Тидар


63 - Cурат Альмунафикъуна (Мунепикъаш)
(Мадийнатахь доьссина , 11 аят ду)
Аллах1ан ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волу
 

1.Мунепикъаш хьо волче баьхкича , цара (меттаца) элира :"Оха тешалла до , баккъалла а хьо Аллах1ан элча хилар . Аллах1ана хаъа , баккъалла а хьо Шен элча вуй . Аллах1а тешалла до , баккъалла а мунепикъаш (тешалла дарехь) харцлуьйш хилар .
2.Цара лецира шайн (къера) дуйнаш (хьуламна) турс дина . (оцу къера тешаллашца) Аллах1ан новкъах юхатуьйхира цара (кхинберш а) . Баккъалла ма вон хилла-кх цара деш хилларг
3.Иза (церан 1амал вон хилар) , баккъалла а цара (меттаца) имдиллина , цул т1аьхьа (дагца) керстаналла дарна ду . Т1аккха (г1уданна оцу керстаналлийца ) мух1ар тоьхна церан дегнаш т1е . Цундела уьш кхеташ бац (бакъонах , нийсонах)
4.Хьайна уьш гича , церан (товш долчу) дог1маша цец воккху хьо (тамаш бойту хьоьгу) . Ткъа уьш бист хилча , (лерина) церан (говзачу) къамеле (1ехалой) ладуг1у ахьа . (амма церан дог1маш) Шаьш (пенаха) товжийна (чохь са доцу) бог1амаш (г1ортолаш) санна ду . (к1иллу хиларна) Массо а ц1ог1а (тата) шайна (шайн харцо гучу а яьлла , ч1ир эца) тухуш /санна/ хета царна . Уьш (хьан) мостаг1 ву хьуна , ларлолахь царех (тешарх а , т1етовжарх а) . Аллах1а (шен къинхетамех гена баьхна) х1аллак бойла уьш . Муха луьйра бу иштта харц ?!
5.Цаьрга аьлча :"Схьадуьйла , Аллах1ан элчано гечдар доьхура ма ду шуна , (реза боцуш) шайн кортош лестабора цара , хьуна гора уьш , шаьш (цабашарца) куралла еш , (оцу гечдардехарха) д1абоьрзуш (букъ бетташ)" .
6.Царна цхьатерра ду-кх , ахьа цаьрна гечдар дехча а , я цадехча а . Аллах1 цаьрна (бог1учу бекхамна) геч /данне а/ дийра долуш /ма/ вац . Баккъала а Аллах1а нис дац песакъ къам .
7.Уьш бу , шаьш (шайн накъосташка) олуш (берш) :"Аша харж ма йе Аллах1ан элчана гонаха (гергахь) болчаьрна , уьш (цуьнах) д1акъастталца" . Аллах1ан ма ю ткъа стиглашкара а , лаьттара а (массо) хазнаш . Делахь а , баккъалла а мунепикъаш (кхетам) ца кхета .
8.Цара (мунепикъаша) олу :"(нагахь санна) Тхо Мадийнате юха дерзахь , сийлахьчо оцу чуьра сийсазниг ара воккхура ма ву". (амма) Сийлалла Аллах1ан а , Цуьнан элчанан а , муъма-нехан а ма ю . Делахь а , баккъалла а мунепикъаш (иза) хуъуш ма бац .
9.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шу д1амалацийла (мунепикъаш санна) шун бахамаш а , шун бераш а Аллах1 хьехаварха . Ткъа иза динарг (д1алаьцнарш) , уьш - шаьш эшнарш бу .
10.Аша харж йе (закат ло) Оха шайна деллачух , шайха /муьлххачу/ цхьанна валар т1е дале , т1аккха (иза т1е деача) ша алале :"Х1ай сан Дела ! /да вискха/ Жимма т1аьхьа теттина веларкха Ахьа со , т1аккха аса саг1а а делла , дикачарех хир ма вара со" .
11.Аллах1а т1аьхьа таттане а тоттура ма дац (цхь а) са , цуьнан (Ша елла) 1ожалла (хан) кхаьчча . Аллах1 хуъуш ву аша лелориг (дийриг) .