81 - Сурат Аттаквийр /Д1ахьарчор/
/Маккахь доьссина , 29 аят ду/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу


1.Малх д1ахьарчийча
2.Седарчий даьржича
3.Лаьмнаш меттаха даьхча
4.Пхора эмкалш д1атесча
5.Акхарой д1агулйича
6.Х1ордех ц1е латийча
7.Синош вовшех тоьхча
8.Лаьттаха доьллинчунга хаьттича :
9."Муьлхачу къинна дийна и ?"
10.Тептарш даржийча
11.Стигал схьайаьккхича
12.Жоьжахати латийча
13.Ялсамани герга йалийча
14.Синна хиира ша деанарг
15.Х1ан х1а , Аса дуй бу къайла болучунца ,
16.Лелачу гучу болучунца
17.Буьйсанца а , боданца йог1учу
18.1уьйренца а , серлонца йог1ачу
19.Баккъалла а иза , лерамечу геланчан къамел ма ду ,
20.Нуьцкъала , 1арша Дена гергахь дарж долуш долчу
21.Цигахь шена муьт1ахь долчу , тешаме долчу .
22.Шун накъост вац телхина .
23.Бакъдолуш , цуна гина иза билгалчу анахь
24.Иза вац , къайлена т1ехь б1аьрмециг
25.Иза дац , генадаьккхинчу шайт1анан къамел
26.Шу стенга доьлху ?
27.Иза ма дац , 1аламашна хьехам бен
28.Шена шух нисвала лиъначунна
29.Шуна луур дац , 1аламийн Далла - Аллах1ана лаарца бен