Тидар


85 - Сурат Альбурудж (Седарчий , церан меттигаш)
(Маккахь доьссина , 22 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Стигалца , седарчех юьзна йолу
2.Къемата дийнаца (ша хирду аьлла ч1аг1о йина долу)
3.П1ераскана (рузбана) дийнаца (шена чохь йинчу 1амална теш долу) , Арафат (лома т1е волучу) дийнаца (хьаж доьхкаш) , (оцу массо хьахийна чунца ) ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
4.Не1алт хилла оьра (саьнгар , хорша) дайшна
5.Ц1еран г1ирс беана йоккха ц1е саьнгар чохь латийна
6.Оцу хорша гонаха шаьш гулбелла ва болуш
7.Шаьш оцу бусалба нахана ден та1азар шайна гуш
8.Царна (керстана) цаьргахь (бусалбанашкахь) ца дезнарг , сийлахьчу , хастамечу Аллах1аца ийман диллар дара ,
9.Стигланашкахь а , лаьтта т1ехь а мелдерг шен долахь долуш волчу . Аллах1 массо х1уман т1ехь теш ву (гуш , хаъаш)
10.Баккъалла а , бусалбанаш (сте , борша) багийна (1азапе лаьцна динах юхабахархьам) , цул т1аьхьа дохко а ца бевларш (шаьш динчунна) , царна жоьжахатан ц1аргахь багабаран 1азап (бекхам) хир ду .
11.Баккъалла а , шаьш ийман диллина , дика 1амалаш йинчарна , к1елахула татолаш лела бошмаш (ялсаманеш) хир ю . Боккха толам бу иза
12.Баккъалла а , хьан Делан ка (ч1ир эцарехь) ч1ог1а ма ду
13.Бакъ долуш , иза (Аллах1) долош верг ву (халкъ кхоллар) , духа дерзош верг ву (халкъ кхелханчул т1ехьа ден дарца)
14.Гечдийраг (дохко бевлачарна) , (шена муьт1ахь верг) ч1ог1а везарг ма ву иза (Аллах1)
15."1арша" сийлахьа Да ма ву иза (Аллах1)
16.Шена луург (жоп деха да воцуш) деш ма ву иза .
17.Эскар хабар кхаьчний хьоьга (х1ай сийдолу Мухьаммад) ? !
18.Фир1авнах , (Салихь - пайхамар шайна ваийтана) Самуд къомах хилларг (Дала царна дина та1зар) хаий хьуна?
19.Бакъ долуш , шаьш керста хилларш шеконгахь (харц деш) бу
20.Аллах1 царна го биллина ма ву (1азап дала ницкъ кхочуш , цхьа а вуолуьйтар воцуш)
21.Бакъ долуш , сийлахь (дика мелдерг шена чу лаьцна) къур'ан ду иза
22.Ша "Лавхьул-махьфуз" чохь долун .