Тидар


81 - Сурат Аттаквийр ( Хьарчор)
(Маккахь доьссина , 29 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Малх хьарчийна д1аластийча (шен нур дайна д1атилийча , къемат де х1оттарна)
2.Седарчий охьаэгна даьржина (1аьнна) д1адахча
3.Лаьмнаш шайн меттара меттаха даьхча
4.Пхора эмкалш (1у воцуш) тесна пана йитча (сил дукха йолчарна езаш йолу) , (т1ех1оьттинчу баланна ч1ог1аллийна)
5.Дийнаташ (акхарой) д1агулдича (вовшах ийна)
6.Х1ордаш ц1арца бага х1иттийча
7.Синош вовшах тоьхча (шаьш санна чарца , ле шайн дог1машца)
8.Дийна долуш лаьттаха доьллинчу зуд-беро хаьттича :
9."Муьлхачу къина дийна ша ?" аьлла
10.Массо а дена шен тептар д1аделча
11.Стигал (уьстаг1 т1ийра йоккху ц1ока санна) схьа яьккхина д1ахьарчийча
12.Жоьжахатан ц1е д1алатийча
13.Ялсамане герга яллийча (шен ох1лана)
14.(иза вай хьахийна долу деригге а т1ех1оьттача) Т1аккха хаъар ду адаманна ша динарг , лелийнарг (диканиг , вуониг) , (цуна бекхам а карор бу)
15.Денахь къайла довлаш , буса гуча довлаш
16.Стигал хула лелачу седарчашца ч1аг1о йо аса
17.Буьйсанца а , бода бохьаш йог1ачу
18.1уьйренца а , серло йохьаш йог1ачу , ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
19.Баккъалла а , х1ара (къур-ан) къамел ма ду , (Делера) сийлахь лераме геланчо (Жабраил малийко) схьакховдийна
20.Ша (Жабраил малийк) дахчийна (ницкъаца ч1аг1делла) , Далла (1арша да ша волчу) гергахь лакхара дарж долуш
21.Кхидолчу маликаш шен дош лоруш , тешаме ша долуш
22.И шун накъост (Мухьаммад-пайхамар) хьекална галваьлла вац шуна
23.Бакъ долуш , цуна га ма гина иза (Жабраил-малик) ша мадарра цу стиглахь
24.И (Мухьаммад) ма вац Дела къайле (х1ара къур-ан) , сутар ваьлла д1ацакхачийна аьлла билла бехк буьтар болуш
25.Дала шен къинхетемах гена даьккханчу шайт1ан къамел ма дац х1ара (къур-ан) , (ле цуна дезаш , цунца дог1уш , ле цуна ницкъ кхочар болуш)
26.Т1аккха шу (шун хьекъалаш) стенга доьлху (х1ара къур-ан харц дина , оццала кхеташ долу , бакъ хилар билгала долу)
27.Массо а адаманна кхетам , хьехам ма бу (х1ара къур-ан)
28.Шух нисвала луачунна
29.Бакъ долуш , 1аламаш кхиош , кхобаш волчу Аллах1а (беллачу) ламца ду шун лаар