104 - Сурат Алх1умаза
/Антахо/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу
1.Ма бала бу-кх массо а антдоккхучунна , дертдоккхучунна
2.Ша бахам гулбина , и багарбина
3.Цуна моьтту , баккъалла а шен бахамо ша хьалхавоккхур
ву
4.Х1ан-х1а , /Делора/ иза кхуссур ма ву жоьжахатчу .
5.Сте хаийтина хьуна х1ун ю жоьжахати ?
6.Латийна Аллах1ан ц1е ю и
7.Ша дегнех хьерчаш йолу
8.Баккъалла а иза царна т1ехь къевлина ю
9.Бахбинчу г1орашкахь
|