82 - Сурат Альинфит1ар /Екъайалар/
/Маккахь доьссина , 19 аят ду/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетаме чу .


1.Стигал екъаелча
2.Седарчий охьаэгча
3.Х1ордаш иэдича
4.Кешнаш меттах даьхча
5.Т1аккха хиира синна ша динарг , дитанарг
6.Х1ай адам ! Сте 1ехийна хьо хьан лерамечу Делаца ?!
7.Ша хьо кхоьллина , хьо нисвина , хьо кхачаме вина волчу
8.Шена лиъначу муьлххачу сибтехь хьо вовшахтоьхначу
9.Х1а -х1а ! Мелхо а , аша харцдо бекхаман де
10.Баккъалла а , шуна т1ехь 1уналхой ма ду
1.Лераменаш , д1аяздийраш
12.Аша дийриг шайна хуъуш
13.Баккъалла а , бакъонан дай зовкхехь ма бу
14.Баккъалла а харцонан дай жоьжахатехь ма бу
15.Оцу чу боьду уьш бекхаман дийнахь
16.Уьш бац цунах юкъарабевра
17.Сте хаийтина хьуна , х1ун ду и бекхаман де ?!
18.Юха а , сте хаийтина хьуна , х1ун ду и бекхаман де ?!
19.Оцу дийнахь цхьанне синна карахь дац кхечу синна дан х1ума , болх оцу дийнахь Аллах1ан карахь бу