Тидар


89 - Сурат Альфаджр (1уьйре , сатасар)
(Маккахь доьссина , 30 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.(Г1урбан-1ийд дийнан) 1уьйренца а ,
2.(Зул-хьиджа беттан хьалхара ) итт буьйсанца а ,
3.Г1урбана а , 1арафат а (цхьалха а , шалха а) дийношца а ,
4.(1уьйра хан т1еярца) д1айоьдучу буьйсаца а , ч1аг1о йо аса (Аллах1а) , (ма 1азап лур дукх аса цу керстана).
5.Дуй ткъа ! оцу дуй баарца хьахийна долчух , хьекъал дайшна лерам бан хьакъ хетарг ? .
6.Хьан Дала (Х1уд-пайхамар къоман) 1ада т1аьхьенах динарг ца хаъа хьуна ?!
7.Ирама (тайпанах болу) , андий дог1маш долуш , нуьцкъала г1ишлош чохь бехаш ,
8.Шайга тера йаккхий цу махкахь , (заманахь) кхи хилла йоцу (Дала шакарца ц1уьйзу луьра мехца х1аллак ма бина уьш , церан 1асалла бахьан долуш) .
9.(Салихь-пайхамар къоман) Самуда т1аьхьенах динарг ца хаъа хьуна , шаьш лаьмнаш цоьсташ (боьрахь) х1усамашка баха хевжина болчу ?!
10.Фир1авнах хилларг ца хаъа хьуна , эскар , (ницкъа) да ша хилла волу
11.Оцу махкахь зуламца , г1ело ярца г1евтина хилла болу
12.Галмелдаьлларг оцу чохь даржош
13.Хьан Дала , уьш беригге а х1аллак хиллалца ца хадош , луьра 1азап далхийра царна т1е
14.Баккъалла а хьан Дела адамийн терго еш ву (гуш , хезаш , цу т1ехь кхел еш)
15.Амма адам Дала ша зийча , ризкъана шортонца , дика хьегарца , сан Дала сан (сий) лерам бина олу цо ("шена дог1уш делла" аларца) ,
16.Амма Дала ша зийча , ризкъана гатто ярца , сан Дала сийсаз ви со олу цо
17.Царна ма моьтту дац хьал (Дала ризкъ шена везачунна ло , ца веза чунна а ло , иштта ризкъана гатто йо веза чунна , ца веза чунна а , ткъа хил деза хьал : Дала ризкъа делча хастам бар , гатто йича собаре хилар ду) , Бакъ долуш (шун 1амалаш оцу аша олучул ирча ма ю) , буо лерам ца бо аш
18.Мискачуна кхача баларехь вовший яхье ца доха аш (тесна , ледар дуьту аш и г1уллакх)
19.(Веллачух дисана) ирс дуъу аша мел хили (хьанал , хьарам ца къастош)
20.Дуьнена даьхни деза шуна , и дезарехь т1ех сутар , б1аьрмацак шаьш долуш
21.Бакъ долуш , латта диэгийна , ( лаьмнаш д1ашардина) , оцу куьцар кхин диэго йиш йоцуш (лаца х1ума доцуш) д1ах1оттийча (лахьтийчура халкъ г1аттийча)
22.Хьан Дела (омар деача) веача , маликаш могг1ара д1ах1иттача (Дела омаршка ладоьг1на)
23.Жоьжахате ялийна д1ах1оттийча (гучуяккхича) , оцу дийнахь дагадог1ур ду адаманна ша лелийнарг (ойла йийра ю цо , хилларг хилла даьллачул т1ехьа) , далахь цуо (дагадаро) бан х1у пайда бу ?!
24."Дависарг , эхарт дахарна къахьегна деларкха аса" олу (адамо)
25.Оцу дийнахь (керстана) Дала санна ч1ог1а 1азап лур дац цхьаммо а
26.Цо санна г1оьмаш (буржалш) , барголаш (доьхкарш) тухара дац цхьаммо а
27.(амма бусалабане эра ду) : "Х1ай (Далла муьтахь хиларна) парг1ате долу са !
28.Хьайн Деле дерза хьо (йоле) , хьуо реза а долуш , хьайна Дела реза а волуш ,
29.Со реза волчу лайшха д1акхета ,
30.Сан ялсаманий чуг1о хьо "