Тидар


65 - Сурат Атт1алакъ (Зуда йитар)
(Маккахь доьссина , 12 аят ду)
Аллах1ан ц1арца шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Х1ай пайхамар ! Шаьш зударий битча , аша уьш бита шаьш (зударийн /ц1ий даран/ цамгарха ц1енчу) муьрехь (шун юкъаметтиг хиланза) болуш , аша (дагардаран) хьесап де (оцу) муьран . Шу кхера Аллах1ах - шайн Делах (и ларбарехь) . Аша ара ма баха уьш (битана зударий) шайн х1усамашкара (и мур чекхбаллалца) , йа уьш ара ма бовлийла (оцу муьрехь) , билггала шаьш ирчаниг (зина-нахаца лелар) дича бен . Уьш (вай хьахийнарш) - Аллах1ан дозанаш ду . Ткъа ша Аллах1ан дозанашна т1ех ваьллачо шен дег1ана /шена/ зулам дина . Хьуна ца хаъа , Аллах1а цул (иза йитинчул) т1аьхьа цхьа (дохко ваьлла юхаялоран) хьал х1отто ма тарло .
2.Ткъа уьш (битина зударий) шайн ханна (муьран чаккхенна) герга кхаьчча , аша уьш (шайн дола бахе) диканца девзинчуьнца (оьзадачу г1иллакхца) совцабе , я царех д1акъаста диканца девзинчуьнца . Аша лаца (оцу т1ехь) шайха хьакъ волун (бусулба) шиъ теш . Аша х1оттаде и тоьшалла Аллах1ан доьхьа . Иза ду , шеца хьехам беш дерг , ша Аллах1ах а , т1аьхьарчу (къемата) дийнах а тешаш хиллачунна . Ша Аллах1ах коьруш верг (милла велахь) , Цо цуна (массо а халонех) парг1ато йо ,
3.Цо цуна рицкъа а ло цуна дагахь доцчу аг1ора . Ша (шен белхашкахь) Аллах1ана т1етевжинарг (милла велахь) , Иза тоьар ву цунна (шен 1уналла дан) . Баккъалла а Аллах1 , Шен г1уллакх (лаам) кхочуш дийра долуш ву . Бакъ долуш Аллах1а массо а х1уманна барам бина .
4.Шун зударех шаьш (баккхий хиларна) "зударийн (ц1ий даран) цамгарха" догдиллинарш , шу шек девллехь (церан муьран барамехь) , церан мур - кхо бутт бу (шуна) , иштта (кхо бутт бу) шайца (шаьш кегий хиларна) "зударийн (ц1ий даран) цамгар" ца хиллачеран а . Ткъа шаьш доьзалха (хиларан маьххьаш) берш , церан (мур чекхбаларан) хан - цара шайн доьзалхо валлаца ю . Ша Аллах1ах (Цуна 1еса хиларах) кхоьрург (милла велахь) , Цо цуьни шен балха т1ехь (дуьненахь , эхартахь) аьтто бо .
5.Иза (хьахийнарг) Аллах1ан (кхел) омр ду , Ша шоьга доссийна . Ткъа ша Аллах1ах (Цуна муьт1ахь хиларци) кхоьрург (милла велахь) , Цо цуьни вуонашна геч а до , цуьни ял алсам а йоккху .
6.Аша уьш (битина зударий) 1айта шаьш 1еччохь (чоь лой) , шайн аьттоне (тароне) хьажна . Аша царна зен ма делаш , царна (х1усамехь) гаттоярхьама . Ткъа уьш доьзалха хиллехь , аша царна харж йе цара шайн доьзалхо валлаца . Ткъа цара шуна (шаьш шуна дина бераш) дакхийнехь , аша царна д1ало церан ял (мах) . Шайна юкъахь шу дагадовла диканца девзинчуьнца . Амма шуна (оцу т1ехь) хало хиллехь , (зударех) кхечо дакхора ду цунна (бераш) .
7.Шортонан (хьола) дас харж йойла (шен зудчунна , берана) шен шортонех (шен тароне хьаьжна) . Ткъа (Аллах1а) шена , шен рицкъанна гатто йинчо (халаволлучо) , цо харж йойла Аллах1а шена деллачух (цуьни бараме хьаьжна) . Аллах1а цхьанне а дег1ана т1е ца дуьллу , Ша цуна делларг бен . Аллах1а хулуьйтура (йийра) ю халонел т1ехьа атто (парг1ато) .
8.Хийла юьрт (х1уьттаренца дуьхьала а яьлла) 1еса хилира шен Делан омрана а , Цуьни элчанашна а ! Т1аккха Оха хьесап дира церан (эхартахь) ч1ог1ачу хьесапца , 1азап а дира царна (дуьненахь) буьрсачу (ирча) 1азапца .
9.Цара 1аьвшира шайн (шаьш керста хилар) белхан бала (та1зар) . Церан белха чаккхе (х1аллак хиларан) эшам хилира .
10.Аллах1а царна кечдина ч1ог1а 1азап . Шу Аллах1ах кхера х1ай шаьш имдиллина хьекъалан дай !
Бакъ долуш Цо доссийна шоьга хьахор (къур-ан) .
11.(ваийтина) Элча ша шуна доьшуш Аллах1ан билгала аяташ , ша арабахархьама шаьш (Аллах1ах) теша а тешна (иман а диллина) , дика 1амалаш йинарш (керстаналлийн) боданашкара (ийманан) серлонга . Ткъа ша тешаш а волш , дика 1амал йийриг , Цо вохуьйту шена к1елахула татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка , шаьш оцу чохь чаккхе йоцуш гуттар а лаьтташ . Бакъ долуш Аллах1а цуна (оцу чохь) шорто йина хазчу рицкъанехь .
12.Аллах1 ву ша варх1 стигал кхоьллина , иштта лаьттах а цаьрга терра (варх1) . (Аллах1ан) Омру (Жабраил-малик керахула) охьадуссу цаьрна (стиглашна а , лаьттанашна а) юккъехула шуна хаийта , баккъалла а Аллах1 массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш хилар а , иштта баккъалла а Аллах1а , бакъ долуш гуобина (гуолаьцна) хилар массо а х1уманна (Шена цуьнах дерг) хаарца .