Тидар


95 - Сурат Аттийн (Инжийр)
(Маккахь доьссина , 8 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетам Да волчу .


1. Тийнора (инжирора) а , зайтунора (оливкора) а (йа уьш шена т1ехь кхуьучу беркате лаьттора) ,
2.(шена т1ехь Муса-пайхамар Делаца къамеле ваьллачу) Сийнаъ (ц1е йолчу) ламора а ,
3.Х1окху тешамечу /маьршачу Макка/ шахьарора  /ч1аг1о ма йо Аса/
4.Бакъдолуш , Оха кхоьллина адам хазчу /кхачамечу/ суьртахь (куьцахь , вастахь) 
5.Цул т1аьхьа (цхьа хан-зама яьлча) Оха дерзадо и /керста адам жоьжахатин/ лаххарчу даржашка , (я къаналле , тишалле , хьекъална эшаре , эг1азе , эсах талхаре)
6./Шаьш /Делах/ тешнарш , диканаш динарш доцурш , ткъа царна хедар йоцу ял ю
7.(и хьайна хиъначул т1аьхьа) Хьо (х1ай адам) сте дуьгу и (бекхаман де) харц даре ?!
8.Аллах1 вац ткъа кхелйечарех уггар хьуьнарениг  ?! (Ва ма ву).