Сийлахь Къуръан тидар

 

 

 

 

Форма входа

Поиск

Календарь

«  Май 2007  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Главная » 2007 » Май » 24 » Дешхьалхе
5:32 PM
Дешхьалхе
Дешхьалхе

Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу

Сийлахь къуръан - вайн везачу Дала , Шен халкъанна совг1ат дина , сийлахьчу Мухьаммад - элчана /Делера къинхетам а , маршо а хуьлда цунна/ карахула вайна елла хазна ю .
Ткъа и хазна Дала схьамайаллара хаза , кхачаме , кхетаме куьцахь билгалъярца д1акхачийна вайн элчано цу Делан халкъе .
Вай тешна долуш , везачу вайн Дала бес-бесар къаьмнаш кхоьллина х1окху Шена лолла дан еллачу дуьненан х1усаман куран к1елахь , цхьана дех-ненах шаьш схьадовлийтина .
Иштта , х1ор къоманна юкъара дахаран кхетар аьттонна ша кепара мотт а белла .
Тхан белхан 1алашо - Аллах1ан лераме дош , вайна Дала совг1ат дина беллачу , хазчу ненан маттахь д1акховдор ю , бакъду оцу т1ехь аьтто хилар Делехь ду .
Х1ара тхан болх х1окху интернет-корехула кховдоран 1алашо халкъанна дагчу бужучу ненан маттахь Делан дош д1акховдор а , довзийтар а хилла ца 1еш , иштта вайн махкара Делан къинхетамца кхиъна а , кхуьучу а 1илманчех ницкъ кхочучу барамехь дагадовла а , х1ара болх 1еламнехан юкъара декхар хилар т1ехь само хилийта а , массара а жигар дакъа лаца дезар д1ахаийта а , х1ара дозадоцуш жоьпалле а къинхьегаме а мохь цхьана бахьа безарна т1е уьш товжо а ю .
Амма бакъдолуш тхо тешна ду , Дала Ша реза волчу новкъахь вайн аьтто бийриг хиларх .
Дела виц ма велаш ! Далла а дицлур дац шу .
Делан новкъахь хилалуш , цкъа а оьшур дац шу.

Доккха дехар ду шайн хьехарш , кхетамаш , т1етохарш , иштта пайден зеделларш а , вайнехан маттара къуранах боьзна 1илман белхаш а тхан ц1ар т1е схьатасар : adamson@hotmail.fr

Вассаламу 1ала маниттаба1алх1уда

Просмотров: 1350 | Добавил: koran-chechen | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:

Архив записей

Друзья сайта

  • Официальный блог
  • Сообщество uCoz
  • FAQ по системе
  • Инструкции для uCoz
  • Статистика


    Онлайн всего: 1
    Гостей: 1
    Пользователей: 0