьш ца дийриг
4.Баккъалла а Аллах1ана беза Шен некъахь шаьш мог1арехь т1ом бийраш , баккъалла а шаьш болуш санна вовшех х1оьттина г1ишло
5.(хьахаде - 1имрана к1анта) Мусас элира шен къоме :"Х1ай сан къам ! Аша суна халахетар х1унда до , бакъ долуш шуна хуъуш ма ду , баккъалла а со - шуна ваийтина Аллах1ан элча хилар . Ткъа уьш (бакъонах) д1ахьаьвзинчу хена (шайна иза евзишнехьа) , Аллах1а церан дегнаш (чу шеко тасарци) д1ахьовзийра (нийсачу новкъах) . Аллаха1а нис дац песакх къам .
6.(хьахаде) Маръяман к1анта 1исас элира (шен къоме) :"Х1ай Исраилан к1ентий ! Баккъалла а со - сайла хьалха (со ваийтарци кхаъ баьккхинчу) Товратах дерг бакъдеш а , сайла т1аьхьа вог1ун волу , шен ц1е Ахьмад (Мухьаммад) йолу , элчанца кхаъ боккхуш а шуна ваийтина Аллах1ан элча ву . Ткъа иза (Мухьаммад) цаьрна (къур-анан) билгалонашци веачи , цара элира :"Х1ара билггала базбуанчалла ду".
7.Мила ву ткъа , ша исламе кхойкхуш а волуш , Аллах1ана т1ехь харцо кхуллачул а , т1ех зуламениг ?! (цхьа а вац) . Аллах1а нис дац зуламен къам
8.Царна лаьа , шайн (харц луьйчу) батошци Аллах1ан (бакъонан) серло д1аяйъа . (амма) Аллах1 (толорци) кхочуш йийра йолуш ву Шен (бакъонан) серло , керстана (иза) цадезахь а .
9.Иза ву , Ша Шен элча ваийтинарг нийсонци а , бакъонан динци а , иза (дин) толорхьама (т1оьхула даккхархьама) массо а (харц) дин т1ехь , (Аллах1аца) декъашхо лоьцучаьрна (иза) цадезахь а
10.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аса шу т1енисдай , лазаме долчу 1азапах шу хьалха дохучу совдегарна ?! (аша х1аъ бахахь)
11.Аллах1ах а , Цуьни элчанах а тоьшуш , Аллах1ан новкъахь къахьоьгуш (джих1ад а деш) - шайн бахамци а , шайн дег1машци (синошци) а (хилалуш) . Иза (уггар) тоьлуш (дерг) ду шуна , шуна хаъахь (шу тешахь) .
12.(аша иза дахь) Цо шуна шун къиношна геч а дийра ду , шайна к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка а , (шайна чохь) 1ар-дахар гуттара а долчу ялсаманара хазчу х1усамашка а дохуьйтур ду шу . Иза (инзаре) боккха толам бу (шуна)
13.Кхин а , ша шуна дезаш долу (совг1ат ду шуна) , Аллах1ера толам а , кеста (Макка-шахьар) маьршаяккхар а . Ахьа баккха муъма-нахе (толамца) хаза кхаъ
14.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шу хилийша Аллах1ан г1оьнчаш , Маръяман к1анта 1ийсас ма аллара (шеца имдиллинчу шен) ц1уьх1аршка (накъосташка) : " Муьлш бу , Аллах1ана т1е боьдучу новкъахь , сан г1оьнчаш ?" (цуьни) Ц1уьх1арша элира:"Тхо дукх Аллах1ан (новкъахь хьан) г1оьнчаш". Т1аккха Исраила к1ентех цхьана тобано имдиллира , (кхечу) тобано керстаналла дира . Оха айъира шаьш имдиллинарш церан мостаг1на т1ехь , т1аккха уьш (муъма-нах) хилира (царна т1ехь) тоьлларш