Тидар
66 - Сурат Аттахьрийм ( Дехкар , цамагадар)
(Мадийнатахь доьссина , 12 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
1.Х1ай пайхамар ! Х1унда (стенна) цамагадо (хьарам до) ахьа Аллах1а хьайна
магийнарг (хьанал динарг) , айхьа лоьхуш (цамагадарца) хьан зударий (хьайна)
резахилар . Аллах1 ма ву (хьуна) гечдеш , къинхетам беш верг .
2.Бакъ долуш Аллах1а шуна (шар1аца) билгала дина шайн дуйнаш (каффаратца) дастар
(къарбаран некъ) . Аллах1 шун (г1одеш , 1алашдеш волун) Эла ву . Иза ву (шуна
масла1ате дерг) хуург , (иза кечдан) кхетаме верг .
3.(хьахаде) Пайхамара хьулдира шен зударех цхьанга хабар , ткъа цо иза (хабар) 1ора
а даьккхина (довзийтина кхечуьнга) , Аллах1а шена (пайхамарна) иза (1орадалар)
хаийтинчу (гучудаьккхинчу) хена , цо д1адовзийтира (шен зудчунна) цунах (шена
хиъначух) цхьадерг , иштта вухакхийтира иза цхьадолчух (ца олуш) . Ткъа цо (пайхамара)
шега иза д1ахаийтича , цо (цуьни зудчо) элира :"Хьа хаийтина хьога иза?" . Цо
элира :"Соьга хаийтина Девзачо , Хуучо".
4.Шу шиъ дохко яьлла Аллах1е ерзахь (тоьлуш ду шу шинна) . (х1унда аьлчи) Бакъ
долуш шу шинна дегнаш (бакъонах) д1атевжина . Амма шу шиъ цунна (элчанна)
дуьхьалаялахь , баккъалла а Аллах1 - Иза цуьни (элчанна) 1уьналла дийриг ву . (цул
совнаха) Жабраил (малик) а , тешначарех диканаш а , малийкаш а цул (Аллах1ан г1оьнна)
т1ехьа (элчанан) г1оьнчий бу (шу шинна дуьхьала) .
5.Цуьнан (элчанан) Дели герга ву , (нагахь санна) цо (элчано) шу (х1ай элчанан
зударий) дитахь , Ша иза хийца (цуна баларца) шоьлла а тоьллачу (дикачу)
зударшца , (шаьш) бусалба (исламаца мук1арло деш) а , муъма (догц1ени) а , (Далла)
муьт1ахь а , (тоба дарца) дохко бевла а , (шортта) лолла деш а , марха кхобуш а
, маре баханарш а , баханза (йо1стаг) берш а болуш .
6.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша ларде шайн дег1маш а , шайн доьзалш а (жоьжахатан)
ц1ерах , шен ягаяран г1ирс адамех а , т1улгех а болчу . Цуна т1ех1иттина к1оршаме
(къиза) , буьрса (вастахь) малийкаш ду , шаьш Аллах1ана 1еса доцуш Цо шайга
динчу омрана , шаьш деш шайга (де аьлла) омрудийрг .
7.Х1ай шаьш керстаналла динарш ! Шу бехказа ма дийла тахана . Баккъалла а шуна (тахана)
бекхам бийра бу , аша (дуьненахь) деш (лелош) хиллачуьнца .
8.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шу (дохко довле) Аллах1е дерза доггаха (бакъчу)
дерзарца . Шун Дела герга ву Ша шун вуонашна гечдан . Цо шу дохуьйтур ду шайна к1елахула
татолаш лелачу (ялсаманин) бешмашка , Аллах1а пайхамар а , шаьш цуьнца
имдиллинарш а сийсаз бийра (хьийзор) боцчу дийнахь . Церан нур лепар ду царна
хьалха а , церан (тептарш схьаоьцу) аьтту аг1онашкахь а . Цара эра ду :"Х1ай
тхан Дела ! Кхочуш дехьа тхуна (д1аматиладехьа) тхан нур , геч дехьа тхуна ,
баккъалла а Хьо ма ву массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш верг" .
9.Х1ай пайхамар ! Ахьа джих1ад де (герзаца) керстанца а , (бакъонан дашца)
мунепикъашца а . Буьрса (к1оршаме) хила хьо цаьрца . Церан боьрзийла жоьжахате ю
. Ма вуон воьрзийла юкха иза
10.Аллах1а , шаьш керстаналла диначаьрна , масална ялийна Нохь (пайхамаран) зуда
а , Лут1 (пайхамаран) зуда а . И шиъ яра Тхан лешха дикачу шина лайна долахь ,
ткъа и шиъ (зуда) ямарт (керста) хилира цаьршина , т1аккха цаьршинна (пайхамаршна)
цахилира Аллах1ера цаьршинна (шайн зударшна 1азап духатохарехь) дан х1умма а . (цаьршинга)
Элира :"Шу шиъ чуг1о (жоьжахатан) ц1ерга -чубоьлхучаьрца" .
11.Аллах1а , шаьш имдиллиначаьрна , масална ялийна Фир1авнан зуда (Асият) . Цо
элира (ша 1азапехь йоллуш) :"Х1ай сан Дела ! Йехьа суна х1усам Хьайна гергахь -
ялсаманахь , Ахьа яккхахь со к1елхьара Фир1авнах а , цуьнан (харцонан) белхах а
, (иштта) со к1елхьара яккхахь зуламечу къомах" .
12.(иштта масална ялийна) 1имрана йо1 Маръям а , ша шен бехкен меттиг ларйина
йолу . Оха цу чу (чоьта) доьллира Тхайн синошха са (Жабраил-малийко цуьнан чоьта
"х1упп" аларца) . Цо бакъдира шен Дела дешнаш а , Цуьнана тептарш а . Иза хилира
(Далла) муьт1ахь болчарех.