100 - Cурат Аль1адийат (Хьаьвддарш)
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .

 
    1. Хьуьхьйоьлла хьаьвддачарца а ,
    2. Суьйнаш туьйсуьйтучарца а ,
    3. Сахуьллуш т1елетчарца а /ч1аг1о йо/,
    4. Шаьш цигахь чан айбина ,
    5. Цуьнан го лаьцна гуламца
    6. Баккъалла а адам , шен Далла пусаре ма дац
    7. Баккъалла а и , цу т1ехь теш ма ду
    8. Баккъалла а и , хьал дезарна ч1ог1а ма ду
    9. Цуна ца хаа ткъа кешнашкахь мелверг г1аттийча ,
   10. кийранашкахь мелдерг гучудаьккхича ?!
   11. Баккъалла а церан Дела , цу дийнахь царех мелдерг хууш ма ву .