Тидар


88 - Сурат Альг1ашийат (Къемат динйн ц1е)
(Маккахь доьссина , 26 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Адам 1адор долчу къемат ден хабар кхаьчний хьоьга ?!
2.Оцу дийнахь йоьхь 1аьржа , сийсаз , таь1на хир ду адам
3.Къинхьегамехь , халонашна х1оьттана , к1ад делла
4.Жоьжахатан йовхонна кхоьхкачу ц1арга г1ур ду и
5.Шен кхехкар чаккхенга кхаьчна шовда хир ду церан малар
6.Даъар хир дац царна , (хьайбано ша ца дуъу) кохцал дитт , (ба1 , шач доцуриг)
7.Ша дилха ца дуьллуш (варста ца веш) , мацаллах хьалха ца воккхуш (долу)
8.Оцу дийнахь йоьхь к1ай , декъал , даккхийдеш хир ду (цхьадолу) адам
9.Дуьненахь шаьш йинчу 1амална (хиллачу йоланна) реза хилла
10.Лаккхарчу ялсаманий х1усамашкахь (маьрша дахар долуш)
11.Эрна (деса) , пайде доцу харц къамелаш , хезар дац цу чохь
12.Шовданаш хир ду цу чохь (дег1ана аьхна долуш)
13.Айъаделла , лекха , к1еда мот баржийна маьнгеш ду оцу чохь
14.Малар кедаш охьа дихкина
15.Могг1ара дихкина назбар г1айбеш долуш
16.Даржийна кузанаш долуш
17.Уьш (адам) хьавса ца хьовсу ткъа (ойлаярца) эмкалан кхолларе а
18.Стигале а , муха айъина (йоьг1на)
19.Лаьмнашка а , муха доьг1на (меттах хьовра доцуш)
20.Латтане а , муха даржийна (т1аьхь ваха аьтто болуш)
21.Д1ахьахаде (х1ай сийдолу Мухьаммад) , баккъалла а хьо д1адовзуьйтарг ма ву
22.Царна т1е х1оттийна вац хьо (уьш нуьцкъала иймане бало)
23.Амма букъ тоьхна , керстаналла динарг
24.Аллах1-Дала ша лур ду цуна лазош долу доккха 1азап
25.Баккъалла а церан (адаман) дерзар тхоьга (Аллах1е) ма ду
26.Т1аккха бакъ долуш оха хьесап дийр ду церан (1амалийн)