Тидар


64 - Cурат Аттаг1абун /Вовшийн лебар/
(Мадийнатахь доьссина , 18 аят ду)
Аллах1ан ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волу
 

1.Аллах1 (ц1анварца) хеставо стиглашкахь долчо а , лаьттахь долчо а . Цуна (цхьанна) ду паччахьалла , Цуна (цхьанна) бу хастам а . Иза (цхьаъ) ву массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш (верг)
2.Иза (цхьаъ) ву , Ша шу кхоьллинарг , ткъа шоьх керста ву , шоьх бусулба а ву . Аллах1 аша лелориг гуш ву
3.Цо кхоьллина стиглаш а , латта а бакъонца (кхачаме говза) . Ша шуна васт (куц , сибат) а делла , т1аккха шун васташ (куьцаш , сибаташ) уггаре а хаза дина Цо . Цуьнга ду (шун) доьрзийла
4.Цуна хаъа стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . Иштта Цуна хаъа аша хьулдийриг а , аша гучудоккхург а . Аллах1 хуъуш ву (шун) кийранашкахь дерг а .
5.Шоьга ца кхаьчна , хьалха шаьш керстаналла динчеран , хабар ? Цара (дуьненахь) 1аьвшира шайн белхан г1уда (та1зар) . (эхартахь) Царна лазош (долун) 1азап (хир) ду
6.Иза (г1уда) , баккъалла а , цаьрна билгалонашца шайн (царех) элчанаш бог1уш бара , ткъа цара элира :"(тхо санна долчу) Адамо (муха) нисдо ткъа тхо ?" (бакъонца) Керстаннала дина , (1амал ярха) букъ туьйхира цара . (цундела) Аллах1а д1атесира уьш . Аллах1 (х1уманне) хьашто йоцург , хастаме верг ву
7.Шаьш керстанналла динчаьра (харц луьйш) шайна моьттург кхайкхийра :"Шаьш г1овтта данне а г1овттор ма дац" (аьлла) . Ахьа ала (х1ай Мухьаммад!) :"Бакъ долуш , сайн Делаца дуй ма буъу аса , шу г1овтта данне а г1овттор ма ду (шайн кешнашчуьра , дендина) , т1аккха шоьга д1адовзуьйтур ма ду аша лелийнарг . Иза (шун дендар) Аллах1ана атта ма ду .
8.Шу теша Аллах1ах а , Цуьни элчанах а , Оха ша доссийначу нуьрех (къур-анах) а . Аллах1 аша дийриг хуъуш ву .
9.Шу гуламан (къематан) дийнна Цо д1агулдо де , иза вовшийн (эшамца) лебен де ду . Ша Аллах1ах а тешна , дика 1амал йинарг (милла велахь) , Цо цуьнан вуонашна (къиношна) геч а дина , шена к1елахуьла татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка вохуьйтур ву . Уьш оцу чохь чаккхе йоцуш гуттара а лаьттара бу . Иза 1аламат-боккха (инзаре) толам бу .
10.Ткъа шаьш керстаналла а дина , Тхан (къур-анан) аяташ харц динарш , уьш (жоьжахатан) ц1еран дай бу . Шаьш оцу чохь гуттар 1ийра болуш . Ма вуон воьрзийла ю (иза)
11.(цхьа а) Бала (бохам) беана ма бац , Аллах1ан пурбанци (кхелаци) бен . Ткъа ша (оцу т1ехь) Аллах1ах тешарг (милла велахь) , Цо цуьнан дог (собар т1е) нисдо . Аллах1 массо а х1ума хуъуш ву .
12.Аллах1ана муьт1ахь хилалуш , элчана муьт1ахь хилалуш . Ткъа аша (1амалха) букъ тохахь , баккъалла а Тхан элчана т1ехь (долун декхар) билггала д1акхайкхор ду .
13.Аллах1 (ву хьакъ волун дела) , (кхин) дела вац (шена лолла дан хьакъ) Иза бен . Аллах1ана т1етовжийла муъма-нах (тешнарш) .
14.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Баккъалла а шун зударех а , шун берашех а (царех) шун мостаг1 (верг а) ву , (цундела) шу ларлолаш царех (шайн динехь) . Ткъа шу (цаьрна) къинт1ера довлахь , аша (уьш) битахь , аша (цаьрна) гечдахь , баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхетам беш ву .
15.Баккъалла а шун бахамаш а , шун бераш а (и зовкхаш шу) зер (доьхьа делла) ду . Ткъа Аллах1 - Цуьна гергахь (къемата дийнахь) 1аламат йоккха ял ю .
16.Аллах1ах кхералуш шайн ницкъ ма кхоччу . Аша ладог1а (шайга бечу хьехаме) , шу муьт1ахь хила (шайга дечу омрана) , аша харж йе (шайна деллачух) , (дуьненахь а , эхартахь а) шун дог1машна тоьлуш (хир) ду иза . Ткъа ша , шен сина сутараллех ларвинарг , уьш - шаьш тоьлларш (декъала хилларш) бу .
17.Аша (мелана) Аллах1ана хаза декхар лахь , Цо иза (саг1а йолехь) дебор (совдоккхур) ду шуна , гечдийр ду шуна . Аллах1 пуьсаре (комаьрша) , къинхетаме (собаре) ву
18.(Иза) Хуъуш ву къайлах дерг а , гуш дерг а , Сийлахь , Кхетаме а ву