Тидар


73-Сурат Алмуззаммил (Д1ахьаьрчинарг)
(Маккахь доьссина , 20 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Х1ай д1ахьаьрчинарг !
2.Хьо буьйсана (ламазна) г1атта , жимма йоцург
3.(я) Цуьни (буьйсан) ах , я цунах (эханнах) жимма эшайе
4.Я (хьайна лаъахь) т1етоха цуна (айхьа эшийначуна) , ахьа къоран деша парг1ата
5.Баккъалла а Оха хьуна т1е доссориг ду деза (къоранан) дош
6.Баккъалла а 1уьйкъана (буьйсана) г1аттар , иза т1ех ч1ог1у ду (дагчу) дожарехь , (иштта) т1ех нийси (билгал) ду аларехь (къоран дешарехь)
7.Баккъалла а хьан , дийнахь йехха парг1ато ю
8.Хьахайе хьайн Делан ц1е , (дуьненах) Д1ахаде Цуна (1ибадат дар) т1еверза верзарх а
9.Малхбален а , малхбузен а Дели ву Иза , кхин дели вац Иза бен , лаца (т1аккха) ахьа Иза (хьайн белхашкахь) векал
10.Хьо (х1ай Мухьаммад) собаре хила цара (керстано) дуьйцучуна (харц долучуна) , 1адбитахь ахьа уьш (карзах ца бохуш) хазчу битарца (хьо гена валахь царах)
11.Витахь Со хьоладайшца (шаьш зовкх хьоьгуш) , (и дин) харц дечарца (Суна битахь уьш , аса дан дезарг дийра ду цаьрна) , (Аса тоьхна хан кхаччалца) т1аьхьа таттахь уьш к1еззиг (х1аллак ца беш)
12.Баккъалла а Тхоьгахь (Тхан аяташ харц дечарна) буржулш а (жоьжахатан) ц1е а ю
13.(иштта) Ша леггехь дуьсу (чу , ара ца йолуш) даъар (яам) а , лазош долун 1азап а ду
14.Латта а лаьмнаш а диэгочу (къемата) дийнахь , лаьмнех (мохо лоькху) чена барз хир бу
15.Баккъалла а Оха хьажийра (ваийтира) шуна элча (геланча) , ша шуна (1амалаш) т1ехь теш волуш , .Тхаьшша Фир1авн волчу элча хьажорха терра
16.Амма Фир1авн 1еса хилира элчана , т1аккха лецира Оха иза буьрса лацарца
17.Ткъа шу муха лардала дохку , шаьш керстаналла дичи , (кхерамашан ч1аг1аллийна) бераш къеж дечу (къемата) дийнах ?!
18.(цуьни ч1аг1аллийна) Стигал ет1ар ю цу дийнахь , Цуьни (Аллах1ан) ч1аг1о кхочуш (йина) хили
19.Баккъалла а х1ара (аяташ-билгалонаш) хьехам (кхетам) бу (халкъана) , ткъа шена луъучо лоцур бу шен Далла т1е боьду (ийманан) некъ
20.Баккъалла а хьан Далла хуъуш ду , баккъалла а хьо 1уьйкъана , кха декъан-шин декъал к1еззиг а , цуьни (буьйсан) ах дакъа а , цуьни кхолаг1а дакъа а (ламазна) г1оттуш хилар , иштта хьоци болчарах (цхьа) тоба а (г1оттуш хилар) . Аллах1а х1оттабо бо буьйсан а , ден (хенашан) барам . Цуна хаъа шуна цуьни (1уьйкъа ламазан) барам х1отто (еригге буьйса ламаз т1ехь яккха) ницкъ кхочур боций , цундела Цо (шу г1орасиз хиларна) гечдина шуна (иза дайдарца шуна) . Ткъа (шайна дайдина хилчи) аша деша (1уьйкъа ламаз т1ехь) къоранх шайна атта дерг . Цуна хаъа , шух цомгуш берш хир буй , кхиберш некъаца буй , шаьш (рицкъа лахарехь) Аллах1ан комаьршонга догдохуш , иштта кхиберш Аллах1ан (дина) новкъахь (мостаг1чунца) лиэташ буй . Цундела (Цо шуна дай дина 1уьйкъана г1аттар) аша деша цунах (къуръанах) шайна атта дерг , (перз) ламаз диэ аша , закат ло аша , Аллах1ана (новкъахь) юхалург (а , саг1ийнаа а) ло аша хаза декхар . Аша (дуьненахь) шайн дог1маш доьхьа луш долу дика , шуна карор ду иза (къемата дийнахь) Аллах1ана гергахь дика а , боккхачу мелехь а . Аллах1е гечдар деха аша , баккъалла а Аллах1 гечдеш ву , даиманна а болу къинхетам да ву