Тидар


79 - Сурат Аннази1ат (Са оьцу малийкаш)
(Маккахь доьссина , 46 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Кийран к1оргера лазош (1овжош) керстана синош оьцучу малийкашца а ,
2.Къинхетамца (лазам боцуш) бусалбана синош оьцучу малийкашца а ,
3.Дела омранца сихонца (лаьтта) дуьссучу малийкашца а ,
4.Синош чехка шайн х1усамашка (ялсамане , я жоьжахате) д1акхачош долчу малийкашца а ,
5.Дела сацамаш стиглара лаьтта бохьучу малийкашца а , ч1аг1о ма йо Аса (Аллах1а)
6.(шун синош оьцур ма ду , Исрафил - малийко шен зурманчу дуьххьара х1уфф аьлла ,) , Мелдолу х1ума диэгочу (къемата) дийнахь
7.Цуна т1аьхьа (ц1ог1анца) важа дог1ур ду (шозлаг1а х1уфф алар , мелдолу х1ума дегийна , адамаш ша г1овтош)
8.Оцу дийнахь дегнаш , кхерам сов баларна , доьхна долуш ,
9.(адам) Б1аьргаш охкийна (г1ийла , сийсаз , кхерамо 1адийна ) таь1на хир ду
10.Керстано эра ду : " Деллачул т1аьхьа ден дийр ду вай ?
11.Вайн дилха а , даь1ак а телхана лаьтте йирзанчул т1аьхьа
12.Дала вай ден дина г1иттадахь , вайна эшам болуш хир ма ду и г1овтадар " аьлла
13.Баккъалла а , цхьа буьрса ц1ог1а тоьхна (Исрафил-малийко шолг1а х1уфф аьлла) ,
14.Дала мел кхоьллина массо а х1ума махьшар (гулам) майдане д1агулдийра ма ду .
15.Муса (пайхамаран) хабар кхаьчний хьоьга (х1ай сийдоллу Мухьаммад ) ?!
16.Шен Дала ша кхайкхина къамеле ваьккхина (волу) безачу (сийлахь-ц1еначу) Т1ува олучу буьйрахь
17.Дала шега : "Фир1авн волчу г1уо хьо , баккъалла а Дела омарна дуьхьал ваьлла иза " аьлла
18.Ахьа д1аъала цуьнга : " Иймане веъана ц1анвелчи х1ун дара техьа хьо ?",
19."Я хьан Далла 1ибадат дар т1е хьо аса нисвичи , т1аккха хьан дог цуна муьт1ахь хилла хьасталур ма дара ?"
20.Цул т1аьхьа , нуьцкъала , йоккха билгало гучу яьккхира цо (Мусас) цуна (Фир1авнна)
21.Амма и (билгало) харц а йина , цо бина кхайкхамна терго ца йира цо
22.Т1аккха (ийманна) букъ а тоьхна , харцо туолая б1о (гозбончалш) гулбан вуьйлира иза
23.Уьш (гозбончалш) а , шен къам а гулдина , кхайкхам бина
24.Элира цо (Фир1авна) : " Ша ву шун коьрта (сийлахь) дела " аьлла
25.Т1аккха Аллах1а дуьненна а , эхартна а хьехам хир болу ч1ир (бекхам) ийцира цуьнгара (х1аллак варца) ,
26.Баккъалла а иза (таIзар) , хьехам (кхетам) ма бу Делах кхоьручунна (хьехамах пайда оьцучунна)
27.Шун кхоллар ду (х1ай адам!) хала (доккха) , я Дала йоьг1на (туоха доза доцу) стигал кхоллар ду ?!
28.Ша лекха йоьг1на , тоха доза доцуш , кхачаме нийса йолуш (даккха ант , дерт , сакхталла доцуш) , седарчашца кечйина
29.Бодане 1аьржа буьйса йина , нуьре серла де дина
30.Цул т1аьхьа латта даржийна (х1оанна куьцахь кхоьллина) , (дийнаташна т1аьхь даха аьхна долуш)
31.Оцу латтах мала хин а , садолчу х1уманна даъар (дажар) а далийтина
32.Лаьмнаш доьг1на (ч1аг1дина , нуьцкъала сацийна)
33.(и массо а дика-ни1мат) : латта даржор , шовданаш дийлийтар , татолаш лелийтар , лаьтта кийрар хазнаш гуча яхар , ялтанаш , дитташ , стоьмаш дийлийтар , лаьмнаш т1аьхь ваха маьрша хилийтар ...) Шоьга а шун хьайбанашка а зовкх хьегийта ду .
34.Ткъа и доккха , луьра къемат де деъача
35.Т1аккха , оцу дийнахь адаманна дага дог1ур ду ша меллелийнарг (дики , вуо)
36.Жоьжахате гойтур ю массо а адаманна
37.Амма ша карзах ваьлла (Дела дозанаш хедош)
38.Дуьнена дахар толийнарг (эхарт дахарал а , динал а хьалха даккхарца)
39.Баккъалла а , цуьна воьрзу меттиг жоьжахате ю
40.Амма ша Далла дуьхьал х1оьттича йоьхь 1аьржа хиларх кхийрина , шен диэг1а лаъамах дег1 юха диттинарг
41.Баккъалла а,цуьни воьрзу меттиг ялсамане ю
42.(адамаш) Хоьтту хьоьга (х1ай сийдолу Мухьаммад!) къемат де маца х1уттур ду (бохуш)?
43.Хьоьгахь дац и хаъар а , царга д1ахаийтар а ,
44.Хьан Делехь ду и х1оттар хаъар 1илма
45.Баккъалла а (Дела 1азапах ларбала безар) д1акхайкхархо ву хьо , т1аккха Делах кхийринарг (и кхайкхам т1елацарца) декъал хир ву
46.Баккъалла а , и къемат де шайна гичи , шаьш (дуьненахь , лахьтийчохь) яьккхина хан суьйре , 1уьйре санна йоца хетар ю адамашна .