Тидар


67-Сурат Алмулк (Паччахьалла , олалла)
(Маккахь доьссина , 30 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса , доза доцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.(Шеца цадог1учу куьцашха) Ц1ена хили Ша , Шен карахь паччахьалла (олалла) дерг , Иза массо а х1уманна т1аьхь ницкъ кхочуш ву
2.Ша валар а , вахар кхоьллина волу , шу зерхьама , шух муьлха ву (Ша реза волун) 1амал ярехь тоьлуриг . Иза ву (ч1ир эца) ницкъ берг а , (тоба динчуна) гечдийриг а
3.Ша йина волу варх1 стигал т1ек1ел (йоьг1на) . Хьуна гур бац , доза доцуш шорта болчу къинхетам да волчун кхолларехь , эшам (дерт) . (стигал) Б1аьрг кхарста бе , гой хьуна херонаш ?
4.Цул т1аьхьа а , юх-юха б1аьрг тоха , боьрзур бу и хьоьга (дерт гарха) к1елбисина , ша к1адбелла
5.Бакъ долуш , Оха дуьнена стигал кечйина седарчашца , уьш дина Оха шайт1анашна кхийсарш , Оха царна кечдина (жоьжахат) ц1еран 1азап
6.Шаьш шайн Делаца керстналла динчарна , жоьжахатан 1азап ду , вон воьрзийла ю иза
7.Шаьш цу (жоьжахат) чу кхийсичи царна (керстана) хезар ду цуьни 1ехар (ц1ог1у) , ша (оьг1азлонна) кхоьхкуш
8.(царна) Дера хиларна ят1а герга ю иза , х1оразза оцу чу (царах) тоба мел кхоьсси , царга цуьни хаша (г1аролаша) хотту : " (Делера) Кхерамча (элча) ца веара шуна ? "(але)
9.Цара олу : "Х1аъ , бакъ долуш кхерамча веар тхуна , (амма) оха (иза) харц вина элира : " Аллах1а х1умма доссийна дац , шу ма дац доккхачу тиларехь бен "
10.(иштта) Цара олу : "Тхо (Дала бохучунга) ладуг1уш я (цуьни) ойла еш хиллехь , тхо (жоьжахат) ц1еран дайшха хир ма дацар"
11.(бан пайда боцчу хена) Шайн къина къера хилира уьш , (Аллах1а шен къинхетамах) генабохийла (жоьжахат) ц1еран дай
12.Баккъалла а , шаьш шайн Делах къайлаха (болш) кхоьруш берш , царна гечдар а , йоккха ял а ю
13.Аша хьулде шайн дош (къамел) , я гучу даккха иза , баккъалла а Иза т1ех дика хуъуш ву (шун) дегнашкахь дерг
14.Ша (массо х1ума) кхоьллинчуна ца хаъа (цунах дерг) ? Иза ву хьуьнаре (къинхетаме) , хуъуш
15.Иза Ша ву шуна латта муьт1ахь динарг , шу лела цуьни (лаьттан) йисташца (и мел ду) , Цуьни рицкъа даъа , Цуьнга доьрзур ду (шу)
16.Шу тешна (парг1ат) ду (ткъа) Ша стиглахь волчух , шаьш Цо лаьтте (д1аца) худийтарха , иза (шуна т1оьхула) дегош долуш ?
17.Я шу тешна ду Ша стиглахь волчо , шайна т1е (т1улгийн) мох (ца) баийтарха , шуна хуъур ду (и гичи) муха бу (Сан) кхерам
18.Бакъ долуш царал хьалха хилчара харц бира (элчанаш) , ткъа муха дар (Сан) г1уда ?
19.Царна ца гина шайна т1оьхлара олхазарш , (т1емаш) даржош а , т1егулдеш а , уьш (х1аваэхь) саца ма дац (доза доцуш шорта болу) къинхетам Да волчо бен , баккъалла а Иза , массо а х1ума гуш (хуъуш) ву
20.Мила ву ткъа х1ара , ша шун б1ахо (г1оьнча) хин верг , шуна г1о деш , (доза доцуш шорта болу) къинхетам Да воцург ? Керстанаш ма бац 1ехабаларехь (тиларехь) бен
21.Мила ву ткъа х1ара , ша шуна рицкъа лун дерг , Цо шен рицкъа сацийча ? Бакъ долуш , уьш (ч1аг1белла) д1абаха т1ехбийларехь (куралла ярехь) а , (бакъонах) къахкарехь а
22.Ша шен юьхь т1евоьжна (букарвоьлла) леларг т1ех нийса ву , я ша нийсачу новкъа т1ехь нисса леларг ву ?
23.Ахьа ала : "Иза ву , ша шу кхоьллинарг , шуна хазар а , гарш (шиъ б1аьрг) а , (кхетамна) дегнаш а делларг . Ма к1еззиг хама-пуьсар до аша (Аллах1ан)"
24.Ахьа ала : " Иза ву , ша шу (х1окху) лаьттахь (кхоьллина) даржийна , Цуьнга (бекхамна) д1агулдийр ду шу "
25.Цара (имдиллинчарга) олу (ца бешаш) : " Маца ю х1ара (гулдаран) ч1аг1о , шу бакъ (луьйш) хилчи (и хиларехь) ? "
26.Ахьа ала : " Баккъалла а , (иза) хаъар (цхьан) Аллах1ехь ду , ткъа со , баккъалла а , (иза) билгалдеш (ваийтина) кхерамча ву
27.Ткъа шайна гергахь и (1азап) гинчу хенахь , шаьш керстаналла динчеран яххьаш ц1аьрмат евлира . (цаьрга) Элира : "Х1ара (1азап) дара , шу (ца дашарца) шега кхойкхуш хилларг "
28.Ахьа ала : "Аша дийцавша (соьга) , Аллах1а х1аллак вичи со а , соьца верг а (имдиллинчарах) , я тхоьх къинхетам бичи , ткъа керстанаш к1елхьара хьа бохур бу лазочу 1азапах ? "
29.Ахьа ала : " Иза доза доцуш шорта болу къинхемам Да ву , оха Цуьнци им а диллина , Цуна т1е а тевжина тхо (массо белхашкахь) , ткъа шуна хуъур ду , мила ву иза (вайха) билгалчу тиларехь (верг) "
30.Ахьа ала : " Аша дийцавша (соьга) , шун хи (лекъна) лаьттах даг1чи (т1екхача йиш йоцуш) , хьа дохьур ду шуна шовдан хи ? "
(Ткъа жоп : "1аламаш кхиош , кхобуш волчу Аллах1а")